Критика

ГАЗИЕВА АЗА

PDFПечатьE-mail

Обновлено 14.10.2019 12:57 Автор: Administrator 14.10.2019 12:54

ismailov

Нохчийн меттан верасех цхьаъ

(Нохчийн яздархочун Исмаилов Абун 70 шо кхачарна лерина)

ЧIогIа чолхе беара дерриге а нохчийн халкъана ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталун мур. Бахбеллачу тIамо садукъийнера адамийн. Харцоно хьаьшна, гIийла сауьйзуш яра Нохчийчоь. Бомбанаша, ракеташа хIаллакйинера нехан хIусамаш а, Iедалан гIишлош а. ГIаланийн а, яртийн а некъашкахула хоьхкуш бронетехника яра. Оцу хьолах ца Iебаш, тIаьхь-тIаьхьа карзахбуьйлуш зуламхой бара.

 

БУРЧАЕВ ХЬАЛИМ

PDFПечатьE-mail

Обновлено 07.10.2019 11:57 Автор: Administrator 07.10.2019 11:50

 

Хьакъ ву ваха

 

Байхаджиев Зайндин дуьххьарлера поэзин гулар зорбанера араелира I982-чу шарахь, «Хьакъ ду ваха» ю цуьнан цIе. 80-гIа шераш дIадуьйладалале хьалха нохчийн литературехь цхьамогIа керла цIераш гучуевлира. Поэтийн къоьлла-м цул хьалха а яцара вайн, ткъа хIинца оцу керла богIучара хIинццалц вайн литературехь ца хилла долу керланиг дохьуш хиларна, шайна тIе тидам бахийтира цара. Уьш бара шен къоман лазамийн мукъамаш, халкъан турпала дIадаханчух хьакъдолу дозалла, сирла хиндолчух дог ца диллар, стенна тIедоьгIна делахь а, дош майра алар. Царах, оцу поэтех, ву Зайнди а. Ас дуьххьара тидамбира Байхаджиевн поэзин, тхайн районан газет тIехь цуьнан стихаш ешча:
…Дуй буу,
Ца яздан сайна луъург бен,
Хьоькхучу цIоганах
МогIа ца шаршо…

 
 

ГАЙТУКАЕВ АСЛАМБЕК

PDFПечатьE-mail

Обновлено 17.09.2019 09:27 Автор: Administrator 17.09.2019 09:20

Деган тΙорказахь гулбелла бахам

/Яралиев Юсупан кхоллараллах дош/

«Хьалхавоьдург тIаьхьавогIучунна тIай ду», – олуш ду вайн халкъалахь а. Массо а заманахь оьшу историга бIаьрг тохар, хилларш-лелларш довзар, ша мила, мичара схьавогIуш ву хаар, ойлаеш а, сема а хилар.

Яханчу хене бIаьрг тоьхча, I957-чу шарера I99I-гIа шо кхаччалц йолу зама вайнехан дахарехь шатайпа, ренессанс ала мегар долуш, мур-зама хетало. Вайн халкъана шайх беркат даьлла нах дуккха бевлира оцу заманахь. Цул хьалха еанчу 30 шо гергга заманахь латтийначу гIелоно, къизалло, харцоно дан аьтто боцуш дитина диканаш кхиамца юхаметтахIотто доьллера вайн халкъ. Халкъ махках даьккхинчу шерашкахь хийрачу махкахь дуьнен тIе ваьллачу Яралиев Юсупан, дуккха а кхечеран санна, «деган тIорказахь дуккха бахам гулбеллера». Дала массеран ца бо аьтто, говзачу, аьхначу, хьекъалечу дашца и «бахам» гучубаккха. Юсуп оцу тIехь Дала дика диначех ву, аьлла хета суна.

 
 

ХIХ-чу бӀешеран хьалхарчу эхан оьрсийн литературехь Кавказ шина кепара гайтар

PDFПечатьE-mail

Обновлено 12.11.2018 05:45 Автор: Administrator 12.11.2018 05:42

Гайтукаев Казбек

 

ГАЙТУКАЕВ Казбек

 

ХIХ-чу бӀешеран хьалхарчу эхан

оьрсийн литературехь Кавказ

шина кепара гайтар

 

 

ХӀинца, оьрсийн къоманий, Кавказан къаьмнашний юккъерчу доттагӀаллин ламастех къамел доладелча, гуттара а йоху А. Пушкинан, М. Лермонтовн Л.Толстойн, кхиболчийн а цӀеpaш. И кхеташ а ду. Цара оьрсийн яздархойх массарачул а хьалха белира оьрсийн юкъараллина Кавказан лаьмнашца дехачу къаьмнех болу нийса поэтически хаам.

 
 

Бурчаев Хьаьлим

PDFПечатьE-mail

Обновлено 26.05.2015 09:56 Автор: Administrator 26.05.2015 09:50


Терко юкъ йостучохь кхоллаелла ойланаш

 
Тахана Бухадиев Мусан цIе шуьйра йовза йоьлла нохчийн исбаьхьаллин дешан мах хадо а, цуьнан чам хууш а болчу ешархошна. Иштта цуьнан кхоллараллина тIе тидам бахийтина вайн иллиалархоша а, йишлакхархоша а. Кагерманова Раисин, Адамова Тамарин, Исмаилов Ризавдин а, Шарпуддин а, кхечеран а репертуарашкахь кест-кестта хезаш ду Бухадиев Мусан дешнаш тIехь даьхна иллешший, эшаршший. Культурин декъехь зеделларг долчара а, могIарера ладогIархоша а лаккхара мах хадабо церан.
 
 

Страница 1 из 5

Яндекс.Метрика