Хокку

Печать

Нравится

28797d862e01d20449347ddf308529ce 2

Рансэцу Хаттори

 

                                   ДоттагIчунна

Волахьа со волчу, ма цхьалха висна со,

Гуьйренца гIа дожа дуьйли…

 

Бассё

БIаьстенан юьхь.

Ша беши Iома тIера,

Юха а машар а, барт болуш доьду хи

Шен хоршахь.

 

 

            ***

Со вина а, ваьхна а юрт

Дагаоьху суна,

Со цунах возуш ву-кх,

Воьлху со чубузучу малхаца.

 

Кабаяси Исса

 

Къинхетам

 

Ма чIогIа балхабо цаьпцалго

Шен бала а, сингаттам а.

Ша цхьалха йисарца,

Цициго лаьцна накъост.

 

Нене сатийсар

 

Садаьржаш Iуьйренца,

                        набаран тар тесна со

Волуш, сан нана еана-кх, ма ехьа суна

Новкъарло, атйокх,

Дуьненахь ца эцна ирс эца витахьа…

 

Iалам лардар

 

Ма хьешалахь гIа-бецаш!

Цигахь цаьпцалгаш яра

Сарахь-суьйренца, шайн дахарх

Кхаъ хилла, ирс оьцуш.

 

            ***

Ма тамашийна хIума ду,

Олхазарш охьатоха кечдинчу дитта тIехь,

Цхьа а сингаттам боцуш, бен беш.

 

Поэташна

 

ГIайгIане дуй шу,

Экхано хьуьнхахь мохь беттарца

Балхийнчу балина а, сингаттамна а.

Ма йоккха дакъазло ю,

Нанас шен бер гуьйренан мохехь

                                   тесна дитина,

Дуьненна букътоьхна, и дIаяхар!

 

            ***

Дарц дIадели, базар дIахIоьтти,

Меллаша схьавеа ясакх лахьош верг.

 

Сингаттам

 

Хьайн сингаттам а,

Дагца йолу гIайгIа а,

Бала а хи йистехь

Лаьттачу таллана дIалохьа.

 

КIант валар

 

Цхьа а вац хIинца этIадан

коре тоьхна кехат!

Ма шелъелла хIусам.

 

Тайсуццу Ямоске

 

Доьналлица

Сайн лазар къайлахьо ас,

Лазамца болу бала кийрахь къуьйлуш.

Iуьйренца дIадоьлхучу олхазарех...

 

Фокуя Тио

 

Аьхке

 

Полла-полла,

ХIун гIенаш го хьуна,

ТIемаш лестош?

Дахарехь дерг дийцахьа…

 

Гочдинарг – Пашаев Абу

http://www.orga-journal.ru/