Аьхкенан Iодикаяр

Печать

Нравится

1480090 original

Константин Паустовский

 

Аьхкенан Iодикаяр

 

Масех дийнахь, ца соцуш, шийла догIа деара. Бешахь гуьйренан дерачу механ гIовгIа яра хезаш. Делкъал тIаьхьа диъ сахьт даьлча, оха мехкадаьттан къоьгам (1) латийра, аьхке гуттаренна а дIа а яьлла, латта, ген-гена а долуш, дуькъачу дахкарна а, синтем боцчу боданна а, шелонна а юккъе дIадоьду аьлла, хеталора.

 

Ноябрь беттан чаккхе яра – юьртахь уггаре а сингаттаме хан. Ширачу миндар-г1антахь (2), хьарча а хьаьрчина, дийнахь сарралц дижина Iуьллура тхан цициг, Iаьржа хи корах кхетча, сама а оьккхуш.

Некъаш доьхнера. Хино йохьуш можачу басахь чопа яра. Олхазарш, шайна д1аловчкъа меттиг йолчохь, къайладевллера. Тхо долчу цхьа а ца вогIура: я воккха стаг Митрий а, я Малявин Ваня а, я хьуьнан хехо а.

Уггаре а дика хан суьйранна яра. Оха пеш латайора. ЦIеро гIовгIа йора, цуьнан цIен серлонаш ханнийн пенаш тIехь а, суртдиллархочун Брюлловн суьртана – ширачу гравюрина – тIехь а дегадора. Миндар-г1анта дIа а таьIна, тхоьга хьоьжура иза, оха санна, йоьшуш йолу книга дIа а теттина, ешначух ойла а еш, дечиган тхевна тIе детталучу догIане ла а доьгIуш.

Къоьгамаш сирла йогура. Шен тайна мукъам бора цIестан самоваро-заьIапхочо. Иза чу ма-еъана, хIусамехь аьхна хуьлура  – коран ангалешна тIе Iаь а лаьцна. Дийнахь а, буса а царна тIедетталуш долу диттан цхьалха га къайладаларна хила а мегара иза.

   Чай а молий, пеша хьалха книгаш еша охьаховшура тхо. Ишттачу суьйренашкахь къаьсттина хазахетара Диккенс Чарльзан еха а, дегалазаме а романаш йоьшуш я «Нива» а, «Живописное обозрение» а цIераш йолчу ширачу журналийн агIонаш луьстуш.

 

Буьйсанна жима къорза жIаьла Фунтик кест-кеста гIенах доьлхура. Хьала а гIаьттина, цунна тIе йовха тIергIа хIума таса езаш хуьлура. Хьан куьйгах баркаллица мотт а хьокхий, доккха  са а доккхий, дIатоьра иза. Арахь болчу боданехь догIанан тулгIенаш идар а, мох цIийнах летар а хаалора. ХIокху йоьхначу буса чекх са гуш йоцчу хьуьнахахь цхьаъ висина хиларх ойла йича, дегIе хорша йогIура.

Цкъа буьйсанна со самавелира, цхьа тамашийначу синхаамца. Суна со гІенах къорвоьлла моьттира. Со, ши бІаьрг схьа а ца боьллуш, вехха ладоьгІуш Іуьллура. Эххар а со кхийтира, сайн лерсинна хІумма а ца хилла хиларх, дуьххьалдІа арахь йоккха тийналла д1ахІоьттинера. Цунах «елла» тийналла олу. ДогІа деллера, мох беллера, гІовгІане а, тем боцу а беш еллера. Деккъа цхьа цициго гІенах деш долу «хур» бен, хезаш хІумма а дацара.

Ас бІаьргаш схьадиллира. Чохь цхьа аьхна яьржина серло яра. Хьала а гІаьттина, кора тІе вахара со – арахь диллина ло дара, цхьана а тайпана гІара а яцара. Дахкаречу стигалахь инзаре лакхахь цхьалха бутт бара кхетта, цунна гонаха сегаш можа серло яра.

Маца деана-те дуьххьарлера ло? Пена тІехь кхозучу сахьтана тІе вахара со. Чохь тІех сирла хиларна, сахьтан цхьамзанаш къаьсташ дара. Цара ши сахьт даьлла хан гойтура.

Суна буьйса юккъе яхча набкхеттера. ТІаккха, шина сахьтехь оццул хийцаделла дІахІоьттина Іалам, доцачу шина сахьтехь аренаш а, хьаннаш а, бошмаш а гІурано дІалаьцнера.

Корехула арахьаьжча, бешахь долчу къохкан гаьнна тІе хууш доккха мокха олхазар гира суна. Га лестича, цу тІера ло охьадуьйжира. Олхазар, меллаша хьалаайаделла, дІадахара, ткъа ло кхин а охьаоьгуш дара, Керлачу шарна кечйинчу базана тІера оьгу ангалин догІа санна. Юха дерриге а дІатийра.

Рувим самавелира. Вехха корах арахьоьжуш а Іийна, доккха са а даьккхина, цо элира:

– Ма хаздо  латта  дуьххьарлерчу лайно.

Эхьечу нускалах тарделла, кечделла дара латта.

Ткъа Іуьйранна гонаха дерг дерриге а «къарш» деш дара: гІорийна некъаш, учена хьалха эгна гІаш, лайна кІелхьара хьалакъеда ниттийн Іаьржа гІаддаш.

Оха чай молучу хенахь, халла веана, чоьхьавелира воккха стаг Митрий. Ло диллина, некъ баларца тхо декъал а дина, цо элира:

– Даточу ной чуьра лайн хица цІандели-кх латта.

– Иза мичара даьлла хьуна, Митрий, иштта дешнаш? – хаьттира Рувима.

– ХІун? Нийса дац иза ткъа? – вела аьшна дира воккхачу стага. – Кхелхинчу сан нанас дуьйцура: хьалхалерчу заманашкахь мехкарша дато кхаби чуьрчу хьалхарчу лайн хица шайн яххьаш юьлура, цундела церан хаза бос бан а ца бовра, бохуш. Ткъа иза, диканиг, Петр-паччахьан заманал а хьалха хилла ду, кхузарчу хьаннашкахь талорхоша совдегарш чІанабохучу хенахь.

Іаьнан хьалхарчу дийнахь чохь саца хала дара. Хьаннашкахь долчу Іаьмнаш тІе дахара тхо. Воккхачу стага хьуьна йисте кхаччалц новкъадехира тхо. Цунна а лаьара Іаьмнаш долчу ван, амма «даьІахкашкахь долчу лазарша ца воуьйтура иза». Лайно серлаяьхначу хьаннашкахь хаза, аьхна тийналла лаьттара.

Де, набарна тевсича санна, дара. Кхоьлинчу лекхачу стиглара наггахь цхьалха лайн чимаш оьгура. Оха царна тІе Іаь тоьхча, чимех цІеначу хин тІадамаш хуьлура. Юха уьш, макх а лой, гІора а дой, лаьтта охьакерчара, буьртигаш санна.

МаьркІаж-хан хиллалц хьаннашкахула кхерсташ лийлира тхо, евзаш йолчу меттигашка а кхочуш. Лайно кхелинчу, датта олучу дитташ тІехь, дуса а делла Іачу цIаьлгIарз-олхазарийн жатташ яра.

ГІурано чахчийначу цІечу даттан масех кан баьккхира оха – иза аьхкенах а, гуьйренах а долу тІаьххьара иэс дара.

Ларин айма олучу жимачу Іома чохь дуккха а Iеха бу. ХІинца Іома чуьра хи Іаьржа а, хьаьъна а дара – берриге а Iеха буха охьабахана.

Бердашкахь шен аса ю, ангалин йолуш санна.  Дукха сирла хиларна, ша юххехь а гуш бац. Берда йисте еана кегийчу чІерийн жІуга а гина, ас царна тІе жима тІулг кхоьссира. ТІулг ша тІе а боьжна, зевне дІакерчира, чІерий, шайн пелагаш а къагош, хин кІоргене хьаьвдира. Ша тІехь, тІулг кхеттачохь, лар йисира. Цундела хиира тхуна берда йистехь а ша бина хилар. Куьйгашца шен дакъош кегадора оха. Цара карахь «ткъарш» дора, пІелгаш тІехь лайн а, хьуьнан ораматийн а ийна хьожа а юьтуш.

Цхьаццанхьа хотешкахь гІийлачу аьзнашца декаш а, тIомадуьйлуш а олхазарш гора. Коьрта тІехула йолу стигал чІогІа сирла а, кІайн а яра, ткъа анайистехь иза юкълора, шен басаца дошах а тарлуш. Цигара меллаша схьашершара ло дохьуш йогІу мархаш.

Хьаннашкахь тІеттІа бода булуш лаьттара. Гонах тийна дара. Эххар а дуькъа ло деара. Іоман Іаьржачу хи чохь дешара иза. Цо юьхьах гилгаш дохура, мокха кІур санна, хьуьна чохь охьаоьгура иза.

Лаьтта тІехь дола дан хІоьттира Іа. Амма тхуна хаьара, нагахь кІеда, месала ло куьйгашца дІасахьакхахь, цунна кІелахь хьуьнан аьхна зезагаш карор дуйла, хаьара, пешахь цІеро гуттар а самукъане гІовгІа йийр юйла, вайца Іа доккхуш цIаьлгIарзаш дисинийла, цундела Іа, аьхке санна, исбаьхьа хетара тхуна.

 

1940 г.

 

Нохчийн матте гочйина Арсанукаев Мусас

 

 

 

________________________

 

1. Къоьгам – лампа

2. Миндар-гӀант – кресло

http://www.orga-journal.ru/