ХӀИНЦАЛЕРА НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН ПРОБЛЕМАШ

Печать

Нравится

Горга стол

«ХӀИНЦАЛЕРА НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН ПРОБЛЕМАШ»

 

Март беттан 21 дийнахь «Орга» журналан редакцехь «ХӀинцалера нохчийн литературин проблемаш» аьлла, горга стол дӀаяьхьира. Цигахь дакъалецира нохчийн халкъан яздархоша Ахмадов Мусас, Бексултанов Мусас, Нохчийн Республикин хьакъволу журналисто Сумбулатов Денис, къоначу яздархойн «Синмаршо» цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Халикова Асета, «Орга» журналан коьртачу редактора Алиева Заринас.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира таханлерачу хьолехь нохчийн литературина хьалха лаьтта декхарш, Ӏалашонаш, проблемаш, уьш кхочушъяран некъаш. Иттанашкахь шерашкахь зорбанан изданешкахь шаьш болх беш, шайна цу хьокъехь зиеделларг дийцира Бексултанов Мусас, Ахмадов Мусас, Сумбулатов Денис. Алиева Заринас «Къона яздархой кхиарехь «Орга» журнало дӀалоцу меттиг» аьлла доклад йира. Иштта Халикова Асета дийцира Нохчийн яздархойн кхеташонехь шаьш къоначу яздархошца, поэташца дӀахьучу балхах.

 

Цхьаьнакхетар дерзош, декъахоша билгалдаьккхира литература кхиош, яржош дакъалоцуш йолу организацеша (Яздархойн кхеташо, литературин-исбаьхьаллин журналаш, литературин, филологин кафедраш, и. дӀ. кх.) вовшашца герггара зӀенаш латтош, цхьаьна болх бахь, нохчийн литературано керла заза доккхург хилар.

http://www.orga-journal.ru/