Кибиев Мусбек

Печать

Нравится

8

МЕТТАН СИЙ

 

Цинцашка декъалой, бердах

Хецалу Чахчара санна,

Даочу цинцех бу   тера

Нохчийн мотт муьлххачух вайна. 

 

 

Аганахь хийла тхо техкий.

Хьо буьйцуш наноша, дайша.

Заманах чекхбевлла чехка,

Уьш дӀатийн, дитина вайша!

 

Ткъесан шед хьоьх ян ца дезна,

Шаьлтанах баттара баха,

Къонахийн гӀиллакхе боьрзу,

Нохчийн мотт, буьйцург вайнаха.

 

Туьран чов йирзина олу,

Меттан чов йоьрзуш яц цкъа а! –

ГӀиллакхан новкъа бер долу,

Нохчийн мотт буьйцуш, ша даккхахь.

 

Дахаран гӀиллакхийн кхерчахь,

Оьзда дош олучу меттехь,

ГӀиллакхан собарца керча,

Нохчийн мотт, кхеттарг хьоьх кхеттехь.

 

Нохчийн мотт, хьан дош а олуш,

Хийла тур баттара даьккхи

Мурдаша, – дашца дош кхолуш! –

Маршонан паргӀато яккха.

 

И куьзга ду хьуна, эшахь,

Нохчийн мотт, буьйцург вайнаха:

Лом гӀотту хьо буьйцуш – теша! –

Куьзганахь, кийрахь, вайдаха!

 

Буьрса тӀом кхехкабо дашо,

Ткъесан хӀоз туьрах бо тӀаккха,

Дато а, дашо варкъ дашо,

Нохчийн мотт бийца ахь баккхахь.

 

Саьхьарчу иллешкахь бекна,

Нохчийн мотт-маршонах ала! –

Дахарца Ӏожалла екъна

Нохчийн мотт сий дарца кхала!

 

Назманчо назманаш олуш –

Пайхамар, асхьабаш базбеш,

Нохчийн мотт, синхаам болу

ТӀемашка, хьо матто хазбой.

 

Мотт цӀармат буьйцучух къехкаш

Лийр бар-кха къонахий тахна,

ШозлагӀа лийр бар-кха, кхехкаш,

Дог лоцуш, берд эккхаш санна.

 

Мотт хууш доцчу вай вешан,

Лелачу гӀиллакхах доьхна,

Лийр вар-кха къонах, ца вешаш,

Дог эккхаш, дагах катоьхна.

 

Хийла цӀий Ӏенийна дайша,

Цхьамзан тӀехь накха а сецош,

Хьан, сан сий, нохчий, ца дайа,

Бахна уьш, Ӏожалла эцна.

 

Меттан сий, вайн сий ца дайа,

ТӀеман лар юьлуьйтуш хица,

Дитна сий дайша, де-дайша,

ХӀай, нохчо, доькъуш дерг хӀинца.

http://www.orga-journal.ru/