Вер-витар

Печать

Нравится

Даудова Фатима

ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ

Вер-витар

/Хьалха лелларш/

Суьйренашца шовданийн кортошка (мехкарша хиш оьцучy меттигашка) гуллуш хуьлура хьалха ярташкара нах, берриш а бохург санна. Баккхийнаш генахьо ховшура. Мехкаршца шайн бала а боцучу суьртахь, ткъа кегийнаш хина гергахьа хIуьттура, мехкаршка бист а хуьлуш.

Иштта гулбеллачохь дов даьллера Аласханан а, Ирсханан а берийн. ГIеметтахIиттина, тайна кIентий хиллера Аласханан кхоъ а, Ирсханан шиъ а. Кертах баккъаш а товжийна, вовшах агIош а тоьхна, хевшина Iаш дай а хиллера. Генахь а боцуш. Шайн кIентий а гуш.

Аласханан воккхахволчу кIанта, ласттийна тур тоьхна, Ирсханан воккхахверг охьавиллинера хоттала. ХIетта догIа а тийна, къегина малх а хьаьжна, луларчу баса стелаIад а хIоьттина, исбаьхьа-хаза суьйре хиллера и царна ирча еанарг. ТIаккха, шаьлта баттара схьа а йоккхуш, шен ваша вийначунна чукхоссавелира Ирсханан шолгIаниг, вукхарех цхьамма схьаластийначу шаьлтанна дуьхьал шен аьрру куьг а лоцуш. Ткъа и куьг, цу шаьлтано буткъачу пхьаьрсехула хада а дина, хоттала охьадоьжнера. Чхьап-аьлла. Шаьлтанца хьалакховдийначу вукху куьйга баьккхина шен куй цу доьжначу куьйгана тIе а тесна, шолгIа чукхоссавелла, шаьлта тоьхна, охьавиллинера шен ваша вийнарг.

 

– ЭхI!.. Иштта-м хир дац! – аьлла, шаьлтанна тIе ка а дуьллуш, хьалаайвелира Аласха.

– Веги хьо, Аласха! Веги хьо! Бераш дита! Охьахаа! – аьллера Ирсхана, чоин юх лаьцна, Аласха охьа а озош.

– ЭхI!.. Ваьгна а хилла, – аьлла, шен метта охьахиънера Аласха.

Юкъабоьллачу наха дов а сацийнера, кхин дехьа ца долуьйтуш, машар а бинера, Аласханан йоI Ирсханан висинчу кIантана а ялош, юкъахь хьагI-бода ца хилийта, гергарло чIагIдалийта.

 «Ишта-ишта, машар а хили, хьо дIайига а баьхкина ворданца», – аьллера йоIе. Божал чохь хиллера йоI хIетахь, кхо доккхуш.

Меллаша баьхьа дIа а хIоттийна, ворданехьа йолаелира йоI, ша ма-хиллара, кхоша буьзначу берзинчу когашца.

– Собарде, ши ког а цIанбе, тIе хIума а юха. Маре йоьдуш ю хьо! – аьллера гонахболчара.

– Э-э-э, и аш дуьйцу маре дац xIapa! – аьлла, вордана тIе яьллера йоI.

 

2

 

  Оханийн белхаш хала хуьлура хьалха. Къаьсттана лаьмнашца йолчу меттигашкахь. Ялх, 6apxl сту а бужий, йоккхачу гIовгIанца, къаьхьачу вонца, халла цхьа басарш дора. Буьйсанашца стерчий дажадора. ТIехь а Iаш. Нохчмахкахоша «гоьзатахь Iаш» олура цунах.    Оцу гоьзатахь Iаш волу Сайда вийнера цхьана буса, хьан вийна а ца хууш. Хьуьна юккъерчу ирзу тIе стерчий а лаьхкина, дIатевжина хиллера и миска. Цигахь наб а кхетта Iуьллучу цунна коьртах диг тоьхнера, берриг хье схьа а тосуьйтуш. ТIаккха юьхь тIе шаьлта йиттинера, шина aгIop йохуш. Юьхьан амат дитина а дацара.

Хьалххе гота йожа дагахь, са ма-тоссура вахначу дений, вешиний иштта ирча Iуьллуш карийнера Сайда.

Меллаша схьадаьккхина, шен чоа Сайдина тIе а тесна, вукху кIанте аьллера дас Себара:

– Xlapa сурт вайн нахана ган лаьа суна. Эвла а гIой, дIахаийта xlapa. Маьждигера барам а бан.

Орца деанера эвлара, СебаргIарна генавоццуш вехаш волу къена-воккха стаг Болатмирза а юкъехь. Цо аьллера, Сайде а хьаьжна:

– Ма йоккха эрчалла ю xlapa. Xlapa болх балла боьрша йолуш хIума а, хIоккхул къиза адам а хила йиш ма яц, ша и тхоьгара жIаьла дацахь. И, мацца а, адам а дац. ЖIаьла ду ша ма-дарра! Я сийсара а, я тахана а цIахула гуш а дац.

– Дера хаац, Болатмирза, хьенан жIаьла ду-м, – аьллера Себара, – вуьшта, жIаьла хилар гуш ду, хьеннан и делахь а. Цунна гечде ма ала соьга. И ца алийта, xlapa сурт ма-дарра шуна гайта, дехна ас шу схьа, тамехь ца хетташехь.

– Эр дац! – наха а аьллера. – Xlapa санначунна гечде олуш а ца хуьлу.

Хила а хиллера Сайда вийнарг Болатмирзин «жIаьла» – Саьлмирза: юххерчу хьуьн чохь БолатмирзагIеран диг а карийнера цIийша а дуьзна, ткъа мича вахна ца хууш, Саьлмирза а вайнера. Цу тIе, Сайдега ян дагахь йолу йоI езаш Саьлмирза хилла хилар а хиънера Себарна. «Шена новкъараваккха вийна. Хьул ца луш Iен стогалла а ца хилла, ведда», – сацийнера Себара. Болатмирзех хабар а тоьхнера: хьоьца хIумма а дац шен, цIера а ма вала, къехка а ма къехка, амма Саьлмирза лохур а ву ша, вуьтур а вац ша, аьлла.

Ши-кхо шо а даьллера, Саьлмирзин лар а ца хаалуш. ТIаьххьара а хиънера: геннарчу цхьана юьртахь Iаш хиллера иза, шена кхин цIе а тиллина, ша  схьаваьлла меттиг харц а йийцина. И дIасаволуш долу некъаш а хааделлера. Цкъа кIело йича, карахь цхьа а герз доцуш нисвеллера, эвла йистерчу варшахь. КIант а хиллера Себарца – Асхьаб, шен вешин эрчаяьккхина юьхь цкъа а бIаьргашна дуьхьалара дIа ца йолушверг. Амма Себара ца тохийтинера, герз а доцуш волу стаг вийча, наха бехк буьллур бу аьлла. Гучу а ца бовлуш, IадIийнера хIорш.

ШолгIа, кочахь топ а, юкъахь шаьлта а йолуш нисвеллера, амма цуьнца кхин цхьа стаг хиллера. Нехан стагана юххехь вер а ца тарделла, тIаккха а витинера.

Оццу варшахь кхозлагIа кIело йина xloрш болуш, вогIуш хиллера Саьлмирза, ша, юкъах шаьлта йолуш.

Шега тохийтахьара цунна топ аьлла, хьаьвзинера Асхьаб. Ткъа дас аьллера:

– Цуьнгахь топ яц. Тапча яц. Цуьнгахь ерриг тухур ю вай а.

Шен топ кIанте дIа а елла, Саьлмирзина дуьхьалвала кечвеллера Себар. Шех бIаьрг кхетча, и вухур вуйла хууш (цуьнан «стогалла» евзаш), жимма тIехъозавалийтинера. ТIаккха, цIокъберг  санна, гlapа-тата доцуш, кхоссавелла, пхьарс лаьцна, сацийнера, шегахьа схьа а верзош:

– Iайт, жIаьла, яI, жIаьла! ХIинца-х ма ду хьо сан карахь! – аьлла, хьалха дIахIоттийнера. Пхьарс дIа а хоьцуш. – ХIинца ас тоьдур ву хьо. Боьрша хетта а тоьдур вац, цу ахь диначу ирчаллина тоьдур ву. Адамах къахета адамалла-м хьоьгахь ян а яцара, берахь дуьйна а! Цицигашкахь, жIаьлешкахь, бежнашкахь ахь даллочу Iазапо а гойтуш дара иза-м. Вуьшта, эхь мукъане а хIунда ца хийтира хьуна, наб кхетта Iуьллучу адамна коьртах диг тоха? Цул тIаьхьа цуьнан юьхь тIе шаьлта еттар хIун дара хьан? Цкъа тоьхча а, уьттазза тоьхча а ца Iебаш! И хьайчул цIена хилар дара?.. Хьай, неIалт хила цу хьан боьхачу юьхь тIе! Боьрша йоцу хIума! Схьаяккха хьайн шаьлта! Ас тухуш ю хьуна хIинца!

ТIаккха, баттара яьккхина, шаьлта тоьхнера Себара Саьлмирзина аьрру белша тIе. Дукха чIогIа ца тоха дагахь тоьхнера, охьавоьжна валале дикка теда ойла йолуш. Амма чIогIа тоьхна хиллера: гIабакхах санна, чуяхана иза, аьтту агIорчу тIа тIе хIоьттинера. Саьлмирза охьавоьжнера.

ТIаккха варшара схьаваьлла Асхьаб хьаьвзинера, Саьлмирзан юьхь ата лиъна.

– Мегар дац! – аьллера Себара буьрса. – Охьавоьжначул тIаьхьа тоха мегаш дац стагана, дийна и хилча а. ЖIаьло жIаьла а дуьту, охьадоьжча. ОьгIазвахарх, йицъян мегар дац адамалла.

 

3

 

Буьйсанна гулделлачохь, «кхераме» хIуманаш а дуьйций (шайтIанаш а, белла нах а хьехабой), «майралла» къуьйсуш хуьлура берийн: «Маьждиган мимар чу куй билла мила ваьхьар вара?» – бохуш. Бераш хьовх, дикка андабевлла кегийраш а хуьлура цу къийсамашкахь дакъалоцуш, дукха хьолахь кегийнаш дIахоьхкуш.

Оцу андабевллачех цхьамма – Юнасан Iелас – юкъадаьккхинера цхьана буса, «Шийлачу шовданера» хи дан ваха мила ваьхьар вара, бохург.

Эвлана башха генахь а ца хиллера, амма дукха буьрса, дийнахь а стаг ваха озалуш меттиг хиллера и «Шийла шовда» эриг, юькъачу хьуьн чохь, кIоргачу Iин чохь, луьста къух даьлла, черчий, хьакхарчий, берзалой, цIокъбергаш хуьлуш (хабарехь)!

Ша ваьхьар вара, аьллера Эскарханан Илеса, пхийтта- ялхитта шо хир долуш волчу.

Илес дIаволавеллера, цIера чIуьжарг1 а схьаоьцуш воьду ша аьлла. Ткъа Iела, дуьхьал дол-долчухула оьккхуш, цунна кIелхаа вахнера, иза кхеро.

Шалго тапчанаш хуьлура хьалха, тIехь-кIел эчигаш а йолуш, цхьа зIок а йолуш. Цу зIакар тIера цхьа пIилдиг хьала ца саттийнехь, ший а йолура, цкъа йожийча. И тапча а яьхьнера Илеса цIера, дех лачкъийна.

Юла а юьйлина, карахь и тапча а йолуш, готтачу гIашлойн новкъахула хи долчу Iин чу воьссинера Илес, юххерчу бердах буьйсанан олхазарша хьоькхучу цIогIанаша дегIе зуз а оьхуьйтуш. ЧIуьжарг хих а юьзна, xlapa вухавоьрззушехь, юххерчу ярашлара цхьа хIума хьалаайаеллера, боьха мохь-цIогIа а хьоькхуш...

Цул тIаьхьа хилларг дагадогIуш а, дийца хууш а ца хиллера Илесана.

Цхьана куьйгахь хих юьззина чIуьжарг а йолуш, вукху куьйгахь яьсса тапча а йолуш, берийн тобанна юкъаиккхинера Илес, хьераваьлларг санна, вистхилалуш а воцуш.

Шекбевлла бахначарна Iела карийнера ярашлахь, велла. Нийсса даг тIе кхетта хиллера ши хIоъ.

Шен кIентан валар муха хилла а хьаьжна, Юнаса хабар тоьхнера ЭскархангIарах: цIера довла ма гIерта, цхьа а тайпа чIир-гамо хир яц вайна юкъахь аьлла.

Хила а ца хиллера.

 

4

 

Базарара гIуллакх чекх а даьлла, юьстахваьлла, лаьтташ хиллера ХIарон, накъосте хьоьжуш. Луларчу кIотарара цхьаьна веана хиллера xlapa шиъ. Цхьаьна цIа ваха везаш а хиллера.

Иштта лаьтташ ХIарон волуш, цхьа кхин стаг веанера кхунна тIе, хlapa вевзаш, амма кхунна вевзаш а воцуш. ХIаронан хеннара эр долуш стаг хиллера, шовзткъе иттех шо хир долуш. Амма чIогIа бос баьхьна хиллера, цхьа хIума лоьхуш санна кхерсташ ши бIаьрг а болуш. ХIаронца къамел доло а гIерташ, цунах дош ца хуьлуш воллуш хиллера и стаг. Цо лелориг лартIехь дацар а гуш, хIун ду ца хууш, лаьтташ ХIарон а хиллера.

Оцу минотехь цхьа кхин схьаваьллера базар юккъера, карахь топ а йолуш. Гергахьа а гIоьртина, гlaп-аьлла топ тоьхна, ХIаронца лаьттарг охьавиллинера цо. И охьа а виллина, дIаволавеллера.

– Собарделахь, хIай, къонах! Xlapa хIун ду ахь динарг? ДIа ма гIолахь! – бохуш, тIаьхьа ХIарон а волавеллера.

 – Суна тIаьхьа ма гIерта, ас вийнарг сайн мостагI ву! – аьллера вукхо.

– Ой, ткъа, суна юххе а хIоттийтина ца вийча, кхин меттиг яцара хьуна и вен? ТIаьхьа а гIертар ву, дIа а вохуьйтур вац! – аьлла, тапча йиттина, вийнера ХIарона и стаг.

 

* * *

Дагахь хIиттийна суьрташ а доцуш, билггал хилла xlyманаш ду и дийцинарш (цундела яртийн цIерш а ца яьхна, нехан цIерш а кхин ю).

ХIинцалерачу хьесапехь, «акхаралла» ю и, амма дегнаш «къиза» долуш, кхетамаш «акха» болуш лелийна долу «хIуманаш» дац уьш. Къоман исторически кхиаран хьелашкахь иэшарна кхолла а делла, хIетахьлерачу юкъараллин дIахIоттаман хьашташна гIаролехь лаьттина долу законаш ду уьш. Кхечу ламасташца цхьаьна, вайн къоман «юьхь», цуьнан оьздангалла меттахь латтийнарш ду.

ХIинца оьшуш дац: хIинца Iедалан законаш ду лелош. Амма, хIетахь уьш ца хиллехь, къоман лаккхара мораль Iалашлур яцара. Дикачу aгlop яьржина хир яцара вайн жимачу къоман цIе доккхачу дуьнен чу.

Цецваллал тамашийна дерг кхин ду: оццул «акха» долу и законаш а лелийна вайн дайша йоккхачу оьздангаллица (масала, карахь герз доцуш хилча я нехан стагаца хилча, мостагI цавер, кхидерш). Духовни культурин лаккхарчу тIегIанаш тIехь бен хила амал доцург ду и.

Цуьнга хьовса безаш бара (цуьнга хьовса безаш а бу!) хIинца дастаме леларш.

http://www.orga-journal.ru/