БАЙХАДЖИЕВ ЗАЙНДИ

Печать

Нравится

БIаьргаш чохь – тIома седарчий

doroga

БIаьргаш чохь – тIома седарчий

Ойла хьан полланах хьеда.
БIаьргаш чохь – тIома седарчий.
Меллаша йолу хьо кетIа,
Буьйсанан гIабалех хьаьрчий.

Хьан даг чохь чухчареш хьийзахь,
Къона цIий деддехь хьан, – маржа! –
Меттиг бу сирла сатийса,
Эшарийн серлонга яржа.

***
Итт шо хьалха евзинера,
Итт шарахь хьо йицъели.
Кхин ца ги хьо, девлча хера,
Я ган са а ца теси.
Хьех тIетесча селханенна,
Хиллачух гIан литталац,
Я литта а оьшу стенна –
Цхьаннах алу етталац.
XIopa дешна, xIopa дайна:
Эзар буьйса, эзар бутт.
Кхечу некъан йopгIa тайна,
Даьккхи дийнах долу мутт.
ГIалате а некъ би лаьттахь,
(Цуьнца гIайгIа ерстина).
MoгIa-м бац и, байа атта –
Кхолламах и хьаьрчина...
Амма тахна хьох ен ойла
Сийса деган Iаьнарехь.
Лаьа юхаъ къона гойла,
Бесни – Iожан дагарехь.
Хьанна хаьа, юха хьастахь,
Къона зама, деган бIаьсте
Юха денъян тарло ахь.
Буьйсанашка хьодур вара-кх,
Марха йоьжча хийцамийн.
Йора дин ас хохкур бара-кх,
Дорцан куьрка тийса и.

***
Малх Iенаш
Зезаган кеда,
Iуьйре луш
Дуьненан охIлане
Хьозано,
Хуьйцуш ша седа,
ТIам тоьхча
Сирлачу кхолламе...
Мохо шен
ТIома тIеэцна,
И техкош
Сийначу гаьнгалехь,
ХIай дог, ахь,
Диканах тешна,
Безаман кхаъ боьху
Хьаьнгара?
Къоналла
ХIиттинчу гурахь
Марха еш,
Куьзга харц лийча...
Хьох хьаса хилла
Хьан уьйраш
Яьржина,
Яйна карийча,
Дукъделча
Хье тIера хершнаш,
Къоналлин
Малхбасе охуш,
ХIетте а,
Диканах тешна,
ХIай дог, ахь
Кхаъ хьаьнга боьху?

Буьйсанан олхазаре

ДIо сонехь техка га
Хьомсара ду-те хьан,
Бен доцчу Iаламе
Жима дог доьллуш?
Тховса а хьайнна ша
Дисинчу дуьненахь
Тийналле аз хеца доллу?
Мичара деъна хьо,
ГIайгIане йиш йохьуш?
ХIун дижо гIepтa хьо,
ХIун самадаккха?
Там хуьлу ламанца
Хьан кIеда аз додуш,
Ойлане волу со тIаккха.
Хьуна хIун оьшура
Буьйсанан боданаш,
Ган жирга, шийла и
БIарлагIийн тоба?
Хьох мичахь къаьстина
Серлонан олхазарш,
Алахьа, хIай беттан къобал…

***
Дешан Iаь дорцах ца еша.
Цо, лаахь, кхуллу уьш ша а.
Хилчахь и синлазам эшош,
Кхин дехар дац цуьнга цхьа а.

***
Доха кечделлачу дийнахь,
БIаьрган суй къегачохь дера,
BoгIуш со дог-ойла зийна,
И яккха хьийзаеш хьера,
Ницкъана юьхьдуьхьал гIерташ,
Кийччачохь со велла карча,
БIаьрдуьхьал сан марха кхетахь,
Долалахь, собар, со ларван.

***
Дахкаре ойла, чекхъяла
ДIаяржа, гулъян да воцуш.
Сан тховса бакъо ю ялъян,
XIap дуьне ма-дду ха хорцуш.

Амма хьо къовсаме яла,
Къовсамехь ма бе сан тIалам.
Жуккарех шал шийла хьарча,
Ца хьарчахь, лен уьн тIе карча.

***
XIopa ву я карахь,
Я марахь лаьттан.
Хинйолчу чаккхено
Багабо синтем.
Мичахь ю, хьовха, и
ТIаьххьара хьаьтта?
Мосазза хьаьшна и,
Лазийна хиндерг...

***
Ас шерийн йозалла ловш,
ЭргIада баьллачохь къийсам,
Хьо стенга яхна, сан шовкъ,
Хьо хьенан хелхарехь хьийза?

***
Телефон тохийша цхьамма,
Галвалий мукъане тоха.
Тохийша тховса, шайн десар,
Коран бIаьрг мукъане цхьамма.


Эвелла даймехкан сих


Шичин кIантана Русланна

Къонахчун
Дахар ду деха.
ДIаьндарго
Ца лоцу и.
Адамийн
Дегнашца веха,
Эвелла
Даймехкан сих.
Сийлахьчу
ХIолламехь тийна,
БIешаре нур къегина
Хир ву и
ХIораннан кийрахь
Шен халкъан
Сий айинарг

Iуьйренан ойла

ТIаьххьарчу седано
Стиглахь сауьйзу.
Боданах дегийна
ТIаьххьара дитт.
Баьлла ца болучу
Кхоже сатуьйсуш,
Ойлано ваьхьна со
Гена ладийн...
IиндагIаш дацадо
Малхо сан уьйтIахь,
Со санна, со санна
Хан-замано.
Чекхъяьлла селхане,
Хьо хIунда луьй-те?
Вай цхьаьна дисинехь
Дацара вон?
Сан бIаьрган серлонца
Ярий хьо-м сирла,
Тапъаьлла, йовр йолуш,
Хьаббича и.
Яхна хьо, дахаран
XIай сирла кийсик,
Ас хууш, ца хууш
Егийна тхих.

***
БIаьргаша элира:
«Веза».
«Хаац-кха», –
Элира матто.
БIаьргаша элира:
«Теша».
«Хаац-кха», –
Элира матто.
Кор серладаьккхира,
Воьхуш,
«ДIагIохьа», –
Элира матто.
Нахала елира
Лоьхуш,
«ПаргIат ю», –
Элира матто.

Адамашка

Толлург вай теллина,
Зуьйриг вай зийна.
Лазо вайн ницкъ мел берг
И вай лазийна.
Дисна дац вай вовшийн
Кхачо ца гIерташ.
Дуьненан адамаш,
Дуьйлийша берта.

Горгачу баьрзнашца
Букъ баьлла хийла,
Латта ду ла ца луш
Вайн хьерадийлар.
Шена цо хаьржина
БIаьстенаш ховха.
Тиэбина шен лазам,
Шелйина овкъарш.
Дуьненан дикаллин
Довха дог санна,
Вайна и делла ду
Массо а ханна.

Буьйсанехь

Буьйса ю, биъ са а баьлла,
Даръелла корах чу леташ.
Со воьду тийналлах ваьлла
Ана дIа – Iуьйренан кетIа.

ДIахьаьжча, дижанза зезаг
Беттасих Iехалуш лаьтта.
Сих ца луш, собар дан деза
Зезаго хаьржинчу хьаьттахь..

Тховса сан ойла ю ирсе,
Буьйсанан тIамарш ю ховха.
Ткъа хиндерг – даккхаза ирзе –
Ойлане хIуьтту цхьа довха.

Маьлхаша летайо кханеш,
Букара дарцаш дIахьоькху.
Буьйсане вийлар ду санехь –
ТIехиндерг цо лерехь лоькху.

Кхин цкъа а кхайкхахьа, чiоб

Бисултанов Аптина
Кхин цкъа а кхайкхахьа, чIоб,
Ков доцу маьркIаже Iадош.
Валлац со ойла йижо,
Воллу и тIелхигах ятIо.

Цундела тIедолахьа,
Лацахьа дIора га куьйса.
Яйа вай яхъелла хан,
Яйа вай xIap сонта буьйса.

Кхарда вай дерригенах:
Хиллачух, хила йиш йоцчух,
Хеназа байначух мах,
Дала ца хиъначух орцах.

Хьажал хьо, дерриг дIатий,
Лахь, дисахь – вайшиъ ду ваьшша
Атталла и седарчий
Дирзина харц бустамашка.

Гаьннаша баннаш тахкий,
Туьнкалгех гIенан тов гIуьтту.
Ас хьоьца сайн дог даший,
Тховса хьан диттаца хIуьттуш.

Хьо-м, додий, цIеххьана дов,
Аз туху цхьана сонера.
Озехь ду кхайкхаре зов,
Айвеш со кху лаьтта тIера.

Буьйсанан кIоргехь ца туьйш,
Сан аьрха дог, хьо ду-теша?
Хьайн дена геннара луьйш,
Доьлху-те хьо нехан бешахь?

***
Эрна бIаьрг бетта
Кевнехьа –
Детталург
Ойланийн ов ду...
Деккъа цхьа
IиндагIаш нехан
Сан неIарх детталуш довду.
ДоттагIий
Кхачалуш хиэта...
Со вуьсуш воллу-те сайнна.
Мохо ков тоьхначу
КетIахь
Лаьтта хьач,
ХIуьттаре санна.

***
Моьтту хьуна, хьайн моттаргIа
Цхьанне а ца евза.
Стенна вуьйлу хьо баттара,
Дашца хIунда цIевза?
Пекъар яI хьо, хьалхавуьйлу.
Амма некъ ма уохьа.
Ахьачул гIоле и схьабуьйцуш
Лаьтта некъан бIогIам.

***
Дависа, кхин цкъа а пхийттара вала
Кор, седа летачохь цхьана экъанахь.
Юха а ца беш сайн жималлин тIалам,
Дорцалахь хир вара со декъала.
Дорцалахь, Iаьржачу жоьжахатехь а,
Зулам тIеирлучохь, Iеткъачохь вас,
Муьлххачу хIуьттарен бохь-муьцIалгехь а
Кхин цкъа а зовкх хьоьгур ма дара ас.

ГIаргIулеш

Абдулаев Лечина
Ирсана тоьхначу тIомо
ДIахьоькхуш
Гуьйренан кхолар,
Лахйина лекхачу ломо,
ГIаргIулийн тоба
тIex –
йо–
лу…
ХIилла деш йогIучу ханна,
Хено са даьккхина акха,
ДIадоьду, даима санна,
Сан мехкан цхьа тIома дакъа.
Цундела хир ду
Сахьовзар,
Яхча уыш шийлачу ана:
Хир буй-те
Цхьа некъахьовзам
Хийрачу стигланийн панахь?

***
Лелинчу Iаламан сурт:
МаьркIаже декъалъен чIоьбаш,
Заманан урх кхаьчна бутт,
Диттана лаьтто ен зоьпар,
Мархашлахь – ниш доцу * ткъес,
Iин-кIоргехь – бIарлагIийн базар,
Генарчу седанан иэс,
Баьгначу седанан бацар.

***
Дарцашна кхосса вай
хIуьттаре,
ЖIаьлешна кхосса вай
дералла.
Вовшашна дайделла
хIиттале,
Бердашка кхосса вай
Хералла.
***
Рицкъа къийделлачохь мацлуш,
Де догIуш шай доцуш киснахь,
Вайн дайша ирс лаьрра дахар
Вайна и кхузза ду ирсе.

ЦIера хьалха
Сатуев Хьусайнна
Дуьххьара дашах дог диллина,
Ас цIарца сайн кийра биллина.
ЭргIада кхиссалуш,
ЭтIа и,
Стигларчу уьйрашка хьеда и.
Буьйсанехь,
Сийна цIе хелхарехь,
Буьйсанан олхазар делхарехь
Ойлано гена дIакхоьхьу со,
Оьмарехь хинвоцчу воьху со.
Малхах дIакъихкина IиндагIаш
Сан цIаре ма майра кхийда уьш.
IиндагIаш ламанийн,
ГIаланийн,
Генарчу.
Гергарчу баланийн.

Ахь дог кхоорна

Сан некъахьийзамаш, сан хала амал
Ахьа тIеэцарна, лела чIархъаьлла.
Тийначу дахарна тIаьхьа ду Iама –
Кху дагах ас дийриг со дина ваьлла.

Даима сакх-сема, генна ладоьгIна,
Догу и, ял йоцуш, кхоош ахь цхьамма.
Меттиг бац дахарна шийла цIе тоьхна,
Ирсе вац баха со, гIов хилла цхьаннан.

Хьо гича берашца вайн кхерча хьалха,
Диъ аз хьоь самукъне кхайкхича: «Нана!»,
Ойла йо: «Лаьтта тIехь оьшуш ду ваха,
Сайца сел гергара шу хилчахьана».

Теша со, сатухур ду ахьа кхин а,
Некъашка хоьттур ву: стенна хьевелла?
Вас йохьуш со верзарх, ахь дог кхоийна,
Сан Iуьйре хIуттур ю хьох екхаелла.

Орга №8. 2019. Эл. кеп.

http://www.orga-journal.ru/