БЕКСУЛТАНОВ МУСА

Печать

Нравится

                 Цхьана могIанехь…

                                                                 Эссе
Дерриш а адамаш цхьатера хилча, Iен-ваха ма хала хир дар-кх, гуттар а гуш цхьа сурт а долуш – эза-эзарчу нехан цхьа юьхь, цхьа амал, Iовдалалла а цхьаъ.
Адамна хало ган еза, атталле сатаса, юха цуьнга кхача, хазалла ган.
Хазалла хьан-хьанна а ца го:
Я могу умереть от горя,
Когда ты идёшь стороною…
бохучу Хименесан дешнех кхета кIезиг синош ду кху лаьттахь. Хименеса хазалла юьйцу цу дешнашкахь, хазалло кхуллу безам, безамца кхочу синан цхьалла а.
Суна поэт вовзале, цуьнан васташ хезна, шенчул дика аз доцчу илланчин озехь.
Со ца теша, «Даймохк-Нана» бохучу Мамакаев Эдуардан дешнаш тIехь даьккхина долу илли Далхадов Аптисчул мукъаме кхечу озаца декалур ду, аьлча.
Цу дешнашкахь, Дала деллачу дикачу совгIатех ши совгIат а ду: Даймохк, Нана.


Нана санна, Даймохк беза
Аьлла, дита хIоттац со;
Дегабаам барна кхоьру,
Цунна ша ца хетча сов.
Даймохк!
Нана!
Стенца лара
Аса шуьга безам сайн?
Цхьа а терза
Дац и оза, –
Хоьар бац и даг чу бен.
Даймохк санна, нана еза
Аьлла, дита хIоттац со:
Дегабаам барна кхоьру
Нанас, ша ца хетча сов.
Мокхаз-бердах тулгIе санна,
Бердах ваьржаш геннара,
Маржа, Даймохк, ненах санна,
Хьан марахьарча даггара!

Суна тахана дага ца догIу Iарбин кIант Эдуард сайна маца гина, маца вевзина, гуттар а иза сайна иштта вевзаш хилча санна хетар бен.
Эдуард гинчу дийнахь суна дуьххьара адам гира, цхьаьнца а цхьа а хьагI-гамо йоцу цхьалха, экама адам.
Иза дахаро ца човхийна я цуьнан накъостий а ца хилла бохург дац кхузахь…
ХIан-хIа, цуьнан дукха хилла накъостий, тахна а бу, ши шай мах боцурш а тIехь, цхьаьллиг цхьаъ мостагI а воцуш.
Цо уьш берриш а – дика-вон ца къестош – беза хьеший бой, тIе а оьцу шен хIусамехь.
Уьш дIабоьлху, деза-даккхий къамелаш а дой, нахехь, хьовха, шайн цIахь а хьеший хила Iемина нах. Царна тIаьххье кхиниш а богIу.
Уьш а боху хIусамдас хьошаллица новкъа. Поэт ша вуьсу, ша хьешашца лелон гIиллакх – цу хьешийн дикаллица доцуш – цхьана декхарна дуйла а хууш, дас дитинчу дезачу декхарна:
Хьайн мехкан, хьайн халкъан
Ирс дебна аьлла,
Догдика хиллачу
Сирлачу дийнахь,
Дуьненах воккхавеш,
Самалхадаьлла
Хьо велахь, къонахчун
Дог ду хьан кийрахь!
Варий кIант! Нахаца
Тешам берг товш ву.
Хьоме мохк безалахь,
Нанна бер санна,
Стаг волчо вон-дика
Цхьабосса ловш ду,
Оьзда гIилкх ларделахь,
Вайн дайша санна!
Вайн нехан хьал-де ахь
Хийра гIулкх ларахь,
Хьо къонах воцийла
Хаалда хьуна.
Вуьззина нохчийн кIант
Сайн воI ву алахь,
Ирсан да суо хеташ,
Там хир бу суна!
Йозанца йоьзна йолчу исбаьхьаллел уггар лакхара исбаьхьалла поэзи ю.
Поэзи – кхин зама ю, эза-эзар шераш.
Поэзи – доIа ду, юха поэт – ша а. МогIанца са деха, Дала кхоьллинчу дешан са, цхьана вастехь денделла. Дика я вон цхьа а поэт вац, цхьаъ кхоьллина а, исбаьхьа могIа кхоллаза я цхьана могIанехь – дуьненан исбаьхьалла.
И цхьа могIа тоьаш а бу – лакхахь вай бийцина Хименесан могIа санна – шен зама шел тIаьхьа денъян.
Чардакх тIехь соьца
Тийна Iа буьйса.
Шийлачу хIуоно техкадо тхо.
ДIо генахь цхьаьнга
Пондаро кхойкху, –
ТIам тухий, сан са Терке дIахьо.
Пондар тIех буьйлу,
Дог карзахдуьйлу:
Соьга кхин цуьнца къийса ца ло.
Сан метта кхин кIант
ХIоз хоьхкуш лела,
Чан эцна серахь бералла хьо…
Суна кху могIанашкахь – стихан дикалла хилла ца Iаш – масех васт карадо шен меттехь нисделла, поэзи хIун ю хоуьйтуш долу васт.
Чардакх тIехь соьца
Тийна Iа буьйса
бохучохь, коьрта – соьца тийна Iа буьйса, бохург ду, со а, буьйса а цхьаъ ду тхайн цхьаллица… Буьйса садолуш ю кху стихехь, буьйса накъост ю, поэтаца чардакх тIехь дагалецаме, ойланашка яьлла, поэтан сица уьйш, поэтаца тийна Iаш.
Буьйса поэта шеца накъост веш нисъярехь, Iаламат дукха суьрташ кхоллало ойланехь, хIоранна а – дешархочунна – шен – шен хилла кхин буьйсанаш дуьхьал а уьдуш я кхин дагалецамаш.
Суна тов и васт чIогIа, и буьйса а го суна, чардакх тIера геннахь лепа юьртара серлонаш а, сан хьийза са а цхьана хьегамна.
Юха-юха а аьлча, чардакх тIехь лирически турпалхочуьнца тийна Iачу буьйсано – сурт а, ойла, дагалецам а – хьайн ерриг а жималла, когашIуьйра идда бералла, дуьххьара хьуна гина йоI – дерриг а цкъа схьаохьарца, бIаьргаш хих бузу-кх хьан…
ДIо генахь цхьаьнга
Пондаро кхойкху,
ТIам тухий, сан са Терке дахьо…

Кхузахь коьрта пондаро кхайкхар дац, дIо генахь боху ши дош доцург.
Дерриг а са карзахдоккхург – пондаран аз геннара хазар ду, цкъа лакхдолуш, юха лахлуш, махо дIасакхоьхьуш долу.
Генахь бохучу дашо авторан я турпалхочуьн иэс меттахдоккху, цу иэсо дIахьо, авторо ма-боххура, тIам тухий.
Оцу шен – цу стихехь цо кхуллучу – тIеIаткъамца генахь кхойкхучу пондаран озо еш ю ерриг а стих, и дош юккъехь ца хиллехь, цу стихан мах иштта лакхара а хир боцуш, соьца тийна Iа буьйса боху дешнаш а цхьаьна. Шеко йоцуш, и стих лакхарчех лекха кхиам а бу поэтан, дешархошна динчу совгIатех доккха совгIат а долуш.
Сан метта кхин кIант
ХIоз хоьхкуш лела,
Чан эцна серахь бералла хьо.
ХIара ши васт цхьаъ ду, вовшахкъаста йиш йоцуш, цхьаъ вукхо дIалоцуш, тIедузар а доцуш – ерриг а, аьлла – массеран а бералла юьйцуш долу.
Эдуардан поэзехь суна – дешархочунна – цхьатерра деза, хьегаме, са охку васташ дукха долуш я долчара тIеIаткъам алсам бечех стих а хета «Чардакх тIехь» цIе йолу стих, ас лакхахь: «Цхьа могIа а тоьаш бу шен зама шел тIаьхьа денъян» – баьхначу могIанех могIанаш а долуш шена чохь.
«Даймохк – Нана» – кхин а цхьа жовхIар ду поэтан кхоллараллехь:
Нана санна, Даймохк беза
Аьлла, дита хIоттац со;
Дегабаам барна кхоьру,
Цунна ша ца хетча сов.
Даймохк!
Нана!
Стенца лара
Аса шуьга безам сан?
Цхьа а терза
Дац и оза, –
Хоьар бац и даг чу бен.
Даймохк санна, нана еза
Аьлла, дита хIоттац со:
Дегабаам барна кхоьру
Нанас, ша ца хетча сов.
Мокхаз-бердах тулгIе санна,
Бердах ваьржаш геннара,
Маржа, Даймохк, ненах санна,
Хьан марахьарча даггара!

Кху стихан бархI могIанан мехалла дуьххьала дустарца ю, хIара-важа, аьлла, цхьаъ къасто йиш йоцчу хаттарехь.
Авторо цу хаттарна цхьаъ бен доцу нийса жоп а ло – уьш къасталуш цахилар.
Стихан екар ша-тайпа хиларан бахьана суна, и стих, дукха хьолахь, доццачу – цхьана слогах лаьтта кхо-диъ дош ул-уллехь нисдаларехь го, тIаьххьарчу дашна тIе тохар а (ударени) нислуш.
Стих вотан хедачу екарехь нисйина хета я джазан аккорд – аьзнашца.
Дика стих ша-шаха нислуш санна хета там бу, авторна шена а муха нисъелла а ца хууш нисъелча санна, амма шедевр, поэтан бен, делитантан цкъа а ца нисло я ша-шаха а, я вуьшта а, цхьа могIа-м нислур бу.

ГIара-
гIулийн
гIийла
гIовгIа
ГIергIа
къилбе
гена
новкъа
Кхузахь – гIийла гIовгIа, гена новкъа боху дешнаш, къастаран гIайгIа я некъан бала балхош ду, я хьегначу ирсах хадар. И дешнаш коьрта а ду, и стих иштта нисъяларехь.
Кхин цхьа совгIат а кхечи соьга поэтера хIокху деношкахь, «И Iуьйре ца хиллехь» цIе йолу цуьнан киншка зорбане ялар, язъяхьара, бохуш, ас дукха шега ялхийна Казахстан юьйцуш, диъ шо долчу беран хенахь ненах а, гергарчех а къаьстина, 44-чу шеран Iаьнан шелахь нохчийн къомаца цхьаьна ша Казахстане баьхьна Iожаллин къиза некъ буьйцуш.
Иза доккха совгIат ду и повесть, шен долушдерг а, дIадахнарг а ца лоручу – тахана а вокзалехь, новкъа дала кечделча санна, Iачу – иэс дайначу хIокху къомана Эдуарда шен – буоберан – къаьхьачу дагалецамех дина совгIат.
Эдуардан кхолларалла шуьйра а, йоккха а ю (вайн кху эссехь ерриг а цуьнан кхолларалла талла Iалашо а яц): поэзина, прозина, драматургина, журналистикина, суртдилларна тIера дIа – историга, археологига, мукъамашка кхочуш, уггар а коьрта – поэт, прозаик хиларал совнаха – къоман дIадахнарг материальни культурехь таллар а, гулдар а, Iалашдар а долуш, шен ден цIарах ша вовшахтоьхначу музейхь.
Вайн махкахь мел йолу музей – къоман музей а тIехь – Эдуарда гулйинчу оцу цхьана музейга а ца кхочу шайн экспонаташца, цу музейхь вайн къоман са ду, вайн къоман истори а.
Со дуккхазза теш хилла, Россера хьовха, кхечу мехкашкара а цу музейчу бIаьрг тоха, цу чохь болх бан, цунах яздан нах эхарх.
Цу чохь яздан хIума а ду, цхьана стага оццул йоккха хазна вовшахтоьхна, аьлча, бакъ ца хетталла.
Суна бер я бераллехь къежвелла жима стаг хета поэт цкъацкъа, юха а цуьнан хийца ца лучу амало цец а вохуш, хIун молха я хIун дарба лехна- те цо беран амалехь сица къона виса, бохуш.
ХIан –хIа, поэт шерашца жима вац, тахана – ас хIара могIанаш яздечу буса я кханалерчу 28-чу дийнан, оханан (апрелан) беттан 20I9 шеран девзткъа шо кхочу Эдуардан, амма, хIетте а, къона а хета, хIунда?
Дала кхетамца дика динчу нахана хууш цхьа бакъдерг ду – къизачу дахарехь адаман гIелалла гар я адамаша къизалле дерзийначу дахаро адаман гIелдар. Цунах я цундела – моьтту суна, – цу бакъдолчух кхетаро, поэт кхиэлахо хилла ца вогIуш, адамийн Iу хила веъна, аьлла, кху лаьтта тIе, дикий – вон ца къестош, адамашна массарна а шегахьара гечдан: суна гина цуьнан кхерчахь лаьтта бен-бен нах, цхьаволчу дас шен хIусаме, хьовха, ша вехачу урамехь а буьтур боцурш.
Поэто шен зама йохьу шеца я, аьлча а, зама сацайо, шен цIарах доза тухуш, и шен зама тIаьхьаюьтуш дIа а воьду, васташкахь сацийна зама.
Поэт а, цхьалла а – цхьа дош ду я цхьа кхетам, шен цхьаллехь сизал дехьара суьрташ а гуш.
Бер а ду иштта, мотт цахуу жима бер, ненан марара батте куьг кхийдорца, нене бутт схьабоьхуш долу. Хазалла кхуллург и бер а ду, поэтан сица дисина бер.
Суна хаьа, нохчийн интеллигенцина я дерриг а вайн къомана Теркйист денйинарг Мамакаев Эдуард вуйла, шен ден Iарбин сийнна цо йиллинчу исбаьхьчу музейца.
Ден сий динчу кIентан сий Дала ша дойла-кх!
28.04.20I9 шо

http://www.orga-journal.ru/