Шен цӀа – цӀен цӀа

Печать

Нравится

Dajmehkah-g1enash222 1

 

                                                                                            АХМАДОВ Муса

 

Шен цӀа – цӀен цӀа

Трагикомеди

 

Дакъалоцурш:


Куьйра

Хьайдарбек

Китайхо

Китайхочун гӀоьнча

Хеда – гочдархо

Францин Ӏедалан стаг

Францин Ӏедалан зуда

Эмигрант Авалу

Къу

Мирей – француженка, йоккха стаг

Жанета – нохчийн зуда

Майрбек ­­­– Норвегера нохчи

Юрий Борисович – Соьлжа-гӀалин хилла вахархо, художник

Зуда – турист

Художник  Монмантрера

Дардан – албанхо

Шихмирза – урамера жухӀург

Супермаркетан йохкархо

Ӏусман – супермаркетан секьюрити

Арара  йохкархо

Корреспондент

Оператор

I полицхо

II полицхо

Ӏ кӀант – эмигрант

2 кӀант – эмигрант

3 кӀант – эмигрант 

Пондарча Франсуа

Митинган декъашхой, нах

Лом-Ӏела – нохчийн илланча


 

1 сурт

   ( Аэропорт. Диспетчеран аз хеза. Гучуволу Куьйра шен карахь ша дехкина  суьрташ а долуш)

      Диспетчеран аз. Levol  Moscou-Paris. L’ avion a atterri à l'Aéroport international Orly.

Куьйра. Париж!.. Мел тӀаьхьа а схьа-м кхечи со кхуза. ХӀара ду-кх иза, хьежош кхиссина топ цкъа мацца а дӀакхета бохург. Сан топ а дӀакхийти… Со Парижехь ву! Цкъа Хьайдарбеке тильпон тоха еза…… Алу, Хьайдарбек солом Ӏалайкум… Схьакхаьчна, дуккха хала а кхочуш… ХӀинца ас хӀун дан деза?.. Ӏедал тӀе а вахана, сдаться дан?… Ахь хӀун дуьйцу, со тӀам тӀе веана-м вац, сдаться дан…?! Мича дӀавола боху ахь? Лувр йолчу? И мичахь ю? Дика ду, цигахь вовшахкхетер вайша.  Такси! Такси!

 

 

2 сурт

 

Куьйра. Париж! Париж! Париж! Муха аьллера цхьана гӀазкхичо … Я гӀазкхи вацара иза… «Увидеть Париж и умереть»…Вала-м  кхуьур вара. Цхьа хӀума кхалла еза. Кхо сахьт ду-кх ас хӀума кхаллаза… (Киснара схьа а оьций, бохчи чу хьожу). Бохча-м цкъадолчунна дуьзна ду.

(Уллехь йолчу кафе чу хьоьвза. Китайхо ву цу чохь болх беш)

Мсье, Китайхо, и булочка луохьа…

Китайхо. (франц. маттахь) жё нё компхон па?

(Ахь хӀун боху? Со ца кхета…)

Куьйра. Куръасан лохьа…

Китайхо. А-а, кгӀуасан… кгӀуасан… эн  евгӀо…

Куьйра. Ахь хӀун дуьйцу? Дийнна евро?! Ахь ма кӀеззиг доьху цунах? Ас ши евро ло хьуна, цхьаъ – оцу булочках, важа – со могуш-маьрша кхуза схьакхачарна сайна тӀера сагӀина.  (схьаоьций, булочка юу) И чай а луо. АльхьамдулиллахӀ, хастам бу хьуна, Я АллахӀ Дела! ХӀинца дика ду. БӀаьрг а серлабели… Кхеран уггаре лекхачу бӀоьвнна гонахара дохк а дӀадели. И бӀов йолчу а ваха веза, цунна буьххье а ваьлла, дӀасахьажа. Муха ю-те цӀарна цӀе яхана Париж?

(Куьйра китайхочун сурт дилла волало)

Куьйра. Мсье китайхо… Я хьо корейхо ву… Я японхо ву…Я казах ву? Там бара хьо киргиз хила? Сан да а Киргизехь вина ма ву!

Китайхо. Чин, чин!..

Куьйра. Чин, чин…Кхетта, кхетта… Джеки Чан… (карате гойту).

Китайхо. Уьви, уьви. Джеки Чан! (китайхо воьлу)

Куьйра. ХӀан, мсье китайхо, хӀара сурт хьуна ло-кх ас!

Китайхо.  О! мегӀси.

(Куьйра шен сурт оьций кафе чу воьду. Куьйра ву Хьайдарбек схьаваре хьоьжуш. ВогӀий схьакхочу Хьайдарбек)

Хьайдарбек. Бонжур, Кюри!

Куьйра. «Марша вогӀийла!» – бохий ахь? Делан маршалла хуьлда!

Хьайдарбек. Катоьхнна хьо маттах дӀаволийта гӀерта со. Уггар хьалха мотт Ӏамо беза.

Куьйра. Уггар хьалха Парижах дог Ӏабо деза! ТӀаккха мотт Ӏамор бу. Хьайдарбек билгалъяхал ахь суна, Парижехь ган еза дуьненчохь а гӀараевлла меттигаш.

Хьайдарбек. Вало, чай а молуш, дуьйцур ду вайшимма. ХӀара хьуна гуш йолу гӀишло Лувр ю. Цхьана хенахь паччахьийн хилла резиденци. ХӀинца музей. Цу чохь дуьненна а гӀараяьлла  Джаконда а ю, Мона Лиза а ю.

Куьйра. Сурт дуьйций ахь, Да Винчас диллинарг? Ший а цхьаъ ма ю иза.

Хьайдарбек. Ю? Деллахь ма дика ду иза…

Куьйра. Сурташка хьажа веза. Со а ма ву художник.

Хайдарбек. ДӀогара тӀай оьрсийн паччахьан цӀарах ду. Цунна бухахула охьадогӀург Сена-хи. ДагадогӀий хьуна, вай кегий долуш хилла хӀетал-метал: «Где сено не горит?». И йогуш йоцу буц, кхузара хи хилла-кх!

Куьйра. Цунна тӀехула а хахкалур ву со хинкеманца.

Хьайдарбек. ДӀо чам боцуш ирхъяхнарг Эйфелин бӀов ю…

Куьйра. Иза-м евзира суна. (Варкъ хьаькхна «памятник» гой). Хьайдарбек, и дӀо лаьттарг боккъал «Памятник» ю?

Хьайдарбек. Яцара и-м… СагӀа доьхуш стаг ву. Цунна хьалха Ӏуьллу шляпа ца го хьуна. Цу чу кхуссу наха шайгара ахча.

Куьйра. Могуш стаг-м ву хьуна иза, меттах а ца волуш кху малхехь латта а лой иза… Аса а тосур ду цунна цхьа ши евро.

(ахча тосу)

Хьайдарбек. Атта ахча даккха гӀерташ кхарна дага ца догӀуш хӀума дац.

(оцу хенахь царна тӀейогӀу карахь брелокаш, эйфелин бӀоьвнан суьрташ а, кегий арсаш а долуш цхьа зуда)

Куьйра. ХӀун мах бу кхеран?

Йохкархо. Ан евгӀо.

Куьйра. Схьая ахь хӀорш! Кхин иттех а ло… и урс оьцу ас хьоьгара…

Хьайдарбек. Оцу уьрсах хӀун дан воллу хьо?

Куьйра. Герз доцуш нохчий маца лелла? (велало). Къолам ирбан а, гата хадо дика хир ду хӀара…ткъа хӀара хӀумнаш, цкъа мацца а дуьненна гӀараваьлла  художник хилла со цӀа вахча , цӀерачарна совгӀатна яла дика хир ю. Цхьаъ хьуна а ло ас, вайшиннан кхузахь цхьанкхетар хьуна диц ца далийта.

Хьайдарбек. Дера ду хӀара деза совгӀат. Сан сатийсам кхочушбина ахь (воьлу). Ахчанна кхоам бан беза, ахча кхузахь сихха дӀадолу. Тахана хьайна марзо эца Парижах, ткъа кхана миграционни Ӏедал долчу гӀо. Цаьрга хьайна Ӏедало бина ницкъ дӀабийца, кхуза хьо ца веъча ца волуш, вуон хьал дара ала хьайгахь. Ахь къиза хӀумнаш мел дийци а, хьоьгахьа ду хьуна…

Куьйра. Собар, собар, ма-дарра дийца ца мега ас: со цхьаммо а хьийзийна а вац, со сайн кхолларалла йовзийта веана ву кхуза… и бахьана лорур дац цара?

Хьайдарбек. Дац! Кстати, оцу паспортах хӀун дира ахь?

Куьйра. ХӀумма а ца дир-кха. ХӀара ду-кх. (дӀагойту)

Хьайдарбек. Кхунна дан дезарг-м суна хаьа хьуна.

(этӀадой, нехаш чукхуьссучу яьшки чу тосу)

Куьйра. Ахь хӀун до?!

Хьайдарбек. ХӀинца хьан юхавала некъ бац!  ХӀинца лаахь, ца лаахь а, француз хир ву-кх хьо. Со вахара.

Куьйра. Собардехьа!

Хьайдарбек. Йиш яц. Кхана, я лама, я ула…  ХӀей, мадам! ХӀан, дӀаэца хьайн бӀов, схьада цунах хьайна делла евро.

Йохкархо. Се том фу! (ЛартӀехь вац!)

Куьйра. Мсье китайхо! ДӀавоьду со. АгӀувуагӀ, юха а вогӀур ву со… Хьан чай мала… Мерза дара чай… Круасан чам болуш яра.

 

3 сурт

 

Французийн миграционни Ӏедал. ДӀахьош ю собеседовани.

Хеда. Де дика а хуьлда хьан, марша а вогӀийла хьо!

Куьйра. Далла езийла. Хьо-м нохчий ма ю?!

Хеда. ХӀаъ, гочдархо болх беш ю со кхузахь. ХӀинца кхара хьайга дуьйцучуьнга дикка ла а догӀа, ойла а ца еш, жоьпаш ма ло. Шун къамел ас гочдийр ду.

Ӏедалан стаг.. Comment vous appelez-vous? Votre nom et prénoms?

Коман+ вузаплеву? Вотр но+ э пренон+?

Хеда. Фамили, цӀе?

Куьйра. Ганаев Куьйра ГӀайрбекович.

Ӏедалан зуда…….Votre nom est similaire aux français et le son “r” vous prononcez  comme les français…

Вотр но+ э симилер о франсе э лё со+ «r» ву проно+се ком ле франсе.

Хеда. Французийн ю боху Куьйра цӀе. ГӀ аз ду боху, вайн санна, шайн маттахь а.

Куьйра. Ду дера… ГӀала, гӀайракх, гӀовгӀа, гӀагӀ…

Хеда. Тоьар ду хьуна…ГӀагӀ аьллачохь ма виси хьо-м.

Ӏедалан зуда. Votre nationalité?

Вотр насьоналите?

Хеда. Тайпана мила ву хьо?…

Куьйра. Шун хӀун бала бу сан тайпанца… Тхан тайпанаш къестош Ӏедал а дац. Со нохчи ву

Ӏедалан зуда. Qu'est-ce que se passe?

Кес кёс пас?

Хеда. Ахь хӀун до? Хаттарш луш берш хӀорш бу, ткъа ахь жоьпаш луо. Куьйра, ахь дуьхьало яхь, кхара кхузахь ваха бакъо лур яц хьуна. Алахьа, хьуо муьлхачу тайпана ву?…

Куьйра. ГӀайрахо тайпана ву… Нашхахь хиллачу нохчийн къоман яйн тӀе уггар хьалха дӀаяздина хилла ду-кх тхан тайпа…

Хеда. Иле дэн ан+сьен  клян+ тшешен

Ӏедалан зуда. О! Сэ трэ зан+ тэгӀэсан+!

… Кеда, регярд, йятиль сё нон+ дан+ ля лист

(Схьаэцал, Хеда, хьайн исписка. Цу тӀехь ду и тайпа?)…

 

Хеда (шен список схьа а йоккхий, хьожу). А-а-а, дац иштта тайпа-м хӀокху исписки тӀехь…Нон+, иль нья па.

 

Куьйра. Муха дац?! Тхан тайпа жима тайпа ду, дуьххьара хьаьжча, ца ган а тарлор, дикка хьажа хьо…

Хеда. Кхийти… Ду иштта тайпа…Oui –oui

Ӏедалан зуда. Bien… Бьен+

Куьйра. Собардейша… Кхаьрга хӀара тайпа хаттарша дайта, веънам вац со кху хӀуьчӀичӀачӀа?

Хеда. И ду хаза… Дуьненан культурин кхерчех – Парижах – боху ахь хӀучӀичӀа…?  Стаг, хьо боккъал нохчий ву-вац хьовсуш бу хӀорш. Мел дукха нах схьаихна хаьий хьуна кхуза, шаьш нохчий ду бохуш… Вайн лулахой гӀалгӀай, суьйлий баьхкина ца Ӏаш, дӀо шийлачу махкара якуташ а цхьана.

Куьйра. Со якут воцийла ца го шуна, сан юьхь тӀе ма хьаьжжи?

Хеда. Го, го, собаре хила… Хьо карзахвийлахь, кхара психбольнице дӀахьажор ву хьо…

Куьйра. Иза а до кхара?..

Хеда. Цул атта кхара деш хӀума дац…

Ӏедалан стаг. La guerre estterminée, les villes et les villages sont restaurés. Pourquoi  vousne restez pas à la maison?

Лягерэтермине, левильилевилляжсон+рэсторэ. Пуркуа ву нё ресте па а ля мезон+?…..

Хеда. Шун махкара тӀом а дӀабаьлла, шун гӀала а, ярташ а меттахӀиттийна, шайн цӀахь стенна ца Ӏа шу?

Куьйра. ХӀара Париж – дуьненан культурин столица ю, цундела суна кхузахь ваха лаьа. Сан кхоллараллин хьакъболлу мах кхузахь хадор бу аьлла, дегайовхо йолуш веъна со.

Хеда. Пари – э лё сан+тр кюльтюрэль дю мон+д, сэ пуркуа ж вё вивр иси. Жэспер  кё  ля  фран+с  апресьера  мон+ёювр.

Ӏедалан стаг. Êtes-vousletravailleurdelaculture?

Эт ву лё травайёр дё ля кюльтюр?

Хеда. Кхоллараллин белхало ву хьо?

Куьйра. Ву.

Ӏедалан зуда. Dans quel domaine? Дан+кельдомен?

Хеда. Мила ву хьо – хелхарча, илланча, поэт, художник?

Куьйра. Вот, вот… И тӀаьххьарниг.

Хеда. Иле ляртист.

Ӏедалан стаг. Vous êtes un artiste! Quel style préférez-vous -  l'impressionnisme, le realismе

Ву эт эн+ артист. Кель стиль преферэ ву – лэмпресьонисм, лё реалисм?

Хеда. Муьлхачу стилехь болх беш ву хьо?  Реализм, сюрреализм, импрессионизм, абстракционизм, кубизм?

Куьйра. И цхьа а стиль яц суна гергара… Ас сайн стиль кхоьллина – кхосабергизм! Сан дерриг а сурташ кхосабергах лаьтташ ду… Суна ца еза горгалгаш, биъсабергаш. Тхан лаьмнаш а кхосабергийн кепехь ду. Тхан бӀоьвнаш а иштта ю… Парижан дуккха а гӀишлош ю кхосабергех тера. Масала, шун уггар гӀараяьлла Эйфелин бӀов ю кхосаберган кепехь, шун Лувран хьалха лаьтташ йолу пирамида а ю кхосабергийн кепехь. Даго хьоьху суна, сан кхосабергийн кхоларалла кхузахь тӀеоьцур ю аьлла. Хьовсал шу кхаьрга! ХӀара нохчийн лаьмнаш ду! ХӀара тхан бӀоьвнаш ю! ХӀара нохчийн лекха ойланаш ю! ХӀара тайпа суьрташ хьан дехкина? Цхьаммо а ца дехкина, ас бен!

Хеда. ПэгӀсон нё компгӀан+па са патюгӀ.

Ӏедалан стаг.Cen'estpasuneraisonpours'exiler

Сё не па зюн рэзон+пур сэкзиле…

Хеда. Даймохк дӀатаса бахьана дац иза боху…

Ӏедалан зуда.Une autre chose si vous avez été en danger…

Юун нотр шоз си ву заве этэ ан+дан+жэ.

Хеда. Нагахь хьо хьийзош хиллехьара, цӀенош дохийна, буса дӀакхуьллуш, набахти чу кхуьссуш, болх бан ца вуьтуш… Иза цӀера вала бахьана хир дара. Гергарчех массо а дийна вуй?..

Куьйра. ЭлхьамдулиллахӀ, дийна ву.

Ӏедалан зуда.Voyez-vous, Curie, dans votre famille il n'y a pas de tués, arrêtés, chez vous tout est normal. Vous devez  rentrer à la maison…

Вуайеву, Кюри, дан+вотрфамийильньяпадётюэ, арэте, шевутутэнормаль. Ву дёвэ ран+трэ а ля мезон+.

Хеда.  Халахеташ делахь а, боху кхуо, шу доьзалехь вийна а , лаьцна а стаг а вац… Хьан массо а хӀума а дика ду… Хьо хьайн цӀа ваха веза.

Куьйра. Дика дац!.. Ӏиэн ца ло со цигахь… Сан жимчохь дуьйна сатийсам хилла – Парижехь ваха, кхузахь сайн суьрташ дуьненна а довзийта!..

Хеда. Иль вё абитэ а Пари, э кхээ сэ туаль иси

Ӏедалан стаг. Qu'allons-nous faire?

Кялон+ ну фэр?

Ӏедалан зуда.Eh bien, nous avons le temps de réfléchir. Au bout de deux mois, nous donnerons la réponse.Kheda, aidez-lui.Au revoir!

Эбьен+. Нузавон+ лётан+ дёрефлешир. А бу дё дё муа, ну донрон+ ля репон+з. Кеда, эде люи. О ревуар.

Куьйра. ХӀун боху цара?

Хеда. Нийсса ши бутт баьлча, юхавола боху, тӀаккха хуур ду хьуна шайн жоп. Ӏодикайойла боху.

Куьйра. Ӏодика Дала йойла! (араволу)

Хеда. Эццахь, арахь сацахьа… Со арайолу хьуна…

Куьйра, юьстах а волий, соцу, шен сурташ моггӀара дӀа а хӀиттош. ТӀевогӀу цхьа нохчи.

Куьйра. Шина баттахь собарда-м хала дацара…

Авалу. Ассаламу Ӏалайкум!

Куьйра. Ва Ӏалайкум салам!

Авалу. Хьан хӀун хилира?

Куьйра. ХӀумма а ца хилла цкъачунна… юхавола аьлла соьга, ши бутт баьлча…

Авалу. КхозлогӀа тӀевоьдуш ву со кхарна…

Куьйра. КхозлогӀа?

Авалу. ХӀаъ, кхозлогӀа! ХӀинца-м царна дийца керла туьйранаш а кечдина ас…

Куьйра. Дала аьтто бойла хьан!

Авалу. Дела реза хуьлда!

 (Хьен ца луш, гучуйолу  Хеда)

Хеда, хьо яц иза?! Де дика дойла хьан! Хеда, оцу вайшиннан гӀуллакхах хӀун хир долуш ду-техь?

Хеда. Далла везийла, Авалу, хьо схакхечи?! Хьан гӀуллакх дуьйцуш ду.

Авалу. Со хьуна  тӀаьхьара вер волуш вац хьуна, сайн позитив схьаяллалц!

Хеда. Со чуяллалц собарде, со хӀинцца чуйогӀу хьуна.

(Авалу чувоьду)

Хеда. Куьйра…

Куьйра. ХӀун боху ахь, Хеда?..

Хеда. Хьо кхуза Ӏен-ваха а лууш веаний?

Куьйра. Веана.

Хеда. Веанехь, цигарчу Ӏедална лиэ!

Куьйра. Со тӀехьашха луьйр вац цхьанна а. Айса олург юьхь-дуьхьал дӀаолу ас…

Хеда. Собардехьа, тӀамо бохамаш ца беш цхьа а стаг ма ца висна вайн махкахь… Хьох ца хьакхалуш, ма дика тӀехбаьлла иза.

Куьйра. Сох а хьакхабелла иза-м.

Хеда. Хьакхабеллехь, дӀадийцахьа…

Куьйра. И хилла пхийтта шо а даьлла. ХӀунда дуьйцуш ду уьш?

Хеда. ДӀадийца… Хьайгара жимма тӀе а тоха…

Куьйра. Сайгара хӀумма а тӀетухур дац.  Харцдерг дуьйцур долуш вац со.

Хеда. И нохчийн кураллаш охьа а яхкий, хьайга бохург диэхьа.

Куьйра. Кураллаш  яц! Харцдерг, сайн са а кхочуш, дуьйцур долуш вац со.

Хеда. Делахь ахь Кхосабергаш йохку аьлла, кхузахь хьуна позитив яла кечвелла стаг вац хьуна…

Куьйра. Ткъа ас хӀун диэ?

Хеда. Ши бутт баьлча юхаволахьа, хьайна цхьа къиза истори дага а лаций.

 

4 сурт

 

Парижан урамехь Куьйра.

ВогӀий схьакхочу, цхьаьнца тильпон чухула къамел а деш, Хьайдарбек.

Хьайдарбек. Ва Ӏалайкум салом, Бакар! ДӀаволлу. Сиха ву хьуна со, Бакар, сихха дийцалахь. Хьонкий? ЦӀера схьакхачале телхар ма бу иза. Цул а, ахь хӀун дей? Мариновать бай, банки чу биллий, схьабаийта. ТӀаккха дӀаоьцур бу хьуна кхузарчу нохчаша. ХӀаъ, хӀаъ, боча-бӀарийн тӀамарш. Дукхо мел хили а дика ду. Уьш-м французаша нохчашка а ца кхочуьйту. Дакъийна уьстагӀан жижиг а даийта, кӀайчу хьаьжкӀийн ахьар а… дика хир ду. Цу ма баийта, цу кхузарчу нахана хӀун ю ца хаьа. Йоьхьаш ма даийта, уьш цӀахь дита, хаза ца хуьлу уьш. Ӏодикайойла! БонжугӀ, Кюри!.

Куьйра. ЖагӀ-жагӀ.

Хьайдарбек. Муха ду хьан гӀуллакхаш, парижанин?

Куьйра. Тоьар ду, вахара со цига, миграцин Ӏедал долчу. Ши бутт баьлча, юхавола аьлла соьга. Ахча а дӀадаьлла сан.

Хьайдарбек. Ма сиха дӀадаьлла хьан иза?

Куьйра. ДӀадаьлла-кх иштта… ХӀусамах дала а дийзи…Хеменгуэйна дукхаезаш хилла аьлла Рица ресторане ваха цкъа-шозза…Кхеран художникашна дукхаезаш хиллачу Мулен Руже а хӀоьтти…

Хьайдарбек. Дедиса хьан берзан! И ший а меттиг а дукха еза меттигаш ма ю! Пхи шо ду со кхузахь веха, со-м царна юххехула тӀех а ца ваьлла хьуна хӀинца а, цу чу вахар-м стенна дуьйцура ахь!

Куьйра. Кхин-м со а гӀур вац хьуна цига…хӀинца жимма гӀо дехьа…

Хьайдарбек. Сан хьуна дан гӀо дац. Ахча дӀадаьллехь, балха гӀуо.

Куьйра. Мича балха гӀуо со?

Хьайдарбек. Кхузахь цхьа супермаркет ю хьуна… «Шинель №6». Цу чохь болх беш ву цхьа нохчо, Ӏусман. Иза а ас дӀанисвина ву цу балха. Ӏусман кестта Ницце дӀавоьдуш ву, хӀорда йистехь малхехь Ӏилла. Хьо цуьнан метта балха дӀахӀоттавойтур ву вай…

Куьйра. ХӀун болх бу иза?…

Хьайдарбек. Секьюрити… Туькана баьхкинчу нахе хӀуманаш ца лечкъайойтуш, бӀаьргтохар… Ӏусмана дуьйцур ду хьуна дерриге а.

Куьйра. Дика ду.

Хьайдарбек. Дика делахь, со вахара. Сиха ву. Гур ду вай!

Куьйра. Баркалла, Хьайдарбек! Хьо вацахьара ас хӀун дийр дара?!

 

 

5 сурт

 

Супермаркет. ТӀеюьйхина ша-тайпа форма  йолуш, туькана чохь, массо а хӀуманан тидам беш волавелла лела Куьйра. Цуо шен сурташ супермаркет  чу а дохьий, тӀе мах а язбой, витрини хьалха дӀахӀоттадо.

Ӏусман. ЛадогӀал соьга, Куьйра! ХӀара болх соьга хала кхаьчнера. Ларъелахь хьайн белхан меттиг. Кхузахь белхаш бац хьуна. Хьан коьрта декхар, тӀаьхьа а ца вуьсуш, балха вар, хан дӀаяьлча бен дӀацавахар. Цхьана-шина дийнахь хьо балхах дӀа а волийтина, со Ницце дӀагӀур ву.

Куьйра. Дика ду. Ӏусман, хьо хӀунда воьду кхузара дӀа?

Ӏусман. Цхьана меттехь дукха ца Ӏело со. Ниццехь хӀорд бу соь хьоьжуш! ХӀорд!

( Куьйрас дӀахӀиттадо витрини тӀе шен сурташ)

Йохкархо. On ne vend pas ici de la peinture. Cest le magasin dalimentation!

Он+ неван+ паисидёляпэн+тюр. Сэлёмагязэн+ далиман+тасьон.

Ӏусман. Кхузахь сурташ духкуш туька яц, боху. ХӀара сурсаташ духкуш туька ю, цкъа-делахь; шолгӀа-делахь, хӀорш дохка бакъо яккха еза туька долахь йолчуьнгара.

Куьйра. Хьанна новкъа ду хӀорш? ХӀорш бахьанехь хӀокху туькана богӀу  эцархой алсамбевр бу. ДӀахьажал хӀокхаьрга, кхосабергийн стилехь дехкина ду хьуна хӀорш. Иштта стиль цхьанна а яц хьуна.

Усман: Ilsn’empêchentpas. Ils aideront à augmenter la quantité d'acheteurs. Outre cela c’est le style unique du triangle.

Ильнам+пэшпа. Иль эдрон+ а  огма+нте ля кан+тите даштёр. Утр сля се лё стиль уник дю триан+гль.

Йохкархо. Même si c'est de la peinture de Van Gog, vous n'avez pas le droit de les mettre ici. Retirez immédiatement.Elles ferment monparmesan!

Мэмсисэдёляпэн+тюрдёВан+ Гог, вунавэпадёдруадёлемэтриси. Рэтире иммедиатман+. Эль фэрм мон+ пармезан+.

Ӏусман. Уьш Ван Гога дехкина делахь а, бакъо яц боху хьоьга уьш кху чу дӀахӀитто. ДӀадаха уьш витрини тӀера, пармезан къайлаяьккхина ахь!

Куьйра. Делахь, ас хӀара цхьаъ мукъане а дӀахӀоттор ду пена уллехь, хӀумма а къайла ца йоккхучохь. Дитахьа, Ӏусман иза мукъане а

 ЦӀеххьана цуьнан тидам хуьлу, мутта чохь долу цхьа шиша чета а доьллина, аравала дӀаволавеллачу цхьана жимачу стеган. Куьйра  тӀаьхьаволу. Схьалоцу къу, и дӀаваха тохало.

Куьйра. ХӀей, накъост, собардел цкъа!

Ӏусман. Куьйра, ахь хӀун леладо. ДӀаваккха, дӀахеца иза!

Куьйра. Муха дӀахеца?! Мутта лачкъийна воьдуш ма ву хӀара!

Йохкархо. (полици кхойку) Police! Police!

Полис! Полис!

Къу дӀаваха тохало. Куьйрас, дӀа ца хьоьцуш, коч ятӀайо цуьнан. Къуьно кхуьнан суьрта тӀе ког тухий, иза дохадо. Оцу минотехь полици схьакхочу.

Къу. Иля дешикёте ма шмиз. Эль кут сен+кан+т  ёювро.

(Кхуо сан коч ятӀийна, шовзткъе итт евро мах болуш йолу.)

Куьйра. ДӀаяккхахьа хьан тишъелла баргал, цунах-м лур дац 2 евро а…Ахь мутта лачкъийна ца Ӏаш, сан сурт дохийна 5 бӀе евро мах болуш долу.

Къу..Ан+  утр иль ма  ран+версе  сюр ля тер э а батю.

Ӏусман. Ахь ша лаьттах тоьхна, лазийна боху кхуо.

Куьйра. Ас лазо ма-веззара лазийнехь, хуур дара хьуна.

Полици. Que-ce que s'était passé?

Кескёсэтэпассэ?

(франц. маттахь). ХӀун хилла кхузахь?

Куьйра. ХӀара мутта лачкъийна, и шиша чета а доьллина, аравала гӀерташ вара! Ткъа ас  схьалецира и къу.

Ӏусман (гочдо полицин) Ilaattrapé unvoleur!

Иля атрапе эн+ волёр.

Къу. Ан+  утр иль ма  ран+версе  сюр ля тер э а батю.

Полици.C’estbienquevousavezempêché lecrime. Mais il est interdit de battre le détenu. Il faut appeler la police .Comment vous appelez-vous?

Сэбьен+ кёвузавеам+пешелёкрим. Мэ илье ин+терди дё батр лё детёню. Иль фо апле ля полис. Коман+ ву запле ву?

Ӏусман. И бакъ делахь а, хьан бакъо яц боху цхьаннах а куьйгаш Ӏитта. Полице телефон тоха езара. ЦӀе хӀун ю хьан хоьтту?

Куьйра. Ганаев Куьйра…

Полици (компьютер хьала а йоккхий цу чу хьожу). Ганаев КюгӀи

Il n'est pas dans la liste des transgresseurs de la loi? …. Мerci.

Иль нэ па дан+ ля лист де тран+с грессёр дё ля люа?... Мерси.

Ӏусман: Мерси боку… ХӀинццалц билгалваьлла вац боху хьо юкъараллин низам дохош. ДӀаязвеш ву хьо, шайн тидаме оьцуш. (Куьйрига) Кхин дӀа чӀогӀа ларвала дезар ду хьан.

Полици:(Ӏусмане франц. маттахь) Expliquez à votreemployé desrèglesetdeslois. Onnepeutpassebattreaveclesgens.

Эксплике а вот рам+плюайе де реглё э де люа. Он+ нё пё па  сё батр авэк ле жан+.

Ӏусман. Бьен. Бьен. Дика ду. Кхунна низам оха Ӏамор ду. Кхин цхьана а адамана тӀекхевдар вац хӀара. (Полицхо дӀавоьду).

Къу. Месье ажан, э муа ?

Полици. Конессон а ля полис.

Къу. Се не па ма фот!

Полици. Адьё.

Йохкархо. Il est une mauvaise personne. Je ne veux pas travailler avec lui.

Иле тюн мовэз персон. Жё нё пё па травайе авек люи.

Ӏусман. Куьйра, хьо девне стаг ву боху кхуо, хьоьца кхин дӀа болх бан аьтто бац шен боху.

Куьйра. Муха бац?! Соьгара хӀун даьлла?

Йохкархо. (франц. маттахь) Хьоьца эрна хабарш дийца йиш яц сан! И хьайн сурташ а дӀахьо, Пикассо…) . J'ai pas de temps de bavarder avec vous. Etemporte tes peintures, Picasso!

Жепадётан+ дёбавардэавекву. Э ам+порт те пэн+тюр, Пикассо!

Ӏусман. Вайшимма цхьана бешболу болх цу тӀехь чекхбели, Куьйра. Дала аьтто бойла хьан! Хьуна кхин яйа хан яц сан. ХӀорд бу соь хьоьжуш, хӀорд!

Куьйра. Хьо санначарна хӀорд а гоьллелц бен ца богӀу…

Куьйрас шен сурташ схьагулдо. ДӀавоьду.

 

 

 

6 сурт

Куьйра цхьана майдана кхочу.

Куьйра: Хара хӀун меттиг ю ян а?! Къуьнах куьйгаш ма Ӏитта, полице телефон тоха… Кхара хӀун юьйцу йийца а? Тхо долчахь иштта дац. Хьалха заманахь къу керта ваьлча, цо хӀора кертал чоьхьа баькхинчу кога цӀарах етт боккхуш хиллера, я, хьерадаьллачу жӀалина санна, топ тухуш хиллера. ХӀара хӀун ду дан а?

(Куьйра шена уллехь лаьттачу «Памятнике» вистхуьлу).

ХӀей, тӀулг хилла лаьттарг! ХӀун стаг ву и Хьайдарбек? Кхузахь чӀогӀа дика ду, схьавола а баьхна, хӀинца духалург Ӏуьрг даьлла евро а лур дац ша боху-кх. Адам ду иза? Вистхилахьа, ахь тӀе варкъ хьакхарх хьо памятник яц… Суна хьан хӀилла гучудаьлла хьуна. Вистхилахьа! ХӀуъу а алий! Хьо са чохь адам ду, сагӀа доьхуш лаьтташ. Ас а тесна кху хьан шляпи чу ши евро, цхьа бутт хьалха…ХӀинца суна уьш мел чӀогӀа оьшура хаьий хьуна? Схьалур дацара ахь и сан ши евро?

Лаьттачо шена улле дӀахилабо шен ахчанаш чукхуьссуш болу куй.

Кхера ма ло! Кхера ма ло. Со хьан ахчанна тӀекхевдар вац хьуна. СагӀадоьхурган ахча лачккъол ледара стаг вац хьуна со.

Вай хӀун дийр дуй?... Ас хьуна юххе сайн сурт дӀахӀоттор ду, уггаре чолхе сурт – «Кхосабергийн философи». Мах цкъадолчунна Ӏ0 евро. ДӀаоьцуш хилахь, тӀетухур бу.

ТӀе мах а язбой, сурт дӀахӀоттадо  «Памятникана» ца деза иза. Цо гӀам-гӀим до, резавоцуш.

ГӀовгӀа ма е! Хьо памятник ю. Ӏадда латта! ДӀавала боху ахь уллера. ДӀа ца волу. ХӀара Шонзелизе хьуна йоькъуш кхаьчна-м яц? ХӀара массеран а юкъара ю, дуьненан а юкъара.

Ши  нохчийн кӀант  гучуволу, багахь мукъам а беш.

Китайхо. Бонапартэ, атас! (Шен кафен неӀарш дӀакъовлу сихха. Памятнико шен куйна чуьра ахча къайладоккху)

I-ра жима стаг. Шелахь помдораш ю,

Гермчигахь хохаш бу,

Чечанахь сермсекхаш бу,

Уьш вай дӀаюхкур ю.

II жима стаг. Хоттаничохь хаза гу бу,

Гу тӀехь даьлла зезаг ду,

Зезаг, хазлуш, кхуьуш ду.

Зезаган цӀе Ӏайшат ю.

Цхьамма, памятникан куйна чу а хьожий, тӀаккха Ӏуьллу Куьйрин сурт дӀакхуссу. ШолгӀа стаг  китайхочун кафен улле воьду, цуьнгара ахча схьадаккха.

Куьйра. И хӀун мотт бу цара буьйцург? Нохчийн мотт бац иза?

ХӀей, собардейша, шу нохчий ма ду?

I жима стаг. Дац.

II жима стаг. Дац.

Куьйра. Ой, нохчийн мотт ма бу аш буьйцург?

I жима стаг. Хьуна тарбелла хьуна. Оха буьйцург французийн мотт бу.

II жима стаг. Хьуна гушдерг гӀан ду.  (илли олу)  Шелахь помдораш ю, Гермчигахь хохаш бу…

Оцу хенахь полицин шок хеза. Ши нохчий дӀаводу.

Куьйра. Собардейша, соьца къамел мукъане а дейша. ХӀара мотт кӀадбелла-кх сан, нохчийн маттахь вистхила стаг а воцуш.

Ши жима стаг, водий, генаволу.  Куьйра юхавоьрзу. Шен сурт а ца карадой, Памятникана коча воьду.

Мича даьхьна ахь сан сурт? Схьада иза! И бегаш соьца ма белахь! Охьадилла сан сурт! Тахана ас цуьнан мах Ӏ0 евро хӀоттабарх, кхана цуьнан мах пхи бӀе эзар хир бу хьуна. Схьалуо ца боху ас хьоьга. Ас и тӀулган лаг а Ӏоьвдина, садоккху хьан!

«Памятникан» легаш тӀе кхета. Цуьнан карара а йолий,  денлой, «памятник» дӀайоду, мохь а хьоькхуш…

Шихмирза «Памятник». Ва орца дала ! Ва-а-а-а, орца дала!

Куьйра. (памятникан лаг дӀа а хоьций) Ой! Нохчи ву хьо?Ӏ Я суна гушдерг боккъал а гӀан ду?!

Памятник. ГӀан дац! Нохчи ву со!  Ма тӀаьхьваьлла хьо суна! Сайн хьанал, гӀийла сискал яккха гӀерташ воллур-кх со…

Куьйра. Бехк ма биллалахь, гӀенахьчул башха дагахь дацар-кх суна, хьо нохчий хир ву аьлла.

Памятник. Дагахь хила деза! Кхарда ма кхарда, хьайн тӀе хӀун кхочу а ца хаьа хьуна. ДӀогахь Ӏуьллу хьуна ахь бина гӀурт…

Куьйра. ХӀара гӀурт бу-бац кестта хуур ду хьуна…

Юьстах а волий, «Памятник» дӀахӀутту цхьана турпалхочун  кепехь.  Юьстаха Ӏуьллу шен сурт карадо Куьйрина а. ЙогӀуш полици а гой, дӀавоьду.

 

 

 

 

7 сурт

      Монматран  майда. Дуккха а художникаш, туристаш бу, сурташ, хӀумнаш юхкуш нах бу  майданахь. Куьйрас шен цхьа сурт дӀахӀоттадо портреташ дохкуш Ӏаш волчу цхьана художникан юххе.

 

Турист-зуда. ХӀара сурт  ма чӀогӀа хаза диллина ахь, хӀара-м яц сох тера а…

Художник. Хьан хазалла гайта а ца гӀерташ, хьан амал гайтар яра сан Ӏалашо.

Турист-зуда. Хьуна мичара евзар ю сан амал?! Кхунах ас ахча ца ло хьуна.

Художник. ХӀинца йевзина-кх суна хьан амал. Собарде, мадам, хьо резаеш, кхин цхьаъ дуьллур ду ас.

Турист-зуда. Суртдаккхийтар гӀолехь ду, и хьоьга дуьллуьйтучул

(дӀайоьду)

 Художник. Дера ю хала амал йолуш зуда…

Оцу хенахь Куьйра цхьана суьрте хьоьжуш лаьтта.

Ю.Б. (Куьйрин сурт а гой) Нохчий ву-кх  хьо.

Куьйра. Ву. Хьуна муха хиира?

Ю.Б. Нохчий бевзар бу, миччахь хилча а…ша-тайпа хуьлу шун хьажар. Киснахь сом дацахь а, шаьш дуьненан дай долуш санна…

Куьйра. Хьуна нохчийн мотт ма дика хаьа?

Ю.Б. Со вайн Соьлжа-гӀалахь вина а, ваьхна ву шовзткъа шарахь … Юрий Борисович ю сан цӀе. Хьан цӀе муха ю?

Куьйра. Сан цӀе Куьйра ю хьуна. Нохчийн маттахь сайца къамел дан нохчий ца  карийнехь а, нохчийн мотт буьйцу гӀазкхи-м карийна суна….

Ю.Б. ЧӀогӀа хазахетара суна нохчийн мотт буьйцуш, хезаш … хаза мукъаме мотт бу иза.  Лев Толстойс хӀун  аьлла хаьий хьуна нохчийн маттах лаьцна? Чеченский язык – один из красивейших и богатейших языков мира, ибо на этом языке можно выразить самые тонкие движения души человеческой, если им владеть в совершенстве. ХӀара сурт  ахь диллина дуй?

Куьйра. Ду. Дохка арадаьккхина ду ас хӀара.

Ю.Б. Вуон дац. Вуон дац. Шеца цхьа лазам, цхьа синхьийзам хаало хьан суьртаца… амма цхьаъ тӀе ца тоьуш санна-м, хета суна…

 Куьйра. Сурташ дахкарх хьага а хьаьгна ву со. Амма цкъачунна гӀирс бац сан…

Ю.Б. ГӀирс ас лур бу хьуна, хьайн луъучу хенахь схьа а вогӀуш, болх бе хьайн… хӀара сурт соьгахь дита мегар ду хьуна, и дӀадохка хьожур ву со. ХӀун бу цуьнан мах?

Куьйра. Суна-м ца хаьа… Хьайна луччух дӀадохкахьа…

Ю.Б. (Ю.Б. мольберт, басарш ло Куьйрина). ХӀан, дӀаэца хӀорш, кхоллараллин болх сацо мегар дац.

Куьйра. Баркалла хьуна, Юрий Борисович, доккха гӀуллакх ди ахь суна.

Ю.Б. Доккха гӀуллакх дацара иза-м, цхьа махкахой ма ду вай, вовшашка хьовса дезаш.

Куьйра ву Монматрехь  лелаш. Оцу хенахь цига, хьаьдда вогӀий, схьакхочу Хьайдарбек.

Хьайдарбек. Ассаламу Ӏалайкум.

Куьйра. Ва Ӏалайкум салам! Ахь хӀун леладо кхузахь, Хьайдарбек?

Хьайдарбек. Аса-м цхьаъ леладора. Хьо  хӀун деш ву кхузахь? Хьо балхахь хила везаш вац?

Куьйра: Балхара дӀаваькххина со…

Хьайдарбек. Муха дӀаваьккхина?

Куьйра. Къуьца кӀеда-мерза ца хилла аьлла.

Хьайдарбек. Са ма гатде, вай хьуна кхин белхан меттиг лохур ю …

Оцу хенахь митингахой богӀу оцу ураме.

Куьйра. ХӀорш муьлш бу? ХӀорш мичара бевли?

Хьайдарбек. ХӀорш митинге богӀуш  Профсоюзан декъашхой бу. Къинхьегаман реформина дуьхьал бу уьш. Схьавола, суна улле дӀа а хӀоттий, мохь тоха: «Тхо дуьхьал ду керлачу белхан законна».

Куьйра. ХӀунда тухуш бу аса и мохь? Сан хӀун бала бу кхеран законаца?

Хьайдарбек. Ахь хӀун дуьйцу?! Хьо хӀинца кхузахь вехаш ма ву, кхеран вуонехь, диканехь хила везаш. Хьох хьакхалурйолуш ма ю и реформа…

Куьйра. Ю?! Делахь-м иза чекхъялийта мегар яц. ХӀун ала бохура ахьа?

Хьайдарбек. Хьайна луъург алахьа! Ахь оьгӀазе мохь тоьхчхьана тоьар ду хьуна.

Куьйра. ДӀадаккха керла закон!

Хьайдарбек. ХӀай-хӀай! Сени чу кхосса шайн къиза закон!

Куьйра. Шайн ден дакъ текхадойла и закон юкъдаьккхинчара!

Хьайдарбек. Йоккха топ кхетийла и закон тӀеэцначарна!

Куьйра. Сийначу цӀерах догийла иза!

Хьайдарбек. ХӀай-хӀай! Нийса боху!

Куьйра. ТӀетоха белхлошна алапа! Набахти чу бохка депутаташ!

Журналист. Мсье, мсье, интервью лохьа тхан ТВ Франсе…

Массо митинган декъашхой, цецбевлла, хуьйсу карзахбевллачу нохчашка. ТӀевогӀу цхьа корреспондент. Хьайдарбек вистхуьлу. Хьайдарбека, Куьйрина тӀе пӀелг хьежош, цхьаъ дуьйцу.

Куьйра. Хьо хӀун дуьйцуш ву?

Хьайдарбек. Со-м хьо кхунна вовзуьйтуш вара. ХӀинца ахь ма-дарра кхунна дӀадийца вай цӀахь долу ледара хьал. Кхуо и газета тӀе а тоьхна, даржийча, хьуна позитив яларна тӀехь доккха гӀо хир дара.

Куьйра. Со-суо вистхир ву кхуьнга…

Хьайдарбек. Гочдан оьший ас?

Куьйра. Ца оьшу, сайна тоъал мотт Ӏамийна ас.

Кореспондент. Тхо даккхийде нохчийн профсоюзан векало тхан акцехь дакъалацарх. Дийцахьа, тхуна орцахвала муха дагадеара хьуна?

Куьйра. ХӀуъу дар-дацар хилча, нийсонна орцахдовлуш Ӏедал ду тхан.

Корреспондент. Хьо шайн Ӏедалан харцонах муха кӀелхьараваьлла?

Куьйра. Сой? Со-м ца веана Ӏедалх ведда… Со художник ву, Кхосабергизм боху керла стиль юкъаяьккхина ас…

Хьайдарбек. Иза кхарна ца оьшу. Кхуьнга дийца дезарг ас дуьйцур ду. Ахь кеста-кеста мохь тоха: «Реформа чекх ер яц!» – бохуш.

Куьйрина юххе цхьа Ӏаьржа йоӀ хӀутту. Хьайдарбека корреспондентаца къамел до. ТӀаккха цо Ӏодикайо, Куьйрига, Хьайдарбеке куьг луш.

Корреспондент. ХӀа, тӀаьхьа хӀитта. Сенсация! (ДӀавоьду)

Хьайдарбек. Ӏадика! Ӏадика! Дика гӀуллакх хир ду цунах, Дала мукъалахь. ХӀара мила ю, мичара ю хӀинца?

Анжела. Жю сви Анжела

Куьйра. Схьагарехь, Африкера ю. Анжела ю боху кхуо шен цӀе.

Хьайдарбек. ХӀара мила ю со хьожур ву, сайн ка ма елли, со схьакхетар ву хьуна. Ткъа хӀинца …Ӏодик… аьлча а агӀувуагӀ. Анжела, да виса хьан…аьлча а,  Анджела Девис, яло, дӀадоьду вайшиъ.

Анжела: А КюгӀи?

Хьйдарбек. Но но Кюри, Хьайдарбек!

Куьйра. ДӀавало… Гуттар а сиха хуьлуш ву-кх хьо. Со схьавеъчахьана цхьана итт-пхийтта минотехь, соьца охьа а хиъна, хан ца яьккхи-кх ахь. Нохчийн гӀиллакх-м дац хьуна иза.

Хьайдарбек. Сан доттагӀ, сан хӀинца дукха  гӀуллакхаш ду… ТӀаьхьа… ТӀаьхьа Ӏийр ву вайшиъ охьахиъна. ХӀинца йиш яц…

(ДӀахьоду шеца Анжела оьций)

Куьйра. Стенна тӀаьхьакхиа гӀерташ ву-техьа хьо, сел хьаьддий-веддий лелаш? Со-м ца кхуьу ахь лелочунна тӀаьхьа.

 

Куьйра Монмартрехь шен сурт дуьллуш Ӏа.

Ю.Б. Мича бахара кхузара художникаш?

Куьйра. Профсоюзан декъашхошна тӀаьхьа а хӀиттина, митинге бахна уьш.

Ю.Б.  Муха дӀабоьду хьан болх?

Куьйра. Дика дӀабоьду. Сайгахь цхьа ша-тайпа синъайам хаало суна.

Ю. Б. Кхоллараллин болх дика балуш меттиг ю хӀара. ХӀа, дӀаэца. (ахча дӀакховдадо)

Куьйра. ХӀара хӀун ахча ду?

Ю.Б. Хьан сурт доьхкинера ас 50 еврох.

Куьйра. Дика делла цунах-м, кхунах ах хьан ду.

Ю.Б. Ахь хӀун дуьйцу?! И хьайна дага а ма даийталахь. Махкахошна юккъехь дуьйцуш товш хӀума дац ахь дуьйцург.

Куьйра. Бехк ма билла суна, Юрий Борисович, кхузахь хӀора а шен-шен гӀуллакх дан гӀерташ волу дела, аьллера ас.

Ю.Б. Кхин а даккхий гӀуллакхаш делар сан хьуна дан. Сан да а реза хир вацара, со хьан гӀуллакхе дика ца хьаьжча…ша велла дӀаваллалц  нохчашна хьалха ша бехке хеташ, нохчашна шега далун дика гӀуллакхаш деш вехира иза. Леш, иштта вахар суна тӀе а диллира.

Куьйра. И хӀун бехк бара цуо лелошберг?

Ю.Б. (жимма собар а дина)Ӏ9 44 шарахь нохчий махках бохуш хиллачу «Студабеккерех» цхьаъ лелош хиллера иза… чӀогӀа дагахь диснера цунна иза. Оцу шийлачу дийнахь: баккхийчу нахах, зударех, берех – цхьаннах а къинхетам ца беш, къизаллийца уьш цӀера бахар. Цунна уггаре а чӀогӀа Ӏаьткъинарг дара, цхьана а кепара царна гӀо дан ницкъ боцуш, ша гӀорасиз хилар. Шен лаамза хиллехь а, ша оцу харцонан декъашхо ма хилла бохуш, хийла бӀаьрхиш Ӏенадора цуо. Шена мел вевзина нохчи къинтӀеравоккхура цуо оцу шен бехкана... ТӀом баьлла, со вина а, кхиъна а мохк битина кхуза схьавеъча, сан ойла хилира: ма хала лайна хир ду-кх нохчаша нуьцкъах шайн махках баьхна Казахстанан, Киргизин шийлачу арахь шаьш охьакхиссича, суна а цӀеравалар оццул дазделла хилча.

Куьйра. Дика стаг хиллачух тера ду хьан да. Хьо а ву дика стаг. Баркалла хьуна, Юрий Борисович. Айса долийна сурт чекхдаьккхичхьана, со вогӀур ву хьуна, хьоьга цуьнан мах хадабайта.

Ю.Б. Дика ду. Гучуволуш хила кеста-кеста.

 

8 сурт

 Хьайдарбек ву ахча хуьйцуш цхьана нохчийн кӀантана. Куьйра цаьрга ладугӀуш лаьтта.

 

Хьайдарбек. Схьада, хуьйцур ду. Соьмаш а хуьйцур ду. Мел ду хьоьгахь уьш?

Нохчи. Шовзткъа эзар туьма…

Хьайдарбек. ХӀун ахча деза хьуна кхарах – евро, доллар?..

Нохчи. Евро лохьа…

Хьайдарбек. Хьуна дӀадала деза  5 эзар евро. ХӀа-а, хӀара ду хьуна, цхьана дега ма алалахь, со ахча хуьйцуш ву алий. Ас хьох къахеташ хийцарх, кхин цхьанна а хуьйцур долуш вац. Суна оьшуш хӀума дац хӀара.

Нохчи. Дела реза хуьлда хьуна, Хьайдарбек!

Хьайдарбек. Массарна а. Массарна а.

Хьайдарбек. Салам!

Куьйра. Ва Ӏалайкум салам! Хьайдарбек, Анжелех хӀун хилира хьан?

Хьайдарбек. ДӀаваьллехь, цхьа минот ца яьллехь, юьхьӀаьржахӀуттур-кх со.

Куьйра. ХӀунда?

Хьайдарбек. Анжела ма ца хиллера иза! Дала хӀаллаквариг, Андре хиллера-кх. Кхузахь боьрша а, сте а къаьсташ ца хуьлу. Хьо а ларлолахь.

Куьйра. Царех-м кхерам бацара суна.  Сан дика кхаъ бу хьуна, соьгара  «Кхосабергийн симфони» цӀе йолу сурт эцна. 50 евро дели цунах. Вайн гӀуллакхаш толуш ду. Вай Монмартрехь девзина. Амма керла суьрташ дахка гӀирс эца ахча деза. Соьга духалург ахча лохьа жимма. Суьрташ дӀадоьхкичхьана, дӀалур ду хьуна.

Хьайдарбек.  Ва-а, Куьйра, ас ца аьлла хьоьга – хӀара Нохчийчоь ма яц. Кхузахь духалург ахча ма ца ло. Европа ма ю хӀара. Адам адамна, борз санна,  ду.

Куьйра. Берзлой-м дера яцара уьш…чагӀалкхаш ю-кх… ерриш…

Хьайдарбек. Хьо суна Ӏиттарш еш ву, ткъа со хьуна балха ваха меттиг карийна Ӏаш ву.

Куьйра. ХӀун меттиг ю иза?

Хьайдарбек. Йоккхачу стаге хьажар.

Куьйра. Муха хьажар?

Хьайдарбек. Иштта хьажар…  Туькана вахар, молханаш эцар, уьш дӀадалар, хин стака кховдор, хӀаваэ яккхар, бешахула доладалар.

Куьйра. Реза ву со. Белхаш къесточохь дац сан гӀуллакхаш.

Хьайдарбек. Реза велахь, хӀан хӀара ду хьуна адрес. ТӀегӀуо. Я от Жака чечена ала. Иштта ю сан кхузахь лелаш йолу цӀе. Цуьнан массо а лаам кхочушбелахь. Дика йоккха стаг ю иза… Нохчийн мотт Ӏамо гӀерташ а ю, пекъар, словарникаш, разговорникаш  а гулйина.

Куьйра. Кхуо хӀун до нохчийн маттах?

Хьайдарбек. Ца хаьа, шайн цхьацца тамашийна амалаш  ю-кх кхеран пенсионерийн… ХӀа-а-а, диц ма деллера суна! Хьан цӀерачара телефон тоьхнера соьга. Кхана Ӏуьйранна итт даьлча, зӀене вала бохура хьоьга.

Куьйра. Дика ду.

Хьайдарбек. Дика делахь, сихха дӀагӀуо Мирей йолчу.

Куьйра. Мирей мила яра?

Хьайдарбек. И йоккха стаг ю-кх. Ахь гӀо дан дезаш йолу йоккха стаг.

Мирейс боххург диэ! Дахь, гӀуллакхаш толур ду хьан.

Куьйра. Дика ду. ГӀуллакхаш таделча-м, ловр дара вай.

Хьайдарбек. ХӀа-а, сан велспет тӀе хаа! Ас дӀакхетор ву хьо!

Куьйра. ДӀаяхийта Мирей йолчу!

 

 

 

9 сурт

Куьйра йоккха стаг йолчохь.

 

Мирей (словарь тӀе а хьожуш, халла буьйцучу нохчийн маттахь). Тахана дан дезар ду. Туькана, кхача.

Куьйра. Кхета. Туькана ваха веза продукташ эца. Исписка язйиний ахь (куьйгаца гойту).

Мирей. ХӀара ву (кехат гойту).

Куьйра. Ву ала ца деза, ю… исписка ю.

Мирей. Уьви, уьви …ю… Молханаш…

Куьйра. Кхетта, кхетта… Молханаш эца. Аптеке ваха веза… Язйиний ахь?

Мирей (исписка тӀехь йолу кехат кховдадо). Пеш…

Куьйра. Пеш?!

Мирей. Но но, Беш.

Куьйра. ХӀа-а, бешахула лелар. Иза-м хӀора дийнахь дан дезаш ма дуй. Бешахула лелар – иза-м хьан лардан дезаш, доха йиш йоцу Ӏадат ма дуй. И дерриге а дийр ду вайшимма. Цкъа хьалха сайн ненаца зӀене валийтахьа.  Кхузахь бархӀ даьлла, делахь-хӀета, цигахь итт даьлла. ХӀинца дӀатоха еза зӀе. Мегар дуй, лераме Мирей.

Мирей. Вуи…Вуи… Ду…ду…

Куьйра. Баркалла, баба…

Мирей. Баба?!

Куьйра. Бехк ма биллалахь, пардон мадам…аьлчи а, мадмуазель…(Скайп чухула зӀе туху)  Алюв, мьсе, мадам, мамзель сельвупле, тужугӀ. Тужурка ца юьйцу, тужугӀ боху ас. Нана, де дика дойла хьан! Хеза, нана, ахь иштта мохь хьекхахь, къар-м лур ву. Со гина боху ахь телевизор чохь вайн лулахошна  митингехь, цхьана Ӏаьржачу маймална юххе ваьлла воьдуш?! Со-м гина хир вац хьуна царна. Тарделла  я гӀан гина. ХӀун хилла цигахь, мама, сел сиха со цӀа ван везаш. Цомгаш-м ца хилла хьо? Ма дика ду, нана, хьо могуш йолуш… зуда а ялор ю-кх, кхузахь бу дуккха а зударий…Нана, иза зуда иштта сиха ялош ма ца хуьлу. Йовзар, езар, безам. Дика ду, нана, дика ду, хьайна бакъахьа хеттарг билгал а яьккхий, схьаяийтахьа…

 Нана, сан кестта цӀа ван йиш хир яц, позитиве хьоьжуш ву со. Нана, ахь суна чӀогӀа са ма гаттаделахь, сан кхузара гӀуллакхаш жимма дӀанисделчхьана, ас  схьаялор ю хьо…алло…нана?.. дӀаели зӀе…

Мирей. Маман?

Куьйра. ХӀаъ, мама яра. Зуда ялае боху. Зуда…

Мирей (Шегарчу разговорник тӀе хьожу). Зуда ля фам… ля фам…

Куьйра. ХӀаъ, ля-фам… Зуда ялае боху…

Мирей (шена тӀе пӀелг а хьажош). Ля фам, бель! (Нана-пӀелг гойту).

Куьйра. Хаьа суна, хьо дика адам ду… къаьсттина кечъелча…

Мирей (словарь тӀе хьожу) Маман? Мичахь ю маман?

Куьйра. Мичахь ю?! ЦӀахь ю. Нохчийчохь. Кавказехь.

Мирей. Вуи. Кокяз, лам …

Куьйра. ХӀаъ, лаьмнаш ду цигахь…

Мирей. Суна вуайяж oКокяз лаьа...вуайяж…

Куьйра. Хаза-м хир вара хьуна со, хьо тӀаьхьа а хӀоттийна, цӀа вахча. Яло, вайшиннан ваяж – хьан беш ю!

Мирей. А-а, беш, беш. (арабовлу)

 

 

 

 

Ӏ0 сурт

 

Хьайдарбек ву майданахь телефончухула къамел деш.

 

 Хьайдарбек. Схьакхаьчна боху ахь хьо? И чӀогӀа дика ду. Атта-м довха худар даа дац. Цхьа хало ца ловш, Париже кхочур вац. ХӀинца ахь хӀун де хьуна аьлча, хьайн паспорт дӀа а кхоссий, миграционни Ӏедална тӀе гӀо. Цигахь айхьа дийца дезарг диц-м ца делла хьуна? Дика ду. Связехь хир ву.

Алло ладугӀуш ву… Молла оьшу? ХӀунда оьшу хьуна молла? Зуда ялош ву?  Со мегар вац хьуна? Со молла вацахь а, цара мах беш, царна юххехь Ӏийна-м ву хьуна со дуккхазза а. Нохчийн молла механа веза хир ву. Алжирхо я мароккохо магахь, уьш мелла а борах бу! Нагахь хьо француженка ялош велахь, кху Парижерчу уггар йоккхачу килса чу а вигна – Нотр дам де Пари, церан мозгӀаре мах а бойтур бу, ха-ха-ха!  Хала ма хетахь, ас-м бегаш бора. Собарделахь цхьана минотана, соьга тильпу етта…(вукху телефончухула) Алло, СегӀийрат, хьо ю иза? Де дика дойла! Муха, дуьхьал ца веъна? Мича яхна? Суна хууш хӀумма а дац, СегӀийрат, талла а теллина, цхьа йистйоккхур ю вай цу гӀуллакхан. Куьйра хӀинца схьакхача везаш ву  кхуза. Са ма гаттаде, вай и зуда а йоцуш вуьтур вац хьуна. Ӏодикайойла. (Вукху телефон чу)  Алло, молла оьшу бохурий ахь? Цхьана сохьтехь со дӀакхочу хьуна,  йистйоккхур ю вай хьан гӀуллакхан. Сан хӀинца дӀаван йиш яц, дукха нах бу сан, хьо санна, дӀанисбан безаш, туьха тӀе уьстагӀий санна, кхуза схьаоьхуш. Моьттур ду, кхеран ворххӀе да Наполеонан эскарехь хилла. АгӀувуагӀ.

Эццехь вилспеташ тӀехь гучуволу ши нохчийн кӀант.

                                   Гучуволу Куьйра.

Куьйра. Хьайдарбек, Хьайдарбек, Ассаламу Ӏалайкум!.. И хьан йоккха стаг лартӀехь яц хьуна!

Хьайдарбек. Жимма коьртаца галъялла ю, амма хьуна кхераме яц хьуна…

Куьйра. Суна-м хӀун дийр дара цо, кхераме хилла? Цхьа товш доцу куьйгаш детта-кх сох, лаьмугӀ, лаьмугӀ бохуш.

Хьайдарбек. Хьуна товш цахиларх, цунна товш ду хьуна уьш-м. ЛаьмугӀ хӀун ду ца хаьа хьуна? Ши бутт  герга хан ма ю хьо кху Францехь волу? Церан и коьрта дош ма ду. Безам, безам бохург ду-кх. ЙоьӀан безам бахана кӀанте. Дала хьан бина аьтту бу хьуна.

Куьйра. Хьаьнга? Соьгий? Оцу къанделлачу Ӏаспаран соьгий? Ахь хӀун дуьйцу?!

Хьайдарбек. Хьо ма чӀогӀа цецвуьйлу?! Боьршачу стагана а, зудчунна а юккъехь хуьлуш хӀума ю-кх иза ­­– безам. Цо боххург диэ. Цо ша йига бахахь, маре а йига. Дохко а вер вац хьо. Цуьнан берриге бахам вайшинна, аьлча а хьуна  буьсур ма бу, и мел еха а ца хаьа.

Куьйра. Ахь хӀун дуьйцу?!  И къанделла гӀам ас муха даладо сайна? И кхана лийр елахь а-м ялор яц. Со нохчи ву хьуна.

Хьайдарбек. Хилча хӀун ду хьо нохчи? Хьо нохчи ву, важа – алжирхо ву… ДӀо вайн эвлара ӀалавдигӀеран Жалавди дагавогӀий хьуна. Цкъа хьалха, иштта карзахвийлина, со нохчи ву, со нохчи ву бохуш… ТӀаккха, шен цӀе а хийцина, хӀинца иза Натан Шмулевич ву, жуьгти а ялийна, Израиле дӀа а вахана Ӏаш ву хьуна, цуьрриг ледар Ӏаш а вац… Дуьненан хӀуманах вукъавелла Ӏаш ву… ХӀинца соьга вистхила а ца вешаш.

Куьйра. Жалавдис шена луъург диэ. Ас къена мадам а ялийна, сайн цӀе йожор яц.

Хьайдарбек. Эш-эш, хьан хӀун цӀе ю? Хьо хьанна вевза? Хьоьца хьенан бала бу? Кху Европехь  цуьрриг эхь дац-кха йоккха стаг ялор. Мелхуо а, хастор ву хьо, къинхетаме ву аьлла.

Куьйра. Суна хуур дац хьуна иштта ваха. Оцу Мирейга телефон тохий, дӀаалалахь: «Со оцу керта кхин вогӀур вац».

Хьайдарбек. ХӀа-а, вицвелла ма Ӏара со, хьан цӀеранаш бара тилпу етташ… Шаьш дӀаяйтинчу зудчунна дуьхьал хӀунда ца вахана хьо бохуш.

Куьйра. Дера вахана-кх. Ӏуьйранна дӀавахана сарралц ма лаьттина со, Россера мел догӀучу кеманна дуьхьал уьдуш.

Хьайдарбек. Шарль-де-Голь ву бехке.

Куьйра. И муха хуьлу бехке, и велла хӀун хан ю?!

Хьайдарбек. Иштта… Шарль-де-Голь айрапорте досса деза кема, Орли айрапортехь доьссина…

Куьйра. Уой, Москохара массо кема а цига дуссу аьлла…

Хьайдарбек. Дуссура, амма оцу дийнахь Шарль-де-Голь айрапортехь дохк а хилла, Орли охьадоьссина.

Куьйра. ТӀаккха…

Хьайдарбек. ТӀаккха, хьуна схьадоуьйтуш долу нускал, оцу айропортехь хьан цӀе йолчу цхьана нохчочунна тӀе а Ӏоттаделла, цо шена дӀадигна.

Куьйра. Муха дӀадигна?

Хьайдарбек. Иштта, дӀадигна-кх… Цхьана алжирце мах а байтина, шен цӀартӀе  даьккхина, боху… Хаза хиллачух тера ю иза, еха ма яхарг …

Куьйра. Ирчаниг нанас суна яла а йийр яцара… Суна ца хилла хьанна хир дара иза?! Декъаза стаг ма ву со.

Хьайдарбек. Декъаза стаг, хьаха, вацара хьо-м. Ӏовдал ву-кх … Мирейна хьо чӀогӀа дуьхьалвели… Цул жиманиг а карор ю вайна.

Куьйра. ӀаддаӀелахь, суна кхин нускалш ца лоьхуш. Оцу цхьамма массо а зудчух чамбаьккхина сан.

Хьайдарбек. Чам а юхабогӀур бу, дуьненан хӀума карадеъча. ХӀинца а къелло лаца ма-деззара  лаг ца лаьцна хьан. Кестта лоцур ду. Мирей дагайогӀур ю… Со ма вара хьалха, хьо санна, принципиальни… Йита дийзир-кха принципаш а. Оцу Мирейл итт шо йоккха яра хьуна  ас доладеш хилларг. Йоккха мел хилий а дика ма ду иза. Йоккхачо сихха маршаволуьйту, ша новкъара дӀа а йолий.

Куьйра. Ахь схьадийцарехь къанъеллачу зудчунна тӀе ца  вахча, кхузахь хьанал ваха а лур вац?

Хьайдарбек. Вахалур ву, ахь валахӀотталца, буьйса а, де а ца лоруш, къахьегахь. Ас хьуна хьоьхург атта некъ бара…

Куьйра. И некъ хьайна биталахь.

Хьайдарбек. Делахь, сан хьуна кхин бала болх бац хьуна, ша урамаш цӀанда, нехаш дӀаяха хьо ара ца валахь.

Куьйра. И дар гӀоле ду, ахь бохург дечул. Ӏодикайойла хьан, Хьайдарбек!

(Куьйрас Хьайдарбекан белш тӀе куьг туху. Хьайдарбек охьавужу.)

Хьайдарбек. Охьа ма веттахь со!

 

ӀӀ сурт

 

Куьйра ву, шен девзиг а карахь, урамехь нуй хьоькхуш, волавелла лелаш. Пондарча  Франсуа  шен пондар локхуш ву. Лаьтташ «Памятник» – Шихмирза а ву.

Шихмирза. Салют, Франсуа!

Франсуа. Салют, Бонапартэ!

Куьйра. Салам Ӏалайкум, хьан цӀе а ца хаьа суна хӀинца а… ХӀун деш ву хьо?

Шихмирза. ДӀа латтара со-м…Шихмирза ю хьуна сан цӀе…

Куьйра. ДагадогӀий хьуна, Шихмирза, ахь соь аьлла: «Хьайн тӀе хӀун кхочу а ца хаьа»? Бакълуьйш хиллера хьо… суна мича дагахь дара, айса Парижан урамашкахь девзиг хьоькхур ду бохург.

Шихмирза. Ас дукха хьекхна хьуна и девзиг, хӀара болх сайна караберззалц. ЦӀерачара тильфон тоьхна, «хьо хӀун болх беш ву цигахь?» аьлла хаьттича, «Кхузарчу урамашна доладеш ву со» – олура ас. Царна моьттура, со мэрехь урамашна тӀе хӀоттийна  цхьа хьаькам ву. Урамаш цӀандар гӀоле ю хьуна, сан ваша, цхьаболчара санна къоладечул…

Куьйра. Иштта хеташ со а ву-кх.

 (Куьйрас пондарче нохчийн мукъам багахь хозуьйту, тӀаккха вукхо нохчийн мукъам пондарца балабо. Куьйра  хелхарехь хьаьвза.)

ОйтӀ, горалера бал яӀ!Маржа яӀ! Ма цӀахь боккхуш белахьара бакъахьа бар-кха хьо!

Гучуйолу Жанета.

Жанета. Хьо нохчи ву?

Куьйра. (хелхар сацош). Дера ву-кх, хьо а ма ю нохчи?

Жанета. Ю,  Дала мукъалахь, со  нохчи-м… Жанет ю хьуна сан цӀе.

Куьйра. Уой, хьо мичара ели?!

Жанета. Схьаеа-кх со а. Парижана генайоццуш Ӏаш ю со. ТӀамах бевдда баьхкинарш бехачу меттехь.

Куьйра: Со а ву-кх кхузахь … волавелла лелаш …

(оцу хенахь царна тӀе вогӀу Майрбек)

Майрбек. Ассаламу Ӏалайкум, нохчийн пондар хезна, тӀевеънера со … аш буьйцург нохчийн мотт ма бу?

Куьйра. Ва Ӏалайкум салам! Нохчийн мотт муха ца буьйцу, тхо нохчий хилча?!

Майрбек. Делахь со а ву-кх нохчий. Сан цӀе Майрбек ю.

Куьйра. Сан цӀе Куьйра ю, хӀара Жанета ю, ткъа хӀара Шихмирза ву. Ахь хӀун леладо, Майрбек?

Майрбек. Со Норвегера вогӀуш ву. Страсбурган суьдехь къасто дезаш цхьа гӀуллакх ду сан.

Куьйра. ХӀун ду иза, къайле яцахь?

Майрбек. Къайле яц и-м… Иттех шо дара со цӀера араваьлла, Норвегехь вехаш, хӀинций, хӀинций жимма шай-кай вовшах а тоьхна, цӀа гӀур ву бохуш. ЦӀеххьана, сатоссуш чулилхинчу Ӏедалан наха бераш дӀадиги-кх.

Куьйра. Муха дӀадиги?!

Майрбек. Иштта… – ХӀун леладо аш? – аьлча. – Аш берашна ницкъбо аьлла, арз даийтина шун лулахоша, – боху-кх. «Аш хӀун дуьйцу, – боху ас, – дена-нанначул дукха шен бер хьанна дезар ду. Оха муха бийр бу царна ницкъ?! – аьлча а, баьхча а ла дӀа а ца дугӀу. ГӀуллакх къастадаллалц аьлла, приюте дӀадигна кхо бер, хӀинца а, кхо бутт баьлча а, схьалуш дац.

Куьйра. И бохуриг хӀун ду?! Дегара-ненера бераш дӀа муха дохур ду?

Майрбек. Норвегерчу суьдаша кхин гӀуллакх а ца дина, Страсбурган дуьненаюкъарчу суьде делла-кх ас сайн гӀуллакх. Цара гӀуллакх ца дахь, дан хӀума а дац, уьш лачкъийна а, къайлах цӀа ца дигахь.

Куьйра. Майрбек, накъост со ву-кх хьуна, эшахь, хӀинца а новкъавала кийчча.

Майрбек. Баркалла, Дела реза хуьлда. И ду-кх нохчийн къамел. Цхьа бутт баьлча суд хир ю, цул тӀаьхьа, эшахь, гӀур ву вайшиъ цига а.

Куьйра. Делахь, вайн вовшахкхетарна тӀера  цхьа бал бакхий вай! Юкъавала, Майрбек! Яло, Жанета, дог айа вайн вешин хьайн хазачу боларца! Франсуа, дӀалакха нохчийниг!

Пондарчо  кхин дӀа а нохчийн мукъам локху. Куьйра Майрбек хелхаваккха гӀурту. Оцу хенахь бола юккъе эккха албанец Дардан. Иза, Майрбек дӀа а тоттий, Жанетина тӀе волало.

Дардан. PourquoituestvenueiciAllons, nouspartons!

Жанэт! Пуркуатюэвенюиси? Алон+, нупартон+.

(Хьо хӀунда еана кхуза. Схьаяло, дӀадоьду вайша!)

Майрбек. Ахь хӀун леладо, накъост? Хьерадаьлла жӀаьла санна, кху юккъе стенна лелха хьо?

Дарадан. Ce n'est pas votre affaire! Сё нэ па нотр афэр

(Шун бала бац иза!)

Майрбек. Ахь хӀун леладо боху ас хьоьга?

Куьйра. ХӀара мила ву? ХӀара мичара ваьлла?

Жанета. Ма хьийзайо со оцу стага. Кхуза а тӀаьхьакхечи-кх суна хӀара.

Куьйра. Мила ву иза?

Жанета. И мичара, мила ву а ца хаьа суна. Дардан ю цуьнан цӀе. Со яьлча а, йоьлча а ца юьту цуо. Со ехачу меттехь Ӏаш ву иза а. ЧӀогӀа нахана бале ваьлла иза… Къаьсттина  зударий дӀабовла а, схьабовла а ца буьтуш. Церан сий дойу хабарш дуьйцуш. Цуьнга вистхила ваьхьаш стаг а вац. Со а хьийзайо цуо, шега йола бохуш…

Куьйра. И хӀун къамел ду? Нохчийн хӀу хаьдда-м ца моьтту цунна?

Жанета. Со цхьалха йиснийла хаьа цунна…(йоьлху)

Куьйра. ( Дардане) Дардан!  (мохь туху Куьйрас) ХӀей, Дардан! Хьо кхин хӀокху йоӀе вистхилахь, ас дохковоккхур ву хьуна хьо кху дуьненчу валарх!

Дардан. Тетуа! Вао диабль!

Дардан,  бӀаьргаш къерзадеш, Куьйрина тӀе волало.

Куьйра. Майрбек, схьаваийтахь иза!

Дардан, дуьхьал мохь а тухий, тӀеволало Куьйрина, урс а доккхий, амма оцу минотехь цунна, хьалха иккхинчу Куьйрас цуьнгара схьа а доккхий, Дарданна варех урс туху. Дардане мохь болу, Майрбекас а, Шихмирзас а, дӀатакхавой, къайлавоккху Дардан.

Дардан. Полис! Полис!

(Дардан шен варе а лоций, дӀагӀерта, мохь а хьоькхуш)

Жанета. Куьйра, Дела реза хуьлда хьуна, ахь со кху балех яккхарна…Суна цкъа а дицлур дац ахь сан дина сий. Сайн деций, ненаций итт шо хьалха кху махка еънера со. Пхийтта шо долуш яра со цу хенахь… ши  шо хьалха Делан кхел а хилла, да дӀа а ваьлла, тхаьшшиъ йисна тхойшиъ, сой… наний…

Куьйра. Дала гечдойла цунна!

Жанета. Амин.

Куьйра. Шек дӀа ма яла хьо, Жанета, со дийна мел ву, шуьшиъ цхьалха хир яц хьуна . Амма, шаьш дехачу хӀусамера дӀа а девлла,  кхин хӀусам лаха еза аш.

Жанета. Аьтто белхьара-м, оха цхьа де а доккхур дацара цигахь.

Куьйра. Дала мукъалахь, аса гӀо дийр ду хьуна цу тӀехь. Цул тӀаьхьа ойла а йина,  цхьа йистйоккхур ю вайшимма вайн хиндолчунна.

(ТӀевогӀу Майрбек)

Шихмирза. Куьйра, шайн йистъяьлча, тхойшинга  а хаийталаш.

Майрбек. Дера хӀети.

Жанета. Аш дуьйцучунна тӀаьхьа ма ца кхуьу со…

Майрбек. Вуо хӀума ца дуьйцу хьуна. Куьйра кхета хьуна ас дуьйцучух…

(Эццахь телефон ека)

Куьйра. ДӀадовла дӀа, хӀун дуьйцу аш …(телефон тӀе а хьоьжуш). ЦӀера етташ ю. Бехк ма биллалаш.  Ало, Мелижа, хьо  юй иза? Стенна йоьлху хьо? Хьайдарбека дийцина суна вайна хилларг. ХӀун дийр ду цунна, шен рицкъ долчуьнга дӀаяхана иза а маре. Хьо елха оьшуш хӀумма а дац хьуна. Зударел дукха хӀума а дац кху дуьненчохь. Кхин ялор ю, со цӀа веъчахьана, хьо, наний резаерг. Цунах йоьлхуш яц? Ткъа стенна йоьлхуш ю хьо? Елла? Мила елла?  Я АллахӀ Дела … Маца, муха?.. Хезий хьуна, хезий хьуна… Нана-а… (мохь хьокху, тӀаккха, дог лоций охьавоьду, Майрбека тӀехьодий хьалалоцу).

Майрбек. Куьйра! Куьйра! Ахь хӀун до, Куьйра?

Куьйра. Сан нана… дӀаяьлла…

Майрбек. Дала гечдойла цунна! Дала ийман, собар лойла хьуна, Куьйра…

Жанета. Амин. Дала декъалйойла иза…

Куьйра. Ма чӀогӀа бехира цо соьга цӀа вола, цхьаъ шена хьоьхуш санна…ца кхии-кх со и схьаяло… Сан нана, сан нана… Ас хӀун дийр ду хьо йоцчу дуьненахь… Со цӀа ваха веза катоьхнна… Со цӀахь воцуш, сан нана дӀа муха ерзор ю ?!... Майрбек, со цӀа муха кхочур вара сихха? Хьо кхузахь волу дукха хан ма ю, хьуна хаа декхар ма дара иза…

Майрбек. Норвегера Франце вар санна, атта дац цӀа ваха… хьан кехаташ мичахь ду? Ас билет оьцу хьуна.

Куьйра. Кехаташ…? Сан паспорт… дац соьгахь паспорт…

Майрбек. Паспорт….

(Оцу хенахь царна тӀе вогӀу ши полицхо. Цара, куьйгех гӀоьмаш а тухий, дӀавуьгу Куьйра. Жанета тӀаьхьайоду).

Полици. Мсьё…

Жанета. ДӀахеца иза! ДӀахеца! Цуьнан бехк бац!

Майрбек. Куьйра, са ма гаттаделахь, хьо араваккха суна цхьа некъ карор бу хьуна. Суна кхузахь вевзуш цхьа дика адвокат ву.

Жанета. ДӀахеца иза! ДӀахеца!

(Жанета, йоьлхуш, тӀаьхьауьду. Куьйра дӀавуьгу).

Жанета. Куьйра… со бахьанехь дихки-кх хьан тӀемаш… суна хьо ца вевзинехьара, хьо маьрша хир вара … сох мел хьакхаделларг бохаме доьрзу… иштта хилла-техь сан кхоллам?

 

                                                    

 

Ӏ2 сурт

Китайхочун кафе. Чуволу Куьйра.

 

Китайхо. БонжугӀ, мсье!

Куьйра. Бонжур Джеки Чан. Со кхуза охьахуу.

Китайхо. Круассан, те?

Куьйра. ХӀан-хӀа, хӀумма а ма я…охьахаахь жимма суна юххе…. Со гучувалаза дукха хан яра, бохий ахь?  Цхьа хӀума дӀанисда ваханера со. ДӀанисдира. Со виэ ца вейта, урс тоха а дийзира. Полицино дӀавигна чохь хан яккхийти соьга. Ас динарг самозащита а лерина, схьахийци. Ян а яра иза самозащита. Суна тешаш хӀитта дуккха нах баьхкинера. Нохчий а, французаш а, алжирцаш, курдаш а…Дардана мел хьийзинарш… Цара массара а соьгахьа тешалла а дина, схьахийци со. Делан къинхетамца. ХӀара хӀун ю? Ас ца оьшу ма аьллера…Сан нанас деш хиллачу чӀепалгех ма тера ю хӀара…кест-кеста дора нанас чӀепалгаш… Ша уьш дина яьлча, довхачу хи чохь дуьлура цо уьш. ХӀоранна а тӀе даьтта а  хьокхуш. ТӀаккха уьрсаца диъ дакъа  дора. Юха уьш хедар чу а дохкий, со вохуьйтура сагӀина дала. Со цӀахь волуш, гуттар а сагӀина хӀума ма йолуьйтура соьга нанас хӀора пӀераскана буса. ТӀаьххьарчу хенахь кест-кеста гӀенаш ган доладелла суна Даймахках а, сайн бераллах а лаьцна. Сийсара сайн кхелхина да дуьхьалхӀоьтти суна. Хьо хӀун деш лела боху цигахула, вуонехь а, диканехь а воцуш? Бакъ ма лоь иза. ЦӀахь волуш, зуда ялийначу а, мовлад йоьшучу, тезета а воьдура. ХӀора дийнахь цхьацца дан дезаш хуьлура. Кхузахь хӀун ду? ХӀумма а дац. Массо еврона тӀаьхьаваьлла лелаш ву. Кхин Ӏалашо а йоцуш, ахчанан лай хилла муха лелар ву? Кхин Ӏалашо ца хилча, бежанан хьесапе ма воьду стаг. Деса хета суна кхузахь сайн дахар, чулацам боцуш. Ткъа чулацам – иза Делах тешар, Далла Ӏамалъяр ма бу…ЦӀахь дерриге а ду. ПӀераскан буьйса а ю, рузба а ду, вовшийн вонехь а, диканехь а бу. Даймохк – иза цхьа лаьмнаш, аренаш, хиш, шовданаш хилла ма ца Ӏа. Даймохк – хьан уггар хьалха цигахь деха адамаш, царна юккъера марзонаш, цара вовшашца буьйцу мотт ма бу... хьан ненан мотт… Кхузахь массо ша-ша ву. Со кӀадвелла. Со цӀа гӀур ву…

Куьйра дӀавоьду.

 

                                            Ӏ3 сурт 

 Буьйсанна сурт тӀехь болх бо цо, са а ца доӀуш.  Юрий Борисович вогӀу Куьйра волчу.

Ю.Б. Куьйра! Куьйра! Чохь вуй хьо?

Куьйра. Ӏуьйре дика хуьлда хьан, Юрий Борисович!

Ю.Б. Хьо гучу ца волуш хӀунда хьевелла ца хууш, сагаттаделла, схьавеъна со…

 ( Куьйрас шен сурт, тӀера кехат дӀа а доккхий, гучудоккху. Ю.Б. вехха суьрте хьоьжу, цецваьлла, вист ца хуьлуш…)

Ю.Б. Сан доттагӀ, хьо Ӏен-м ца Ӏий …

Куьйра. Муха ца Ӏий?

Ю.Б. Бакъволу художник хьайх хиллалц ца Ӏий… хӀара бакъйолу искусство ю.

Куьйра. Баккъал бохий ахь, Юрий Борисович?

Ю.Б. Баккъал боху. ХӀокху суьрто хьан цӀе гӀарайоккхур ю. ХӀун ю кхуьнан цӀе?

Куьйра. «Даймахках гӀенаш».

Ю.Б. …Даймахках гӀенаш… хӀара сурт деха лаьттар дац, дӀа ца оьцуш…Кхуьнах дика мах лур бу. Кхуьнан мах шераш дӀа мел дели, лакхабер бу. Цхьа хан ян мега, хӀара сурт Луврехь кхозуш, нах кхуьнга хьийса а оьхуш…

Куьйра. Юрий Борисович, хӀара сурт ас духкур дац, я Луврехь а кхозур дац. ХӀара сурт цӀахь хир ду.

Ю.Б. Ахь нийса сацам бина. «Шен цӀа – цӀен цӀа», – бохуш ду нохчийн кица.  Хьайн корта сайниг санна  къежбалале, Даймахка юхаверза… Ас мел чӀогӀа сагаттадо хаьий хьуна цӀа а вахана, сайн ден-нанан кош тӀе хӀотта…кханий-кханий бохуш, денош дохкуш, цӀа ваха аьтто ца хуьлуш, дӀадевли-кх сан шераш… Да а, нана а дийна дуй хьан, Куьйра?...

Эццехь Куьйра, дог гӀеллой, охьавоьду.

Ю.Б. Куьйра, Куьйра, ахь хӀун до? Хьуна хӀун хилла?

Скорый помощь машенан гӀовгӀа хеза. Куьйра лоьраша дӀавуьгу.

 

Ӏ4 сурт.

Парижан урамехь Жанета ю лелаш, Куьйра дага а лоьцуш.

Сан Куьйра … Ма оьшура суна хьо сайн дахарехь, сан тӀам шера Куьйра … Сайн цхьалхачу дахарехь хьох накъост хир ву аьлла, дегайовхо ма кхоллаелира сан … хӀинца деса ду сан дог, олхазаро дӀатесна бен санна. ЦӀадерзахь, куьйра, и бен дахарца бузуш. Куьйра, Куьйра, сан деган хаза туьйра …

Ӏ5 сурт

Юрий Борисович, Майрбек, Шихмирза Парижан майданахь Куьйрас дехкина суьрташ духкуш бу, цунна гӀодаран акци а йина.

 

Ю.Б. Хьовсал, нах! Кхосабергийн стилехь дехкина башха суьрташ ду шуна! ХӀинццалц кхосабергийн  стиль дуьненна евзина а  яц!

Стаг. ХӀорш хьенан, стенан суьрташ ду? ХӀорш ма тамашийна ду?

Ю.Б. Ганаев Куьйрин суьрташ ду уьш. Кавказан аматаш, сибаташ, амалаш, лазамаш, сатийсамаш бу хӀокху  суьртаца!

Стаг. ХӀун бу цуьнан мах?

Ю.Б. Кхуьнан мах Ӏ00 евро бу!

Майрбек. Ма чӀогӀа диллина сурт ду хӀара! Ас оьцу иза!

Француженка. Хьажахь, мсье, и дӀогара сурт хӀун мах болуш ду?

Ю.Б. Иза жимма дезо ду. Ӏ50 евро бу цуьнан мах. ХӀара Нохчийн лаьмнашка еана бӀаьсте ю. Мел хаза хуьлу хаьий шуна Нохчийн лаьмнашкахь бӀаьсте… Цигахь тӀулгаша а зазадоккху…

Француженка. Ас оьцу и сурт. Суна уггар а дукхаеза хан ю – бӀаьсте.

Ю.Б. КӀоргга философи ю шуна кху суьртаца. Кавказан бӀоьвнаш! ХӀорш хӀун бӀоьвнаш ю хаьий шуна? Шайн мехкан хехой а хилла лаьтташ тӀеман бӀоьвнаш ю шуна хӀорш! Кхеран хӀора тӀулгаца шайн къайле ю!

Шихмирза. Схьало суна и сурт. Цу къайленна тӀаьхьакхиа хьожур ву со.

Йоккха стаг. Собардел цкъа, со ю и сурт оьшуш.

Иштта кхечара а Куьйрин суьрташ  дӀаоьцу. ЦӀеххьана вогӀий схьакхочу Куьйра.

Куьйра. Аш хӀун леладо? Шу хӀун деш ду? ХӀорш сан суьрташ ма ду? …

Ю.Б. Марша вогӀийла, Куьйра!  Хьо ара маца ваьлла больницера? ГӀоли хетий хьуна?

Куьйра. ХӀинцца цигара вогӀуш ву-кх со.

Майрбек.… Эзар балех ваьлла хуьлда…

Шихмирза. Амин.

Куьйра. Дела реза хуьлда шуна а!

Ю. Б. Хьан массо а суьрташ дӀадоьхкина-кх оха тахана.

Куьйра. Массо?! И сан тӀаьххьарниг доьхкина хир ма дац ахь?

Ю.Б. Ца доьхкина, дера, иза! Иза Нохчийчохь музей чохь хила дезаш ма ду! ХӀан, хӀара ю хьуна хьан шедевр. (сурт дӀало Куьйрига)

Майрбек. Куьйра, хьуна  тӀахьада ахча вовшахтухуш дара тхо …

Ю.Б. ХӀан, хӀара ду хьуна хьан белхан  беркат (ахча дӀало Куьйрига)

Куьйра. Баркалла шуна, доттагӀий.

Шихмирза: Хьо ма сиха араваьлла больницера? Хьо товелла?

Куьйра. ХӀаъ. Товелла. Шу санна сагатдан доттагӀий хилча, цамгар дӀакъаьста дегӀах…

Шихмирза. АльхьамдулиЛЛахӀ. Эзар балех ваьлла хуьлда! ХӀан, накъостий, со сайн болх бан дӀавоьду, сайн кхечу метте дӀахӀотта. Суо Наполеон хилар сайна дицдалале.

Шихмирза дӀавоьду.

Хеда. Куьйра, Куьйра! Де дика хуьлда шун!

Куьйра. Хеда, хьо а ю кхузахь? Далла езийла!

Хеда. Со а еанера, нохчийн кхузахь гуллуш бу аьлла, хезна. Хьуна цхьа дика хаам бу сан.

Куьйра. ХӀун хаам?

Хеда. Ахь цхьана митингехь дакъалецирий?

Куьйра. ДӀакъалецира аьлча, оцу юккъе а нисвелла, цу юкъара аравала гӀерташ, дӀаса-м хьийзира со.

Хеда. Хьажал, митингехь даьккхина хьан сурт а ду кху тӀе тоьхна. Хьан интервью а ю. (дӀагойту газет)

Куьйра. Интервью? ХӀун ду цу тӀехь?

Хеда. Кху тӀехь айхьа дийца деззарг дийцина-кх ахь.

Куьйра. ХӀун ду цу тӀехь дуьйцург?

Хеда. Кхузахь ахь боху: Россехь хьуо вахалур вац. ХӀора шовзткъе итт шо дӀа массозза долу, тхан къам хӀаллакдеш ду Россин Ӏедало, цхьацца бахьанаш а хӀиттош. Тхан тоьлла болу къонахий хӀаллакбеш бу цара. Иштта хӀаллаквина цара сан воьалгӀа да Шайх-Мансур. Иштта къизаллийца вийна цара сан ненан ден деваша Харачойн Зелимха.

Куьйра. Ас дийцина-м дац иза. Я Шайх-Мансур а, я Зелимха а сан гергара а вац.

Хеда. Ахь дийцина дацахь а, ахь дийца деззарг-м ду кху тӀехь яздинарг. Миграционнехь болчарна чӀогӀа тайнера хьан къамел. ХӀинца-м лур ю хьуна цара позитив. Цхьа ши де даьлча билггала къаьстар ду хьан гӀуллакх. ХӀинца катоьхнна балха тӀе дӀакхача еза со. Со йоьду. Шун Ӏодикайойла!

Майрбек. Ӏодика Дала йойла!

Ю.Б. ДӀавалахьа, Куьйра, са ма гаттадехьа. Журналисташ ца бевзаш ву хьо?

Куьйра. Юрий Борисович, хьуна баркалла. Ахь доккха гӀуллакх дина. Суна цкъа а дицлур дац иза…Майрбек, сан хӀокху цхьана-шина дийнахь къасто дезаш цхьа гӀуллакх ду, цул тӀаьхьа,  хьан гӀуллакхан йистъяккха Норвеге а гӀур ву-кх вайшиъ.

Майрбек. Цунна са ма гатде. Страсбургерчу суьдо къастийна дац иза хӀинца а.

Куьйра. Дац? Маца къастор ду боху цара?

Майрбек. Цхьа-ши кӀира даьлча. Дала яздинарг хир дара цунах-м.

Куьйра. Диканиг хир ду, Дала мукъалахь.

Ю.Б. Со сайн къоламаш хьекха дӀавоьду. Дуьйла со волчу. Ас хӀораннан суртдуьллур ду шуна. Ӏодикайойла.

Майрбек. Со а дӀавоьду, Куьйра. ЗӀенехь хир ву вайшиъ. Ӏодикайойла.

Куьйра. Некъ дика хуьлда!

Ший а дӀавоьду.

 

Ӏ6 сурт

Куьйра а, Жанета а шаьшшиъ ду майданахь.

Жанета. Куьйра, хьо цхьа кхоьлина ма го суна? ХӀун ду хьан са дууш?

Куьйра. Со жима волуш сайн дахар суна йистйоцу аре хетара, амма иза доца хиллера, урамера кӀета волуш санна… и шен доца дахар шен гергарчарна уллехь дӀадахьа дезаш хиллера, шена Дала деллачу хӀора денна хастам а беш. Жанета, хьох хӀумма а лачкъа а лур дац…

Жанета. Цундела, сох бакъдерг лачкъо а ца гӀерташ, схьадийца ахь.

Куьйра. Со-м хьан дог дохо ца лууш, Ӏадда Ӏара. Ахь иштта аьлча, ца дийцича вер вац. Лоьраш со цомгуш ву боху, дарбадоцу цамгар кхетта.

Жанета. Цомгуш ву?! Муха?! Бакъ хир дац…(йоьлху)

Куьйра. Ма елха, Жанета. Лоьраш галбевлла хила а тарло. ХӀуъу хилахь, Дала яздинарг бен хир дац… бакъдерг хӀунда ца дуьйцу, хьо дуьххьара гучу ма елли, ойла кхоллаелира сан: иза ю-кх гуттар а сан ойланашкахь ехаш хилларг…сан лаам кхоллабелира сайн кхин дӀа долу дахар хьоьца дуоза…

Жанета. Ткъа хӀинца дӀабаьлла хьан и лаам?

Куьйра. ДӀа-м ца баьлла, делахь а…

Жанета. Делахь а Делан диканах дог ма дилла. Дала къинхетам бийр бу. Суна хезна сан дас олуш: «Дуьненчу Дала цхьа а цамгар ца яийтина шена дуьхьал дарба а доцуш». Ас, ваша воцчу йишас, воьхур ву хьо Деле.

Куьйра. Баркалла хьуна, Жанета, ас Далла хастам бо хьо сайна йовзарна. Вайшиъ довзар йоццучу ханна хиллехь а, уьш ирсе миноташ яра.

Жанета. Куьйра, вайшиъ шиъ ду, цамгар цхьаъ бен яц. Делан къинхетамца шиммо эшор ю и цхьаъ.

(Майданахь догӀа долало. Куьйра а, Жанета а цхьаьний догӀанехь дӀадоьду)

 

Ӏ7 сурт

 

( Хьайдарбек ву Парижан урамехь.  ВогӀий, схьакхочу Куьйра).

 

Куьйра. Ассаламу Ӏалайкум!

Хьайдарбек: Ва Ӏалайкум салам! Соьга сихха схьавола а аьлла, хьуо хьен ма вели хьо. Сиха ву хьуна со, хӀун боху ахь?

Куьйра: Сиха воцуш-м маца вара хьо? Суна цӀа ваха билет эцахьа…

Хьайдарбек. Муха цӀа ваха?

Куьйра. Нохчийчу цӀа ваха.

Хьайдарбек. Ахь хӀун дуьйцу, цӀа муха воьду хӀинца а хьуна позитив схьаелла ца хилча?!

Куьйра. Суна цхьа а позитив а ца оьшу, со Москох доьдучу кеман тӀе хаавехьа.

Хьайдарбек. Ас муха хааво хьо кеманна тӀе, хьан карахь цхьа а  кехат а ца хилча?!

Куьйра. Кехат дара сан, паспорт… Ахь иэтӀа ца динехьара.

Хьайдарбек. ИэтӀийра-кх, хьо боккъал кхуза схьавеана аьлла. Хьо хӀинца, бер санна, цӀийза волавелла.

Куьйра. Ас цӀийза-м, хьо цӀуьйзуьйтур вара хьуна, вай нехан махкахь дацахьара. Катоххий со цӀа вахийтаран гӀайгӀа белахь, хьайна соьца дов ца дезахь!

Хьайдарбек. Ахь дов дахь, ахь со вехь а, сан дан хӀума дац-кха. Со нах цӀа оьхуьйтуш вац. Цигарнаш схьабалош гӀо деш ву.

Куьйра.  Хаьа суна, ахь цунах бизнес йина! Хьарам-хьанал ца къестош. Цуьнца сан бала бац! Амма сан цӀа ваха деза! Катоьхнна!

Хьайдарбек. Собардехьа. Селхана Хеда  гинера суна… Цо ахь «Ла Монд» газетан корреспонденташна елла  интервью ешна бохура, миграционни Ӏедало… Царна и чӀогӀа тайна а бохура.

Куьйра. И царна тайнехь а, ца тайнехь а, ас дийцина-м дац цу тӀе яздинарш. Аьшпаш бу-кх. Ахь дийцина хир дара иза.

Хьайдарбек. Сан хӀун бехк бу? Иштта ма бу кхузара нах. Ахь хӀуъу дийцича а, шайна луъург бен дӀа ца яздо. Запад ма ю хӀара, Запад!

Куьйра. Яц хьуна хӀара ас кхин минот а йоккхур йолуш Запада-м! Доьзалехь да – да хила а ца вуьтуш, нана – нана хила а ца юьтуш, къу лаьцча, балхара дӀавоккхуш, къанъелла зудчунна тӀе ца вахча, хьанала ваха ца луш, дегара-ненера бераш дӀадохуш хилча, хӀара хӀун мохк бу?

Хьайдарбек. Сан ваша, хьуна цӀа ваха билет эца, я собар дан деза, хьайн позитив схьаяллалц, я цӀера керла российски паспорт даийта деза, я кхузарчу Ӏедална тӀе а вахана, хьо араваккхийта веза. Депорт! Сатоха, стенна сихвелла хьо, цӀе яьлла меттиг-м бац цигахь?

Куьйра. ЦӀе яьлла! Кхин хӀун цӀе ялийта воллу хьо, сан нана со уллехь а воцуш, дӀаяьлла хилча, со тезетахь а воцуш, и дӀаерзийна хилча?..

Хьайдарбек. Бехк ма билла, суна ца хаьара. Дала гечдойла цунна!

Куьйра. Амин. Цу тӀе, со а хилла цомгуш.

Хьайдарбек. Боккъаллий?! Хьуна Дала маршалла дойла!  Вала ма лелахь, со лолдахь. Кхузахь велча дӀа а ма ца воллуьйту, кошах цхьа да вахар ца делча… я дӀо  Марселехь велла нохчо санна, дийнна шина кӀирнахь я баттахь цӀа текхо дезар ду…

Куьйра. Со кхузара цӀа текхо-м стаг воцийла-м хаьара суна…

Хьайдарбек. ЦӀа ваха сих ма луо, массо а цамгарна  дарба Германехь дика до боху хьуна…

Куьйра. Ца оьшу суна я цигара а, я кхузара а дарба а. Суна дарба цӀа вахар ду!

Хьайдарбек. Делахь, ас хьоьга бийцинарг бен кхин некъ бац хьуна. Куьйра, со чӀогӀа сиха ву, вайн цӀера баьхкина артисташ кхузахь болу цхьа кӀира а ду, цхьа-ши сахьт даьлча, цӀа боьлхуш бу  уьш. Цаьрга цӀа бахьийта безаш цхьа тӀоьрмиг бу сан.

Куьйра. Артисташ? ЦӀа боьлхуш?

Хьайдарбек. ХӀаъ, цхьа-ши сахьт даьлча,  кеманца цӀа боьлхуш. Соьгара  хьайна цхьа ца товш хӀума даьллехь а, къинтӀеравала, со даггара хьуна гӀо дан гӀерташ вара хьуна… хезий хьуна, сан ваша? Хезий хьуна?

Куьйра. ХӀун боху ахь?

Хьайдарбек. КъинтӀеравала боху хьоьга сайна.

Куьйра. Ваьлла-кх со хьуна къинтӀера….

Хьайдарбек. Дика ду. Дела реза хуьлда! Дала собар лойла! Ӏодика йойла! Сиха ву…

(ДӀахьоду)

 

Ӏ8 сурт.

Аэропорт. Нохчийчуьра культурин белхалой шена гаре дӀасахьоьжуш лаьтташ, Куьйра ву.

Оцу хенахь нохчийн артист гучуволу.

Куьйра. Лом-Ӏела! Лом-Ӏела! (мохь туху)

Лом-Ӏела. Ассаламу Ӏалайкум, нохчи!

Куьйра. Ва Ӏалайкум салам, ма дика ду-кх, Лом-Ӏела, хьо суна гина! Дукха хенахь дуьйна хьо гур вац-теша сайна бохуш сатийсам бар-кха сан, цкъа мукъане ахь  Даймахках олучу иллига ладогӀа аьтту хир бац-техьа сайн бохуш…

Лом-Ӏела. Ой, хьо мичахь вара хӀинццалц? Цхьа кӀира а ма ду тхо кхузахь концерташ луш лелаш.

Куьйра. Концерте ван йиш ца хиллера сан…больницехь вара со… ХӀинцца, кхузахь алахьа вайн Даймахках  илли, ас доьху хьоь…

Лом-Ӏела. Ахь хӀун дуьйцу, айрапортехь муха олу илли?!  Мегар ма дац.

Куьйра. Кхузахь мегаш ду хьуна иза. Алахьа.

Лом-Ӏела, воьхна, дӀасахьоьжу.

Лом-Ӏела. Ахь иштта чӀогӀа бохуш хилча, ца аьлча вер вац.

 Шен пондар схьа а оьций, илли ала волало Лом-Ӏела. Оцу хенахь радиочухула хеза диспетчеран аз.

Диспетчеран аз. Se termine l’embarquement  du vol de Paris à Moscou.

Завершается посадка на самолет Париж-Москва.

Лом-Ӏелас, ца сацош, шен илли кхин а дӀаолу.

Диспетчеран аз. Monsieur Сатуев Лом-Али, passez à l'embarquement.Vous retardez le vol!

 Завершилась  посадка на самолет Париж-Москва. Гражданин Сатуев Лом-Али, Вы задерживаете рейс, просим Вас пройти на посадку к выходу Ӏ2.

 Аэропортан белхалой тӀегулло Лом-Ӏелина. Цхьаъ дуьйцу цара цуьнга. Амма Лом-Ӏелас цаьрга ла а ца дугӀуш, шен илли чекхдоккху.

Лом-Ӏела. Дала къинхетам бойла хьох, вайх массарах а.

Куьйра. Лом-Ӏела, Дела реза хуьлда хьуна! ХӀара цхьа сурт дара ас диллина. Хьуна ло ас хӀара. Со цӀахь вацахь а, хӀокху суьртаца йолу сайн ойланаш, сайн сатийсамаш цӀахь хилийта лаьара суна…

Лом-Ӏела. Дала сагӀа дойла хьан хӀара! Хьо цӀавеъчахьана, со волчохь карор ду хьуна хьайн сурт. ЦӀахь гур ду вай.

Куьйрий, Лом-Ӏелий маралелха. Лом-Ӏела дӀавоьду.

Куьйра. ЦӀахь гур ду вай…цӀахь гур ду вай…

ГӀоттучу кеманан гӀовгӀа хеза. Аэропортан зал чохь нах дӀасалела. Куьйра латта вуьсу залана юккъехь.

 

 

Йист

 

 

 

 

http://www.orga-journal.ru/