ДАЛТАЕВ Вахит

Печать

Нравится


     Сирла хенаш
 
              1
Хенан шалха юьхь ю, аьлла
Ширчу къаьмнаш аьлла даьлла.
Цкъа цу хIумнах со ца кхетта.
Хан дIаяхча кхета атта.
 
Ши чкъург хилла-кх вайн цу хенан,
Цкъа а йоцуш юьйцу хезна.
Цхьаъ ю, даим, хьийзаш юхахьа,
Важа ю, цуьнца керчаш бакъхьа.
 
ХIуъа дичи, вуьйлуш пелхьо,
Къеста ца деш, цара дIахьо.
 


                   2
Амма, йиш яц доккха и дов
Чкъургаш бахьанехь, ала, дIадов.
Адмаш, къаьмнаш юккъе нисдеш
Вай дечуьнца уьш  ю болх беш.
 
Цхьацца пачхьалкхе хилчи хьахош,
Уьш ю, хьаха, шайн некъ дIахьош.
Ахчий-бохчий са хилчахьана,
Дуьне доьхчи бен дац царна. –
 
ХIаллакьхуьлчу бердан йистеш,
Дуьне доху шайна са еш.
Адмана даим тIом бу латтош,
Миска адам холчу хIиттош.
 
Дуьне дуьсу, эккхар долий,
ХIинца хIун хилла доллу-те, олий
Рицкъа къуьйсу, джихIад кхайкхош,
Шена тIера ойла ерзош.
 
ШайтIа хьийза вайна юккъе
Шен ю, бохуш, цхьацца бакъе…
 
Делахь, вай-ма дуьйцург кхин ду:
Чкъургаш, болх беш, дийриг хIун ду.
 
3
Цхьаммо, гIуллакхаш
                               хьалахьош, узуш,
ТIехьа кхуьссуш, вовшех дузу:
Ахь динарг ду хьан букъ тIехьа, –
Изза дуьйцуш тоьтту хьалха.
 
Вукхо, бакъхьа хьийзаш денна
Шена кIелхьо лелларг кхана.
 
Массо йогIу сирла кхане,
ЙогIу моьтту вайна сане.
Амма, хьовздой хьоьгара дийларг
Цо а кхуьссу когаш кIела.
 
Дерриг, хьаьвззий дуьхьалдолу,
Хьо дIакхечи хIинца, олий.
Ю, хьо гуро лаьцна тахне
Ахь, ша, хьайна лехна кхане.
 
ХIинца хиъна – хьекъал дацахь,
Хено ловзор велахь, вайцахь,
Дикниг, вониг – ша карош дуй,
Царах диннарг кхана хьан дуй.
 
Долундела дешдерг – бахьана. –
Цунах кхоллало дахар кхана.
 
Ца хиллехь хьо къастош дийриг
Дахарх хуьлий карабо уьйриг.
И схьабаста оьшург хIун ду –
Сагатдеш сан цхьацца жамI ду:
 
4
\Вахар, ойла ца яхь кхеттал,
Дуьсу, хилла хIетал-метал;
 
Ойлаеш хьо вацахь баккъал,
Юха вуьгу шрчу новкъа;
 
Само яцахь, хьалха хазлой
ХIара дуьне, эххар дазло.
 
Амма стага шех долчунна
Цхьанне бехк бац, ша воцчуьна.
Куьзга ма ду цунна хьалха.
Цу чу хьаьжчи хIун го бахахь –
ДегIал корта лакхахь хилар, –
Цуьнан маьIна цо охьадиллар:
Массо хIумнал сийлахь – хьекъал!
Цунах кхеттарг – хуьлу декъал!
 
Кхане хир ю сане, сирла,
Долччуьнаьбуха хьекъал диллахь. –
ХIуъа деш хилчи, юха-тIаккха,
Сирла хьекъал хьалха даккхахь.
 
Дохьур, тIаккха, цу шина чкъурго
Диканиг хьуна, боккхуш шайн гуо.
 
5
Къастош хила хьарам – хьанал,
Дегнаш цIандо нуьре амал.
Цу къесторан бечу балхо
Цхьалха йоккху дегнийн шалхо:
 
Оьзда воцург къонах ма вац.
Хьанал доцург дахар ма дац. –
Дикка кхеташ хьо схьавогIу:
Хьанал ваха-м Дала боху.
 
Ткъа вайн гIулкхех – боьха, цIена
Вай вапьш кхоьллина йолчу ханна
Вай кхи бахац – боьха зама,
Шалха юьхь хиллера хьан-м.
 
ЦIена хила! – ша хан кхойкху.
Ткъа ца хилчи, вайх и окху.
 
ЮьхьIаьржонах – и, вайх йолу,
Вайна гойла – серло хуьлуш.
 
6
ТIаккха и хан хьоьх ю йоьлуш,
Амма, юха, Iилма хьоьхуш:
 
«Маьлхан дуьне ма нисделахь!
Хьо нисваларх тоам белахь.
Хьуна бакъдерг ду схьаэцахь,
Чкъургийн бакъдерг долуш шеца».
 
ДIаладоьгIна, дикнах-вонах
Ахь дика хоржу, даржош гуонах.
 
Эццехь бастло гIайгIан уьйриг,
Некъех кхета некъаш бийриг;
Кхеташ – хуьлчух тахна, кхана
Даим нислуш, – кхуьу-кх къонах!
 
ХIинца кхоьхьу цу шина чкъурго
Хьуна дикниг, туьйсуш шайн гуо.
 
 
Хьо дикадарца сов мел вуьйлу –
Хенан юьхь а серлаюьйлу.
 
7
Полло цкъа тIам тоьхча, олу,
ДIо цхьана генахь мехаш довлу…
 
И хьан дика п хьоьх дIакъаьстий
Лела, гIайгIан шедаш достуш;
ШайтIан мехаш берзош дикне
Хьийза дикан кIуркIамане;
 
Ийло, олу, нуьре алу
Лаьттан тIехула, берзош бала;
Шалха юьхь ерш ца бовлийта
Дуьнен тIехула алу гIуьтту.
 
Вай дукха Iуьйшу бала, къаьхьниг,
Кхи ца гайта гIуьтту дикниг.
 
8
Хьесап дуйте ширчу наха
Хенан шалха юьхь ю, бахар.
Адам ма ду муьлхха хенахь,
Даим, дикне Iаш сатесна.
 
Вайн долу Iилма ма дац церан
Адам Iама, айъа, лиера.
Шех и вон дIакъасто, хьанна а
Нуьре Iилма ма ду эшна.
 
9
Дикниг кхуллуш. Хазъеш зама
Ду вайн Iилма. Вай ду – Iама.
 
Вайгара долчунна, хаза хенаш
Вайна яхъян Iийр ду Iемаш. –
Къонахашна Iилма и ду.
Цулла оьшург вайна хIун ду.
ЦIеннаш лехахь – Делан некъаш.
Ткъа, цулла дезниг, кхидерг – хIун ду?
 
Кхидолчунна – Дела юкъар.
Сирла хенаш вайна ялар
Деле кхойкхуш, доьхуш хир ду,
Къинхетаме вайца хилар.

http://www.orga-journal.ru/