Университетехь

Печать

Нравится

Абдулкадыров

АБДУЛКАДЫРОВ Адам

СИНЪАЬРХАЛЛА.

Университетехь

 

Нохчийн пачхьалкхан университетехь доьшуш волчу хенахь хьалхарчу семестрехь (механически зачет хьуна гур ю аьлла, ца хета суна, бохург уггаре боккха кхерам хеталун зама ю и студентана) тхуна, РВО-н декъан студенташна, оьрсийн меттан практикум луш, тIехьаьжна, мел дукха а ткъе итт шо бен лур доцуш, Лера Алексеевна яра (цуьнан цIе а, фамили а къайлайоккху ас: хьанна хаьа, хIара йоза дIадешча, новкъадогIий а – цуьнан цIийндена-нохчочунна). Тхо, массо студент а санна, практикумехь гIовгIа ца еш ца Iара, уьн тIе ваханчух кхарда а кхаьрдара, вовшащца забарш а йора.

 

Семестр юккъе яханчу хенахь, гуттар санна дара практикумехь: цхьаъ уьн  тIехь предложенин меженаш къастош вара, важа, къайллах цунна нийса делахь а, дацахь а, «г1о» деш вара. Даггара деша гIертачара уьн тIехь дерг тетрадаш тIе д1аяздора, цхьаверг ойланашкахь вара, наггахьверг сахьте хьожура кест-кеста, тIаккха, доккха са а доккхий, корехула арахьежа хIуттура.

Ткъа тIеьхьа хевшина берш, царна юкъахь со а, РО-н а, Журналистикин а декъан зудаберех а дийцина – муьлхачу декъехь берш бу хазанаш бохуш (тхайн тобанера зудабераш даима тхоьца лула-кулахь кхиъча санна хетара) къуьйсуш  Iара. Тхаьш парехь хилар тоххара дицделлера тхуна.

Цхьамма, РО-н тобанера хьаьрса Элиза хаза ю бохуш, вукхо – журналисташна юкъара хьийзина кIужалш йолу Марха санна, цхьа а яц бохуш, тIечIагIдеш а, ткъа ас, сайна журналистка Лаура хазахета аьлла, дIахаийтира.

­– Готта джинсийн хеча тIеозийна сеттарг юьйций ахь?!. – ва-кIа-кIа-кIа аьлла, веларца иккхира суна улло хиъна Iа Нурди. Нурди сол масех шо жима вара.

Лера Алексеевна, цу дийнахь, гуттар санна ала мегар долуш, дог догIуш йоцу, оьгIазе Нурдига хьаьжира. Ткъа Нурди ханна а, дегIана а жима а волуш,  шеца жимачу берийн аьхналла йолуш вара, Iаьна юккъехь гIаьттина, мацаллина лела ча а, хIара хье а ца веш, уллехула а яьлла, дIагIур йолуш. Масех секондехь цуьнга а хьаьжна, тIаккха суна шен бIаьргийн оьгIазе ткъес туьйхира хьехархочо.

Ма дика ду-кх, Нурди, хьоьца ча лаца ваха ца дезаш!

Ша хиъна Iачуьра хьала а айбалуш, массо а агIор сан юьхь йоккхуш, лен хIоьттира иза. Дуккха а аллегореш а ялийра, эпитеташ а тихкира. Хьехархо вайнехан зуда хиллехь, дуьхьал цхьаъ ца олуш Iийр вацара со. – «Хьо резайоцуш сох хIума даьллехь, аудитори чуьра араваккха со, я чIоггIа суна таIзар дан безам белахь, деканате арз де, – иштта емал хьайн ваша я цIийнда вийр ву ахь!» – аьлла. Амма вайн гIиллакх, вайн амал кIезиг евзачу кхуьнга иштта дIаалахь, – ша оьрсий йолу дела атта хета хьуна аьлла, цунах летта карзахе цIе кхин а марсаяккхар бен, кхин хIума хир дац-кх цунах аьлла, ас сатуьйхира. Ас-м, пара чекхъяьлча, дицдан а мегара и сурт, хьаъа хIуъа а бахарх, лийний со парехь – лийна, яздеш вацарий со – вацара! Со бур-бур аьлла шена дуьхьал вист ца хилча, со гIиллакхах цавохар студентийн Iадорах тарделла, шен дагахь сан деган юккъе цхьамза Iоьттира цо: «Я тебе обещаю, Абдулкадыров, не получишь ты механический, я даже сомневаюсь, что ты получишь зачет вообще!»

Со цхьаьнга къамел деш дукха хьолахь чехка лоь, гергара нах бен ца кхеташ, цкъацкъа уьш а ца кхета.

– Лера Алексеевна, разрешите мне пересесть на первую парту,  – дийхира ас, чIогIа паргIатчу кепехь.

 – Зачем? – мара ирхбохуьйтуш, хаьттира цо.

– Хочу реабилитироваться! – велакъежира со.

 – Тебе даже пенициллин не поможет получить механический, – юха а «кхерам» тесира  хьехархочо, – впрочем на зачет по билетам можешь попытаться выучиться, хотя… – ас дуьйцург шена цхьа чот йоций хоуьйтуш, шен цIечу лакаца кечйинчу мIарашка хьежа хIоьттира.

Со, сайн студентийн бахам такхийна, хьалхарчу стоьла тIехьарчу г1анта т1е охьахиира – Лера Алексеевнина хьалха лаьтта стол гуттар еса хуьлура.

–Так, закончили практические действия, запишем сейчас  правило правописания «не» и «ни», – элира  Алексеевнас, тхуна бакъе еша кеч а луш.

Ас, оьрсийн меттан практикуман тетрадь схьа а диллина, юкъара цIена кехат даьккхира, ткъа тетрадь уллехь йолчу стоьла тIе кхоьссира,  цхьанакурсахочуьнга и нехаш чохь йолчу тускар чу кхоссар а доьхуш.

Лера Алексеевнан бIаьргаш оьгIазе горгбелла:

 – Вы что себе позволяете, Абдулкадыров?!.

– Я весь во внимании, Лера Алексеевна, диктуйте? – аьлла, яздан кечвелира со, цуьнан оьгIазъяхар тергал а ца деш.

Ас лелочунна ша резацахилар хоуьйтуш, доккха са а даьккхина, бакъе йийца юьйлира иза.

– «Не» пишется слитно:  во всех случаях, когда без отрицательной частицы «не» слово не употребляется, например: невежда, невредимый, нельзя…

Цунна тIаьхьа ца виса гIерташ, сайна а бен ца хезачу барамехь цо доьшург юха барта а олуш, ас леррина яздора:

– «Не» пишется слитно:  оо оооо ооооооо, ооооо ооо ооооооооооооо ооооооо оо ооооо оо ооооооооооооо, оооооооо: невежда, невредимый, нельзя.

–Ну.., Абдулкадыров, ну ты и.. –  тIаьххьарлера чаьмза дош ца ала, боккха садаIаран къурд беш, собаре хилира хьехархо.

–Что посеешь, то пожнешь! – Iа ца велира со а.

Пара чекхъяьллий хоуьйтуш, кхаъ баьккхира горгалино. Сан корта говв-аьлла хьаьвзира. Атта ма даций, эха сохьтехь а сов,  хьехархочо схьадоьшучу дешнашна  юкъахь элпаш долччул  «о»-наш яздан.

– Ну что же, запишите домашнее задание, которое на доске и можете быть свободными. На следующем занятии проверю обязательно, и поставлю соотвествующие оценки, которые помогут получить механический или наоборот потерять шансы на него – аьлла, кураллица схьахьаьжира соьга Лера Алексеевна.

–Эс-сей-кх – чIечкъира со, «о»-наш яздинчу кехатах масех дакъа а дина, нехийн тускар чу кхуссуш, со аравелира

Цхьа кIира даьллачул тIаьхьа, рогIерчу парехь Лера Алексеевнас со дуьххьара кхайкхира уьн тIе, «не» а, «ни» а яздаран бакъе хоттуш.

Со цунна хьалхарчу стоьла тIехь Iаш вара, юха а тетрада юкъара цIена кехат а даьккхина, «о»-наш яздан кечвелла.

– Я не готов!

– Садись, два! –. Белшаш а саттош, тIекаре а ала мегар долуш, схьахазийтира Лера Алексеевнас.

Юха а пара чекхъяьлча, цунна хьалхахь, тIе «о»-наш яздинчу кехатах кескаш а йина, нехийн тускар чу а кхуссуш, аравелира со

Иштта чекхъелира йисина семестр, цуьнан массо а парехь бохург санна, шиннаш а дохуш, пара чекхъяьлча, цунна хьалххахь «о»-наш яздина кехат а этIош.

Семестран тIаьххьарчу парехь Алексеевнас зачетан де билгалдаьккхира, къайлах соьга хьоьжуш. Ас корта охьабахийтира.

  – Нам можно выходить? – хаьттира даима велакъежачу Нурдис.

– Не сейчас. Хочу, чтобы вы чествовали ваших однокурсников, получивших механический зачет! – дозаллийца кхайкхийра Лера Алексеевнас.

И «сийлахь» гIуллакх дIадирзинчул тIаьхьа, тхоьга дисинчу декъазчу студенташка, кхайкхийра. «Карахь шен дисциплинин массо а темина конспекташ а, цIахь бина белхаш тIехь болу тетрадь доцуш зачете ма дуьйлалаш!» – аьлла. Юха а дозаллийца а соьга хьаьжира. Ас бIаьргаш дIаидадора, цунна юхьдуьхьал ца хьажа.

Зачет хила езачу дийнахь со самавелира мелла а карзахдаьллачу сица…

«Вуззалц» кхехкийначу хIоаца марта а дина, петара чуьра араволуш, тIаьхьарчу кIиранахь, массо хIуман тIехь бохург санна кхоош, айса гулдина ахча дагардира – тоьур ду хIара-м аьлла,  айса сайн жамI дира.

Зачетана билгалъяьккхинчу хенал леррина цхьа ахсахьт тIаьхьа веара со университете. Вела а воьлуш, сайн карзахалла къайлаяккхархьама, салам-маршал делира ас тхан курсерачаьрга. Кхиамца зачет дIаеллачара, баккхийберца тIекарейора соьга, ткъа аьтто цабаьллачара догъэцарца белшах куьг тухура, салам схьа а оьцуш.

Тхан тобанан староста йолчу Заремас, Дева Марийга дехар дечарах терра чIаьнги кIел куьйгаш  вовшахтесна, гIийла элира:

– Адам, суна-м ца хаьа, хьуна хIун аьтто бийр бу, ас сайн йишина а ца дина, хьуна санна, сагатта (цуьнан йиша а яра тхан тобанехь) – со дагалаца а кхоьру, цу чохь хьуна хиндерг!

Цуьнан даима а дог лозура тхан тобанера зачетана гIийла кечвеллачунна.

 –  Йохий ма хьовзахьа, Зарема, разведке воьдуш вацара со-м,  – сапаргIатдоккхура ас цуьнан.

– Хаац, ас-м разведка хоржура яра, – аьлла гIийла елаелира иза.  – Дика ду тIаккха, сихха аудитори чу гIо, цигахь цхьа Индира бен ца йисина, цул тIаьхьа хьо чу ца вита а мега цу мегерас.

Аудиторин неI йиллина яра. Индира тIаьхьарчул хьалхарчу стоьла тIехь шен билетана кечам беш Iара. Со гича, шен дагахь суна тIера доIа дира цо. Иза тIаьхьо хаийтира цо соьга.

Лера Алексеевна шен хьехархойн стоьла тIехь леррина ручка кегош яра, схьайостуш, дIакъовлуш. Ас неIаран гуранах пIелг туьйхира.

 Лера Алексеевна, можно зайти? – аьлла

– Ого, явился не запылился! Что так припозднился? – ца ешаш, рифма а ялош, хаьттира цо.

Со, вист а ца хуьлуш, чуван магочу  пурбане ладоьгIуш Iара.

– Перед смертью не надышишься, Абдулкадыров! – кхи дIа а Iиттарш йора хьехархочо, цхьа куьг гIантан букъа тIехьа а кхуссуш.

– Мне можно зайти в аудиторию или нет? – эсалчу дехарца хаьттира ас юха а.

– Как я ранее предупреждала, без тетради с конспектами даже за порог не переступай! – оьгIазе, мара ирхкхуссуш, эккхийтира Лера Алексеевнас…

 

ЛЕРА АЛЕКСЕЕВНАС САН ЮЬХЬ ЯЬККХИНЧУ ДИЙНАХЬ

– Халипат, во Халипат! – аьлла, тIекхайкхира ас тхан курсера йоI, оьрсийн практикуман дисциплинан пара дIаяьлча.

– Ахь хIун леладо, Адам,  – гIайгIане хаьттира цо,  – ДIабаьлла тIом кIезиг хета хьуна? – тIаккха забарца Iиттарш йора Халипата.

– ДIаяьккхахьа дIа, чот яцара и-м, – куьг ластийра ас,  – хьажахьа, хезий хьуна, Халипат, цхьа йишалла дехьа суна?!.

– Стенна тIехь? – кийча хиларца хаьттира цо.

– Практикуман хьайн тетрадь лохьа соьга, вайн парехь яздина «йозалгаш»   схьаяздан, – дийхира ас.

– Юха маца дохьу ахь? – хаьттира Халипата

– Кхана Iийча – жоп делира ас,  – кхин а цхьа дехар дара сан – цхьаьнгге а ма дийцалахь, ас хьоьгара тетрадь дехнера аьлла.

– Къамел дац цу тIехь! – са тедира сан цо.

 Иштта, хIор а оьрсийн меттан практикуман пара чекх массозза йолу, ас Халипатера тетрадь хьора. Конспекташ схьаязйора, леррина берриге а цIера белхаш кхочуш а беш. Массо а керлачу темана карточка дора,  дIавижале дикка иза Iамадой, вукхарна юкъа а тухий, гIайбина кIел дуьллура. Iуьйкъана самаваьлча, Далла хастам бинчул тIаьхьа, билет схьаозош санна, царна юкъара масех карточка схьадоккхура. Кхоччуш царна жоп даллалц, юханехьа дIа а ца вуьжура.

Зачет хила езачу дийнахь со самавелира мелла а карзахдаьллачу сица. ЧIогIа лаьара суна и де тIекхача! «Вуззалц» кхехкийначу хIоица марта а дина, петара чуьра араволуш, тIаьхьарчу кIиранахь, массо хIуман тIехь бохург санна кхоош, айса гулдина ахча дагардира – тоьур ду хIара-м зачет «обмыть» ян, аьлла, айса-сайн жамI дира…

…Аудиторин неI йиллина яра.  Шен дагчохь суна доIа дечу Индирига бIаьрг таIийра ас – шек дIа ма яла хьо бохучу маьIнехь.

Лера Алексеевна, шен хьехархойн стоьла тIехь леррина ручка кегош яра – схьайостуш, дIакъовлуш. Ас неIаран гуранах пIелг туьйхира.

– Лера Алексеевна, можно зайти?

– Ого, явился не запылился! Что так припозднился? – ца ешаш, рифма а ялош хаьттира цо.

Со, вист ца хуьлуш, чуван магочу пурбане ладоьгIуш Iара.

– Перед смертью не надышишься, Абдулкадыров! – кхи дIа а Iиттарш йора хьехархочо, цхьа куьг гIентан букъа тIехьа а кхуссуш.

–Так мне можно зайти в аудиторию или нет? – эсалчу дехарца хаьттира ас юха а.

– Как я ранее предупреждала, без тетради с конспектами даже за порог не переступай, – оьгIазе мара ирхкхуссуш, эккхийтира Лера Алексеевнас.

– Я  в курсе.

Иза а аьлла, неIсагIера дIа сайн тетрадь хьехархочун стоьла тIе кхоьссира ас. Тетрадь, стоьлийн шина могIанна тIехула д1а а дахана, кхоалгIачу могIанан коьртехь йолчу Лера Алексеевнан стоьла йисте охьа а доьжна, кхи дIа хьехархочун шера полировка йиначу стоьла тIехула масех гуо а боккхуш, цунна хьалхахь сецира, суо  а иза иштта кура нисдаларна цецвоккхуш. Цхьана бIаьргаца Индирин сайх йоккхаер лецира ас.

– Это что такое? – ца кхеташ, хаьттира Алексеевнас.

– Моя тетрадка по дисциплине практикум русского языка, – «официально» жоп делира ас, цхьана белшаца неIаран гура тIе а тевжаш.

– Это, возможно, не твоя тетрадь... вероятно, ты одолжил ее у однокурсников?!. – тетрадь сан хилар тIедита ца туьгура цо шен дегочу озаца.

– А вы там свою роспись видите? – дегаза хаьттира ас – ша теллинчу хIор а тетрада тIе шен куьг яздора хьехархочо.

– А домашние задания?! – аьлла, уьш цахиларе догдохуш, листа юьйлира сан тетрадь.

 – У меня там все как в аптеке, – жоп делира ас, – так, мне можно заходить?

Цо корта таIийра.

–Тяни билет, зачитай, и садись – максимум пятнадцать минут на подготовку! – аьлла, омра дира Лера Алексеевнас.

– Не надо мне времени на подготовку, – дозаллийца кхоьссира ас, билет схьа а озош, цуьнан чулацаме а ца хьожуш, и цунна хьалха а кхуссуш, – зачитайте сами – я отвечу!

– Ну уж нет,  – эргIадъелира хьехархо, озаца хийца а луш, – садись и готовься!

Со зачетана кийча хиларна кхуьнан цхьа а шеко яцара хIинца, делахь а берриге «толам» сан ца хилийта,  охьахаийра билетана кечамбан.

Пхи минот яьллачул тIаьхьа, иттанаш «о»-наш яздина кехат хьехархочунна хьалха охьа а диллина, билет тIера хаттаршна жоп дала хIоьттира со. КIира хьалха дуьйна, цуьнан дисциплинин массо а хаттарна жоьпаш, сайн цIарал, дика хаьара суна.

Билет тIера  шина а хаттарна жоьпаш а делла, цу тIера а, кхин масех цо «дополнительно»  еллачу предложенин меженаш къастийра ас. Лера Алексеевнас, кхин къаръяла ца туьгуш, юх-юха  а деш, хаттарш дора соьга.

Массарна а жоп а делла, кхин хатта хIумма а дисний хьан аьлла, куро кхайкхийра ас. ТIаккха, со вохаре сатуьйсуш санна, инзаре еха, ахкехат дIалоццуш, керла предложени елира цо суна, предложенин меженашца къастае аьлла.

Еха предложенеш ишколехь дуьйна меженашца къастош самукъадолура сан. Цхьа-ши меже йоцург ишттачу предложенехь ерриге бохург санна, деепричастин а, причастин а карчамаш хуьлу: латтамаш а, къастамаш а.

ТIаьххьара, сан хаарш кего кIордийначу Лера Алексеевнас, леррина соьга а хьожуш, хадам беш санна, хаьттира:

– А если я все равно не поставлю тебе зачет?!

– Жаль, что вы это не сделаете! – велакъежира со.

Индирига зачет дIаязъян тIехь аьтто хилар а кхайкхина, «юьзна» зачетка а эцна со аудитори чуьра аравелира, сайна тIаьхьа, цIийелла, эргIадъяьлла, ведомоста тIе зачет тIеязден хьехархо а йитина.

Цул тIаьхьа Лера Алексеевнас шина семестрехь елира тхуна оьрсийн меттан практикум. Со, хьалха санна, аьрха кхин ца лийлира цуьнан дисциплинехь. Цо а кхин цкъа а суна механически зачет юьллур яц бохуш, кхерамаш ца тийсира. Зачет суна шен хеннахь тIехIоттайора. 

Ткъа цу дийнахь оха, «эланаша» санна, «обмыть» дира ас зачет кхиамца дIаялар, университетан столовехь беляшиш а юуш. ХIоранна а, мел лахара а, шишша кхечира.

 

 

http://www.orga-journal.ru/