ГАЗИЕВА АЗА

Печать

Нравится

ismailov

Нохчийн меттан верасех цхьаъ

(Нохчийн яздархочун Исмаилов Абун 70 шо кхачарна лерина)

ЧIогIа чолхе беара дерриге а нохчийн халкъана ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталун мур. Бахбеллачу тIамо садукъийнера адамийн. Харцоно хьаьшна, гIийла сауьйзуш яра Нохчийчоь. Бомбанаша, ракеташа хIаллакйинера нехан хIусамаш а, Iедалан гIишлош а. ГIаланийн а, яртийн а некъашкахула хоьхкуш бронетехника яра. Оцу хьолах ца Iебаш, тIаьхь-тIаьхьа карзахбуьйлуш зуламхой бара.


Оцу халачу хенахь дара Нохчийн яздархочо Исмаилов Абус «Дош» цIе йолу дошам арахецча. Цунах массарна а боккха кхаъ а хилира. Нохчийн, оьрсийн а (нохчийн меттан дошам) меттанашкахь ткъа эзар гергга дош гулдира авторо. Дошам хилла Iаш яцара иза, дийнна монографи яра. Нохчийн меттан исторех а, тахана цуьнга хIоьттинчу хьолах а кхоллаелла шен ойланаш йовзуьйтура авторо дешхьалхенехь. Абун тептарехь хьахийна нохчийн меттан синонимех, антонимех, омонимех, архаизмех дерг. ТIаьхьа, «Дош» дошаман лаккхара мах хадош, Iилманчаша а тIечIагIдира Исмаилов Абус 2005-чу шарахь ГIалмакхойн махкарчу «Джангар» книжни издательствехь арахецна «Дош» монографи хилар. Луьрачу тIамехь хила тарлучух ийзалуш, кхерамах ларлуш Iийна ца хиллера нохчийн дог кийрахь долу яздархо. Иза къахьоьгуш хиллера. ТIаьхьарчу тIаьхьенийн дуьхьа нохчийн мотт Iалашбеш, шех хIуъа хилахь а, ненан меттан доь дайта ца лууш. Цундела халкъана, махкана шех ала «Дош» дитина нохчийн похIмечу яздархочо Исмаилов Абус. Тахана нохчийн дукхахболчу доьзалшкахь долуш ду и «Дош». И дошам йоцург, дуккха а кхин говзарш ю яздархочун, нохчийн литературехь лараме меттиг дIалоцуш. Абу цхьабосса беркате къахьоьгуш ву поэзехь, прозехь, драматургехь. Дуккха хан ю иза Россин Яздархойн а, Россин журналистийн а Союзийн декъашхо волу.

Бералла

I944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша вайнах махках бахар бахьанехь, генарчу Казахстанехь дуьнен чу ваьлла Исмаилов Абу. Чимкентан областерчу Састюбинан кIоштан Састюби юьртахь I949-чу шеран хьаттан (август) беттан II-чу дийнахь вина иза. Абун цхьа шо а кхачале, тIера да дIаваьлла, ненананас кхаьбна. Дера массеран а санна, цуьнан а ма дезна хийрачу махкахь шело, гIело, харцо, мацалла лан. Амма цхьа ирс хилла, да воцуш, кхуьучу кIентан. Абун ненанана Тоита хьекъална ира, маттана шера стаг хилла. Шийлачу Iаьнан ехачу буьйсанашкахь, цо дуьйцучу туьйранашка, турпаллалин иллешка ладогIа ирс хилла кIентан. Ненананас дуьйцу туьйранаш, цхьа шатайпа говза суртхIоттош хуьлура, дагахкхеташ, ойла марсайоккхуш, хийрачу махкахь велахь а, кIант генара Даймохк беза Iамош. ЙоьIан кIант дIавижош, Тоитас керла туьйранаш дуьйцура я вайнехан шираллера дийцаршца синкхачанах Iабадора цуьнан жима дог. Абуна чIогIа хазахетара и туьйранаш, къаьсттина воккхавера бабас турпалаллин илли дийца долийча. Наггахь кIантана ша тарлора Жумин Акхтула, я Мадин Жаьммирза, даьккхинчу туьраца мостагIаша бина шалха гуо цхьалха берзош. Бабин дийцаршкара девзира Абуна турпалчу дайн доьналла, мехкарийн оьздангалла. Бабас мел олу дош сих хьаьрчаш, дог Iабадора туьйранаша, сирла ойланаш кхиош, кIентан тIомавала дог доуьйтуш. I956-чу шарахь хьалхарчу классе деша Састюбехь вахара иза. I957-чу шеран бIаьстенан юьххехь мерза кхаьънаш даьржира Даймахках хьегийначу вайнахана юкъахь. ХIинца маьрша бара хьомсарчу Нохчийчу богIу некъ. Шайн сал-пал ларчанашка ерзийна, цIехьа богIу некъ юьхьарлецира вайнаха. Хьалха-Мартан Мартан-Чу цIабирзира ИсмаиловгIар.

Дай баьхначу юьртахь шолгIачу классе вахара Абу. Хетарехь, цуьнан дахарехь уггаре а ирсе зама яра аьрхачу бераллин хан. Гал-гIожмех а, буьрканах а ловзар, кхораш лахьо хьуьнха эхар, аьхкенан довхачу дийнахь хи тIе лийча эхар… Иштта, самукъане дIадоьлхура аьрхачу бераллин денош. Амма, кхиъна вогIуш дуьйна, цIийх йоьлла кхин цхьа марзо яра Абун. Лакхарчу классашка ваьлча, цунна книгаш ешар марзделлера. Оьрсийн а, нохчийн а, дозанал арахьарчу яздархойн а говзарш, ца Iебаш, йоьшура цо. Сутара лоьхура нохчийн исторех дерг, шен къоман селхане йовза лууш. I829-чу шарахь оьрсийн яздархочо Загоскин Михаила язйина «Юрий Милославский» историн роман самукъадаларца шозза-кхузза йийшира цо, цу тIехь, цхьана могIанехь хьахийна нохчи хиларна. Иштта, ирачу хьекъалца, цIеначу дагца, сирлачу ойланца кхуьуш вара иза. I966-чу шарахь велира Абу Мартан-Чуьра юккъера школа чекхъяьккхина. Школехь доьшуш волуш дуьйна байташ язъян а волавелира. I965-чу шарахь дуьххьара цуьнан байташ «Ленинан некъ» газетехь зорбатуьйхира. Школа чекхъяьккхина волуш-м цунах баккъал а поэт хилира, «Орга» альманаха тIехь зорбане евлла байташ а йолуш. Иза нохчийн поэтах Мамакаев Мохьмадах даьлла беркат дара. Школа чекхъяьккхинчу шарахь хилира Абун Мохьмад вовза ирс. ЧIогIа дог цIена адам дара Мохьмад, тIехьаьжча буьрса стаг хетахь а. Ша мел сиха валлахь а, дог резадой, тIеоьцура цо йозанашка кхийда кегийрхой. Абуца а вехха Iийра къамеле ваьлла, нохчийн къоман синбIаьвнех цхьаъ ларалуш волу поэт Мамакаев Мохьмад. Тайп-тайпана хаттарш дира, шена хетарг довзийтира, юьхьанца ийзалуш шена тIевеанчу жимачу стеган догъийцира, ца кIордош йозанехь болхбар тIедиллира. Абус деанчу тептара тIера масех байт схьахаьржина, зорбане яккха кечйира поэта. Иштта дIадоладелира Абун нохчийн поэзехь кхиамийн гIулчаш яхар. Iалашо лоцуш, дожийна герз санна, дека Исмаилов Абун хIора дош.

Мел генара хьаьжча,
Лам санна хаалуш,
Сан дош, хьо хилалахь.
Багара дIадаьлча,
Безаман йовхо луш,
Дегнашка дижалахь.
Мичча а хьо кхачахь,
Оьзда а, комаьрша,
ГIиллакхе лелалахь.
Мецачунна – кхача,
Цомгашчунна – маршо,
Хуьлуьйтуш декалахь…

Хьаналчу къинхьегаман юьхь

Мартан-Чуьрчу школехь 1967-чу шарахь хьехархочун даржехь дIаболийра Абус шен хьаналчу къинхьегаман некъ. Хьалхара класс яра цунах тешийнарг. Даймахкана оьшучохь, кийрара схьадаьккхина, мерза са дIадала кийча волчу хьехархочо, цIеначу даггара Iамабора шен дешархой, нохчийн халкъана, махкана муьтIахь адамаш уьш хиларе сатесна. Дарсашна дехкина сахьташ чекхдевлча, белхан хан дIаяьлла лоьручарах вацара иза. Урокаш дIаевлча а Абус дукха болх бора шен дешархошца. Цо дуьйцура вайн турпалчу дайх, ворхIе дех дисинчу гIиллакхех, къонахийн доьналлех, мехкарийн оьздангаллах. Бераллехь дуьйна нохчаллах къилба дина баха Iамабора цо шен дешархой. I968-чу шарахь Советийн эскарехь гIуллакх дан вахара къона хьехархо. Нохчичун амал, синъондалла гойтуш, доьналлица чекхвелира Абу. I970-чу шарахь эскарера цIавирзича, Iер-вахаран бегIийлаш Соьлжа-ГIалахь гIолехь хетта, республикин коьртачу шахьарахь сецира иза. Бакъдерг дийцича, Соьлжа-ГIалахь хIара хьехархочун балха хIотто кечвелла Iаш цхьа а вацара, институте деша вахарх а, цкъачунна, гIуллакх ца хилира. Цундела тайп-тайпана белхаш бан дийзира Абун: слесарь, электрик, гIишлошъярхо, иштта дIа кхин а. Номер I572 йолчу автобусийн паркехь карбюраторщикан болх беш цхьа хан а яьккхира. Амма цуьнан ойла хаддаза литературех хьерчаш яра, иза яздечуьра соцуш вацара. Эххар а, ша сатийсинчу дикане кхечира Абу I974-чу шарахь. Балхана юкъара ца волуш, Нохч-ГIалгIайн университетан филологин факультете деша вахара иза. Дукха хан ялале, Нохч-ГIалгIайн Республикин «Книжни издательстве» корректоран дарже балха дIаийцира. Издательстве балха хIоттарх доккха беркат делира цунна. Бевзира вайнехан цIеяххана яздархой, дукхахболчаьрца гергарлонаш тесира. Корректоран даржера дIаволавелла берийн литературин отделан редакторан дарже кхаччалц, дуккха а шерашкахь белхаш бира Абус. Вайн махкахь а, генна дозанал а арахьа бевзачу яздархошца гергарлонаш тасарх, иза данне а дац Абу царах дIатарвала гIиртина бохург. Юьхьанца дуьйна а кхоллараллехь шен некъалар йоккхуш схьавогIуш ву иза. Цундела шен башхалла ю цуьнан кхоллараллин. Комаьршачу даго хьекъочу ойланаша кхиош ю цуьнан поэзи. Абу цкъа а ийзалуш вац шена хетарг, хьоьхург, лоьхург дешархойн кхиэле дилла.

Дависа-яI! И хилча сан карахь,
Йостур яра лерга хIутту потт.
Диканна ас доьналла лур дара,
Бакъдолчунна Iамор бара мотт.

Кхиамийн новкъахь

Нохч-ГIалгIайн университетехь дешар заочни кепехь хиллехь а, лакхарчу дешаран кхерчан юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш вара Исмаилов Абу. Вайна массарна ма-хаъара, I975-чу шарахь вовшахтоьхна литературин цхьаьнакхетаралла хилла университетехь, «Пхьармат» цIе а йолуш. Тахана нохчийн къоман дозалла хилла дIахIиттина яздархой, поэташ «Пхьарматан» декъашхой хилла бу: Бексултанов Муса, Абдулаев Леча, Ахмадов Муса, Бисултанов Апти, Хатуев Iабдул-Хьамид, иштта дуккха а кхиберш. «Пхьармат» цхьаьнакхетаралла вовшахтохаран юьххьехь лаьттинчарах цхьаъ ву Абу. Нохчийн мотт, халкъ, цуьнан истори езаш, кIорггера иза йовза лууш хилла кегийрхой бара «Пхьарматехь» вовшахкхеттарш. Халкъана, махкана шайн дахар дIадала кийча хиларца къаьсташ яра церан амал. Дай баьхначу лаьтте болчу боккхачу безамца, сирлачу ойланашца, къоначу дегнийн шовкъаца юьхьарлаьцна яккхий Iалашонаш яра «Пхьарматхойн». Къоналлехь юьхьарлаьцна хиллачу Iалашонах ца туьлуш, схьабогIуш бу «пхьарматхой» тахана а. Ткъа Абус шаьш юьхьарлаьцначу некъах лаьцна иштта яздора оцу муьрехь:

Замано, махкана
Оьшуш а хилла,
Хан кхаьчна,
Кан баьлча,
Кхоьллира вай.
Пхьарматан серлоно
Къагийра илли,
Гуьйренан Iуьйранна
Сенбира бай…

ХХ-чу бIешеран 70-гIа шераш юккъе доьлхуш, Нохч-ГIалгIайн комсомолан обкоман дIадолорца цхьа беркате гIуллакх дара юкъадаьккхина. Нохчийн литературин бухбиллархочун Бадуев СаьIидан цIе цхьана урамна тилларца доьзна дара и гIуллакх. Дуккха а къахьийгира кегийрхоша оцу Iалашоне ца кхачалуш. Эххар а Хьалха-МартантIерчу цхьана урамна СаьIидан цIе тиллар къобалдира Iедалан векалша. ТIаккха цунна лерина I976-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзо вайн махкарчу комсомолан обкомаца цхьаьна дIакхайкхийра къоначу яздархойн къовсам. И къовсам яздархочун Бадуев СаьIидан цIарах бара. Къовсам кечбеш а, дIахьош а массарел каде хьийзинарг Абу вара. Дукха къахьийгира цо къоначу яздархойн говзарш схьагулъеш а, уьш жюрин декъашхошка дIакхачош а. Къовсаман жамIаш массо а цецвоккхуш хилира. Нохчийн маттахь яздан лууш а, дика яздеш а алссам кегийрхой гучубехира къовсамо. Ткъа ша Абус поэзин жанрехь хьалхара меттиг яьккхира. «Баьпкан хьожа» цIе йолу байт яра цо къовсаме елларг. Мехалчу совгIатца билгалваьккхира Абу Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо а, Нохч-ГIалгIайн комсомолан обкомо а. Абун поэзин могIанаша гойту цуьнан дуьнене хьежам, бехке боцу лаамаш, цIена ойланаш.

Бакъдолчух бакъдерг ду-комаьрша латта.
И охуш дIатасахь бакъдолчух зирх,
Шен бакъ цо схьалур ду – хьийкъина ялта,
Малхехьа кхевдина гIоттур ду ирх.
Ялтано вовзуьйту яхьйоцу къонах.
Цуьнан эхь тIаьхьенна тIехь дуьсуш ду.
Ялтано лардо вай мацаллин вуонах,
Вай дайша ялтанах биъна шайн дуй.
Сайн шуьне кхаьчначу баьпке со хьоьжу.
Леррина схьагулдо массо а цуьрг.
Муьйлу ас цу баьпкан шатайпа хьожа!
Къуьйлу ас и беркат кхиийна куьг!..

ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь поэтийн гуларшкахь кест-кеста зорбане йовлу Исмаилов Абун говзарш. Автора хаддаза шена тIехь болх беш хилар, цуьнан говзалла шаръялар, ненан мотт кIорггера хууш иза хилар хаало цуьнан байташкахь. Абун массо а байт ю адамалле, къинхетаме, деган комаьршалле кхойкхуш, дешархо ойлане воккхуш, Даймохк беза Iамош.

Йиш хилча ло санна Iана,
ТIекхочуш тIаьххьара де!
Со воцуш хинйолчу, кхана
Даймахках иэвелла Iен…

I977-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь арайолу Исмаилов Абун дуьххьарлера «Сатасар» цIе йолуш байтийн гулар. Цул тIаьхьа цуьнан кхин цхьа байтийн гулар арайолу «Сатасаран сахьт» цIе а йолуш. Цунна кIорда ца до дай баьхна латта хесто, дайх дисина оьзда гIиллакхаш лардаре, нохчалле кхайкха. Абун лирикин турпалхо веха нохчийн къоман кхиамашца, лазамашца. Иза диканна гIатта кийча ву. ГIийла-миска волчун догъэца говза ву. Дешархойн синахаамаш диканна самабаха лууш къахьоьгу поэто. Цу тIехь цуьнан кхиам бу.

Хьо стенца дустуш ду, адаман дахар?
ГIуллакхца – и динехь массеран дуьхьа;
Тешамца – адамаш хьох тешаш хиллехь;
Безамца – нахана хьо везаш хиллехь…

Поэзехь къахьегарх тоам беш вац Исмаилов Абу. Цо говза къахьоьгу прозехь, драматургехь. КIезиг яц цуьнан берашна лерина язйина говзарш. Царах уггаре а хьалха билгалдаккха догIуш ду «Бирдолаг» туьйра. Иза дуьххьара зорбане делира I988-чу шарахь. Берашна леринчу говзаршца даима а къелла ловчу вайна кхаъ хилира цунах. Иза зорбане даьлла дукха хан ялале, вайн махкахь буьрса тIом балар бахьанехь, массо а иза деша, цунах марзо эца ца ларийра. Делахь а, 2008-чу шарахь и туьйра кхин цкъа а зорбане даьккхира Абус. «Бирдолаг» тахана школин программехь ду. Цунах шуьйра пайдаоьцу вайн хьехархоша, кхиазхошца болх беш болчара.


2004–2005-чуй шерашкахь «Вайнах» журнало зорбане яьккхира Исмаилов Абун «Iумар-Хьаьжа» роман. Яздархочун рогIера говзар а яра нохчийн къоман цкъа а атта ца хиллачу дахарх, вайн дайша, наноша хьегна къай-балий гойтуш. Къаьсттана цуьнан коьрта турпалхо веза хьаша хилла даг чу вижира роман йоьшучарна. Иза вуьззина къонах вара, дайх дисина оьзда гIиллакхаш, хIайкал санна лардеш, уьш цIийх доьлла, кхана малх схьакхетар бацахь а, царах къаьстар воцуш. Нохчийн къоьжа лаьмнаш санна собаре вара Iумар-Хьаьжа, амма гIийла-мискачунна гIо-накъосталла оьшучохь орцахвала кийча вара. Дуьненахь йоккху хан, адамийн дуьхьа диканаш деш, чекхъелира цуьнан.


Исмаилов Абун кхолларалла хьахийначохь, тидамза юьтийла дац цуьнан «Эдалха» поэма. Юьхьанца, еша дIаволалуш, мелла а оьрсийн сийлахьчу поэтан А.Пушкинан «Тазит» поэмех тера йогIуш хетало иза. Кхийолчу шен говзаршкахь санна, вайн турпалхочо «Эдалха» поэмехь а говза суртхIоттош дуьйцу вайн мехкан исбаьхьачу Iаламах, нохчийн къонахийн амалех, мехкарийн хазаллех. Изза хаттарш ду поэмин авторан садуурш: дахаран маьIнех кхета лаар, дуьнен чохь йоккхучу хенахь, хIора стаг муьлхачу мехаллашка кхийда веза, муьлхачу къилбене боьду некъ цо билгалбаккха беза. Поэмин коьрта турпалхо Эдалха ву оцу хаттаршна жоьпаш лоьхуш. Шена дукхавезачу хьехархочо Нажас ийманехь кхиийна Эдалха дайша лелийначу гIиллакхашна тIегIерта. ЙоIе дечу къамелехь а йовзуьйту поэмин коьртачу турпалхочо адамаллех юьззина йолу шен цIена ойланаш.

Йиш яц сан, Селехьат,
Массарах тарвала.
Ге юьзча, ша цкъа а
Мацлур вац моьттуш,
Мацвелчи, милла а
ГIийланиг эшош,
Iовдалниг Iехавеш,
Каетташ лелачех
Ца хьоьгу, ца хьоьгу…

Амма дуьненан даьхнех ца Iебаш, сутаралло цIарматдаьхна адамаш ца кхета Эдалхин цIеначу ойланех. Царна иза тиларчу вахана хета. Адамаллех къаьхкина, акхаралле йирзинчу церан амалша дакъазваьккхина Эдалха. «Бохаман илли» аьлла, автора билгалъяьккхина и поэма. Турпалхочун боккха бохам бу чаккхенехь гойтуш. ЧIирхо ву моьттуш, бехк боцу стаг воь Эдалхас, шех къахетар дешархошна хаъал даздеш. Абун муьлхха а говзар схьаэцча а, шен дийцаран хьалхарчу могIанца йийсаре лаьцна дешархо, кхин само артъяла ца юьтуш, чаккхенга валаво автора. Цхьана а кепара шеко хуьлийла доцуш, похIме яздархо, поэт, гочдархо ву Исмаилов Абу. Воккха къинхьегамхо ву. Цхьа доккха декхар лаьцна и кхочушдан шена хан цатоарна кхоьруш санна, сацар а, садаIар а доцуш, къахьоьгуш ву. Цунна къеггина тоьшалла ду цо гочдаршкахь бина белхаш. Уггаре а хьалха цIе яккха хьакъдолчарах ю Абус оьрсийн матте гочйина Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Ахмадов Мусан «Хи буьйсане доьдура» роман а, «Мангалхой» повесть а. Къилбаседа Кавказан Iеламнехан кхеташонан председатела Кадыров Хожа-Ахьмада, журналиста Заурбеков МасIуда язйина «Исламан сирлачу новкъахь» книга а гочйина цо оьрсийн матте. ГIараваьллачу оьрсийн яздархочун Чехов Антонан дуккха дийцарш гочдина Исмаилов Абус нохчийн матте. Боккхачу кхиамца дIайоьдуш ю Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан драмин театран сцени тIехь оьрсийн драматурга Островский Александра язйина «Бальзаминовс зудаялор» пьеси тIехь хIоттийна спектакль. Пьеса нохчийн матте гочйинарг Исмаилов Абу ву. Тахана а къахьоьгуш ву вайн турпалхо керлачу гочдаршна тIехь. Россин пачхьалкхан премин лауреатан, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан Ибрагимов Кантин «Стигал» роман нохчийн матте йоккхуш ву иза.

ТIаьххьара дош

Дийцина цаваллал дукха ду, I986-чу шарахь дуьйна Россин яздархойн Союзан декъашхочо, Россин журналистийн Союзан декъашхочо, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналисто Исмаилов Абус вайн халкъана дина диканаш. 50 шо гергга хан ю шен хьаналчу къинхьегамца къоман культура, литература кхиорехь цо жигара дакъалоцу.
Ялх кIант ву Абун. Тахана уьш берриге а лаккхара дешар дешна, халкъана муьтIахь болуш, хьанал къахьоьгуш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) арабаьккхинчу некъа тIехь схьабогIуш бу. Дас тIехь Iуналла латтор а, хьехамца кхиор а ду цуьнан бахьана. Нахана хьехамаш бан бакъо хир яцара яздархочун, уггаре а хьалха, шен доьзал нийсачу новкъа ца баьккхинехь. Дуьйцург, деш дерг цкъа а галаморзахдолуш вац яздархо. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента кхайкхам бича, балха арабевллачийн хьалхарчу могIаршкахь вара Исмаилов Абу. Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министерство а, вайн махкара шуьйрачу хаамийн гIирсаш а меттахIиттош жигара дакъалаьцначарах цхьаъ ву иза. Масех шарахь муьран зорбанан декъан куьйгаллехь болх бира цо. ТIаккха «Орга» журналехь поэзин отделан редакторан даржехь болх бира. Миччанхьа болх бахь а, шен белхан накъосташца тарлуш, собарца чекхвала собар а, хьуьнар а хилла цуьнгахь. Цундела массарна дукхавеза. Массеран а ларам бу цуьнга. Къаьсттина кегийрхошна кхоллараллин кхиарехь алссам гIо-накъосталла дина ву Исмаилов Абу. Цунна чIогIа боккха кхаъ хуьлура, нохчийн маттахь масех могIа язбина «Орга» журналан редакци цхьа жимха веъча. Шега далуш долу накъосталла дой, зорбане яккха хьожура кегийрхоша язйинарг. Абус дерриге а дахар дIаделла нохчийн маттана гIаролехь лаьтташ, иза кхиош, баржош, кегийрхошна марзбеш. Цуьнан комаьршачу деган зевне илли ду нохчийн мотт. ХIайкал санна, цо Iалашъеш йолу синбIов ю. Ненан мотт кхиорехь дукха къахьегна а, хьоьгуш а ву Абу. Иллин мукъамехь дека цо шена дукхабезачу нохчийн маттах яздина дешнаш.

Хьох лаьцна суна дуьйцуш,
Башламах лиешара хиш.
Зарзарша вовшашка буьйцуш
Хьо хестош лоькхура йиш.
ГIа-патаро шабараш дора.
ДIаихначу шерийн лар
Суна вайн тархаш тIехь гора,
Озийча набаран тар.
Хуьлура наб санна, ховха,
ДаI санна, хуьлура хьо.
Сан лазам, сан дегайовхо,
Сан иэшам, сан толам-хьо…

Нохчийн Республикин Куьйгалло тидам боцуш ца дитина Исмаилов Абус нохчийн меттан хьаьрмахь хьанал къахьегар. 2005-чу шарахь дуьйна «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо» сийлахь цIе лелош ву иза. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 20II-чу шарахь «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал елира цунна. Иштта «Къинхьегамехь билгалваларна» сийлаллин седа а белла цунна. 20I5-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Халкъан яздархо ву Исмаилов Абу. Оццу 20I5-чу шарахь вайн махкарчу интеллектуальни туьшо «Дато бухIанца» билгалваьккхира иза. Нохчийн Республикин Правительствос а, Парламенто а елла Сийлаллин грамоташ ю цуьнан. Иза къеггина тоьшалла ду, халкъан дуьхьа къахьоьгуш верг Нохчийчохь тидамза вуьсуш цахиларна. ХIокху деношкахь 70 шо кхочу Исмаилов Абун. Хазахета сирлачу кхетамехь, могаш-маьрша, керлачу кхоллараллин лехамашкахь волуш, оцу дийне яздархо кхаьчна. Иза вайна массарна мерза кхаъ бу. Исмаилов Абу санна болчу нохчийн къоман кIенташа дебош ду вайн мехкан зовкх. Дала оьмар яхйойла хьан, хьайн беркатечу кхоллараллехь керлачу кхиамийн лакхенашка кхочийла хьо, лараме Абу!

Орга №8. 2019. Эл. кеп.

http://www.orga-journal.ru/