Проза

ВуьрхIитта дешдакъа ненан маттахь

PDFПечатьE-mail

Обновлено 06.02.2019 09:03 Автор: Administrator 06.02.2019 09:00

 

 

12568721 172651976437203 1611825147 n

ПАШАЕВ Абу 

 

Малхбале Азехь йина ойланаш Нохчийн махкахь, ненан маттахь…

Малхбале Азехь дехаш долчу къаьмнашна юккъехь билгалдаккха лаьа суна шатайпа дахар-Iер, гIиллакхаш долу къам. ХIун къам ду-техьа и аьлла, хаттар хIоттало. Японцаш бу уьш. Дуьненан культурехь шатайпа меттиг дIалоцуш ю церан поэзи. Цуьнан кхоллаяларан бух генарчу заманера схьа бу.

Юккъерачу бIешерашкара а, керлачу хенан а болчу японцийн поэтийн кхоллараллехь хаало цуьнца доьзначу дахаран хьал, цунах хаамаш а, Iаламан хиламаш а, хенан х1оттам хийцалуш х1уттуш долчу хьолан сурт а… Дийнаташца долу дахар леррина лардан Iамадо цара.

Къелла а, хала къахьегар а новкъахь йолчу базаршца а, сагIадоьхургашца а долу японцийн дерриг Iер-дахар стихотворенин кепашкахь гайтина цу махкахь баьхначу байтанчаша. Дуьненан исбаьхьалла хестайо цара: поэташ а, суртдиллархой а баккхийберца хьоьжу дуьнене, амма цуьнан хазалла гIайгIане хьу хьакхаелла хIутту царна хьалха.

Дзэн цIе йолу тешар долу мозгIар а, тантрин «сингон» хьехамех тешаш волу ахархо а адамийн дахар чаккхе йоцчу азаллехь юхадерзар лоруш ву.

Японцийн ерриге а культурин бухехь бу шех «Мудзекан» олуш, дуьненахь массо а хIума хийцалуш хиларх болу кхетам.

 

 

Гадаев Мохьмад-Салахьан прозин лингвокультурни феномен

PDFПечатьE-mail

Обновлено 01.02.2019 07:29 Автор: Administrator 01.02.2019 07:27

1 8

АЛЬБЕКОВ Нурвади

 

Гадаев Мохьмад-Салахьан прозин лингвокультурни феномен

 

Вайзаманан филологехь муьлхха а произведенин текстийн талламбар кхочушдо антропоцентрични терзанехула, цуьнан дуьнене хьежамашкахула, адаман а, и схьадаьллачу къоман а амалшкахула, дуьненан суртхIотторца, дашца кхоьллинчу говзаршкахула, и муха хIоттийна хьажарехула а. Исбаьхьаллин кепехь язийна йолу муьлхха а литературин произведени авторан шен дуьнене хьежар, цо цуьнан сурт шена ма-гарра хIоттор хилла ца Iа, авторо цуьнца цхьаьна шен къоман башхалла, культурин шатайпаналла, заманан коьрта лехамаш, юкъараллин психологин хьал, иштта кхин а дуккха дерш, билггалчу муьрехь юьйцучу культурин шен башхаллаш гайтарца. Н.Ф. Алифиренкос билгалдаккхарехь, адаман культура гуш хуьлу цуьнан гIиллакхийн башхаллашкахь, цуьнан кхетамехь, дар-лелор муха ду хьаьжжина, цо пайдаоьцучу хIуманашкахь, гIирсашкахь, искусствон произведенешкахь, цо буьйцучу меттан кепашкахь, символашкахь (билгалонаш), хьаьркашкахь.

 
 

Шен цӀа – цӀен цӀа

PDFПечатьE-mail

Обновлено 01.02.2019 07:26 Автор: Administrator 01.02.2019 07:22

Dajmehkah-g1enash222 1

 

                                                                                            АХМАДОВ Муса

 

Шен цӀа – цӀен цӀа

Трагикомеди

 

Дакъалоцурш:


Куьйра

Хьайдарбек

Китайхо

Китайхочун гӀоьнча

Хеда – гочдархо

Францин Ӏедалан стаг

Францин Ӏедалан зуда

Эмигрант Авалу

Къу

Мирей – француженка, йоккха стаг

Жанета – нохчийн зуда

Майрбек ­­­– Норвегера нохчи

Юрий Борисович – Соьлжа-гӀалин хилла вахархо, художник

Зуда – турист

Художник  Монмантрера

Дардан – албанхо

Шихмирза – урамера жухӀург

Супермаркетан йохкархо

Ӏусман – супермаркетан секьюрити

Арара  йохкархо

Корреспондент

Оператор

I полицхо

II полицхо

Ӏ кӀант – эмигрант

2 кӀант – эмигрант

3 кӀант – эмигрант 

Пондарча Франсуа

Митинган декъашхой, нах

Лом-Ӏела – нохчийн илланча


 

1 сурт

   ( Аэропорт. Диспетчеран аз хеза. Гучуволу Куьйра шен карахь ша дехкина  суьрташ а долуш)

      Диспетчеран аз. Levol  Moscou-Paris. L’ avion a atterri à l'Aéroport international Orly.

Куьйра. Париж!.. Мел тӀаьхьа а схьа-м кхечи со кхуза. ХӀара ду-кх иза, хьежош кхиссина топ цкъа мацца а дӀакхета бохург. Сан топ а дӀакхийти… Со Парижехь ву! Цкъа Хьайдарбеке тильпон тоха еза…… Алу, Хьайдарбек солом Ӏалайкум… Схьакхаьчна, дуккха хала а кхочуш… ХӀинца ас хӀун дан деза?.. Ӏедал тӀе а вахана, сдаться дан?… Ахь хӀун дуьйцу, со тӀам тӀе веана-м вац, сдаться дан…?! Мича дӀавола боху ахь? Лувр йолчу? И мичахь ю? Дика ду, цигахь вовшахкхетер вайша.  Такси! Такси!

 
 

СИНПАРГIАТО

PDFПечатьE-mail

Обновлено 01.02.2019 07:27 Автор: Administrator 01.02.2019 07:13

Старики

Кацаев Сайд-Хьасан

 

 

ХАЛКЪАН ДИЙЦАРШ

 

 

СИНПАРГIАТО

 

Цхьа стаг шен говзалла кIантана а дIаяла гIерташ хилла, сискал яккха, ваха а атта хир ду хьуна, бохуш. Цуьнан говзалла – къоладар хилла. Оцу балхана чIогIа резавоцу кIант, дена дан хIума доцуш Iаш хилла. Делах кхоьруш, ламаз, марха а долуш кхиъна иза.

Цкъа луларчу юьртахь сту хаабелла, и лачкъо кечвелла къу. Шеца кIант а вига сацам бина цо. Шениг ца деш шен да Iийрвоций хууш, стеран да муьлхачу юьртахь, муьлхачу урамехь Iаш ву къастийна кIанта. ТIаккха, шен дена ца хоуьйтуш, цу стагана тIе а вахана, цуьнца мах бина цо, дIабига ша тIаьхьо вогIур ву, аьлла.

 
 

ДЕШХЬАЛХЕНАН МЕТТА

PDFПечатьE-mail

Обновлено 28.01.2019 08:09 Автор: Administrator 28.01.2019 08:05

Гуржи

Гадаев Мохьмад-Салахь

ГУРЖИ

Повесть

ДЕШХЬАЛХЕНАН МЕТТА

 

Дагахь кхоьллина а доцуш, билггал хилла долу хӀуманаш ду кху тӀехь дуьйцуш дерш. Уьш бераллехь хилла хӀуманаш долу дела, берашна дуьйцуш а ду, баккхийчарел а дика бераш кхетар дуйла хууш.

Бакъду, дерриш а-м кхетар дац бераш. Хьайбанашца, жӀаьлешца, цицигашца доттагӀалла ду дуьйцуш дерг. Цхьадолу бераш и тайпа доттагӀалла девзаш дац. Мелхо а, «мостагӀалла» ду церан жӀаьлешца, цицигашца, хьайбанашца, олхазаршца. Хьозанан бен бохош, цициг лазош, жӀаьла Ӏехош, цунна къайлаха тӀулг-гӀорза тухуш сакъерало церан. Къиза дегнаш хилар ду иза. Къиза дог – вон дог ду. Воккха хилча а, иштта вон дуьсуш хуьлу и тайпа бераш. Дукха хьолахь. Бакъду, воккха хилча «лачкъо» хьийзадо шен вон дог. Нахана гучохь «культурни» хила а гӀерташ. Амма берахьлера деган къизалла, д1а ца яьккхина къизалла, гуттаренна а юьсуш ю.

И деган къизалла (деган волла) ян а йоцуш, xlopa а садолчу хӀуманах хета къа а долуш, бецан хелиган а бан тӀалам а болуш долчу берашна девзар ду дуьйцуш долу доттагӀалла. Амма цхьа кхин ду: хьайбанашца, жӀаьлешца, цицигашца, олхазаршца доттагӀалла хир дац моьттуш долу бераш нисдала тарло къинхетаме дегнаш долчарлахь а. Баккхийнаш а хуьлу и моьттуш. КӀезиг а ца хуьлуш. Ткъа иза деган къизалла а йоцуш, доттагӀалла таса цахааро хӀоттош сурт ду.

 
 

Страница 8 из 54

Яндекс.Метрика