Обновлено 20.03.2019 09:59 Автор: Administrator 20.03.2019 09:58
АХЬМАД М. БАТИ
Цхьана сохьтан алапа…
КӀадвелла, суьйранна балхара цӀа веара да. Жимма садаӀа дехьа чу воьдуш, неӀарехь тӀевеанчу итт шо долчу цуьнан кӀанта, саца а вина, хаьттира:
– Дада, балхахь хьуна цхьана сахьтана мел ахча ло?
– Итт туьма ло, – аьлла жоп делла, кӀантаца къамел кхин дах а ца деш, дехьа чу велира да.
Цхьа кӀира хан яьллачул тӀаьхьа, гуттар санна, шен балхара цӀа вогӀу да ларвеш, коре а хиъна Ӏаш вара кӀант. Да чоьхьа валарца цунна тӀе а хьаьдда, кӀанта элира:
Обновлено 20.03.2019 09:52 Автор: Administrator 20.03.2019 09:50
Константин Паустовский
Аьхкенан Iодикаяр
Масех дийнахь, ца соцуш, шийла догIа деара. Бешахь гуьйренан дерачу механ гIовгIа яра хезаш. Делкъал тIаьхьа диъ сахьт даьлча, оха мехкадаьттан къоьгам (1) латийра, аьхке гуттаренна а дIа а яьлла, латта, ген-гена а долуш, дуькъачу дахкарна а, синтем боцчу боданна а, шелонна а юккъе дIадоьду аьлла, хеталора.
Обновлено 11.03.2019 06:49 Автор: Administrator 11.03.2019 06:44
Ковраев ШапаI
Дагалецамаш
Йоврйоцу цIе
Л.Н. Толстойн цIарах Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хиллачу университетехь, филологин факультетехь суо доьшуш волчу (I977-I982-чуй) шерашкахь суна дуьххьара вевзина Ахмадов Муса. Иза а вара, со санна, филологин факультетехь доьшуш.
Студенташна юккъехь цхьа ша-тайпа къаьсташ студент вара Муса, дахаре шен билггал хьежам хиларца а, шен накъосташца а, хьехархошца а лераме, гIиллакхе хиларца а. Массо хенахь сиха а вара. Дукха дара цуьнан гIуллакхаш…
Исбаьхьаллин литературехь хьалхара гIулчаш йохучу вайнехан кегийрхошна лерина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь болх беш яра «Пхьармат» цIе йолу литераторийн цхьаьнакхетаралла.
Цуьнан дуьххьарлера куьйгалхо вара оцу шерашкахь а нохчийн къоман литература дика евзаш а, нохчийн мотт кIорггера хууш а, хIуманан башха хьесап дан хууш а волу къона поэт Ахмадов Муса.
Цунна а, цуьнан накъосташна а хьалха лаьттара даккхий жоьпаллийн декхарш.
Обновлено 26.02.2019 10:05 Автор: Administrator 26.02.2019 10:04
БЕКСУЛТАНОВ Муса
Ирча Iуьйре
Воккха стаг Къаьхьир, туька ларъеш, хехь вара, цу балхана динчу жимачу цIалга1 чохь буьйсанаш йохуш.
ЦIалг туькана уллохь дара, геннара гуш, котамийн куьрк2 санна, жима а хиэташ, мелла а букар ца таьIча, дегI ма-дду хьаланисвала аьтто а боцуш: Къаьхьир ша лекха стаг а вара, ши метар гергга гIоьрташ.
Аьчкан пеш а лаьттара чохь, хих дуьзна ведар а дара, наштаран тас а долуш; вижа-гIатта аннех йина цхьа готто терхи а гуора.
Обновлено 18.02.2019 10:02 Автор: Administrator 18.02.2019 09:56
ХАБАЕВ ИСМАӀИЛ
Жайнаш
Оцу хьайн къоман вуон хIуманаш ма чIогIа гойту ахь оцу хьайн йозанашкахь, и дан хIун ду аьлла, шега хаьттича, и суна сайн къам дукхадезар ду-кх, аьллера, боху цхьана яздархочо. «Нанас хастийна йоI нахала а ца яьлла, дас хастийна дин хьалха а ца баьлла», – олуш ду. Шен ледарлонаш хьахош хила а деза къам, яханчу хенашкахь шегахь дийлинарш гIалаташ хиллийла а хиина, кхин юха уьш ца дийлийта, цунах хьехар а хуьлуш. И хьехар хуьлуш доцчу къоман сатийсам эрна бу. Хьекъал долчу стага уггар хьалха шегахь лоху хиллачунна бехк. Вайн къоман мостагIий дукха хилла даим. Тахана а бан а бу. ХIинца а ден букъахь, ненан кийрахь а боцуш, дуьненчу бахка безаш а бу. Гушволу мостагI-м хала а вац, оцу гушвоцчу мостагIчо кIелонна боьгIначу гурах ларвала хала хуьлу, синан само ца хилча. Ткъа и синан само хьекъална гIийла хилча, ца дешча, хуьлуш яц.
Страница 7 из 55