Бексултанов Муса

Печать

Нравится

20190701 182402

ЮБИЛЕЙ
 
БЕКСУЛТАНОВ МУСАН - 65 ШО
 
Къолам буьххье къам, мохк тарбина, цу мехкан а, къоман а лазамаш, баланаш,  хазахетарш, кхиамаш шен сица ловш, шен йозанашкахь вайна ваьш муьлш ду гойтуш, къам хилахьара, бохучу дегалазамца вайн дуьхьа къахьоьгу яздархочо Бексултанов Мусас. Цуьнан говзарша гӀо до дешархочунна дуьненахь шен юьхьца чекхвала, дахарна тӏехь толам баккха, иэкегаеллачу заманахь тила ца вала, халонашка эша ца вайта, шен са лардан кӏезгаллех. Дагарадийца, дагавала, са тедан дика доттагӏ, накъост хилла лаьттина хӏора а дешархочунна Мусан кхолларалла. Дала декъалвойла хьо, Муса! Ахь хьайн ойланашкахь сатийсина долу къам а, мохк а хуьлийла вайн! Тӏаккха хьо а ирсе хир вара! Дала могуш-маьрша вахавойла хьо тхуна дуккха а шерашкахь!
http://www.orga-journal.ru/