МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Печать

Нравится

 

***

ХIинццалц моьттура –
Малхо
Латтайо лаьтта тIехь
Йовхо.
Дахаран бух хилла
ДогIуш,
Ненан дог хиллера
Догуш!
ХIара дуьне-латта
Паналлехь хьийзаш
Мел лаьтта, –
Шуна декхар дIаделла
Цкъа а
Вера вац, вера вац
Цкъа а!

ГIарагIулеш

ГIара –
гIулийн
гIийла
гIовгIа
Куро
гIергIа
къилбан
новкъа…
– Маршалла Теркан йисте, –
Цхьаммо соьга тIам шен ластий.–
Тхо дIайоьлху
кхечу
бIаьсте.
Керла бIаьсте…
Хьенан даге
ЙогIуш хуьлу керла бIаьсте?
Шуьга шарахь
шозза
ярах
Суна-м цхьаъ ю,
Мел со вахарх.
ТIаьхьахIотта тIемаш дац сан,
БIаьсте лаха меттиг бац сан.
Амма аш дIаяхна бIаьсте
Карлаяхарх,
Дог ца хьостий,
Со-х, шу новкъа яха лиъна,
Веъна регIа, аш садиъна.
ГIарагIулеш, гIарагIулеш,
Сан са дитий,
ГIойша шаьш…

КогашIуьйра гуьйре

Сийналлехь са даьржаш,
Мерза наб кхетта,
Юрт Iуьллу, дохк-юргIа
Когашка текхна.
Бекхалой гIоттучу
Дашочу малхо,
Iуьллучохь юрт юьтий,
Мотт-гIайба дIахьо.

Юрт гIотту. Туьнкалгех
КIур къаьста халла.
Ураме йоI йолу
Етт беже лалла.
Бацалахь хьулъелла,
И гена йолуш, –
Моттало Iуьйре а
Ю цуьнца йоьдуш.

Берзанчу когашка
КIархаш а тудий,
Шовдан чохь юьхь йила
ДIайоьду Iуьйре…
Ницкъ болуш велар со
И сацо, маржа,
Я цунах экаме
Дегнаш чу варжа!

Ден суьрта хьалха

Чохь баьрче даьккхина,
Хьан сурт ду хьоьжуш.
Ткъес санна, кхерстийна
Хан гуро сацийна.
Дуьненчохь бехк боцуш
Чов йинчу хено
Хеназа хIоттийна
Хьаж тIехь муо го.

Ткъа бIаьргаш…
Хьан бIаьргаш дийначех лепа,
Я гIайгIа
Я бала
Балхабац цара.
Хийла шайн Iожалца
Къийсинчу царах
Моттало, хи долу,
Стаг шайга хьаьжча.

Вон-дика нисделла
Сайна гIо эшча,
Я некъах некъ къастош
Шекваьлла хилча, –
Со хIутту хьан суьртан
БIаьргашка хатта:
Хьоьх дагаваьлча, ас
Кхиэл нисйо атта.

Гурара вуссий, хьо
ДIахIутту соьца,
Сан белшах белш тухий,
Дош хьайга оьцу.
Ишттачохь хьехархо
Хилийта аьлла,
Байташка баьккхина
Весет-мотт буьйцу:

«Хьайн Мехкан, хьайн халкъан
Ирс дебна аьлла,
Дог дика хиллачу
Сирлачу дийнахь,
Дуьненах воккхавеш
Самалха даьлла
Хьо велахь, – къонахчун
Дог ду хьан кийрахь.

Варий, кIант, нахаца
Тешамберг товш ву.
Хьоме мохк безалахь,
Нанна бер санна,
Стаг волчо вон-дика
Цхьабосса ловш ду,
Оьзда гIилкх ларделахь,
Вайн дайша санна.

Вайнехан хьал-де ахь
Хийра гIулкх ларахь,
Хьо къонах воцийла
Хаалда хьуна.
Вуьззина нохчийн кIант
Сайн воI ву алахь,
Ирсан да со хеташ,
Там хир бу суна».

… Атта бац оьзда некъ,
(Хьо-м цунах кхетта)
Ямартло, тешам, барт
Юх-юххехь лаьтта.
делахь а сирла дог
Онда ду даим;
Йовсарийн дегнашка
Дуьллуьйту цуо им.

Хьан весет даим а
Сан лерехь дека.
Нацкъара ваьлча, со
Воккху цо новкъа.
ПаргIата Iилла хьо:
Дуй бу сан биъна –
Шух бисна оьзда некъ
Кхин дIа а билла.

Орга №2. 2019

http://www.orga-journal.ru/