Нохчийн меттан Денна. Стихаш

Печать

Нравится

 

САИДОВ Билал

 

  Ненан мотт

 

Хьох лаьцна яздина,

Дийца а дийцина.

«Хьайна безахь», бохуш,

Хьеха а хьо бина.

Хьехорах пайда буй,

Хьо хууш ца хилча?

Хьо бийца хуур дуй,

Хьо безаш ца хилча?

 

Хьо бийца Iемар вац

Дагна хьо ца безнарг.

ЮьхькIайн а лелар вац

Хьо бийца ца хуург.

Нехан говра хиъна

Вон бере шех хилла,

Кхардамехь вехар ву

Хьо хийра леринарг.

 

Хьуо безаш волчунна

Пондаран аз ду хьо,

Хьайца уьйр йоцчунна

Гихь беза мохь бу хьо.

Хьуо хууш волчунна

ЖовхIарийн хIонс ю хьо,

Хьайца шовкъ йолчунна

Чам тайна стом бу хьо.

 

Хьайн хазнех кхиъначун

Вахарехь ирс ду хьо,

Хьайх хераваьллачун

ДIатесна некъ бу хьо.

Ойла хьайца ечун

Бух боцу хIорд бу хьо,

Кхин толош волчунна

Совбаьлла гIирс бу хьо.

 

Сан чIогIа дог лозу

Хьо ца хууш волчух,

Амма эхь ца хета

Iамо ца гIертачух.

Суна сайн ца хета

Ненан мотт бицбинарг,

БIаьрга ван ца веза

Кхечух и хийцинарг.

 

Хьо ца безаш волчо

Шен нана лорур яц,

Ненан сий ца дечо

Мехкан сий лардийр дац.

Ненан мотт цахаар –

Шен кхерч цаларар ду,

Кхерчан да цахилар –

Маьттаза вахар ду.

 

Дагах чекх ов доккхуш,

Iовжаме бийцало,

И дог малхах тардеш,

Хьо сирла бийцало.

Харцонан некъ хадош

Буьрса аз ду хьоьца.

Бакъонна некъ боккхуш

Хьехаме хьо буьйцу.

 

Суна хьох къахета,

Бийца ца хуучо,

Хьайн куьцах бохийна,

Мерза чам талхийча.

Чов хуьлу сан дагна,

Доггах ца безачо,

Шен гIалат дицдина,

Сийсазбеш, бийцича.

 

Хьайн ненан мотт хаахь,

Ас дозалла до хьох,

Даггара и безахь,

Ас хастам бо хьуна.

ДоттагIа, варийлахь,

Цунах ма херлолахь;

Ненан мотт хьайн бацахь,

Байлахь вуй, хаалахь!

 

 

 

 

 

АРСАНУКАЕВ Шайхи

 

        Ненан мотт

 

Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,

Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.

«Сов къен бу дешнашна,

                           бац атта кхеташ!» –

Бохуш, и сийсазбан ца хета эхь.

 

ЛадогIал цкъа соьга,

                        «хьекъале корта»,

ЛадогIал, яккхий дIа лергара потт:

Йистйоцу хIорд санна, бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна вайн

                                 нохчийн мотт.

 

ГIиллакхе, оьзда бу

                             доттагIче буьйцуш,

МостагIе вистхуьлуш – ду ира герз,

Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,

Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

 

Мерза бу, моз санна, ша безачунна,

Ламанан шовданал цIена бу и.

Лермонтовс, Толстойс а

                                       ладегIна цуьнга,

Услара даггара хестийна и.

 

БIешераш хийла а ихна и бекаш.

Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу.

Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш

Даиман ша хилла нохчийн мотт бу.

 

Вайн халкъан ойланаш, дахар а гIийла

Далхадеш, къийсамна гIитийна цо.

Нохчочун майралла, оьздалла хийла

Зевнечу иллешкахь екийна цо!

 

Кхидолчу къаьмнашна

                                       шайниш а санна,

Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.

Нагахь хьо ца вагIахь

                                  хьайн халкъацанна.

Хаалахь, декъазниг, хьо цхьалха ву.

 

       

         Весет

 

Къоьжачу вайн лаьмнийн

Дог-кура баххьаш,

Вайн тогIеш, шовданаш,

БIешерийн хьаннаш –

ДIаэца тахна

Хьайн дола ахь уьш –

Дас, весет деш, хьайна

Йитина хазнаш.

 

ДIаэца ахь хIинца

Дайша шайн цIийца

Заманан йохаллехь

Лардина латта.

Даймохк хьайн дIаэца

РагI хьан ю хIинца,

Ден весет кхочушдан

Юкъ ехкий, гIатта.

Ларбе мохк, хазбе и,

Ца еш мало,

ТIаккха хьайн весет деш,

КIанте дIало.

 

БIешерийн къийсамехь,

Са санна, лардеш,

Тахненга кхачийна

Вайнехан гIиллакх.

ДоттагIий хилла вайн

Вежарех тарбеш,

Орцанна кхайкхаза

Кхочуш вай хилла.

 

Нохчийчохь даима

Дина сий ненан,

Воккханиг лийрина,

Жимчо деш гIуллакх.

РагI хьоьгахь ю тахна,

Вас ца еш дена,

ДIаэца цуьнгара

Дайн оьзда гIиллакх.

 

Ларде и, хазде и,

Ца еш мало,

 

ТIаккха хьайн весет деш,

КIанте дIало.

 

Хазнашлахь хазна ю

Ненан мотт къоман.

Ненан мотт мел беха,

Къам дуьсу даха.

Ткъа нагахь мотт шен лахь,

Къам лей дIадолу,

Ненан мотт бицбинарг

Сийсазво наха.

 

Нохчийн мотт – и къоман

Синхазнийн хьоста –

Ларбина къийсамехь

Массо а ханна.

РагI хIинца хьоьгахь ю,

ДIаэций, хьаста,

Ден весет кхочушде,

Къонахчо санна.

Ларбе мотт, хазбе и,

Ца еш мало,

ТIаккха, хьайн весет деш,

КIанте дIало.

 

КИБИЕВ Мусбек

 

 

    Меттан сий

 

Цинцашка декъалой, бердах

Хецалу чухчари санна,

Даточу цинцех бу тера

Нохчийн мотт муьлххачух вайна.

 

Аганахь хийла тхо техкий

Хьо, буьйцуш, наноша, дайша.

Заманах чехка чекхбевлла,

Уьш дIатий, дитина вайша!

 

Ткъесан шед хьох ян ца дезна,

Шаьлтанах баттара баха,

Къонахийн гIиллакхе боьрзу

Нохчийн мотт – буьйцург вайнаха.

 

Саьхьарчу иллешкахь бекна,

Нохчийн мотт – маршонах ала! –

Дахарца Iожалла екъна

Нохчийн мотт сий дарца кхала!

 

Назманчас назманаш олуш –

Пайхамар, асхьабаш базбеш,

Нохчийн мотт, синхаам болу

ТIемашка, хьо матто хазбой.

 

Мотт цIармат буьйцучух къехкаш,

Лийр бар-кха къонахий тахна,

ШозлагIа лийр бар-кха кхехкаш,

Дог лоцуш, берд эккхаш санна.

 

Мотт хууш доцчу вай вешан

Лелочу гIиллакхах доьхна,

Лийр вар-кха къонах ца вешаш,

Дог эккхаш, дагах катоьхна.

 

Хийла цIий Iенийна дайша,

Цхьамза тIехь накха а сецош,

Хьан, сан сий, нохчо, ца дайа,

Бахна уьш, Iожалла эцна.

 

Меттан сий, вайн сий ца дайа,

ТIеман лар юьлуьйтуш хица,

Дитна сий дайша, дедайша,

ХIай, нохчо, доькъуш дерг хIинца.

 

Туьран чов йирзина олу,

Меттан чов йоьрзур яц цкъа а! –

ГIиллакхан новкъа бер долу,

Нохчийн мотт буьйцуш ша даккхахь.

 

Дахаран гIиллакхийн кхерчахь,

Оьзда дош олучу меттехь,

ГIиллакхан собарца керча,

Нохчийн мотт, кхеттарг хьох кхеттехь.

 

Нохчийн мотт, хьан дош а олуш,

Хийла тур баттара даьккхи.

Мурдаша – дашца дош кхолуш! –

Маршонан паргIато яккха.

 

И куьзга ду хьуна, эшахь,

Нохчийн мотт – буьйцург вайнаха:

Лом гIотту хьо буьйцуш – теша! –

Куьзганахь, кийрахь, вай даха!

 

Буьрса тIом кхехкабо дашо,

Ткъесан хIоз туьрах бо тIаккха,

Дато а, дашо варкъ дашо,

Нохчийн мотт бийца ахь баккхахь.

 

 

АБДУЛАЕВ Леча

 

 Нохчийн мотт

 

Да ваьлла ца волуш,

Да вала ца вуьтуш,

Ког хецна ца болуш,

ТIам баржо ца кхуьуш,

ГIамарлахь хIу санна,

Овкъарлахь суй санна,

Бихкина Iилманна,

Бихкина Iиллина,

Iиллина биллина,

Биллина Iиллина.

 

Да хила цхьаъ ваьлча,

«ГIаттахьа!» – цо аьлча,

ГIаьттинарг дицдина,

ГIаттийнарг вицвина,

Сиз хьокхуш, нисдина,

Эзарнах исс дина,

Да волуш, буо дина,

Керт йина гуо бина,

Iиллина биллина,

Биллина Iиллина.

 

Бийцина ШоIипа,

Бийцина Соипа,

Бийцина шайхаша,

Тептарша, жайнаша.

Дийцинарг харцдора,

Туьрца а дацдора,

Даьттанца хьан а дой,

Ахкарца шар а дой, –

Юха а дIабуьллура.

Хьо гIенах боьлура.

 

Тархашца тарх гIиттош,

ТIулгашка дуьйцуьйтуш,

Мохьмад а тIехIитти, –

ТIулгаша дуьйцура.

Дош дашах хьегарца,

Дошехь дош къегорца

Iаьрби а велира –

Дала схьавелира.

Хьо меттахбуьйлура.

Хьо гIенах боьлура.

 

Джунайдан Мохьмад а,

Мохьмадан Мусбек а

ГIаьттира мохь аьлла,

Даг чохь хьан чIоб декна.

Цу кIентийн баланаш

Хьо самабала ду.

Хьо самабаха ю –

 Тхо кIентийн алунаш.

Бер бац хьо Iиллина,

Iиллина биллина.

 

И анакевне а

Лаьтташ ю йиллина,

Тхо кIентий зевналла

Лаьтте лерг диллина.

Сайратех сайрат – хьо

Бала бу сирратах.

Нохчийн мотт гIаттахьа,

ХIар дуьне латтахь-ма,

Бера бац кхин Iиллина –

Ас хьашлагIа йиллина!

 

                         ***

Мотт бу-кха ша-шаха луьйш.

Мотт бу-кх гуттар со зуьйш.

 

Нохчийн мотт, ненан мотт сан –

Дахьаза сан дисна са.

 

ДегIера даьлча а сан,

Диса а там бу сан са

Карийна шен метта – мотт –

Ненан мотт, сан нохчийн мотт.

 

 

 

http://www.orga-journal.ru/