ТАПАЛАЕВА АМИНАТ

Печать

Нравится

ТАПАЛАЕВА Аминат

tapalaevaХалкъан кхоллараллин «Бенара бIаьсте – 2019» хIорашеран фестивалан гурашкахь Нохчийчуьрчу къоначу яздархошна юкъахь дIаяьхьначу республикин конкурсан «Нохчийн маттахь тоьлла литературин говзар» номинацехь хьалхара меттиг яьккхина Тапалаева Амината. «Орга» журналан цIарах оха декъалйо Аминат оцу дезачу совгIатца. Аминат дийцаран жанр дика караерзийна схьайогIуш ю. Цуьнан дийцарш дешархоша дезаш тIеоьцуш ду. Шун кхиэле дуьллу оха Аминатан кекерла дийцар

                      Марненера кехат

Хьекъал алсам долчу зудчун дахар цхьана заманахь а ца хилла атта.
Дешна Iилма долуш хиларца а, чохь-кертахь долчу гIуллакхна тIахъаьлла хиларца а ша куьпарчу зударел тоьлла юй хууш йолу Набу дукха къона йолуш дуьйна а яра иза хууш.


– Цхьана а адамана тосадалийта мегар дац, цIийнда, айхьа хьекъал луш, дIалелош вуйла. Уггара хьалха цунна шена а! – олий, доладора кхуьнан нанас шен хьехарш. – Даима хьехарш дарца, къайлаха, лерехь луьйш хила еза зуда. Ахь лелориг дIатосалахь, марзахой хьан бат дIасацо хьовсур бу. ХIинца зударшна тIехь доккха дукъ ма ду. Ткъа, со санна хьекъал долчунна тIехь, къаьсттина. Iовдалчунна-м шен дахар муха хила деза а ца хаьара. – олий доккха садоккхура цо.
Иштта, шен «хьекъал долчу» нанас хьехнера Набуна, жимачу зудчунна шен ирс карадерзо лаахь, цу ирсан «да», марненаца къевсина, ваккха везар вуй. Ден а, ненан а цхьаъ бен воцу кIант, уьш боцуш санна, шена тIе а верзийна, дахарехь чекхъяла шена мел хала дара дукха дийцинера цо. Цу кеппара хаьара Набуна, оцу толамах мегарг марзо эца а кхиале, кхин цхьана «тIамехь» толам баккха безар буй а, кхуьнгара я кхуо цуьнгара… хинйолчу несера. ХIан-хIа, Набус кIентан зудчунна шен хIусамехь ницкъбан лууш еш ойланаш яц уьш. Амма, къизачу тIамехь ша къиза кхоьллинчу ирсах сийна цIе яла ца лаахь, нус тIеэца хьалххехь кечам бан беза аьлла, хета кхунна. Оьшучохь сема ца хилахь, кIант воцуш йиса а сахьт дац.


Шен хенарчу зударех марнаной хила буьйлабелчахьана, цу ойланаша корта бууш, синтем а байна, еха Набу. ЙоIаршна сагатдина-м, Делан къинхетамца, елира хIара. Хинволчу невцана а, цуьнан нанна а деза совгIаташ кхийдийчахьана, даима ишта хир ду моьттуш Iехалуш хиллера, цхьадика, хIинца захалш. И шиъ-м дикачу цIентIехь дIатарйира кхуо. Амма, цхьаъ бен воцчу кIантаца дерг, ишта атта хир ду аьлла ца хета кхунна. Ткъа школера а валанза волу иза хIинца а зуда яло жима хилар, хиндолчун ойла ца ян бахьана дац… Хан оцу минотехь ма йоьду дIа.
Цуьнан къаьсттина гIайгIа йо Набус, масех шо хьалха кIантана зуда ялийна шен кхин йолчу яхча.
– ХIумма дац, шайн гIуллакх дичхьана, цул доккха дика дац-кх цара суна дан! – олу цо-м.
– И чайнан стака хьалха хIоттор бен, цкъа а хьуна гонаха хьийзаш ма ца хуьлу хьан нус? – кхуо шега хаьттича.


Чохь-кертахь луьстучу гIуллакхех, кегий ду бохуш берех я балхах бахьана дина, нус даима шен гIуллакхе хьожуш, гуонаха хьийзаш ца хилахь, ша мегар яц, аьлла хета кхунна.
Мичча хенахь а кхалла биэ-берса хIума дагайогIу воккхачунна. Кхин хIумма ца хилча а, хилларг-лелларг карладоккхуш, луьйш-олуш вистхила лаьа. Ткъа уллехь ладугIуш, балаболуш стаг ца хилча, хIун дан деза?! Шен кхин, дагара ца хоуьйтуш, несана сатухуш ю, я ша цо муха лело еза ца хууш, Iовдал ю, хIара кхеташ яц. Бакъду, кхуьнца ишта дерг чекхдер дац.
Я шен накъост Бату санна, кIентан бераш тIехула а лелаш, некъ къевлина, шена яла хIусам йоцуш, йиса а ца лаьа кхунна.
– Ма паргIат Iаш ю-кх хьо, хьуна хаахь! – олу цо, дикка кхуьнга а хьожий.
Кхи а чIогIа сахьаьвзий, цуьнан метта ша хилахь, хIун дан деза, ша-шега хоьттуш, кхералой, цIа йогIу Набу. Цхьа хан дIаяьлча, шена тIе вогIучуьнца паргIат вистхуьлуш, хIума кхоллуш, Iен лаьа. Ткъа кхуо шен могашалла а хIаллакьеш, хала вовшахтоьхна хIара бахамаш, кIентан бераша хIаллакбеш дуьхьалатесча-м, Набу дог эккхаза юьсу. Масала, дукха мах белла кхуо хIиттаяйтина и неIарш кIентан бераша дIасаетта йолийча…ма ирча сурт хир дара и, тIе ма догIийла и саннарг. ХIинца наношна бераш Iамо хаъане ма ца хаьа. «Саца, IадIе!» – бере олуш хуьлий а ца хаьа. Чувеанчуьн кисана хьовсу, юург багара йоккху. ХIан-хIа, цунах гIуллакх хир дац. Цхьана кертахь белахь а, шайн неI къовлуш бехаш бакъахьа бу уьш.
– Нус оьздачу цIентIера хилахь ша лело дезарг хIун ду хууш, массаьрца а дика чекхъер ю, – олий, хьехар до, тIаьхьа-хьалха кхо кIант хьалакхуьуш йолчу кхуьнан йишас.
– Суна и хьесап ца хета! Вайн ден шичин, Мизанан, нус мел тоьллачу цIентIера ю, амма: «Со муьлхачу бух тIера схьаеана ю хаьий шуна?!» – олий, хаьнтIе ши куьг хIоттадой, цо марзой кхерош ца гина хьуна?! Соьга хаьттича, нус хьан цIентIехь цкъа а хьоьл тоьлурйоцург хила еза, – олу Набус.


– Цхьана а хIуманна гуьнахь доцуш ерг а нисъелла, и дахарехь дIатекхо езахь, хIун дийр ду?! – шен йишас аьлча, кхин а гIайгIане южу Набу. Иза а харц дац. Доьзал хьала а кхиъна, дIа а нисбина, мукъаяьлла ша аьлла хеттачу дийнахь, юха кIентан доьзал а тIебожахь, хIун лелор ду? Марзошна лело доьзал дIасакхуьссуш ерг а зуда ма яц! – олий, дагадогIу кхунна.
Кху тIаьххьарчу хенахь, гуттар а санна, тховса а, цхьана а хIуманна тIехь шегара гIалат ца далийта, шех марнана хирйолчу денна ойланца кечам беш, чуйирзира Набу. Цуьнан коьрте хьийза ойланаш кIезиг яцара «Со санна хьекъал долуш марнана нисъелча, несана а хIун хала хир ду? Соьга ла а дугIуш, ас боххург а деш яьхчахьана, яьлла-кх иза!» – олий, хета кхунна. «Сан-м ца хилла и ирс. Цуьнан сина хала а ма хетийла, цхьана а хIуманна гуьнахь долуш ма яцара и миска. ЛартIехь пхьегIа дIанисъян-м ца хаьара. Со ялийначул тIаьхьа, ас дерриге а хIума сайн караэцча, чувеънарг цецволуш, цIанъелла дIахIоьттир-кха кхеран хIусам». Массо а хIума, ша-ша доккхуш, луьстуш, наб ца кхеташ Iачу Набуна, хинйолчу несе дIакховдо цIеххьана цхьа инзаре хьекъале некъ коьрте беара. Ша Iуьллучуьра хьала а иккхина, ручкий, кехат схьа а оьцуш, охьахиира иза.
– Вайн заманан хьекъал долчу марнанас вайн заманан некъ лаха беза несаца мерза юкъаметтиг латто а, керта а ялале иза шен амале ерзо а! – олуш, кехат яздан йолаелира иза.
«ХIара кехат, сан хинйолу «хьоме», нус хьоьга яздо ас!


ЙоIана, тIе кIайн гIабали а юьйхина, мареяхар шена ирс дохьу туьйра ду моттахь, дIахаийта лаьа суна – со, цу хьан хиндолчу ирсан нана хилар, массо а хIуманна тIехь сема а йолуш.
ХIара къамел, хьо муха хила еза дуьйцуш дIадолийча нийса хир ду аьлла хета суна: оьшшучул Iилма долуш, тоьачул хьекъал долуш, несарийн хазалла хьахийначохь дIагайта куц долуш. ХIаъ, чохь, кертахь дан дезаш, листа дезаш дерг, хьеха ца оьшуш, девзаш йолуш. ХIунда аьлча, сан кIант, нана ма яла цуьнан, ас хала кхиийна сан кIант, ахча даккха балха лела везар ма ву. ХIусамехь куьгтоха мел деза хIума, эшахь хьостам тоха а, телевизор я и йоцург галъяьллехь, тоян а хьуна хиъча, нийса хир ду. Сарахь цу яьшкина хьалха хан ца яйича, сабIарзлуш со а ю.
Вайн гергара массо а стаг везаш, лоруш хилар хьан декхарех шолгIа дерг ду хьуна, ткъа хьалхарниг – хьайн нана санна со езар а, со ларар а… иза-м ас ца дийцича а хьайна хууш хир дара хьуна.
Сай-бодий къаьсташ, Iуьйренца гIоттуш хилла вайнехан нус массо а заманахь. И хаза гIиллакх сайн хIусаме еанчу несо дохо а луур дац суна. УьйтIе, кетIе къагийна, юург йина, марзой хьалагIовттале Iаш ша караяйтар а цу гIиллакхна юкъадогIуш ду.


Несе доцург дуьйцур долуш яц со, амма ахь даима дагахь латто деза: марехь йолчу зудчун цхьаъ бен цIа цахилар, ткъа иза марзойн хIусам хилар. Гергарчу нахе хьажа-хIотта йоьду бохуш, йортъеттар дита деза. Уьш могуш-маьрша хилар воьду-вогIучуьнга хабар дахьийтича а хуур ду.
Уггар а доьхнарг хета суна: хIинцалерчу кегийчарна сом ларда цахаар. Цундела, дерстина даттIа доллу жижиг я тIе юху коч эца еза, ас дIаэр ду хьоьга. Бакъдерг аьлча, суна жижиг алсам деза, оцу тIелхигех-м гулйина дан хIума дацара. И-м хIунда дуьйцура, хIинца кегийчу зударшна лартIехь йолу хIума шайна тIехь-когахь эца а-м ца хаьа. Амма ахь са ма гатде, ас гIо дийр ду хьуна коч-мача къастош. Чохь лело къорза кучамаш чIогIа хазахета суна. Тишъелча а ца къаьста уьш. Ас къоналлехь лелош йисина царах цхьа-шиъ сан а ю. Царах эрна ахча дохка оьшуш дац. КIентан зудчунна, сайн хьомечу несана, хIума кхоор долуш яц со, ас дIалур ю хьуна и шиъ.


Ахь лерина ла а дугIуш, дагахь латто деза ас сайн бераллера, къоналлера, сайн, цхьанне а ца хиллачу кепара хала хиллачу, марех лаьцна мел дуьйцург. Иштта дагахь латто деза, нускалан хенахь дуьйна ас хьайга мел аьлла, айхьа соьга мел аьлла дош, хIунда аьлча, ас мацца хIоттийна а, цхьана дийнахь экзамен хIоттор ю хьуна: «Ткъа дагадогIий хьуна, ахь соьга иштта аьлла…?» – бохуш, хеттарш деш.
Цу массо а хIуманал коьртаниг доьзал Iамор соьх тешийна хила деза. Ас сайн бераш а кхиийна, цундела суна дикох хаьа; берана дарбане лоьрийн молха ду, я цIена моз ду. Вайн дайша молханаш тIехь ма ца кхиийна шайн доьзалш.
Таханенна тIаьххьара хьехар ду сан дисина: суна, сайн кIант даима жима бер хир ду, цундела хьуна хаа деза – ахь цуьнан хIума муха юьтту, цуьнга ахь дош муха олу, со терго еш хир ю, суо резайоцчунна тIехь хьехар деш а хир ю… дов деш хир яц, Iиттарш еш хир яц, сайна хетарг тIедаккха гIерташ хир яц, хьуна ишта моьттур делахь а, ткъа хьехарш деш хир ю, хьо сайна дукхаеза дела а, массо а агIор тоьлла хила луу дела а.


Безамца, хIинцале а хьо дукхаезаш йолу хьан хинйолу марнана!»
«Цкъачунна тоьр ду», – аьлла, ойла йира Набус. Ма-дарра аьлча, хьахоза дисинчуьнца дуьстича, охьадагардинарш хIумма а доцург ду аьлла-м хийтира цунна. Кхуьнан кийрахь а ма ду дилхан дог, цундела хинйолчу несах къа ца хеташ яц иза.
«Тховса кхин а дикка ойла а йина, кхана ненах, йишех, лулахочух, накъостех дага а яьлла, язйийр ю чаккхе», – аьлла, сацам хилира цуьнан. Бакъдерг дийцича, марнаной а, несарий а кху дуьнен тIехь мел бу, хIокху къамелан чаккхе хир ю бохург бакъ-м дац. Амма, Набуна, цу агIор, ша санна, хIора зудчо а къахьегча, тIаьхье беркате хиларе сатийса меттиг бу аьлла, хета.
Сихха дIайижа метта елира иза, кхана кхочушдан дезаш дуккха гIуллакхаш хиларна. Царах уггар а коьртаниг хаамийн гIирсашкахула, довзийта дезаш дара «Марненера кехат».
2019 шо.

Орга №2. 2019. Зорбанан кеп

http://www.orga-journal.ru/