Наши публикации

Умархаджиев Салаудин Мусаевич даггара декъалво докторан диссертаци чӀагӀъярца!

PDFПечатьE-mail

Обновлено 16.05.2019 10:38 Автор: Administrator 16.05.2019 10:35

3

 

Апрель беттан 26 дийнахь Федерале Къилбен университетехь Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде семиотикин декъан куьйгалхочун Умархаджиев Салаудин физикин-математикин Ӏилманийн докторан диссертаци чӀагӀъяр дӀадаьхьна. Диссертацин тема: Фукнцийн цхьайолу кепе йоцу шортенашкахь гармоникин анализан операторш таллар (Исследование операторов гармонического анализа в некоторых нестандартных пространствах функций).

Нохчийн Ӏилманчийн юкъараллин кхин цхьаъ боккха кхиам бу и. Иза Умархаджиев Салаудин дахарехь хилла ца Ӏаш, доллу нохчийн къоман Ӏилманан дахарехь боккха кхиам бу. Вай тешна ду кхидӀа а, вайн маттана а, Ӏилманна а Ӏаламат пайдехь болу Ӏилма кхиорехь а, даржорехь а цо бечу балха тӀехь кхин а дуккха а ирхенаш хирг хилах.

Дала тӀаьхье беркате йойла! Дала аьтто бойла!

 

 

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана махкахой декъалбира 74 шо хьалха Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тӀам тӀехь толам баккхарца

PDFПечатьE-mail

Обновлено 16.05.2019 10:35 Автор: Administrator 16.05.2019 10:29

2

 

Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 74 шо кхачарца!

Оцу дийно гойту Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронташкахь шаьш-шайн ца кхоош леттачу а, тылехь къахьегначу а вайн махкахойн бохалур боцу лаам а, майралла а, доьналла а, син ницкъ а. Миллионаш дахарш махана дахкарца ницкъ кхаьчна фашизмана тIехь толам баккха, мокхачу уьнах вайн сийлахь мохк ларбан.

 
 

9 МАЙ

PDFПечатьE-mail

Обновлено 16.05.2019 10:29 Автор: Administrator 16.05.2019 09:20

                                                                                       1

 
 

КАДАМ

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.04.2019 17:14 Автор: Administrator 30.04.2019 17:11

58382442 2348554288725315 1961899296550813696 n

 

Боккха эшам хилла нохчийн къоман журналистикина тахана. Шийлачу Ӏожалло къинхетамза катоьхна вайна юкъара хеназа яьккхи Жумалаева Лула. Нохчийн оьздачу мехкарех тоьллачарех цхьаъ яра иза. Ховха нана, муьтӀахь хӀусамнана, хьуьнаре зуда, похӀме журналист, яздархо. Доза доцуш деган комаьршалла яра цуьнца. Дерриге а дуьне маракъовллал халкъе а, махке а нуьцкъала безам бара. Лула хьанала къинхьегамхо яра. 2004-чу шарахь дуьйна цхьана дийнахь балхана юкъара ца йолуш ша кхоьллинчу "Нана" журналехь къахьоьгуш яра Лула. Зорбане баккхале журналера хӀора могӀа, хӀора хьаьрк шен экамчу сица луьттуш, цӀийца лозуш, сирлачу ойланца цӀинбеш хуьлура цуьнан. Цундела дара "Нана" журнал шатайпачу башхаллица къаьсташ, вайна массарна дукхадезаш. Нохчийн къоман журналистикехь мах боцу беркат хилла дӀахӀоьттина дара "Нана" журнал, коьртачу редакторан говзаллин лаккхарчу тӀегӀанехь йолу корматалла бахьнехь. Нохчийн къоман тешаме йоӀ, оьзда зуда яра Лула. Ша схьаяьллачу къоман зовкх деба лууш, хаарийн серло яржош йогӀура иза шен дахаран новкъахь. Амма тахана чекхдевли, белхан накъостийн дегнаш Ӏовжош, цо гездина атта доцу журналистан некъаш. ДӀабай цуьнан къеггиначу похӀмин чиркх, нохчийн къоман журналистика кхолош, иза тӀаьххьарчу новкъа ели, вай тӀаьхьа делхош. Дала декъала йойла хьо, тхан хьоме Лула! Хьайн хӀусамах Веза-Воккхачу Дала йоккхаейойла хьо! Ялсаманин хьаша хуьлда хьох а, тӀаьхьадахка дезачу тхох а!

Аза Газиева

 

 
 

КАДЫРОВ РАМЗАНА МАХКАХОЙ НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕНЦА ДЕКЪАЛБО

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 25.04.2019 12:27

Кадыров

КАДЫРОВ РАМЗАНА МАХКАХОЙ НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕНЦА ДЕКЪАЛБО

 

Лараме махкахой!

Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Шен ненан мотт цабезачунна, цуьнца ховха юкъаметтиг йоцучунна, иза Iалашбеш воцучунна шен Даймохк безийла дац. Дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, хаза а, исбаьхьа а бу нохчийн мотт. Оцу маттехь дерриге а ду - нохчийн къоман башхалла, истори, культура, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ, ламасташ.

Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIадолийнера вайн махкахь ненан мотт кхиоран гIуллакх. Иза коьрта а лорура цо. Цундела ас даима а дозалла а дора цунах, воккха а вера со. Республикина уггаре а хала яьхкинчу хенашкахь Ахьмад-Хьаьжас нохчийн мотт бовзийтарехь, кхиорехь, баржорехь, цуьнга марзо кхолларехь къахьоьгуш болчу Iилманчашна а, яздархошна а, журналисташна а гIо-накъосталла деш хилла хиларна теш хилла ву со.

ХIора шарахь республикехь дIахьо нохчийн мотт Iалашбарна, кхиорна лерина йолу конкурсаш, конференцеш, фестивалаш, форумаш, хIунда аьлча, нохчийн мотт вайн халкъан коьрта билгало ю, вайн къоман бух бу. ХIора а нохчичун сийлахь декхар хета суна шен мотт ларбар, Iалашбар, кхиор, шен къоман истори, культура евзаш-езаш хилар.

ХIокху дезачу дийнахь вай дIагойту нохчийн матте болу вайн безам, дагалоьцу вайн орамаш, баркаллаш боху нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна болчу вайн хьехархошна.

Вайн декхар ду ненан маттаца йовха а, ховха а юкъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар. Вайн культурин бух бу иза. Цундела вайна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза дIабер бац.

Лараме махкахой! Кхин цкъа а даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Лаьа шу ирсе хуьлийла, шун могашалла, аьтто хуьлийла, ненан матте боккха безам шун хуьлийла!

Ларбелаш нохчийн мотт!

 
 

Страница 4 из 127

Яндекс.Метрика