БIаьсте хаалора

Печать

Нравится

Sturm aul Gimry 1891

ЭЛЬСАНОВ Ислам

 

БIаьсте хаалора

ЦIегIачу декхнийн боьлак

/ Повесть-мозаика /

 

1847 шарахь мартан кхоалгIачу дийнан итт сахьт даьлча буьйсанна полкан командира полковника Меллер-Закомельскийс, гулдала йиллина меттиг билгалйина, некъана кечамбе аьлла, буьйр делира. Ахсахьт даьлча АтагIа йолчу aгlop долчу гIопан кевнах арадевлла, боданехь Органан чIожца болчу новкъахь гулделла, полковника: «С Богом» аьлча, салташа жIара туху уьшарш йина, дIадоладелира эскар. Полковника чIоггIа буьйр динера, цхьана а тайпана гIовгla цаярал совнаха, некъахь а, дерриг тIелатар чекхдаллалц а, тонка цаозар.

Буьйса а яра тийна, стиглахь, хIоьттинчу хих чекх сагун цIена жагIа санна, луьста седарчий дара, амма стигла екхна елахь а, Iаьржа, шийла а яра. Некъан шинне а агIор таьIна лаьтта хьун махах оьгIазе лестара, ло дешна латта кIарула Iаьржа дара.

Нохчех ваьлла волу подпоручик Гараев Муна, кхузахь ша совнаха хеташ, Меллер-Закомельскийна улле ваьлла вогIучу шина айкхана тIаьхьа хIоьттина вогIура. ХIорш берриш говрашкахь бара.

 

Кхо де хьалха Щедрински-станице полкан бахаме хьажа вахана полковник вухавалош йогIу акази сихха Соьлжа-гlопe чухьаьвзинера, цигара Нохчийчохь «экспедициш» лелош волу подпоручик Гараев вало. Хилларг хIун дара аьлча, масех де хьалха, айкхашкара хаам беанера, наиб Дуба, бIо вовшахтоьхна, МартантIехула Соьлжал дехьа тIелата вахана аьлла. Цхьа а тIеман гIуллакх ца деш Iе аьлла, Меллер-Закомельскийс шега йина ондда инструкци йохош, цуьнан метта витинчу полковника Гюминга ялх ротех йолу колонна яхийтина Органан чIожца йолчу ярташна тIелата. Цунна хетарехь, Дуба бIаца дIавахча, шайна дуьхьалдала адам хир дацара, амма Чехкар-гIопара арабевлла, хьуьнхахь дукха генадовлале, цIеххьана тIелеттачу нохчаша зен динера царна. Колонна, тоьпаш етташ юхайолуш, гIопана герго кхечира. ГIопара гIоьнна орца а даьлла, дукха хилла а боцчу нохчийн тIелатар сацо дезнера. Вийнарг везткъа салти, эпсар а вара.

Подпоручик Гараев Муна Чехкар-гIопе цундела валийнера, нохчашна хиндолчу тIелатарна, некъ гойтуш, хьалхаваккха. Масех де а даьккхира цо цхьа а хIума ца деш. Нохчий тIелатарх долу хабарш а кIордийнера цунна. Уьш дукха цIаьххьана тIелетта хиларна, хIокхеран цхьа топ а ялале, дуккха а салтий хIаллакьхиллера. ГIазкхийн оццул дукха салтий байинехь а, нохчашна гуш бина бохам – цхьана донан гIалгIазкхичо, когах муш тесна, говра тIаьхьа текхош далийначу цхьана нохчочун дакъа дара. Муш, шина когах ца тосуш, цхьана когах тасар – мостагIчух, цуьнан докъах цавашар дара. Мунина дуккха а гинера ишттаниг. И дакъа говро текхош, цуьнан корта кхиссалуш, тIехьара боха а бина, хIора некъан галца тIехь бетталуш, сурт хIоьттира цунна.

Ткъа шаьш гIалагIазкхий а кIезиг лорура эскарехь, уьш хьалха лоллера бевдда муьжгий хиларна. Иштта кIезиг лорура салтий а, уьш эскаре ткъе пхеа шарна помещикийн лоллера балийна хиларна. Царах эпсарша-дворянаша «мотт хуу бежанаш» олура.

Тховса Дубин-эвлана тIелата даха арадевлча, ша ца оьшуш карийра Мунина, барона Меллер-Закомельскийс хьалхе дуьйна а айкхаш лелош хиларна. Ши айкх: цхьаъ – наиб Дубин вешин кIант вара, мокха башлакх дукха леррина коьртах а хьарчийна, важа жима стаг – цкъа мацах Дубин тайпанах амалтана дIавигна Чехкар-гIаларчу гауптвахтера некъ гайта валийнарг вара. Иза тамашийна а дацара, некъ гойтурш шиъ хилар, цхьанна цхьаъ хилча, шолгIаниг оьшура. ТIам тIехь хIуъа а нислора.

Некъ гайтина ца Iаш, оцу жимачу шина стага эскар тешам боллуш юьртана тIекхачо а тIелаьцнера. И дан хала а дара, хIунда аьлча, цхьаццанхьа хIокху хьаннашка ягийначу БухIан-юьртара, берриш бохург санна, Iожаллах хьалхабевлла нах хевшинера. Царна тIеIоттавала сахьт а дацара – тIаккха хьалххе орца гIаттарна кхерам хила мегара.

ЦIаьххьана тIелетта, БухIан-юьрт, цунна тIекхаччалц йолу а, цунна гонаха мел йолу а юрт, кIотар а ягийнера гIазкхаша I846-чу шеран пхийтталгIачу декабрехь.

Нохчаша шайца халкъан кепехь бечу тIаманна дуьхьала гIазкхаша тIом цIаьххьана дечу тIелатаршца, берашна тIера дуьйна, дерриг а адамаш хIаллакдарца, дерриг дахарна оьшург диллина талорца, дIадахьалур доцург дагадарца бора. Кхечу кепара бина тIемаш нахана дага а ца богIура. Ша адам хилла ца Iаш, боккъалла ша Дала адамашна вазвина «тIевиллина ву» моьттуш волчу коьрта акхарочунна-паччахьна тIера схьадогIура иза. Цо Кавказера массо халкъ шена кIел даладе, кIел ца догIург дерриг хIаллакде аьллера.

Хьалхий-тIаьхьий говраша оьзна ялочу шина йоккхачу тоьпана некъ готта бара. Некъахь пурх эгна, хьаладевлла а дитташ дIадохуш сеца дезаш а хуьлура. Цо дикка гIовгIанаш а йохура. Мунина цхьа а хIума маьIне ца хетара, гIовгIанаш евлча, кхарна тIелетча я хIорш тIелетча, – наггахь, цо ша иштта ма-аллара, «корта гIеллора» цуьнан вулаваларх. Амма цкъачунна гонаха дерриг тапъаьлла дара.

Иштта меллаша дIаоьхуш, хьалха, кIез-кIезиг хьун дIасахуьлуш, гIеххьа аре гучуелира, хьалха, юрт ягаяле, хIинца Дубин-эвлахь беха нах баьхнера кхузахь. Бодаша йолчул гена хетийтахь а, керла йиллина юрт кхузара кхо-йиъ чаккхарма гена бен яцара. Некъ оцу аренна юккъехула дIабоьдура. Геннара догIанаша Iаржбина элан хола хетарг – кIур буьйлу лоха тоьла хиллера. Шина маггIapa дIабоьдучу бIан юьхьиг тIекхочуш, неI йиллина, нelcaгle делира чуьра аракхетачу товханан цIаро гучудаьккхина букарадахана йоккхачу стеган гIалартах тарло IиндагI. Шен чуьра аракхетачу серлонгахь йист ца гуш дIабоьду салтийн могIанаш гича, сихха неI тIечIегIира цо. Кестта юха а хьуьнан готтачу новкъа дуьйлира салтийн могIанаш.

...Пхи сахьт дала чийрик йисча, сецира салтийн могIа. «Говрашкара дисса, садаIа!» – салтийн цIенехула, хьалхарчара тIехьачаьрга олуш, буьйр деара. ГIашсалтий, говрашкара биссина гIалагIазкхий а шийла тхи долчу лаьтта тIе охьаийгира. Шайн гитесначу ларчанашна гонаха хьерчийна ахтIергIан тIетосурш тIе а, кIел а тийсира салташа. ГIалагIазкхаша а изза дира, тIетосурш церан нуьйрашна тIехьа йихкина яра.

Салтел лакхарниш, эпсарш а ирахь лаьттара.

Полковник барон Меллер-Закомельский, айкхаш, Муна а биссира говрашкара. Полковникан ординархочо охьатесначу вертан тIе охьахевшина, лохачу озехь къамелдан велира полковник бIаьргаш тIе кхаччалц башлакх хьарчийнчу Дубин вешин кIанте...

Цхьаццанхьа набаро тхьовсийначу салтийн хар-хир а хезара, унтерша дIа а совцош. Жим-жимма серлаяла юьйлира. Малхбалехь са дага доьлча, ерриг хIума, – дитташ, адамаш, говраш, дитташна юккъехь къайлехь хилла генарчу юьртан хьалхара цIенош а ган дуьйлира. Геннара кхойкхуш нIаьнеш а хезира. ЖIаьлеш а, цкъа ирке, тIаккха саготта лета дуьйлира.  Роташкара роташка салтийн зIенашкахула буьйраш дIаэха дуьйлира. Эскар меллаша дитташна юккъехь дIахIоьттира. Чаболехь дIалилхинчу гIалагIазкхаша, готесна, юьртан дехьа йистера боьра дIалецира.

Къоьжа стаммий гиччош долчу майоро, юьртана гобиллина, хьоьгарчу буьйре хьоьжу аьлча, барона Меллер-Закомельскийс, бIаьргаш къарзош, мохь хьаькхира:

– Экзе-ку-ци! иштта фиражировка а е! – хIинца ма-луъу мохь хьоькхуьйла дара цуьнан...

ТIаккха, йоккхачу тоьпо кхоьссина ракета таьIна-мокхачу стиглахь ирх йоьдуш, юьртана дехьа aгlop ткъаршъаьлла иккхира. Цхьаъ резервехь юьсуш, ши батальон юьртна тIе хьаьдира.

...Уггар хьалха зударийн, берийн шийла а, садаккха ца кхуьу а маьхьарий девлира. Баккхийчу нехан, божарийн маьхьарий цхьа ша-тайпа къора «axl» долуш хуьлу, Мунина, хаза а Iемина, девзира уьш. ТIаккха, ерриг юрт дехачу цхьамзанаш кIелъяхча, тIехчIогIа а доцу маьхьарий стигланан Iаьршашка хьаладевлира я цунна уьш стиглара чу хезаш санна хийтира...

TIe хIума юха ца кхиинчу божарша шаьлтанашца, таррашца, дуьненах дог диллина, дуьхьало йора цхьамзанашна, амма иттех цхьамзано вожавора, тIаккха пхеа-ялхаммо цхьамзанаш тIехь лаьттара хьалаойура, ткъа бисинчара, лахара хьала цхьамзанаш Iуьттуш, декъий дора детталучу догIмех... Зударий, церан карара бераш, нанойн кучамех хьерча бераш, кхиазхой, баккхийнаш – цхьамзанашца, таррашца... – шайн цIийшла эгабора.

Чохь а, арахь а и хьал долу гIеххьа хан яьлча юьрта кхаьчначу Меллер-Закомельскийна хаьхккина говрахь тIевеара цуьнан ординархо. Карзахбевллачу салташа юрт дукха къиза хIаллакьеш ю аьлла, рапорт дира цо.

Цхьа бехк баьлла, эпсаран даржера лахаваьккхина вара ординархо.

Мунина маьхьаршна юккъешха ца хезира барона цуьнга дина буьйр. Ординархо ша схьавеанчу юха вахара, ткъа барон боьра болчу aгlop вахара, тIаьхьахIоьттина ши эпсар а волуш.

Ординархочо динчу рапортехь нохчий къиза хIаллакбар дацара коьртаниг: салтий, хьерабевлча санна, карзахбовла йиш хилар дара. Цул тIаьхьа царна шайга дина буьйр а ца хезара, унтер-эпсаршна, эпсаршна а лета чугIертара уьш, ткъа иза еккъа-цIена бунт яра, цIенна бухъяккха еза бунт... ТIаьххьара ишттаниг салташна БухIан-юьртахь нах багийча хиллера. Хьераваьлла шиъ – хьераваьлла висира, ткъа эпсарийн буьйраш кхочуш ца диначарна, шпицрутенаш детташ, ротан шина магIарх чекхбехира... Хилларг, лакха рапорт ца яздеш, хьулдира.

Мунас тIекIелдина цla долчу юкъа хьовзийра шен говр. И цIа айкхаша мосуьйттазза а хьахош хезнера цунна, иза Дубин ду бохуш. Салташа ков, неIарш, кораш а дохийна, чуьра йийбар араийзайора декъий Iохкучу новкъахула. Мунин говр, лергаш теIош, терсаш, хьалха тийсарх, тIехьарчу когашна тIехуьйшуш, дIаяха ца туьгура. Мунас, шед етташ, ирча деринчу декъашна тIехула лоьлхуьйтура иза.

Пхи шо хир долу ахверзина, хаза аматаш долу когашIуьйра кIант араиккхира цIа чуьра, чечакх йолу кортали шех хьарчийна. КетIахь лаьттахь ваьржина Iуьллучу воккхачу стаганна маьхьарца тIехьодуш, дицделла кортали цуьнан дегIа тIера охьадуьйжира, когаш голел охьадовлу машин зарзъелла хеча гучуйолуш. Iожалло шелвина воккха стаг чухула бедарца вара, аркъал Iуьллуш, некхах кхоъ кIорга чов йина, стигла хьоьжучохь хьажар а сецна. Иза, хетарехь, кIентан денда вара. Цунна уллехь туьрца ерина вуьрхIитта шо хир долу тайна, яьржина Iаьржа чIаба йолуш йоI яра. Цуьнан Iилларехь, когийн, куьйгийн, букъан а хуттурш кегйича санна, цхьа ирчалла яра. Дийна адам цкъа а иштта Iиллалур дацара... Мунас говран гошна луьйтанаш тIетаIийра, иза эццера дIасихъеш.

Иттаннаш декъий Iохкура дехьа, цхьанаметте тIетекхийна, дIагулдина. Уьш гонахарчу цIенош чуьра дара. Церан яххьашка ца хьежалора Муна. Дукха шерашкахь ишттаниг гинехь а, цунах ца воьллера иза. Деллачу адаман юьхье хьежа бераллехь дуьйна кхоьрура иза.

Юьйцинчу керта уллехь вовшашна мар-маракхетта зуда а, кхиъна яьлла йоI а гира Мунина. Царна улле яхийтира цо говр. Ший а мараиккхинчохь йийнера, дехьа-сехьа цхьамзанаш чекхдаьхна. И шиъ... мунданна санна, беламна дIахIоттийнера салташа, шиннен баккъаш тIехьа, кертах даьхна, хьокхий а гIортийна...

Самаваьлча санна, дирста озийна, говр юхаерзийна, эвла йистехьа зурма лакхаро гулдечу эскарна тIе ваха велира иза.

Цхьа бисинчу дагахьбалламах я салтий цига дIахьовсарна делахь а, юхахьаьжча, наиб Дубин ду бохучу доккхачу цIийнах цIе тесна гира цунна. ТIаккха, цIерах цхьа хаам хилча санна, массо цIийнах а цIераш летира... Iаьржа кIур баьлла, кестта эзарнаш суйнаш лелхачу цIеран бIогIамаш стигала хьалакхевдира.

Малхбалехьа гIоттучу цIечу маьлхан серлонал къегина яра цIе. Оцу юккъехула юха а, «юхадовла» аьлла, зурма лекхира.

Бевдда тIегуллучу салташа такхийна исс йийсар валийра: багахь цергаш йоцу кхо воккха стаг, ялх зуда. Схьагарехь, салташа чIогIа етта а йиттина, тIера хIуманаш а этIийнера церан. Уьш а бара Меллер-Закомельскийн ординархо бахьанехь дийна бисина мисканаш.

Кхин цхьа йийсар а каравеанера оцу тIелатарехь, гloпepa ши бутт хьалха ведда дезертир – цхьана штабс-капитанан доьнчик Фрол. Юьртана гобилла богIучу гIалагIазкхашна хьуьнхахьа ведда воьду ши стаг гинера, хьалхарниг хьуьнах воьлча, шолгIачунна тIаьхьа говр а кхиийна, гIалагIазкхичо айина еха гоьмукъ тохале, гор охьавужуш, юхавирзина, «ма тохалахь, со гIазкхи ву хьуна!» – аьллера цо. Шел хьалха хьуьнах воьлларг Дуба ву элира цо. Наибан лейб-повар хиллера иза...

Эскар юхадала сихделира. Орцахбевллачу луларчу нохчаша, кхиссарш еш, салтийн зIена тIелеташ, зенаш дора. Дитташ тIехьара тоьпаш етташ, гIов-аьлла чухьовдура уьш, юха салтийн тоьпийн  шокъалеш ца кхочучу юхабовлуш. Хьуьнан хьийзина готтачу некъахула саьрмиках текхачу салтийн зIенаш, уьш бойуш, хедийча, тIаьхьа йогIурш тIекхаччалц совцура хьалха дIайоьлхурш. Новкъахь кIелонаш йина, дитташ эгийна, яккхий тоьпаш лела ца лора. Адамийн аьзнаш хезаш а дацара: тоьпийн кхиссарша, чаччамех юьйлинчу йоккхачу тоьпийн йийларша а уьш къардинера.

– Аръергардехь вуно вон хьал ду! – хаам бира ординархойх веанчу цхьамма.

Полковника, дуткъачу озаца мохь тоьхна, капитан тIекхайкхина, рота яхийтира цига. Амма пхи минот а ялале говрахь веанчу эпсаро хаам бира, шаьш долчохь нохчаша деккъа шаьлтанашца-таррашца даккхий зенаш дина аьлла. Полковника юха а взвод яхийтира цуьнца. Яккхий тоьпаш кхузза карара караевллера. ТIелатарш юхадетташ, хьуьнхара аратекхира эскаран корта.

Донан ши бle гIалагIазкхи вара беллачийн декъий а, чевнаш хилларш а схьагулбеш, дIабуьгуш. ТIаьхь-тIаьхьа и гIуллакх сов а долура царна.

Эххар а колоннан корта юккъехь йоккхачу стеган цIелиг лаьттачу маьршачу аренна тIе кхечира. Уьш кIелхьарабовлуш буй хууш, нохчий совъяьллачу дераллица тIелетира.

Эскаран ахзIе арен тIе яьлча а, колоннера цхьа эпсар бен вацара цигахь. Меллер-Закомельский, Гараев ца лерича, вуьйш аръергардехь бара. И эпсар керла хиллера, амма нийса буьйраш деш, тIелета нохчий герга ца кхочуьйтура цо. Полковник а цунна улле теIара, цуьнан буьйрийн тидам бечуха, шен воьхна хилар лечкъош.

Нохчий юха ца бовлура, ткъа ерриг колонна арен тIе гулъелча, берриш нохчий тIелета буьйлира царна. Цара, гобина, роггIана тIехьовдуш, тоьпаш еттара. Иттех бере а чухахкавелира, царах овкъаран басарчу динахь верг нуьйран хьалхарчу хIоьан тIе таьIна, баттара яьккхина топ цхьана куьйгара вукху куьйга а кхуьссуш, ма-хуьллу дIахахкало эскаран зIенан йохалла, ворхI ротех йолчу батальоно, цхьабосса бохург санна, тоьпаш туьйхира цунна – динна я беречунна хIумма а ца хилира. Авангарде кхаьчча, чухьовзабой, шен дарц санна болу дин хIокхуьнан аьрхалло Iадийначу Донан гIалагIазкхийн вовшашна юкъахь ткъе итт гIулч йолуш лаьттачу шина бIенна юкъатосу цо. Царна юккъехь го а тосий, юха ша схьавеанчухула, ткъес санна, юхахохку говр. ГIазкхийн тоьпаш нохчийн тоьпел а ткъа гIулч улле кхета.

Салтийн магIаршна юха а дукха улле чухахкавелла хета иза, юха а шена етта юлучу тоьпийн тидам ца беш хета цо. Буьйранаш деш волчу керлачу эпсарца нисвелча, топ ялийтина, дехьа шега хьуьйсуш лаьттачу нохчашкахьа дин дIаберзийча, церан хазахетаран маьхьарий довлу.

Ткъа цо ялийтина топ, эпсаран аьрру гоьлал лакха кхетий, шокъали когах чекхъяьлла, цунна кIелара говр, накха лаьттах а Iотталуш, южу. Эпсар керла вара. Духар а дара цуьнан кхечу эпсарийн духарал бIаьрла.

Наиб Дубин гергара ши стаг хилла ца Iаш, цхьацца кхин нах а Меллер-Закомельскийс ахчанах эцна хила тарлора...

Наибан шен тешаме нах а бара Чехкар-гIопахь я цунна гергахь. Цара эскар тIелетар ду аьлча, Дуба ца тешнера: «ХIилла долу Меллер оццул Iовдал а вац, виллина кхуза вал, цо ша иштта тIелатарх дIахоуьйтуш хилча – тIелетар цахиларан билгало ю иза», – аьлла...

Айкхаша бинчу хаамах – овкъаран басахьчу динахь хилла бере – Дубин доттагI, цIеяххана наиб СаIдулла вара.

 Шийла яра мартан юьхь, делахь а бIаьсте хаалора.

ХIинцца бен садаьржаш дацара

 

Цхьа бIе ткъа гIарол волуш, шаройн чIожера вoгlypa имам Шемал. Гуьйренан тIаьхье яра. ХIокху лекхачу лаьмнашкахь, стиглана уллехь хиларна, догIанца ийна лайн ткъарш йогIуш, лакха мел довлу, чIагIлучу махо и ткъарш ловзош, гIодаюккъалц йолу башлакх а ца тоьура шех хьарча. Имамна а, цунна гонаха долчу ханна а цхьатерра яра и шело, имаман, церан санна, тIеюхучуьнан гIайгIа бан ца деззашехь.

Нохчийчоьнан букарчу лаьмнех делахь а, ялта цадер бен, стом кIезиг хилар бен, – кхечунна шайна кхачо ялур йолуш дара xlapa лаьмнаш. Ломан басешкахь дежийлийн гIелъелла цанаш гора, лекха буц хьалххе Iаьнна кIелъяха кечъелла, лаьмнашкахь шийла хуьлу дела, бIаьстенна тIаьхьо хьалагIатта.

Хи чохь баккъаш лийчо охьайийшина гомашаш санна, чхернаш долуш, гIад дуткъделла Орга хадо буьйлира уьш. Говраша, мераIуьргашкара Iаь юьйлуш, деза садоьIура, ларлуш дерачу хи чу когаш дохкуш, бухарчу тIулгех къорделла «цIакъ-цIикъ» хазош. Говраш бергаш тIе кIеда язлуш, тIодашна, тIанашна гонаха чопа йолу булкъаш йовлура. Органна юккъе кхаьчча, хино кхоьхьучу шийлачу Iоврашка хьоьжучу Шемалан цIеххьана корта хьевзира: хIокху дуьненах-дахарх кхетар вац – хьо мел вахарх а – хих волуш ву хьо я хе дIахьош ву, корта а хьовзийна. БIаьргаш хьаьдда доьдучу хи тIера дехьарчу хийисте айира цо, латте хьаьжна, шена хино хьалхийна ойланаш дIалахка.

ХIокху деношкахь имам букъе шело уьдуш вара, цIеххьашха хьацар тухуш, дагар догIуш. ГIазкхашца дозанехь йолчу ярташа дика тIеийцира и, шатлакхна тоьпаш кхуьссуш, имамна генна дуьхьалабогIуш, дозане кхаччалц и юьртах воккхуш, цуьнан сийнна, кегийрхойн тобанаша говраш хьийзош.

Орга аренга доллучохь паччахьан эскаро I844-чу шарахь дуьйна йоьгIначу Чехкар-гloпo сагатдора имаман. Органца, кхечу хишца а чIагIонаш йохкуш яра, берриг гoнaxapa мохк, тоьпан цхьамзанашца санна, боькъуш бара, нахах шайна муьтIахь леш бан. Ткъа шайн леш гIазкхаша бухкура-оьцура, жIаьлех-дохнах хуьйцура, шайн лешан зудабераш, зударий-леш а шайна ма-луъу лелабора. И тIедоуьйтучул – валар тоьлура.

Селхана шаройн хьалхара ши стаг, дерриг гулделла адам ир-карахIиттош, чIогIа дуьхьалваьллера Шемална. И шиъ бIаьвна чохь вагавайтинера имама. БIаьвна чохь латийначу цIаро тхов чубожийра, бIаьвнал ах лекха суйнаш а дохуш. «Ца кхета, шаьш соьгахьа я гIазкхашкахьа хир дац бохург аьттехьа хила йиш йоций, цхьанненгахьа боцуш хила йиш яц, шаьш долчу кхаьчна дац, боху, гIазкхийн эскар, деача – шаьш и юхатухур ду а боху... Бакъду, уьш кхуза кхачаза бу, хIорш тIаьххьара болу дела. ТIаьххьара болу дела, гауршна атта хир бу караберзо».

Адам даьгча, догIа догIу, олу, цундела селхана дIадоладелла хир дара xlapa догIа. БIаьвнан тхов пенашна юккъе чубужуш хьалалилхинчу суйнаша баьгначийн синош хьалаойуш санна хийтира цунна, шен эттIа дог цIеххьана кIирлодоккхуш , коьрта тIера кIан буьртиггал хьаладевлла чоьш, можан чоьш а ирахIиттош... Цунна хетара, нах шен куьйга кIел ца балийча, юкъара гIуллакх хир дац, гIазот а дIакхехьалур дац. ХIинццалц схьа цунна гинарг, и шех кхеттарг а цхьаъ дара: нах кхерамо бен ца балабо низаме...

Зумсера – ЧIинха, ЧIинхара Муьлкъойн чIоже вирзинера Шемал.

Имам, шовзткъе итт шарал совваьллехь а, тIахъаьлла, куьйгаца ка-ницкъ болуш стаг вара. Хьалха, ГIеза-Махьмина уллехь тIом беш, чIогIа каде стаг хиллера иза.

Ларамаза сих-сиха садоьIуш, букъе етта шело шен чуьра эккхош, аьрру агIора кхарна цIе ца хуу хи а догIуш, цхьана ломан когашкарчу некъа богIура уьш.

Малхбузехь Гуха кхочуш, гучубаьллачу малхо ломан бохалла IиндагIа тIедожийра кхарна. Тховса кхузахь сецна, кхана юьртаца къамел дина, шена бертахь йолчу БенгIара ваха дагахь вара имам.

ГIаролийн бIабаьччас карийна валийна жIайхойн мотт хуу нохчи-талмаж а вара кхаьрца.

Гухойн хьалхарчу стеган ГIубашан бIов ирх бахана лаьттачу ломах букъ тоьхна яра, цуьнан кхо гIатт а дара. Ломан арцах гIаш охьаэгна дерзина дитташ, коьллаш а яра. Ломо ГIубашан бIаьвнан ницкъ, чIагIалла а ша йолучул сов хоьтуьйтура.

ГIубашан вашас ЦIутас говр дIалецира везачу хьешан. ГIубаш тIевеача, Шемал а, Шемална уллера бархI стаг а лоха хетара цунна хьалха: уьш массо цуьнан белшашка я чIенге бен ца кхочура.

Тхов кIелахь бихкина боккха цIен сту бара, йоцийчу маIаш юккъехь кIеззиг хьийзина чо болуш. СадаьIча, мераIуьргаш чуьра Iаь йолура. Стомма чкъор хебаш, шалхаихна нуьцкъала ворта саттийна, кIелдIашхула хьоьжура иза; «бIо-о-в!» – кхайкхира и, дехийчу гIуркхех йинчу кертана гонаха дуккха говрашкахь береш севцча. Хьалхара ши ког роггIана хьокхуш, шена кIелахь гlypax дастаделлачу лаьттах цинцаш тийсийтира цо. БугIано шен агIонах мотт хьаькхна цхьана aгlop бижийна, хьийзинчу чонна малхо Iожа бос тухура. ДIабузу горга малх оцу бугIано маIашца шайна тIехьарчу лома тIе а кхоьссина, хIинца ломах ах чубоьжна хетара. ТIехьарчу когаш кIел дуткълуш хьалахьаьддачу гайно кхин тIe а сов хоьтуьйтура цуьнан когийн тотту ницкъ.

Жимма дехьа беда , жоьла а дара.

БIаьвнан неIарш, чоьнаш а лекхий, яккхий а хийтира имамна. Йоккхачу товханан зIе а яккхийчу чIагарех яра... Лам боккха болу дела, бIаьвнан йоккхалла ца хаалора арара. Дерриг хIокху ломан маьIданах схьадаьлча санна дара: бIов, сту, цIийнда...

Сту лулахь дIатарбеллачу бIана бийнера, уьстагIий – ГIубашан чохь болчу Шемална, цуьнца волчу бархI стагана, цаьрца волчу нохчи-талмажца а цхьаьна. Иза ГIубашан мостагI велахь а, тховса хьаша лорура цIийндас.

ГIубаша хьеший шолгIачу гIатта тIехь тIелаьцнера, цуьнан доьзал кхоалгIачу гIатта тIехь Iаш бара.

Лелхаш богучу хьакхаран чиркхо серлайоккхура чоь. Хьеший, дика хIума а йиъна, паднара тIехь паргIатбевлира. Имама дийхира ГIубаше, шена мотт тховса товхина уллехь биллар, хIокху деношкахь шех йоьлла шело дIаялийта воллура ша аьлла.

– ГIубаш, – элира имама, – хIокху деношкахь шаройн, шотойн, чIаьнтийн, зумсойн, чIинхойн тайпанашкахь хилла со. Цара массара сан Iедал къобалдо, вайн махкара гаурш дIабаххалц царах леташ, муьтIахь хиларан тоьшалла а дина. Ткъа хьо хьалхара стаг волу гухойн тайпа ду со бакъ ца веш, сан Iедална кIел ца соцуш. Гухойн тайпано и дарний, гIазотна и тешаме цахиларний, ас хьо бехке лору. Кхана вай дерриг шун ломан халкъ гулдийр ду, цуьнца къамел дан. Ахь, тайпанан верасо, хьо бусалба хиларе терра, хьайн халкъ суна муьтIахь дан деза, – керла валийначу нохчичуьнга-талмаже, ладоьгIна, дIахьаьжира имам.

Талмажа, воха а вухуш, имама аьллачунна шегара xlapa тIетуьйхира:

– ... Ахь уьш муьтIахь ца бахь, ас эццигехь корта боккхуьйтур бу хьан.

Дарвеллачу ГIубаша элира:

– Шемал, со цкъа а ваьлла вац хьуна хьан Iедална дуьхьал. Ва амма хаалахь, сан сискал йиъначу ахь тховса дуьйцуш дерг имаман сийдеш доций, – шен мостагIчуьнга-талмаже корта а тесна, Шемална тIевогIавелира иза.

ГIубаша Шемале аьлларг талмажа иштта гочдира:

– Иза а хууш дац – ахь боккхур бу сан корта я ас хьайниг боккхур бу. Хьовсур вай!

Паднара тIера хьалаиккхинчу Шемала буьйр дира:

– ДIавехка и гаур!

Нохчийн талмаже леррина ладугIуш Iа Шемалан ха иштта а кийча дара. Царах хьалха тIекхетта кхо-виъ дIакхоьссина, тIехьаьдда, Шемална доккха тIара тоьхна, и дIакарчийра ГIубаша, вукху веамма-пхеамма, тIехьашхула тIекхетта, хьалагIевттинарш а тIекхетта, Шемала а цхьаьна, юкъах доьхкучу доьхкаршца букъа тIехьа пхьаьрсаш дихкира ГIубашан, тIаккха, и халла охьатоьхча, когаш а бихкира.

– БIаьргаш баха жIаьлин! – мохь туьйхира имама.

Муртазекъийн бIенчас шаьлтанан суйца ши бIаьрг баьккхира цIийнден. Цо шена тIехиина волу ворхI стаг тIера дIаластийра, цхьа доьхка а хадош.

Нохчийн талмажа, сихха схьадаьккхина, шен доьхка делира Шемалан хан хьаькаме, ГIубашан пхьаьрсаш дIадехка.

ЦIута а, цIийнден кхин гергара ши стаг а чулилхича, герза тIедолура гIуллакх, делахь а бIаьвнна уллерчу цIа чуьра схьалилхинчу Шемалан гIаролаша, цIий Iано мегар дац бохуш, кертах бехира уьш. ЦIута дика кхетара цара дуьйцучух, гIеххьа жIайхойн мотт хаьара цунна.

Ваьхьна, сов хIума чукхуссучу цхьалгIачу гIатта тIехь долчу цIа чу тесира бIаьргаш баьхна ГIубаш, хан куьйгалхочо валийна цхьа гIарол а хIоттийра цуьнан нelape.

Имам товхина улле вижира. Цунна тамашийна хетара, ша xlapa йовха меттиг ехна цIийнда бIаьргаш бахийтина, кхана вен я ца вен мегаш (тховса корта хьере болуш, кхоччуш сацамбан ца лаьара цунна), хIокху йовхачу меттигна ша хIумма декхар ца хетар. ГIубашан бIаьргех хьаьдда ши тача дагадеача, селхана ягийначу бIаьвнан тхов тIебоьжча, хьалалилхина довха суйнаш а хьалхахIоьттича – дагар хьаьдира цуьнан дегIе. Дог къуьйлуш, сахьийзаш санна, дIасакирчина, охьаоьзначу чиркхан гIийлачу серлонгахь паднара йистехь бегIийла хетачу меттера цхьаъ дIасахьавира цо: «Мохьмад-Шарип...», – аьлла. И Мохьмад-Шарип воцуш, нохчи-талмаж хиллера. И хьала а гIаттийна, цуьнца шен вуьжу меттиг хийцира цо.

ГIубаш, буьйса юкъал тIехъяьлча, веара метта. Ши бIаьрг, чохь пхьалгIахь кхевсина кIегий долуш санна, Iийжаш, богура. Шен бIаьргаш баьхна хилар дагадеача, цергаш хьакхийна, мохь хьакха лиира цунна. Баьхначу бIаьргийн лазар дицдеш, хье юкъ а йогура, Iийжаш.

Доьхкарш лелхийта дегI дуьйлича, кхетамах валлал, совделира цуьнан баьхначу бIаьргий лазар. Белшашкара доьхкарш хаьдда, куьйгаш паргIатдевлча, когаш тIехь ша ца латтаваларх кхеравелира и. Кху чохь, жимачу корана аьтту aгlop, дечиган хьостамах дIатесна верта дара, хIокхуьнан тиша верта. Куьйга пен лоцуш, вахана, и схьаэцна, неIарх шозза-кхузза мийра туьйхира цо. ГIаролан когийн кIеда татанаш улле даьхкина, «за-акъ» – аьлла неI схьайиллича, аьрру куьйга даржийна верта гIаролна хьалха лоцуш, жIов санна айина аьтту буй тоьхна, вожийра цо иза.

БIаьрзечу кхуьнан гIаролан тапчанах эца дукха пайда хир бацара, куьйгаш хьокхуш лехча, охьавоьжначуьнан хонерчу баттахь шаьлта яцара, и ГIубаша цунна дуьхьала лаьцначу вертанах яхана хиллера. Цхьана куьйгаца пен лоьцуш, хьеший болчу шолгIачу гIатта тIе хьалаволавелира иза.

Цо шен хьеший болчу йоккхачу чоьнан пхьалгIахь бина гIуй меллаша дIабоьллира чухула, тата ца далийта чIагаршна юкъа пIелг буьллуш. Чохь богуш чиркх хиллехь, чу ма-ваьлла и хаалур бара цунна бIаьргаш даьхча яга йоьллачу хьен юкъца... ХIокхарна хьалха хIинца бехке дацахь а, чиркха чу хьакхар дотта дицдаларна, хьешашна гергахь ледарло хир яр-кха и аьлла, ойла хилира цуьнан.

Товхина хьалха вижинчунна, воькъуш, шиъ валла, онда шаьлта туьйхира цо, ницкъ тIебилларна, когаш тIехь ца латталуш, ша охьа а вужуш.

Чохь берш хьалалилхира, яьллачу гIовгIано самабаьхна. БIаьрга Iоьттина пIелг а гур боцчохь къап-къарс гIаттийра бIаьрзечу ГIубаша. Шовкъе ваханчу цхьана юкъана уьш 6Iаьрзе а болуш, ткъа шена гуш санна хийтира цунна. Уьш цIеххьана дIатийра, цхьамма шайн маттахь хIума а аьлла, ткъа xlapa царал хьалха сецнера, меттахволучунна хеззехь тоха. Амма уьш, дукха ца Iаш, схьахетарехь, массо меттахбевлира. ГIубаша, шаьлта ластийна, масех «axl» даьккхира церан, тIаккха дуткъа маьхьарий а девлира.

– Хьий-й шу, заддаш! – цloгla туьйхира цIийндас. Юха а тIехьаьдда, масех узар даьккхира цо. Ирделлачу лерсинна аьтту aгlop пенаца цхьаннан теба болар хезира, – и веттавала охьавиллира цо. Кхин а, кхин а... ХIокхунна а кхийтира масийттазза. Xlapa кху чуьра дIаваха а, я кху чуьра цхьа а аравалийта а дагахь вацара. Церан, чевнаш йина дIатекхначеран, хаддаза «аххIий», деза садеIаррий, наггахь цхьана са кхачийначуьнан моххьий дара хезаш.

ГIубашан пхьаьрсех, белшех, дегIах а шаьлтанийн Iийжа чевнаш яра, Iийдалучу мелачу цIийх чоин ши тIам къаьсттина базбеллера, когаш а тIунъеллачу цIенкъахь шершара. Эццехь цо чухула гIуй дIабоьллина неI арахула етта йолийра Шемалан гIаролаша. БIаьргаш баьхначу цIийндас шеца чубоьхкиначеран axl дар а, маьхьарий а севцира, уьш дIатийра, амма кхуьнан саца йиш яцара: хIорш охьабехкина, еттачу неIарна дуьхьала верза везаш вара иза. Уьш дIатийча, арарниш а, ойла ян санна, кIеззигчу ханна дIасевцча, шен баьхна цIарах догу бIаьргаш, чевнаш а дагаяьхкина, цIеххьана шех, царах а къахийтира ГIубашна.

Цунна шен чевнаш хиллачу агIонаш тIе, букъах, коьрта чу а цхьа йоккха хIума етта йолийна хийтира: «До-он-к, до-он-к», – аьлла. Иза неIарх бетта болийна боца, амма беза хен хиллера. Цо шен корта тентакбоккхуш хийтира ГIубашна...

Hel йоьжча, ерриг нelcaгle дIаюкъуш, бIаьргаш даьсса кIоргачу кедаш чуьра охьаихна деттачу цIийн ши тача долуш, чевнаша верина ГIубаш дIахIоьттича, гIаролаш совцабелира, и стаг оццул воккха хиларх цецбевлла.

Циггахь тIехьашхула тоьхна, вожийра иза.

Садаьржаш дара. БугIа ен охьатоьхначу муьшаца вихкина волу ГIубаш кхайкхира:

– Шемал, хьо дийна велахь, алал, муха хийтира хьуна хьо веза хьаша лерина тIеэцна цIийнда? – кхерчехьа, ша вийна-веринчу нохчийн талмажегахьа воьрзуш.

ГIаролех цхьамма гочдира и шийтта чов хилла, кхетамчохь волуш-воцуш, кетарх хьаьрчина, меттахь ахтевжина Iачу Шемална.

– Хьо, шеко йоцуш, майра стаг ву. Амма хьо гаур ву. Цундела Iуьйранна, жIаьла санна, лийр ву хьо!

Оцу буса ГIубашан ваша ЦIута Орга аренга долучохь йолчу Чехкар-гIoпaн комендантна караваха велира шен гергарчу нахаца, зударий, бераш а цIахь дуьтуш: царна бохам бийр бацара.

Халла дIахуьлучу бодашкахь ГIубашан даьссачу бIаьргийн Iаьржа гонаш ах юьхьал даккхий хетара. Стоммачу муьшаца вихкина лаьттахь волу иза а дукха воккха хетара.

Бесни тIехула охьаледа цIий куьйга дIа а доккхуш, цуьнга хьаьжира Шемал, и цIий Iаьржа хетарна цецваьлла...

ХIинцца бен садаьржаш дацара.

ХIара дуьххьара хилла а дацара Шемалца Органан чIожахь. ВорхI шо хьалха, хIара Нохчийчоьнан имам хаьржинчу I840-чу шарахь, майхь, Мулкъахь а йинера кхунна шаьлтанан ши чов, цхьаъ – гайх, важа – куьйгах. Оцу хенахь кхуьнан гонахара ха кIезиг ду ала мегар дара, амма, и мел дукха хилча а, язделлачух вер вац-кх. Шемал валаран ойла еш вара.

ГIубаша йинчу чевнаша вожийча, I848-чу шеран январехь Веданахь къайлаха Диван гулйина, ша лахь, шел тIаьхьа кIанте ГIеза-Махьме шен имамалла дIадала лаьа, элира Шемала. Диванан декъашхойх цхьа а дуьхьала ца хилира.

Цхьа а Шемала аьллачунна реза ца хила ваьхьар а вацара. Цхьа стаг бен вацара Диванехь оцу тIехула цуьнга вистхила ваьхьар волуш – цуьнан стунда Джамалуддин, амма иза аьттехьа а дуьхьал вацара.

Ша Диван вовшахтоха Шемална I84I-чу шарахь дагадаийтинарг а цуьнан стунда Iеламстаг вара. Пачхьалкхан кхеташонехь – Диванехь верриг декъашхо ткъе шийтта стаг вара, амма билггала дош леларш ялх стаг бен вацара – уггар хьалха Шемалан стунда Джамалуддин, ГIазгIумкара Мохьаммад-Эффенди, Чиркейра Раджабил-Махьма, Яхьйа, Каранайра Хьаьжа-Дибир, Шемалан шен хан куьйгалхо МитлихI-МуртазIела а. Ша имам хаьржинчу Нохчийчуьра цхьа а декъашхо а вацара Шемалан Диванехь...

Чевнех меттавеъча, Шемала I848-чу шарахь мартан чаккхенехь Хунзахехь имаматан боккха Гулам бира. Шемал хIинца а бесаза вара юьхьа тIехь.

ХIинца цуьнан кхин а доккха ха дара, нах атта тIе а ца кхочура цунна. Буьрса волу дела, ша волучул, нахах кхин а хервелла хетара иза.

Арахь яла гIерташ бIаьсте а яра. ТIаьххьара лайн алхаш дIайовлуш лаьттара. Хунзахна юккъехула ситтинчу некъах дIасалела нах шайн беркъа, беркъа йоцчу а йовхачу гIовталшца бара, наггахь гушболу баккхийнаш кетаршца а болуш, Iаьнах девллачу адамаша, лаьтто а йовхоне сатеснехь а, цкъачунна иза яцара. Стигал а, Iаьржачу мархаша лаьцна, даш санна, еза хетара.

Гуламехь имамна муьтIахь болу Дагестанера Iеламнах, наибаш, бIенчашна тIекхаччалц болу тIеман куьйгалхой а гулбеллера. ХьалхахIитточех коьртаниг дара: Шемал дIаваьлча, цул тIаьхьа дIахIотто везарг цуьнан пхийттара вала гергавахна ГIеза-Махьма хилар. Иза гIеметтахIотталц, цуьнан Iуналла дан верас наиб Албаз-Дибир а хIоттош.

Шемалан ГIеза-Махьмел воккха волу кIант Джамалдин Ахулгохь къовсам болуш гIазкхаша, закъалтана, дIаваьккхинера, иза Россехь вара, цундела Джамалдин юкъара волура.

Массара иза, хила дезаш санна, тIеийцира. Дуьхьалваьлларг цхьа наиб Хьаж-Мурд бен вацара. Гуламехь цо сила-а болчу нахана хьалха хIумма ца элира, аьлларг цул тIаьхьа аьллера, ткъа иза сихха имаме а кхечира... Имам имаман кIант хила ца веза, имам тур ира дерг хила веза...

 

 

http://www.orga-journal.ru/