Йоврйоцу цIе

Печать

Нравится

1-foto w1200 h800

Ковраев ШапаI

Дагалецамаш

 

Йоврйоцу цIе

 

Л.Н. Толстойн цIарах Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хиллачу университетехь, филологин факультетехь суо доьшуш волчу (I977-I982-чуй) шерашкахь суна дуьххьара вевзина Ахмадов Муса. Иза а вара, со санна, филологин факультетехь доьшуш.

Студенташна юккъехь цхьа ша-тайпа къаьсташ студент вара Муса, дахаре шен билггал хьежам хиларца а, шен накъосташца а, хьехархошца а лераме, гIиллакхе хиларца а. Массо хенахь сиха а вара. Дукха дара цуьнан гIуллакхаш…

Исбаьхьаллин литературехь хьалхара гIулчаш йохучу вайнехан кегийрхошна лерина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь болх беш яра «Пхьармат» цIе йолу литераторийн цхьаьнакхетаралла.

Цуьнан дуьххьарлера куьйгалхо вара оцу шерашкахь а нохчийн къоман литература дика евзаш а, нохчийн мотт кIорггера хууш а, хIуманан башха хьесап дан хууш а волу къона поэт Ахмадов Муса.

Цунна а, цуьнан накъосташна а хьалха лаьттара даккхий жоьпаллийн декхарш.

 

Йовза, Iамо езара тайп-тайпанчу исбаьхьаллин произведенийн башхаллаш. Уьш Iамо а, царна тIехь белхаш бан а, церан маьIна дан а атта дацара.

ХIора беттан шолгIачу кIирандийнахь цига гуллора поэзи а, проза а езаш болу къона литераторш. «Пхьарматхоша» кхеташонашкахь йийцаре йора шаьш язйина стихотворенеш, дийцарш, очеркаш, хIор произведенин критически агIонгахьара нийса мах а хадош.

Къоначу яздархойн исбаьхьаллин произведенеш боккха чулацам, маьIна а долуш хиларан тоьшалла деш, I976 шеран 26-чу ноябрехь арадаьллачу «Ленинан некъ» газето «Кхуьуш ю къоначеран кхолларалла» цIе йолчу статьяхь газетдешархошна йовзуьйту «Пхьармат» цхьаьнакхетараллин дакъалацархойн стихаш. Царна юккъехь яра шеца йоккха исбаьхьалла йолу Ахмадов Мусан «Даймехкан Iалам» стихотворени а.

 

 Со лаьтта лекхачу

                                   бердашна юккъехь,

Тийна ду, хаалуш,

                                   детталун дог.

Меллаша шен тулгIеш

                                   ловзаеш, Iенаш,

Шийлачу шовдано

                                   етта шен ног.

ДIо стиглахь гIаьттина

                                   хьийзаш ю аьрзу,

ХIаваэхь баржийна

                                    шен мокха тIам.

Ламанан хотешца       

                                   цо ижу лоьху,

Бенарчу кIорнешна

                                   бан гIерташ там.

Генахь го, бацаца

                                   бос эбан гIерташ,

ЛадегIа хIоьттина

                                   ерг сема лу.

Со волчу агIор схьа

                                   сирла бIаьрг бетташ,

И додий чекхдолу,

                                   хадабеш гу.

Шовданан йистошца

                                   маргIал буц техкош,

Хьакхало бIаьстенан

                                   эсала мох.

Ламанийн бердашца

                                   шайн белшаш гIертош,

Ийало Iаннашкахь

                                   Iиллина дохк…

Мел хаза ду-кха хьо,

                                   Даймехкан Iалам!

Хьол хьоме сан дагна

                                   кхин хIума дац.

Хьо хестош ловзабо

                                   ас буйнахь къолам,

Шелвелла со вожжалц,

                                   и бужур бац.

 

Университетехь деша а, яздархочун къайленаш йовза а атта дацара. Амма и халонаш лан а, уьш эшон ницкъ а, хьуьнар а, собар а оьшура. Вайн дайша олуш ма-хиллара: «Собаро лам баьккхина, сихалло са даьккхина». Халонаш эша а еш, царна дуьхьал къийсам латтош, буса-дийнахь шен исбаьхьаллин произведенешна тIехь къа а хьоьгуш, шен Iалашоне кхаьчначарех цхьаъ ву доккха похIма долу нохчийн халкъан яздархо Ахмадов Муса.

Къона яздархой болчу богIура бевзаш болу, исбаьхьаллин кхоллараллехь доккха зеделларг долу нохчийн яздархой: Абузар Айдамиров, Ахьмад Сулейманов, Шайхи Арсанукаев а… (АллахI-Дала декъалбойла уьш). Цара дуьйцура шайн а, кхечу яздархойн а кхоллараллех, исбаьхьаллин произведенешна тIехь муха болх бан беза, яздархо хила атта цахиларх, иза жоьпаллин болх хиларх, цу тIехь вижар-гIаттар а доцуш, дуккха а къахьега дезаш хиларх, яздархочун цIе ларъян езаш хиларх а.

Шайна университетехь хьоьхучух пайда а оьцуш, лерина къахьоьгура къоначу яздархоша. Кхузахь церан хьехамчаш бара исбаьхьаллин литературехь доккха зеделларг долу Iилманчаш-хьехархой: Музаев Нурдин, Туркаев Хьасан, Джамбеков ШаIрани, Верольский Юрий а, Филькин Василий…

Нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш бара Iилманчаш: Арсаханов Исраил а, Ваха Тимаев, Алироев ИбрахIим, (АллахI-Дала царна гечдойла); филологически Iилманан кандидаташ: Саламова Раиса, Хамидова Зулай, Овхадов Муса а.

Шайн берийн санна, церан Iуналла а деш, дозалла а деш, баккхий а беш, уьш яхь йолуш, гIиллакхе, оьзда вайн халкъана а, махкана а пайде хиларе сатуьйсуш, шайн берриге ницкъ, хаарш а, уьш кхетийта гIерташ, царна дIалуш бара и догцIена а, оьзда а, гIиллакхе а болу хьехархой. Уьш къоначу яздархошна даима дагахь лаьтта.

Цахуург хатта а, дагабовла а даима царна юххехь а вара исбаьхьаллин литературехь зеделларг долу нохчийн яздархо Нурдин Музаев. АллахI-Дала цунна гечдойла.

«Пхьармат» цхьаьнакхетараллин декъахошна Мусас а йовзуьйтура шен керла произведенеш. Церан лаккхара мах хадабора цара.

Республикански «Пхьармат» литературни цхьаьнакхетараллин жигара дакъалацархо хиллачу Цуцаев Iалавдис сан шеца хиллачу къамелехь Ахмадов Мусах иштта элира: – «Оцу шерашкахь а Муса доккха похIма долуш яздархо хирг хиларх сан цхьана а тайпана шеко яцара».

«Пхьармат» литературни цхьаьнакхетараллин сийлахь векал (Почетный представитель) хилла волу нохчийн халкъан яздархо Нурдин Музаев а вара Мусах вуно чIогIа бIаьрг буьзна, цунах воккхавеш, цуьнан кхиамех самукъадолуш, цо вайн нохчийн къоман литературехь шен йоккха лар юьтург хиларх дог тешна а.

Ахмадов Муса студент вара аьлла а ца Iаш, цуьнан университетехь хилла болу хьехархой а бара цуьнца боккха ларам болуш а, иза шайн юххера накъост волуш санна, цуьнга шайн дагарадуьйцуш а, цунах дагабовлуш а. Царна массарна гуш дара: Муса нохчийн мотт литература а езаш хилар а, цо нохчийн къоман литературехь шен йоврйоцу цIе юьтур йолуш хилар а.

Тахана, вайна массарна гуш ма-хиллара, церан дегайовхо кхочушхилла. Ахмадов Муса шен Iалашоне кхаьчна ца Iаш, нохчийн халкъана а дерриге дуьненна вевзаш а, везаш а яздархо а хилла. Йоккхачу Россин пачхьалкхехь евзина ца Iаш, яздархочун цIе дика евзаш ю Европехь а. Цуьнан произведенеш гочйина немцойн, французийн, ингалсан а, японийн а меттанашка.

Цунах, вайн нохчийн къомо санна, цара а до дозалла. Лаа аьлла ма дац вайн дайша: «Бенахь дека хиндолу хьоза». Ша 6-чу классехь доьшуш волуш дуьххьара зорбане ваьлла Муса. Шуьйтахь арадолуш хиллачу «Ленинхо» газетан агIонаш тIехь арадийлина цуьнан дийцарш а, стихаш а.

«Хьуьнаре пионераш» цIе йолуш дара цуьнан I970-чу шеран I0-чу апрелехь «Ленинхо» газетан агIон тIехь дуьххьара арадаьлла дийцар. Хиллаваьллачу яздархочо санна, йоккха исбаьхьаллла йолуш, дика чулацам болуш яздина дийцар ду иза. Оцу дийцаро а вайна гойту Ахмадов Муса бераллехь дуьйна АллахI-Дала шена вуно доккха яздархочун похIма делла, шегахь кIорггера хьекъал а, кхетам болуш, нохчийн мотт безаш, цуьнан кIоргене кхача лууш хилла хилар.

Цхьа-ши могIа бало луур дара суна цуьнан «Хьуьнаре пионераш» цIе йолчу дийцар тIера: «Ломал тIехьара гIаьттинчу малхо серладоккхуш лаьттара дуьне. Седарчий санна, къегара бацалахь тхи…». Исбаьхьалла ю иза. Вайн нохчийн къомана шегара боккха пайда а бер болуш Муса хилар суна гуш дара, иза университетехь доьшуш волуш дуьйна. Даим цунна хьалха лаьтташ цхьа Iалашо яра: Нана-Даймохк безар, адамаш дезар, церан Iар-дахар кIорггера довзар, иза таллар, цу тIехь болх бар.

 Хийлазза цо шен накъосташца-студенташца а, университетехь шена хьоьхучу хьехархошца а деш хиллачу къамелийн теш хилла ву со.

 Нохчийн яздархочо Мохьмад Мамакаевс (АллахI-Дала декъалвойла иза) санна, шен къамелашкахь Ахмадов Мусас даим а коьрта тидам тIебохуьйтура нохчийн мотт лерина ларбан безаш хиларна. «Шен ненан мотт безаш стаг велахь, цуьнан кхане хир ю, амма цуьнца лерам боцуш иза велахь, цуьнан кханенга сатийсар эрна ду», маьIна долуш хуьлура цуьнан къамелийн чулацам.

 Вайнехан гIиллакхех, оьздангаллах, къинхетамах, комаьршонах, Даймахке хила безачу безамах, доттагIаллах, нохчийн къоман кхечу къаьмнашца хила езачу уьйрех хуьлура цуьнан къамелаш. Иза цкъа а вацара вайнехан стагехь осалла, тешнабехк, хIилла, мекарло, ямартло езаш.

 Школехь иза доьшуш волчу хенахь «Ленинец» газета тIехь зорбатоьхна хиллачу цуьнан дийцарша: «Воккхачу стеган дагалецамаш», «ГIиллакх миччахь а дика ду»; стихаша: «Лаьар-кха», «Гуьйре», «Маяковский дагалоцуш», «ДоттагIалла» къеггина тоьшалла до вай лакхахь аьллачунна.

 Шен «Лаьар-кха» цIе йолу стихотворени иштта чекхйоккху М. Ахмадовс:

 

Лаьар-кха Iалам а хасто,

Гайтарца исбаьхьа сурт.

Массарлахь вайн

                   Даймохк къасто,

Ца кхоош сайн деган

                   мутт.

 

Лаьар-кха машар,

                   вашалла

Хестадеш цкъа яккха

                   байт.

Поэзин ирачу дашца

Аьшнаш дан цаоьшург –

                               айп.

 

 Оцу цуьнан дешнаша вайна гойту поэтан лийр боцу безам хилар шен Даймахке. Цунна лаьа машар, вошалла хестадеш, дуьненчохь ваха…

 Мусан мотт хаза, оьзда бу, мел ладегIарх кIордор а доцуш.

Яздархочун дийцарш а, очеркаш а, стихаш, кхийолу цуьнан исбаьхьаллин произведенеш арайийлина (иза студент волуш дуьйна) вайн республикански газетийн агIонашна тIехь а, «Орга» альманахехь а, юкъарчу гуларшкахь а.

Нохч-ГIалгайн книжни издательствос I977-чу шарахь зорбатоьхна арахецначу «БIаьстенан хиш» цIе йолчу юкъарчу гуларехь а ду Ахмадов Мусас яздина дийцарш.

Къоначу яздархойн исбаьхьаллин произведенеш толлуш, ша I978-чу шарахь «Орга» альманахехь «БIаьстенан хийн болар» цIе йолчу бинчу балха тIехь Муса Ахмадовн исбаьхьаллин кхоллараллин лаккхара мах хадош, довха дешнаш аьлла вайн махкахь дика вевзаш хиллачу критика Ахмадов Малика. АллахI-Дала цунна гечдойла.

Иштта яздо цо цунах: – «Муса Ахмадов билггал хиндерг долуш, шех тоьшуьйтуш корматалла а, похIмалла а долуш ву. Вайн дешархошна, хала хеташ делахь а, хIинца а кIеззиг йовзийтина цуьнан кхолларалла. Ша ткъа шаре ваьллачу хенахь иза къеггина, шен аматаш долуш яздархо, поэт, драматург, историк, критик ву нохчийн къоначу литературехь. Ондачу, баш-башхачу корматаллин тоьшалла ду иза. Вай сатийса дезарг иза куравалар, ша-шех тоам бина хилар дац, вай иштта иза хестош дош аларх».

Нохч-ГIалгIайн книжни издательствос I978-чу шарахь зорбатоьхна арахецначу «Сатийсамийн анайисташ» цIе йолчу юкъарчу гуларехь а ю Муса Ахмадовн дуккха а лирически стихаш а, ша куьйгалладеш хилла йолу «Пхьармат» дагалоцуш, цунна лерина язйина поэма «Сай» а.

Ахмадов Мусан исбаьхьаллин произведенийн мах хадо Iалашо йолуш вац со. Церан, хьакъболлу мах хадош, шен хенахь зорбанехь дош аьлла книгашъешархоша а, критикаша а.

I983-чу шарахь араевлла «Деса цIа чохь буьйса» хьалхара книга а тоьар яра оцу башхачу нохчийн халкъан яздархочун кхоллараллин хьакъболлу мах хадо.

Яздархочун хIор а исбаьхьаллин произведени ю ешархочуьнга кIорггера ойла йойтуш. М Ахмадовн произведенийн, литтина деши санна, цIена нохчийн мотт бу. Вайн дахарехь хиллий, леллий, вайна юкъахь тахана а лелаш долчух ю цуьнан произведенеш. Цундела цунна атта ду бакъдерг дийца, ткъа бакъдолчунна хIумма а тIетоха а, дIадаккха а ца оьшу.

«ХIокху я кхечу произведенехь къаьсттина дика гучуйолу яздархочун корматалла», – соьга алалур дацара. Цуьнан массо произведении ю лаккхарчу тIегIанехь язйина.

Цуьнца доьзна суна дуьхьалхIутту дерриге дуьненна а вевзаш волчу американски яздархочун Эрнест Хемингуэйн I952 шарахь араяьлла йолу цуьнан «Воккха стаг а, хIорд а» – «Старик и море» цIе йолу книга.

Шен барамехь йоккха повесть яц иза, йоьзткъе ейтта агIо бен яц цуьнан. АгIонийн бараме хьаьжна ца Iаш, шеца йоккха исбаьхьалла йолуш язйина повесть ю, цундела оцу заманчохь цуьнан лаккхара мах хадийна, I953-чу шарахь Нобелевски преми елира Э Хемингуэйна.

Ахмадов Мусан муьлхха а произведени ю Эрнест Хемингуэйн «Воккха стаг а, хIорд а» санна, шеца йоккха исбаьхьалла йолуш а, лаккхара мах хадо хьакъдолуш а.

Шен къоман дика-вон довзаро а, цаьрца цуьнан даим уьйр хиларо а, стеган дог-ойланах а, цуьнан лазамех, синхаамех кхетаро а, оцу дерригенан а цунна хьесап дан хааро а цуьнан боккха аьтто а хуьлуьйту шен исбаьхьаллин произведенешкахь а бакъдерг вайна ма-дарра довзийта а, цунах вай кхетийта а.

Ахмадов Муса, кIадвалар а доцуш, вайн къоначу тIаьхьенна а хьехамча хилла лаьтташ а ву, вайн нохчийн къоман литературехь шен йоврйоцу цIе юьтуш, схьавогIуш а ву. Шен йоврйоцу дуьненчохь цIе йитарал деза а, сийлахь а хIун хир ду?

АллахI-Делан кхиэле бирзина нохчийн халкъан яздархой а, вайн къоман турпалхой а вайн къоначу тIаьхьенна бицбаларна кхоьруш, массо хенахь а зорбанехь дуьйцу Мусас царах лаьцна. Иза вайна оьшуш а, пайде а болх бу. АллахI-Дела реза хуьлда цунна!

Кхин цхьа хIума а билгалдаккха луур дара суна. Ахмадов Мусан исбаьхьаллин произведенеш нохчийн къоман барта кхоллараллин беркате тIеIаткъам шайца хаалуш ю. Цундела цуьнан иллеш, эшарш а халкъо дика тIеэцна. Уьш хIор денна бохург санна, вайн республикин радиохь а, телевиденехь а дIаолу, дIалокху корматаллин артисташа.

Дукха хан йоццуш нохчийн маттахь «Нохчийчоь вайн цхьаъ бен яц…» цIе йолуш I0-гIа том-гулар арахецна НР-н Iилманийн Академис. И мехала гулар доккха совгIат ду нохчийн къомана. Цу тIехь ду вайн махкахь дика евзачу нохчийн поэтийн а иллеш а, эшарш а.

Бакъду мел дукха аса лехарх, гIараваьлла волчу нохчийн халкъан яздархочун Муса Ахмадовн цIе-м ца карийра суна цу тIехь.

Нохчийн литературехь шен йоврйоцу лар юьтуш схьавогIуш ву нохчийн халкъан яздархо Муса Ахмадов, керла-керла романаш, пьесаш, статьяш а язъеш.

АллахI-Дала вайна могаш-маьрша дуккха а вахавойла Ахмадов Муса а, и санна яхь, доьналла, гIиллакх, оьздангалла, хьекъал, кхетам мел болу вайн нохчийн къоман яздархой а!

Нохчийн халкъан яздархочунна Ахмадов Мусана лерина айса язйинчу «Шуьйра гIулч йоккхуш» цIе йолчу стихотвореница чекхдаккха луур дара суна сайн къамел:

 

Хьо вогIу, шуьйра гIулч дуьненчохь

                                          йоккхуш,

                   ХьагI-гамо хьайн дешнашца генна

                                          дIайоккхуш,

Деза дош яздаза дисарна кхоьруш, 

                               Адамашка нийсоне, машаре кхойкхуш.

http://www.orga-journal.ru/