Поэзия

ШАДИЕВ АХЬМАД

PDFПечатьE-mail

Обновлено 19.09.2019 07:26 Автор: Administrator 18.09.2019 08:12

schadiev

 

Синан мерзаш

 

Шадиев Ахьмад вина 1995-чу шеран ноябрь беттан I6-чу дийнахь Сунжа-гIалахь (хьалха Слепцовски станци). 

2013-чу шарахь чекхъяьккхина цо Малгобекски кIошттара Керла (Новый) Редант юьртан юккъера школа. Оццу шарахь деша вахара Шедиев Ахьмад ГIалгIайн Пачхьалкхан Урхаллин Университетан Iер-дахаран а, бизнесан а декъашкахь менеджментан факультете. И цо чекхъяьккхина 2017-чу шарахь, «ГIалгIайн Республикехь кегийрхойн политика» темина дипломан болх а язбеш. Болх беш ву аутсорсинган компанехь а, вайнехан культурин, меттан школехь а. Шадиев Ахьмад стихаш язъян волавелла шен I6 шо кхаьчча. ГIалгIайн а, нохчийн а меттанашкахь язйо цо уьш. Цуьнан стихашкахь коьрта теманаш ю вежаралла, доттагIалла, Даймохк. Цо шен байташкахь юх-юха а билгалдоккху нохчий а, гIалгIай а цхьана цIийх, цхьана дех схьабевлла, меттанашца а, культурица а уггаре а гергара ши къам хилар. Бовхачу безамца юьйцу цо шен нана-ГIалгIайчоь, иштта довха дешнаш карадо цунна Нохчийчоьнах а, нохчех а лаьцна ала.
Карарчу хенахь Шадиев Ахьмад дагахь ву гIалгIайн а, нохчийн а меттанашкахь ша язйина стихаш йоккхачу гуларехь цхьаьна арахеца, «Синан мерзаш» аьлла хир ю цу гуларан цIе.
Дала аьтто бойла хьан, Ахьмад, хьайн кхоллараллин новкъахь!

 

СИНОЙН ПХЬОЬХА

PDFПечатьE-mail

Обновлено 25.07.2019 08:46 Автор: Administrator 18.07.2019 07:30

АХМАТУКАЕВ Адам

СИНОЙН ПХЬОЬХА

***
Ваьлла, тов, дуьненна бале…
Да ву, тов, бекхазчу бехкан…
Со-м хӀара оьмар тӀеяле
Волийна кӀари чу лехка.

Дуьтур вай паччахьийн зама
Уьншаре лаллале лайнарг.
«Аврорас» ткъес тоьхчахьана
Дерг а дац дерриге тайна.

Цо дуьне Ӏадийна серло
Лаьмнашна тӀехьаьжча малхах,
Делира сан а самалха,
ГӀайгӀанех ойланаш херлуш.

Аьхнаерш – оцеран метта –
Йиссича кӀадъян сан гӀовла,
Малх а ма бацара летта,
Хьалха ша кхетачул совнах.

 
 

Кибиев Мусбек

PDFПечатьE-mail

Обновлено 25.05.2019 09:12 Автор: Administrator 25.05.2019 09:11

8

МЕТТАН СИЙ

 

Цинцашка декъалой, бердах

Хецалу Чахчара санна,

Даочу цинцех бу   тера

Нохчийн мотт муьлххачух вайна. 

 
 

Тимбулатов Мовсар

PDFПечатьE-mail

Обновлено 25.05.2019 09:08 Автор: Administrator 25.05.2019 09:04

6

 

НОХЧИЙН МОТТ

 

Нохчийн мотт – вайн къоман орам,

Нохчийн мотт – и къоман са!

ХӀоттор бац и цкъа а гора,

Вайн догӀмашкахь мел ду са…

 
 

ЦIеран хьалха

PDFПечатьE-mail

Обновлено 23.04.2019 09:50 Автор: Administrator 23.04.2019 09:47

Дагалаева

Дагалаева Малика

 

ЦIеран хьалха

Ма богийла цхьаьннан а безам цIарах...

Безам баьгнарг – дахарна вац пайде.

Чим бу иза, яйна дегайовхо...

Кийра байлой — воцчу волу иза.

 
 

Страница 2 из 48

Яндекс.Метрика