БУРЧАЕВ ХЬАЛИМ

PDFПечатьE-mail

a-h kadyrov 

Даймехкан тешаме воI

 

2000-чу шарахь Россин Президентан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместититело Сурков Владимира, Путин Владимир а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а Россина Дала шен харжамца ваийтина ву аьлла ша дIакхайкхочу хенахь, цо цу кеппара билгалдаьккхира и ши къонах вайзаманан исторехь доккхачу маьIнехь меттиг дIалоцуш хилар, ХХ – ХХI-чу бIешераш марзахдовлучу хенахь вайн пачхьалкх хIаллакьхиларан некъа тIера цушимма юхаерзийна хилар а. И ши стаг (В.В.Путин а, Кадыров А-Хь. а) «вовшийн каро, цхьаьнакхета везаш вара, хIунда аьлча и шиъ ший а кхоллам язбелла хиллера вайн халкъаш лардан: Россин доккха халкъ а, цу халкъан цхьа дакъа – нохчийн халкъ а» – аларца Сурков Владимира чIогIа нийса а, кхачам болуш а гайтира цушимма историна юкъадиллина Iаламат мехала гIуллакх.


Нохчийчоьнан муфтий Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Ханна йолчу Администрацин Куьйгалхо хIотторан Сацамна буха куьг яздира Путин Владимира 2000-чу шеран I2 июнехь. Цул тIаьхьа кхо шо даьлча Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Президент а хаьржира маьрша дIабаьхьначу демократин харжамашкахь.
Дуьззина доцчу деа шарахь республикин куьйгаллехь ша волуш дуккха а дика гIуллакхаш кхочушдан кхиийра Ахьмад-Хьаьжа. Цо кхиамца дIадаьхьначу дуккха а гIуллакхашлахь къаьсттина доккхачу маьIнехь долчех ду къоман бартбарехь дIаяьхьна политика.
2000-чу шарахь нохчийн юкъаралла, кхузахь тIеман а, Россин эскаран тIеIаткъам а ца бийцича а, граждански тIеман хьоле хIоьттинера. Иштта къам декъадалар, ерриге юкъараллехь хилла ца Iаш, цхьаболчу доьзалшкахь гуш дара.


Нохчийн а, бусалбанийн а дипломати кIорггера хууш волчу Ахьмад-Хьаьжас боккхачу барамехь цхьаьнакхетарш дIахьора нохчийн къаношца, тайпанийн а, вирдийн а тхьамданашца, динан гIуллакххошца. Иштта цунна ала дош а, тоьшаллаш а карадора тIемалой а, церан куьйгалхой а «хьаннашкахь» бечу тIемашкара цIа берзо, законца хаьржинчу Iедална, Россина герзаца дуьхьалояр сацо, дерриг къоман барт хиларо бен нохчийн халкъ кIелхьардаккхалур дац бохучух уьш кхето а.
Ахьмад-Хьаьжин бакъ дешан ницкъ нуьцкъала хиларна, I99I-чу шарахь дуьйна масийтта дакъошка бекъабелла нохчий шаьш законехь хаьржинчу Iедална гонаха цхьаьнакхета буьйлира. Iехийна, законехь доцу герз лелочу тIеман тобанашна юкъаозийна эзарнаш кегийрхой маьршачу дахаре юхаберза буьйлира. И, билггал, Iаламат боккха кхиам бара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун: нохчийн халкъан къона чкъор хIаллакьхиларх кIелхьардаккхар, Россин махкахь тIом сацор а. Вайзаманан исторехь къоман машар барехь цу кеппара кхиам хиларан масал дан а дац. Дуккха а шераш ду, и цу кеппара кхочуш ца далуш, Афганистанехь, Иракехь, Суданехь, Самалихь Iаьмаркан сценарийца цIий Iенадо. Иштта Ахьмад-Хьаьжас боккха болх дIабаьхьира Дудаевн-Масхадовн Iедало луларчу халкъашца иэгIийна барт юха а меттахIоттош. Кавказан халкъийн доьзалехь нохчийн къоман хьакъ йолу цIе юхаденйира Ахьмад-Хьаьжас. Шен дикачу амалшца, ислам-динан кIоргенаш тIехдика хаарца а Юххерчу Малхбалера бусалба пачхьалкхашца герггара зIенаш туьйсуш, нохчийн цIе дикачу агIорхьа яккхийтаран кхиаме а кхечира вайн хьалхара президент.


Путин Владимирца шен хиллачу дуьххьарлерчу цхьаьнакхетарехь дуьйна цуьнан дог-ойла шена тIеерзо а хиира Ахьмад-Хьаьжина, цуьнга шен сий-лерам байта а, республика меттахIотторехь жигара гIо дайта а ницкъ кхечира. Ахьмад-Хьаьжин политикин декъехь дар-лелорехь лаккхара маьIнехь а хилира цушиннан юкъаметтигаш. Россин Федерацин Президентан дарже ша хIоьттичхьана, Путин Владимира гIо лецира нохчийн юкъараллин могашчу ницкъийн и политикин кризисах хьалхаяккхарехь. Гоьваьлла волу бусалбанийн Iеламстаг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо дIахIотторан сацам цо тIеэцаро доккха тохар дира динан экстремизмна, цу кеппара бух а биллира кегаре а, массо а агIорхьара маьршачу бахархошна ницкъбар а эшор кхиамца кхочушдан. Республикехь маьрша дахар дIахIотторехь массо а кепара гIо дора Ахьмад-Хьаьжина Путин Владимира, цуьнан дар-лелор а къобалдарца ша цунах лаккхара тешам болуш хилар а гойтуш. ТIаьхьо, Кадыров Ахьмад –Хьаьжа республикин куьйгалле хIоттор ша къобалдар Россин президенто В.В. Путина кхетадора иза тоьлла амалш, доккха доьналла, кхиъна ваьлла политик а хиларна дара бохуш.
Нохчийн Республика Россин Федерацин Конституцин бакъонна тIе юхаерзар дIадоладелира 2000-чу шарахь. Кхузахь дIахьора пачхьалкхан Iедалан а, республикин а органаш I993-чу шеран I2-гIа декабрехь тIеэцначу Россин Федерацин Крнституцин тIедахкаршца нийса а догIуш. Цу тIехь Iаламат доккха гIуллакх дира гоьваьлла вевзачу шина къонахчо – Путин Владимир а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а вовшийн вовзаро, Нохчийчохь Кадыровн муьлхха а дIадолор Россин президентехьара гIо хуьлуш а, цо къобалдеш а хиларо.


Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла, цу даржехь тIечIагIвина Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, Россин тIегIанехь политик хилла дIахIоьттина волу, шен Iалашонашка, лехамашка кхачарехь шен хьежамаш болуш, муьлхха а диалог юьхьдуьхьал а, цIена а дIаяхьаран амалх ца вухура цкъа а. Россин Президенто Путин Владимира хIетахь билгалдоккхура, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дийцарш дIадахьарехь муьлхха а хаттар къастош оцу шен амалех юха ца волуш схьавогIура аьлла: шена хетарг дуьххьалдIа схьаолуш, «дипломати» а йоцуш, нийсса дуьхьал ира хаттарш хIиттош. Цундела цуьнца дечу къамелехь цхьана а кепара хьуламаш боцуш, даггара хила везаш хуьлура. Схьагарехь, иштта майралла йолуш, тIехула хабарш дийцар ца дезаш Ахьмад-Хьаьжа хиларна оцу къонахчуьнга лерам а, тешам а кхоллабелира Путин Владимиран.


Вайна боккха дагахьбаллам а буьтуш, дегнаш чу гIайгIа йоссош хилира 2004-чу шеран 9-гIа майхь ямартлонца Нохчийн республикин хьалхара Президент виэр. «Иштта кIентий болчу халкъе лерам ца хуьлийла а дац», – даггара элира Путин Владимира Кадыровх лаьцна. «Ахьмад-Хьаьжа – башха стаг вара, вуьззина кхиъна ваьлла къонах, оьзда, лаккхара майралла а, доьналла а йолуш, – билгалдаьккхира цо. – Иза дIаваха иэшаза». Нохчийн Республикин куьйгалхочун лаккхара мах хадор дара и, бохамечу хьелашкахь, нохчийн халкъан хиндерг, дахар къасточу муьрехь, сацам болуш шен дахаран а, дар-лелоран а харжам бинчу, «нохчийн проблема» къасторехь шена тIе жоьпалла эцначу, Нохчийчуьра тIом сацор а, кхузара тIеман – политикин хьал машаречу некъа тIе даккха доьналла кхаьчначу къонахчун дахаран некъ баккъал а бу сийлахьчех.


2004-чу шеран I0-гIа майхь РФ-н Президентан Сацамца Кадыров Ахьмад-Хьаьжина Россин Федерацин Турпалхочун сийлахь цIе елира. Оццу шеран II-гIа майхь Нохчийн Республике веара Россин Федерацин Президент В.В.Путин. Ахьмад-Хьаьжин кIанте Кадыров Рамзане гуттаренна а ларбан Россин Турпалхочун Седа дIалуш, В.В. Путина дIакхайкхийра: «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа уггаре а майра, къонахалла йолуш стаг хилла ца Iара – иза чIогIа доккха похIма долуш стаг а вара. Цунна хаьара, ша муьлхачу некъа тIе ваьлла, ша сацам боллуш хаьржинчу некъа тIе. Эрна ца вехира иза, шен дахар а эрна дIа ца делира цо. БIаьхаллин некъа тIехь волуш дахарера ша дIавоьдуш, цо дуккха а адамаш Iожаллах кIелхьарадехира. Иза баккъал а турпала стаг вара. ХIокху дерриге шерашкахь Нохчийчоь а, нохчий а шен букъ тIехьа а лаьцна, шен республика тешам болуш маьршачу дахаре дIаюьгура цо. Цо цкъа а цхьа а хIума шена ца доьхура, цуьнан дерриг а нохчийн халкъан дуьхьа дара, иза чолхечу некъа тIехула схьавогIура, амма цкъа а харцонан агIо ца лецира цо. Иштта кIентий болчу халкъе лерам ца хуьлийла а дац, ткъа вайн декхар – Кадыровс дIадолийна дика, беркате гIуллакхаш чекхдахар ду.»
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дIавахара Нохчийн Республикехь машар, синтем, токхе дахар дIахIотторан лаамаш кхочушбаран некъа тIехь.

Орга №8. 2019. Эл. кеп.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика