Сан гIала

Печать

Нравится

1

КУСАЕВ ӀАДИЗ

 

Сан гIала

 

Тем боцу бер санна,

Хьо зевне йоьлуш ю, 

Iуьйренца гIаьттина,

Хьо балха йоьдуш ю.

 

Хьан сийна урамаш– 

Сан деган пхенаш ду.

Сан гIала, туьйранал 

Уьш хазахеташ ву.

 

 

ДогцIена йоI санна, 

Хьо ирсе лелаш ю,

Даима зезагаш

Хьан карахь лепаш ду.

 

Хьан сийна урамаш– 

Сан деган пхенаш ду.

Сан гIала, туьйранал

Уьш хаза хеташ ву.

 

Набарна тевжина,

Хьо лаьмнийн карахь ю,

Олуш дерш Соьлжано

Аганан иллеш ду.

 

Хьан бошмаш, майданаш

Сан дагна хаза ю…

Хьох вала, сан гIала,

Даима хала ду.

 

I967

 ***

Лелхарша гатйина гIала,

Буьйсанца кIур-боданен

 

 

Хуьлу – яц цхьа

            серлонаш арахь

Ракетийн я хIоьънийн бен.

 

Дагийна, деса, хьех санна,

ХIор цIа ду – хан оьшур ю,

Дендина, са даиманна

Дерзадан хIусмашна чу.

 

Дозалла дан, иллеш ала, 

ЦIеяхна яра сан гIала,

ТIемаша яллац шех чан…

 

Сан гIала, хьан инзаралла

ГIоттур ю,

         цецвоккхуш, хилла

Юха а бIаьстенан гIан.

 

1996-2016

Пачхьенах белхарш 

 

Ас гIалица бала хьегна

Отуш долчу цIенош чохь.

Беллачарах со а хьегна,

Кийрахь къуьйлуш шийла мохь.

 

Iийна со а лармийн гаттехь,

Хьоьгуш бала кхачин, хин,

ТIамо хIаллакьечу пачхьехь

Шел хьомениг йоцчу кхин.

 

Везчу Дала эзар балех

Ваьккхи, хIоьънех ларвеш, со, 

Сайн Даймахкахь, Соьлжа-ГIалахь

Тутмакх винчуьра тIамо.

 

Дегйовхо луш тхо Iаьч-Iаьччехь,

Ларди Дала, чIагIди дин,

Къиза ягош йолчу пачхьехь,

Шел езнариг йоцчу кхин. 

 

ГIалано ницкъ дукха лайра,

Дира барам боцу зен.

Хийла урам, хIусам яйра,

Ца юьсуш шайх саьлнаш бен.

 

Тешара тхо – гIалин баьрчче

Бер бу машар, тIом беш гIел.

Денлур ю вайн хилла пачхье,

Шел сийлахьниг йоцу кхин!

 

Денлур ю – сатийсам чIогIа

Халчу хьолехь бара тхан.

Юха а цIинлучу новкъа

ГIала кура хIуттуш ган.

 

Ган, хьалхачул бIаьрла хазъеш,

ХIорамма луш суй шен син,

Адамаша нохчийн пачхье,

Шел езаниг йоцу кхин.

 

БIаьстенан бай …

 

Берриг мохк бевзина,

ЦIа дерзий, хьовса шу:

БIаьстенан бай санна,

Хазлуш вайн гIала ю.

 

Даима хазъеш и,

Дог дуьллий цунна чу,

Говзачу адамийн 

Комаьрша куьйгаш ду.

 

Дуьйлало урамца – 

Исбаьхьа хIора бу,

Седарчийн гуламца

Къийсалуш кораш ду.

 

Къоналлин са дуьллуш

Даима гIали чу,

Кханене тIай туьллуш

Адамийн куьйгаш ду.

 

Со лаьтта дог дуьзна –

Бошмех бIаьрг баккхалац.

Сан гIала, хьол езна

Суна кхин хилла яц.

 

ЗIаьнаршца и кхала,

Малх буьллуш цунна чу,

Къагаеш Соьлжа-ГIала

Адамийн безам бу.

 

Сан дахаран гIала

 

Iуьйренца ара а волий,

Урамца со волало…

Маршаллин дош нахе олий,

Сайн белхан де доладо.

 

Iаламо хазалла елла,

Къагийна сан гIалин васт.

Цкъа цуьнан аьхна хIуо мелла,

Суо гIалин кIант лору ас.

 

Турпала кхоьллина Дала,

Цо цхьаьнгге ца елла яхь.

«БIаьхаллин сийлаллин гIала»– 

Дешнаш го хIоллама тIехь.

 

Кхолларан гIовгIанах юьзна

Сан гIала тахана го.

Дахар ду сан цуьнца доьзна –

Ас цуьнан кIант лору со.

 

Онда бу сан гIалин тешам

Сирлачу шен кханенах.

ДIаяьлла дохк гIайгIийн, балийн –

Машарехь бехаш бу нах.

 

Лакхене кхийда сан гIала,

Цигахь шен сий-ларам гуш…

Ирсе ву со тахна ваха

Соьлжа-ГIалин бакъ кIант волуш.  

 

I977-20I7

 

Iуьйре схьакхочур ю.

Амма и яле, 

Малхо дIамалале

Хьалхара тхи,

Юха а гIоттур ю

Вайн Соьлжа-ГIала,

Дахаран кIуркIмане

Хьаьвзар ю и!

I987-20I7

 

Хьоме сибат 

 

Дозаллица махкахь юьйцуш,

Цхьанненца а йоцуш хьу,

Де-дийне шен сибат хуьйцуш,

Лаьмнийн бер Соьлжа-ГIала ю.

 

Кхоа ца еш, цунна елла

Вайн мехкарша – хазалла,

Дозалла деш, цунна елла,

Къонахаша – стогалла.

 

Сиха хуьйцуш амат гIалин,

ЦIенош гIуьтту. Хетало,

Уьш, ал мархаш санна, кранийн

ТIемаш тIехь схьакхачадо.

 

ГIала еш жовхIаран меха 

ЦIенош я урамаш дац, 

Адамаш ду, гIалахь деха,

Дозаллица боху ас..

 

ГIоттуш ю, аьрзонаш хьегош,

Кхийдаш стиглан сийналле,

Чохь маьлхан суй – чиркхаш – къегош,

Некъ беш гIалин сийлалле.

 

ГIалина комаьрша елла,

Къомо шен догдикалла,

Хазаниг цхьа боцчу шел а,

Даймахко – исбаьхьалла..

20I7

http://www.orga-journal.ru/