ЦУЦАЕВ IАЛАУДИ

Печать

Нравится

 zuzaev

Вайн мотт тахана

Нохчийн мотт ларбар,

кхиор шен деган къилба а дина,

иза нийса а, хаза а бийцар

шен декхар а лерина, цуьнан

цIеналлин хехь лаьтташ йолчу

                         Бергоева Азина.

Доьдуш доцу хи доьрзуш ду Iоме,
Цалелачу новкъа болу бай;
Гергарло а, хиларх
Деза, хьоме,
Херадовлу, ца лелийча вай.


Маттах долу вайн и хаза дийцарш,
Цунах болу вайн и кхайкхамаш,
Гуламашка-белхешка вай хийшарш
Хета-тIаргIа, багахь бинарг къаж.

Дархочунна, хилча дарба лохуш,
Зурма лекха оьший-те лерехь?
Диъна вац-кх цхьа а стаг и хIоаш,
Кхерзина дерш багахь, матта тIехь.

ДогIа дацахь тоъал латта тIундан,
Тоъал – латта дохдан кхетта малх,
Кан хьекъаре вай сатуьйсу хIунда,
Кегош белхан Iахар гIирсан чалх?

Цунах кхета, баа эшац чIимаш.
Я, уьш биъна, хилча кхетаме:
Вайн мотт тахна –
Гурахь лайн и чимаш,
Дешаш долу, лаьтта кхачале.
Мотт кхуьур бац
Чохь, арахь а боцу
Буьйцу хезаш тIаьхьенашна и,
Хилча шех апарица доцу
Хьеран бера хьовзош доцу хи.

Доьдуш доцу хи доьрзуш ду Iоме,
Цалелачу новкъа болу бай.
Вайн мотт вайна хиларх беза, хьоме,
Хераболу, ца бийцича вай.

Дарс

«ХIара де, важа де аьлла,
Хьехна долу дарс,
Доцуш деган бенахь
Даьлла цIеран дарц…»
              Абдулаев Леча

Хьоьхудерг леррина
Йозанца дерина,
Дерзийна некъашка,
Тардина кепашка,
Хьаьркашка нисдина,
БIаьргашна куц дина,
Кхетамна сов аьхна
Бустамаш ва баьхна,
Барамаш хиржина,
Хаьржинарг листина,
Къевлинарг дихкинарг,
Айдина, сих динарг,
Суьртаца дерг айпе
Керчина къу-айкхе;
Дешнашца кIоршаме,
Озаца орцане
Къевкъина лакхара,
Къаро еш лахара,
Иэшаро дай дина,
Iаьржаниг кIайдина,
ГIоргIа а, кIеда а
Аьрга а, меда а
Къаьхьаниг девзина,
Девзинарг цIевзина:
Кханенца тоьшалла,
Тахненца жоьпалла
Моьрнашкахь тептарийн
Оьланаш хеттарийн
Кехатийн цу борзан –
Сийна-цIен – и къорза,
Нисдарийн йоманаш,
Йозанаш, йозанаш…
Кепашкахь хийцина,
Юх-юха дийцина,
Iаьвдина, Iаьвшина,
Левсина, кхевсина
Ваьлча, дан деза-кха
ЖамIаш а, хьесап а:
Дацара, дара са
Хьехначу дарсан?

Белхи бе вай

Белхи бе вай, карладоккхуш ламаст,
Лардинарг вайн дайша, наноша;
Накъосталла эшначунна накъост
Хуьлий, хIуттуш долу йиша-ваша
ГIийланиг, и гIо оьшург вуй хууш,
Массо кийча улло хIотта дIа.
Белхи бе вай, цуьнан са ца дууш:
ГIелбеллачу ненан маттана.
Бе вай белхи, дерриш орцахдовлуш,
Хийра мел дерг, гел хьовзийна, къовлуш,
Хьалаайдеш ненан меттан дош!

Гакаев Iарби
«Ойланийн тептар» –
книга зорбане яьлча,
цунна деса тептар кховдош

Деса тептар.
Кховдадеш хьо тахна
хIара деса тептар,
Кховдайо ас хьоьга
сайн деган йовхо.
Дош дижош кху тIе,
хьайн олуш дерг меттара,
Поэзин маса дин
ахь кхидIа човхор.

Ойланийн тептар хьан
кхоалгIа… ткъолгIа
Ган доьгIна, цу хенийн
хуьлуш вай тиэшаш,
Дегнашца вай къона
латтадо молха
Хуьлийла лаарца
ахь олу дешнаш.

Тептарца доцу шайн
дош дуьтуш хийла,
Вайн дайша иллешца
йитина лар
Кхин дIахьош, хьайн дог
кху тIе ахь дилла,
Йозанца кху тIе и
делахь дIатар.

Диканийн лар юьтуш,
ахь бинчу некъан
Хьесапийн тептар
схьакховдийча дIогахь...
Нислур ву тобанехь,
хиллачу декъала,
Латтийнехь, цIеналла
лар а еш, дог ахь

ДIахьур ду хIораммо
шех а цкъа диса
ДоьгIначу дуьненахь
ша динарг кеч.
«Хийланна яккха цIе
тIаьхьешна йиса,
Сий ойуш, кхиийта
хьуьнарийн кхерч»

Матте дерзахь
(забар)

Матте дерзахь, амалх дулу
Нийса олуш доцу дош.
Кхетамал харц Iамор тулу,
Цхьана озо дош лазош.

Къаста ца луш ГI-нах Х
Ву сан жима доттаХа
ЮГIа а, юГIа а шега баГIарх.
Къаста ца ло уьстаХ IаГIарх.
Олий, иштта олу оГIа
НеI дIакъовлу, туГIий доХа.
«Язош» дерриг хазадо,
Хазош дерриг «язадо».

Илланча
Абдулаев Л.

ДагадогIий хьуна бераллин ловзарш:
Къовсамехь тоьллачо яьккхина са,
Кадечо схьайоккхий, массарна хьовзош,
«КIулхьовза !» – олий, и йоькъура дIа.

Кхаж баьлларг, Дала шен цхьа аьтто бина,
Хиллачу беркатан вуьззина да
Ша воций хууш, беса къурд бина,
Бакъенаш тоьллачохь, тап-аьлла Iа.

Хьайн сирла ойланаш, деган хазалла
(Ша цхьамма шен дика чомаза Iовшу)
Массарна дIаекъар хеташ дозалла,
Халкъана, махкана беркате хьовза.

2
Илланча. ХIун ду цо дахарехь лоьхург,
Адамийн лазамаш шен дагца гуш,
Ойланца тIекхиънарг нахаца доькъуш,
Шен сине кхаьчна дерг синошка луш?
Алу сов Iаьткъича шен деган кхерчахь,
Бакъ дош схьакарадеш
ойланийн баьрччехь,
И веха, мел еха хьогалла дагца.
«Кхокханан горга бIаьрг хIун дайна сецна,
ДIо попан сийна гIа,
хIун дуьйцуш, леста?..» –
Диллинчу хаттаршца са карзахдаккха,
Есалле бIаьрг бугIуш, ойлане ваккха...
Яздархо хуьлуш вац, яздора аьлла,
Я поэт – ловзаярх рифманаш цо.
Поэзи! – бIаьрхи ду, шашаха даьлла
Я синан мохь бу и, цIеххьана баьлла,
Къийлар кхин ца лайна,
тухуш даго.

Нохчийн мотт

ЛадогIийша, ларе ойла ейша:
«Мотт, – олу вай, – ду и къоман са».
Шайн са санна, и ларбина дайша,
Хилла царна иза доьIу са.

Хьукматашкахь ца Iамийна цара
Вайн ненан мотт, оьзда гIиллакхаш,
Дайн Iадаташ, ламасташ а лара,
Даьхни кхио, дIаден, дерзо кхаш.

Мехкан маршо ларйина шайн цIийца,
Лайна хийла тIемийн луьра къахь,
Махкахбаьхча, къуьйсуш мацаллица,
Синош делла, дIа ца елла яхь.

ГIаж таккхол бер хилчахьана дуьйна,
Бовзийтина къинхьегаман чам.
Дашах тешна, тIе ца хIиттош дуйна,
Собар хилла, теш хIиттош и лам.

Ненан меттан йовхачу Iаьнарца
Лелаш кIентийн пхенашкара цIий,
Хало эшош дуьхьал долчу дорцан,
Хьалха ихна, лардеш къоман сий.

Дегнаш хьостуш оцу маттахь вовшийн,
ТIекаренаш йина лераме.
Кхача биъна цхьаьна, гоне ховший,
Делан парзаш лардеш, беркате.

Къасто Iамош, хIун ду хьанал, хьарам,
Оцу маттахь бина хьехамаш.
Къонахаллех иллеш даьхна цара,
Ийман чIагIдеш, баьхна назманаш.

Муш а хеда, бацахь кхоччуш баьIна,
Бацалахь бов, тесна битна некъ,
Шовда догIу даим коьртехь хьаьъна,
Даржа ца дахь, хьаьъна долу чекх.

Хаьа вайна, атта ца хедийла,
Дуткъа хиларх, кхоччуш даьIна тай;
Дикчу ден и вон кIант ма кхуьийла!
Дика кIентий деба дикчу дайн!

Ма кхочийла, екъна йоцуш, шинна
Нийсса атто, нийсса и хало!
Вон бере ма хила дикчу динна,
Дика дин а – беречунна вон.

***
Нохчийн мотт, буьсур-те
Хьо пондар хилла,
Синкъерам, ловзарний
Бен боцуш Iилла?
Дезачу деношкахь
Айеш хьан байракх,
Кхин терго хьайн йоцуш,
Буьсур-те байлахь?
Вайн къоман дахаран
Хьоста а леккъа,
Буьсур-те, тезетан
ГIирс хилла беккъа?
Сагатло, дог Iийжа,
Гатлуш хьан некъаш.
Хьан синна хийра дерг
Де-дийне хьекъаш.
Хьох дезар ца эца,
Къоначу чкъуро,
Нохчийн мотт, хьо лаьцна
Муьлхачу гуро?!
Мохк бисахь да воцуш
Хьо багахь карчо,
Къоман са, хьо кечло
Марчо тIехьарчо,
ДогIмаш-м вайн дуьсур ду
Набахти чохь а,
Мотт бацахь – къам доцуш,
Къам дацахь – мохк а
Биллина ладегIа,
Биллина бийца,
Хир бацахь, хир бац и
ТIаьхьенийн цIийца.
Тоделла, талуш ду
Дахаран хьелаш,
И тодеш жигара
Бу говза пхьераш.
Дуьненан даьхни ду,
Дай бу гIишлонийн,
Эхь-ийман, оьздалла
ХIоттийна соне.
Нохчаллин суй гIеллуш
БогIу-те цIийца?
Я ненан кIайн кхача
КIайн бац-те хIинца?
Кхачале бохучу:
«Ва, орца дала!» –
Ларбойла тхуна хьо
Кхоьллинчу Дала!
НиIмат дац тхуна цхьа
Ахь делла доцург,
Даккха а, дала вац
Хьо цхьаъ воцург.
Ийман ло тхуна,
СинцIеналле дерза,
Адамашна юккъехь
Нийсонан терза.
Ницкъберг Хьайн кхолла тхо,
Ницкъберг тхо кхалхо,
ЦIинделахь тхан дегнаш,
ДIаяккхий шалхо.
Ларделахь ши юьхь,
Ши мотт болчу нахах,
Дайшкара зIе хаьдда,
ТIаьхьенаш ярах.
Дайн синош ца лазош,
Чекхдовла тхуна
Пурба ло, Я АллахI,
Хастам бу Хьуна!
Ден лорах кIант ваха,
ЙоI – лорах ненан,
Ницкъ лолахь, Ницкъкхочург –
Я АллахI-Дела!

Ши дош а тоьу
Ас муха еза хьо тида,
Ахь дагахь шад бича хьайн?
Ю-теша хьо йовззалц дика?
Я ю-те са тIома дига,
Суна хьо хеттийтал сайн?

Ши дош а тоьу схьахаза,
Царна чудиллинехь са,
БIозза деш сан дахар хаза,
БIаьсте еш, даржийна заза,
Беш йогIа кху даг чу сан
Ас муха деша и йоза,
Ахь кога яздийриг хьайн –
ЧIагарийн гуо готта доза
Чуоза я араоза
Цхьа а ницкъ ца хилча сайн?

Маржа яI, хьо-дахар къиза,
Марзонах хийцича къахь!
«Да виса!» Да велла диса!..»
Хаьржинарг хIара я иза
Дехар ду, вай деха Iахь.

Орга №8. 2019. Эл. кеп.

http://www.orga-journal.ru/