Цхьана сохьтан алапа…

Печать

Нравится

ui-505952ec4a57a7.63125135

АХЬМАД М. БАТИ

 

Цхьана сохьтан алапа…

 

КӀадвелла, суьйранна балхара цӀа веара да. Жимма садаӀа дехьа чу воьдуш, неӀарехь тӀевеанчу итт шо долчу цуьнан кӀанта, саца а вина, хаьттира:

– Дада, балхахь хьуна цхьана сахьтана мел ахча ло?

– Итт туьма ло, – аьлла жоп делла, кӀантаца къамел кхин дах а ца деш, дехьа чу велира да.

Цхьа кӀира хан яьллачул тӀаьхьа, гуттар санна, шен балхара цӀа вогӀу да ларвеш, коре а хиъна Ӏаш вара кӀант. Да чоьхьа валарца цунна тӀе а хьаьдда, кӀанта элира:

 

– Дад, цхьа хӀума дара сан хьоьга ала лууш. Цхьана минотехь ладугӀур дарий-те ахь? – велакъажарца ден бӀаьра а хьоьжуш.

– ХӀаъ, ладугӀур ду кӀант. ХӀун ду хьан соьга ала лууш? – элира дас, цхьа а гӀайгӀа йоцуш санна, дӀа-схьа а бӀаьргаш а кхарстийна.

– Дад, дагадогӀий хьуна ас хьоьга хаьттина, хьуна цхьана сахьтана балхахь мел ахча ло аьлла. Ахь суна хӀора дийнахь деллачу ахчанах ас, дерриге а дохка а ца духкуш, цхьа дакъа гулдора. Итт туьма ахча гулди ас.

– ХӀан, дада, хӀара итт туьма ахча ду хьуна, балхахь санна, соьца а цхьана сахьтана охьахуур варий-те хьо? Ма чӀогӀа лууш ву со хьоьца,  цхьана сахьтана бен дацахь а, къамел дан, – сихвелла, шен киснара ахча схьа а эцна, шен дега дӀакховдийра кӀанта, догдахарца шен ден бӀаьра а хьоьжуш.

Оцу дехаро цец а ваьккхина да, голаш тӀе охьа а лахвелла, нийсса шен кӀентан бӀаьра а хьоьжуш, кӀентан белшаш тӀе шен ши куьг диллинчохь, сацавелира.

– КӀант, хаьа суна, кху дахарехь а, балхахь а хьаьдда-ведда лелаш, хьо ас вицвиний. Амма, ца хаьара суна, хьо иштта чӀогӀа хьаьгна вуй  соьца охьахаа а, къамел дан а, аьлла, велакъажарца шен кӀентан хьаьж тӀера месаш нис а йина, къевллина маравоьллира цо.

Хьомсара дай-наной! Ма мотталаш, оцу шайн берийн дегӀан а, синан а хьашташ еккъа юург-мерг а, царна йо харж а бен яц. Цара шайн дагахь дерг ма-дарра схьа ца алахь а, уьш хьаьгна хуьлу шуна вайца охьа а хевшина, даггара къамелаш дан. Царна ма лаьа шайн гӀайгӀанаш а, хазахетарш а  дена-нанна довзийта, сих-сиха вайх дагабовла. Берийн дахарехь уггар а доккха масал ма ду да-нана. Цундела, хӀора дийнахь дацахь а, вай,  дай-наноша, жимма мукъане а хан яккха езара вешан берашца, цаьрга лерина ладугӀуш!

 

http://www.orga-journal.ru/