Наши публикации

Безаман Къайленаш

PDFПечатьE-mail

Обновлено 18.07.2018 18:45 Автор: Administrator 18.07.2018 18:38

tmb 123064 6615

АЙДАМИРОВА МАШАР

 

 Тоххарехь маьркIаж-хан а хилла, дIасавоьдург вогIу-воьдучура ваьлла.

Гуьйренан цIемзалло сахьт-доза туху адаман лаамашна – мел лиъча а, арахь латта, хьошалгIа ваха догдог1у хан-зама яц тIехIоьттинарг. Мичара богIу а ца хууш схьахецабеллачу махо Iуьйранна дуьйна тIуналлах дистина мархийн гай дат1ош, догIа охьахийцира. Кийра уьйзучу шийлачу хIавао цхьа тамашийна ша буьллура пехашна – дегIехь халла сийсачу йовхонах хьаьрчий, кхарзаеллачу йовхаршца юха арататталора.

БIаьста-аьхкенан ховхачу махо-малхо хьистина, дехха самукъане той дIакхехьна дитташ хIинца можа-мокхачу басе дирзина. Шаьш горахIитто гIертачу дерачу мехашна ма-хуьллу дуьхьало ян гIерташ, наггахь гIийла узарш а хеза церан. Амма, мел кадеттарх а, тIаьххьара шайх къаьста гIа а ца сацало. ХIокхеран луьстачу гIашлахь зевне декначу олхазарийн долу ирс а ца хили – шелонна тIам ластийна, кхидIа а шайн той дIакхехьа бовхачу махка, дIадаха.

 

 

Яхъела Херо

PDFПечатьE-mail

Обновлено 18.07.2018 18:42 Автор: Administrator 18.07.2018 18:31

230502428

ЭЛЬДЕРХАНОВА ЗАЙНАП

...Юха а еара иза школе, цIахь, стоьла тIехь шен ручка а йицйина. Сихъеллачохь. ХIинца дуьххьара юьтуш а яцара цо иза.

Цуьнан ирс доххал хIума дацара иза-м! ХIинца, классера массарал диканиг ву, каралаьцна Iаьржа дипломат а йолуш, схьакхача везаш. Йицлуш хилар а хIумма а дац. Ручка-м шайн классерчу зудаберашкара йоккхур яра. Уллехь хиъна Iаш иза велахь а, цуьнга цо цкъа а, хIумма а йоьхур а яц.

 

 
 

Иллийн ницкъ

PDFПечатьE-mail

Обновлено 13.07.2018 05:24 Автор: Administrator 13.07.2018 05:21

Сейлмуханов

СЕЙЛМУХАНОВ Муса

Нохчийн халкъан яздархо – Сейлмуханов Муса вина Ӏ948-чу шеран 25-чу мартехь Казахстанехь. Ӏ957-чу шарахь МусагӀеран доьзал Нохчийчу цӀа боьрзу. Шен дай баьхначу юьртахь Элстанжахь юккъера школа чекхйоккху Мусас. Оццу школехь, эскарера цӀавеанчул тӀаьхьа, хьехархочун болх бан волало иза. Балхахь мукъа а ца волуш, Нохч-ГӀалгӀайн хьехархойн институт а чекхйоккху Мусас. Цхьана муьрехь «Даймохк», «Голос Чеченской Республики», «Колхозан дахар» газеташкахь жоьпаллин секретаран даржехь а, масийтта шарахь Наур кӀоштан «Терская правда» газетехь коьртачу редакторан заместитель волуш а белхаш бина цо. Стихаш язъян волавелла 80-чу шерашкахь. Уьш зорбане йийлина республикехь арахоьцуш долчу газеташ тӀехь а, журналаш тӀехь а. Стихийн масех гуларан автор ву Муса – «Уьдучу шерийн лорах», «Жима доттагӀ», «Иллешка дирзина дош», «Черчийн доьзал». Муса вина 70 шо кхочуш НР-н яздархойн  Союзо зорбане яккха кечйина «Бералла – хаза хан» цӀе йолу берашна лерина стихийн гулар. Цуьнан цхьайолчу байташ тӀехь иллеш даьхна нохчийн иллиалархоша. 20Ӏ5-чу шарахь Ӏ0-чу апрелехь Нохчий Республикан Куьйгалхочо Р.А. Кадыровс шен Указаца «Нохчийн халкъан яздархо» аьлла, сийлахь цӀе тиллина Мусана.

 
 

Кусаев Iадизан 80 шо кхачарна

PDFПечатьE-mail

Обновлено 13.07.2018 05:21 Автор: Administrator 13.07.2018 05:20

Адиз Кусаев

Кусаев Iадизан 80 шо кхачарна

АРСАНУКАЕВ Iабдулла

 

«Со винчу халкъана хьанала ваьцна...»

Кхузткъа шо ду Кусаев Iадиз нохчийн литературехь, журналистикехь йоккхачу эвсараллица болх беш волу. Цо язйина нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь ткъех сов поэзин, прозин, публицистикин, литературоведенин книгаш.Газетийн, журналийн агIонаш тIехь, радиохь, телевиденехь арайийлина цуьнанмасех бIе кегийчу жанрашкахь йолу произведенеш: очеркаш, эссеш, дийцарш,статьяш. Нохчийн литературехь, журналистикехь хIинца а кхиамца къахьоьгушву яздархо.

 
 

Яйна, амма ян йиш йоцу, нохчийн ярташ

PDFПечатьE-mail

Обновлено 05.07.2018 02:41 Автор: Administrator 05.07.2018 02:38

artlib gallery-26908-b 1

 

ДАДАЕВ САЙД-ХЬАСАН

 

Яйна, амма ян йиш йоцу, нохчийн ярташ

 

Соьлжа хи йистехь Буьрса (Грозная) гIап йогIале хьалха кхузахь нохчийн ярташ хилла хиларан цхьа а шеко яц. Маса хилла уьш? Оцу хаттарна жоьпаш лоьхуш вай теллинчу белхашна юкъахь ю Нохчийчоьнан цIеяхханчу мохкталлархочун Сулейманов Ахьмадан «Нохчийчоьнан топономи», яздархочун Кусаев Iадизан «Соьлжа-ГIала» книгаш а, мохкталлархочун А.Бержен «Нохчийчоь а, нохчий а», Iилманчин З.Тесаевн белхаш а. Оцу а, кхечу а талламхоша тоьшалла до хIинцалера Соьлжа-ГIала йолчу меттехь нохчийн дуккха а ярташ а, кIотарш а хилла хиларна.

 
 

Страница 1 из 108

Яндекс.Метрика