Кусаев Iадизан 80 шо кхачарна

Печать

Нравится

Адиз Кусаев

Кусаев Iадизан 80 шо кхачарна

АРСАНУКАЕВ Iабдулла

 

«Со винчу халкъана хьанала ваьцна...»

Кхузткъа шо ду Кусаев Iадиз нохчийн литературехь, журналистикехь йоккхачу эвсараллица болх беш волу. Цо язйина нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь ткъех сов поэзин, прозин, публицистикин, литературоведенин книгаш.Газетийн, журналийн агIонаш тIехь, радиохь, телевиденехь арайийлина цуьнанмасех бIе кегийчу жанрашкахь йолу произведенеш: очеркаш, эссеш, дийцарш,статьяш. Нохчийн литературехь, журналистикехь хIинца а кхиамца къахьоьгушву яздархо.

 

Кусаев Iадиз вина 1938 шеран 3 январехь Сесанан районерчу (хIинца Нажин-Юьртан кIоштана чуйогIучу) ширчу нохчийн юьртахь Шоьнахь. Iадизанда КIусин Жабраил Шоьнарчу юьхьанцарчу школехь директор хилла. 1944шарахь нохчийн къам махках даьккхича, КусаевгIеран доьзал Ошски областанЛяйлякски районерчу Исфана юьртахь Iийна. Хийрачу махкахь къаьсттинаюьхьанца халонаш лайна адамо.

«Цамгарш хилла, мацалла лайна. Iожалла ца кхачарна дийна висира со,сан жимах волу ши ваша кхелхича, – дуьйцу Кусаев Iадиза. – Исфанахь доккхаберийн цIа дара. Цигарчу сайн хенарчу берашца доттагIалла тасаделира сан.Цаьрца цхьаьна хIора дийнахь делкъехь юург кечъечу кухнин кора кIел гуллоратхо. Кухни чуьра аракхийсина картолийн чкъоьргаш схьа лехьош, уьш, яттайоттий, юура оха, ткъа дIаьхкаш кегъеш, царна чуьра тIум цудйора. БIаьстенцамай баттахь ношдала дуьйладелла Iежаш дуура, цул тIаьхьа, чуонаш лозуш,бала хьоьггушехь. Гурахь ялтийн арахь дисина кенаш лехьо дигча, лехьошшехь,къайлаха кераюккъехь хьакхадой, буьртигаш дуура. Иштта хене довлура тхобераллин хенахь хийрачу махкахь…»

Оцу хьелашкахь I947 шарахь гIиргIизойн сийлахьчу акына СатылгановТоктогула цIарах йолчу школе деша вахна Iадиз. Иза чекхъяьккхича, I957шарахь цIа а веъна, Соьлжа-ГIаларчу Статистически техникуме деша вахна.ЦIечу дипломца чекхъяьккхина техникум. I959 шарахь эскаре гIуллакхданкхайкхина Iадизе. Цигара деша хьажийна Томбовски областан КирсановгIаларчу ТIеман авиационно-технически училище. Иза кхиамца чекхъяьккхинаI962 шарахь. Эскарера цIавеъча, масех шарахь Соьлжа-гIаларчу авиапортехькеманийн, вертолетийн техник волуш болх бина. Шен балхаца доьзна кест-кестакхечу гIаланашка, республикашка лела дезна Кусаев Iадиза. Жимчохь дуьйна аяздаран корматаллина тIегIерташ хилла волу Кусаев Iадиз 1963 шарахь деша воьдуРостовски университетан журналистикин отделени. Заочно доьшуш, I969 шарахьчекхъяьккхина университет. Университетехь дешна а валале, I966 шарахь КусаевIадиз республикерчу радион редакторан балха дIаоьцу. Дукха хан ялале лакхарчуредакторан дарже а воккху. Кхаа-деа шарахь радиохь болх бинчул тIаьхьа «Ленинаннекъ» газетан культурин декъан доладархо хIоттаво. I972 шарахь Кусаев IадиздIавуьгу телевиденехулий, радиовещанихулий йолчу Нохч-ГIалгIайн АССР-нпачхьалкхан комитетан Соьлжа-ГIаларчу телевиденин исбаьхьаллин программиндекъан доладархочун балха. Цул тIаьхьа циггахь коьртачу редакторан даржехьболх бина. 1995-1997 шерашкахь Кусаев Iадиз «Вайнах» телерадиокомпанехьрадион директор лаьттина. КхидIа а республикин телерадиокомпанехь коьртаредактор, тIаккха председателан заместитель волуш, тайп-тайпанан кхечударжашкахь а белхаш бина. Телерадиокомпанехь къахьегарца цхьаьна Нохчийнпачхьалкхан университетан журналистикин факультетехь доцентан болх а бина.Кусаев Iадизан дерриг дахар журналистикица доьзна хилла.

Кусаев Iадиза шен дуьххьарлера стих язйина I954 шарахь, 8-чу классехь доьшуш волуш. Пушкинан, Лермонтовн, Некрасовн стихаш дукхаезарна, церантIеIаткъамца яздан волавелла ша, олу цо. Дуьххьара зорбанехь стихотворени араяьлла I958 шеран I8 июнехь «Комсомольское племя» газет тIехь. «В большуюжизнь» цIе йолу и стихотворени юккъера школа чекхъяьккхинчу кегийрхошналерина яра. Нохчийн маттахь язйина дуьххьарлера стихотворени зорбатоьхна«ДоттагIалла» цIе йолчу альманахан 2-чу номерехь I958 шарахь, хIетахь цуьнан редактор хиллачу сийлахь-воккхачу нохчийн пэта Мамакаев Мохьмада къобал ярца. Иза граждански тIеман хенахь Соьлжа-ГIалахь бIедийнахь лаьттинчутIамах, «Урам» цIе йолу стихотворени яра. Оцу муьрехь шена вевзира ОшаевХалид, Мамакаев Мохьмад, цара гIо дира шена поэтически новкъа вала, церангIоьнца евлира шен произведенеш дуьххьара зорбане, гуттар а поэзехь шен тергойина цара, олу Кусаев Iадиза. Оьрсийн поэташца Е. Долматовскийца, Е. Евтушенкоца, Р. Казаковаца уьйраш хилла къоначу поэтан, цаьргара а дикка гIо хиллацунна. Юьхьанца поэтан произведенеш арайийлина нох«Литературная газета», «Литературная Россия» газетийн а агIонаш тIехь. Нохчийа, оьрсийн а меттанашкахь язйо цо шен поэзин а, прозин а произведенеш.

Поэтан шен дуьххьарлера книга араяьлла Соьлжа-ГIалахь I968 шарахь.«Амал» цIе йолчу оцу поэтически гуларна юкъаяхнера хIетахь автора язйинчехтоьлашха йолу произведенеш. Поэтан хIетахьлера ойланаш, синхаамаш, цуьнаншен даймахкаца йолу йовха юкъаметтигаш хаало стихашкахь. И книга араяьлча гIалгIайн поэта Гагиев Гирихана шен «Счастье поэта» («Поэтан ирс») цIейолчу статья тIехь яздина: «Цхьана хенахь, гена ца яьллачу селханехь, шеконедуьллуш дара, нохчийн а, гIалгIайн а меттанашкахь дика стихаш язлур ю, хазарифма карор ю, бохург. Амма шен стихашца иза харц ца до, дика стихаш язлургхиларрий, юьззина рифма луучунна, лоьхучунна карор хиларрий чIагIдо КусаевIадиза. Оцу декъехь цо нохчийн маттахь язйина стихаш говзаллин барам хилладIахIитта хьакъ ю. Боккъалла а, къениг мотт бац, къениг шен мотт цахуург ву.«Амал» гуларера стихаш ешча, массо а кхетар ву со бакъ хиларх».

Кусаев Iадизан поэзин а, прозин а алссам книгаш арайийлина Соьлжа-ГIалахь, Москвахь, Нальчикехь, Элистахь, кхечахьа а. Царах ю: «Некъаш» (I972),«Цхьаалла» (I982), «Ламанан леча» (I985), «БIаьстенан мохк» (I987), «Амал»(2008), «Кхоллам» (20II), «Къинхетам» (20I2), «Хазахетар. Берийн байташ.»(20I7). Оьрсийн маттахь «Ца хилча ца торуш дерг» (I975), «Нохчийчоьнаняздархой. Хьалхара книга». (2005), «Нохчийчоь: адамаш а, шерш а» (I007),«Къамел а до, ган а гойту Соьлжа-ГIалас. Нохчийн радион а, телевиденин аистори» (2008), «Нохчийчоьнан яздархой. ШолгIа книга» (2009), «Нохчийчоьнаняздархой. КхоалгIа книга» (20I0), «Сан некъ. Стихаш, поэмаш, гочдарш» (20I0),«Хаьржинарш. Стихаш, поэмаш, гочдарш» (20I2), «Соьлжа-ГIала: историнагIонаш» (20I2), «Нохчийн радио а, телевидении а: кхиаран а, гIеметта хIоттараншераш» (20I3), «Исторехь лар. Шоьна-юрт» (20I6), «Хаьржинарш. Стихаш,поэмаш, повесташ, дийцарш,» (20I7). Алма-атахь I990 шарахь арахецначу«Оралу» («Возрождение») цIе йолчу нохчийн яздархойн произведенийн книгитIехь а яра цуьнан стихаш.

Кусаев Iадизан поэтически кхоллараллехь коьртаниг шен заманхочун лехамаш, цуьнан деган ойланаш гайтар ду. Оьздангалла ларъяр, халкъана, махкана пайдехьа хилар, хьаналчу къинхьегамца вахар чIагIдо поэта. Къинхьегаманстаг ву поэтан коьртачу тидамехь: «Аьчкапхьар», «Монтер», «Белхан хьацар»,«Къинхьегаман стаг», «Балха вогIуш». «Кеманхо», «Кеманхойн илли», «Соьцанах бу», дуккха а кхийолчарна тIехь а автора вазво белхан стаг.

Даймохк, ненан мотт, даймехкан Iалам, адамалла, доттагIалла, безам – и адаман дахаран уггаре еза мехаллаш ю Кусаев Iадизан поэзехь а, прозехь а кхайкхораш. Беркате лаамаш бу поэтан лирически турпалхочун:

 

Лууш ву со кхача гIо оьшуш долчу,

Нийсархой боьхначу, хIиттинчу холча,

Куьг цаьрга кховдийна, лацийта тешаш.

Со Iама лууш ву

Адамашна эша!

 

Адамашна, Даймахкана эшначохь доьналла, къонахалла, майралла гойтуш,Iожалла тIеэца а кийча бу цуьнан лирикин турпалхой. Иштта бу «Ламанан леча»цIе йолчу драматически поэмин турпалхой а. I972-I977 шерашкахь язйинчуоцу поэмин чулацам автора 2007 шарахь мелла а хийца а хуьйцуш, дуккха ашорбинера, I930 шерашкахь Нохчийчохь Iедалан харцонашна дуьхьал хиллачугIаттамах дерг юкъа а дохуьйтуш. Поэмин юкъа керла турпалхой – имам Моца а,кхиберш а балош, автора шуьйра гайтина оцу хенахьлера исторически хиламаш.

Кусаев Iадиза язйина кхи масех поэма а: «Къоначийн илли», «Революцинсуй», «ТIеман некъашца», «Туьйранан махкахь», «Бештаун некъашца», кхиерша. Поэто тIаьххьара язйинчарах ю «Деле дехар» цIе йолу поэма. ХХ бIешо чекхдолуш Нохчийчу беанчу тIамо цхьа а бехк боцу адам холчухIоттор гойту поэмитIехь. Пхеа коьртах лаьтташ ю поэма. Царах дукхахдерш бархIмогIанан строфашца яздина а долуш, доIанан кепехь бу поэмин чулацам. Поэта Деле доьху:

 

Йо, Дела, ларбехьа

Сан кхерч, сан доьзал,

Лардехьа бохамах

Сан нохчийн къам,

Ларъехьа ДегIаста

Ца йойтуш доьза,

Ийманехь чIагIдехьа

ХIор а адам!

 

Оцу дехарца ду поэмин коьрта маьIна.

Нохчийчохь лаьттинчу тIамах алссам яздина Кусаев Iадиза. Литературникритика Бурчаев Хьалима яздо: «ТIеман суьрташ» цIе йолуш стихотворенийндийнна цикл ю Кусаев Iадизан. И суьрташ цхьаъ вукхул ирча, бохаме ду:Iожалла санна, Iаьржа тIемаш долчу кеманан летчик, ша бакъхиларх тешна волу;гIаланех, яртех, гIишлойх, адамех хьерча Iаьржа цIе; йолчу тIе а юкъаелла Iаьржабуьйсанаш – Iожалло шена пхьор, дукхахьолахь, буса ма гулдо; хIинццалц сирладаьхкина денош Iарждеш, тIегIерта герзаш. Серло яйна, Iаржъелла адамийняххьаш, бохамаш, халонаш, Iожалла шайна гуш. Дерриг дуьне Iаьржачубасаршкахь го Нохчийчоьнан бахархошна, чалтачаш-м, шайгара Iожаллин герзтIе а дассадой, паргIатбовлу шайн сирлачу, йовхачу хIусамашкахь, цхьанхьашаьш тезеташ хIитторан ойла а ца еш. ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь тIемантема коьртаниг ю Кусаев Iадизан кхоллараллехь. И иштта ца хуьлийла а дац,хIунда аьлча, тIехкъизаллица, тIехъхарцонца тIамо халкъана бина ницкъIеткъар бу цуьнан теш хиллачу вайх хIоранна а, ваьш дуьненахь мел деха. ТкъаКусаевн исбаьхьаллин дашо юха а, юха а тешам ло цкъа мацца а Бакъ тулурхиларх, декъаза нохчийн халкъана юха а маьрша, сирла малх лепар хиларх а. Цудерригенан а битамаш го поэтана нохчийн къинхьегам безаш, халонашна бIо цакъажош, машар безаш хиларехь».

Кусаев Iадиза поэзи жанрашца шуьйра ю: лирически стихаш, сюжет йолу стихотворенеш, стихийн циклаш, поэмаш, сонеташ, сонетийн кочарш. Къаьсттанаала деза чолхе, йоккха, шен лехамаш, бехкамаш болуш, язъян Iаламат хала произведени ю сонет. Нохчийн яздархоша хIинццалц схьа зорбатоьхнарш I3 сонетийнкочар бен дац. Царах ялх Кусаев Iадиза яздина: «Иэс» (20I0), «Нохчийн лаьмнаш» (20I0), «Нохчийн къам» (20II), «Безам» (20II), «Къа» (20II), «Дайн латта» (20II).

Кусаев Iадиз прозехь яздеш а ву. Цхьатерра кхиамаш хуьлу цуьнан поэзехьа, прозехь а. Яздархочун проза коьрта долчунна публицистика ю. Ялх книгаязйина автора прозехь. Уьш оьрсийн маттахь ю. Нохчийн яздархойх кхо книгаарахецна цо: «Писатели Чечни». Биографические очерки. Книга первая (2005);«Писатели Чечни». Биографические очерки. Книга вторая (2009); «ПисателиЧечни». Биографические очерки. Книга третья (20I0). Дукха хенахь къахьоьгушязбина мехала болх бу и. Цу тIехь автора I46 яздархочун дахар а, кхолларалла айийцина. ШолгIачуй, кхоалгIачуй книгаш тIехь хIор поэтан 2-3 стихотворени аялийна, прозаикийн произведенеш тIера дакъош а далийна. Яздархочо и мехалакхо книга цхьаьна а тоьхна, цхьана томехь юхаарахецна 20II шарахь.

Кусаев Iадизан «Чечня: годы и люди» цIе йолу книга араяьлла 2007 шарахь.Цунах лаьцна Бурчаев Хьалима яздо: «Ша иттаннаш шерашкахь гулйинчу шенархиван буха тIехь кхоьллина автора и книга. Iадиза цунна язйинчу дешхьалхено гойту иза шен халкъан а, Даймехкан а воккха патриот хилар. Цунна хаддазакъахьега лаьа церан дуьхьа, и лаам цо кхочуш а бо гуттар а болчу шен лехамашца, талламашца.

Нохчийн халкъан турпалхошна лерина ду вай юьйцучу книжкин цхьа дакъа.Арсанова ПетIамат, Шерипов Асланбек, Нурадилов Ханпаша, Висаитов Мовлид, Магомед-Мирзоев Хаважи, Идрисов Абухьаьжа, Бейбулатов Ирбайхан,Ахматханов Зиявдди – уьш вайн халкъан бIаьхаллин турпалхой бу, шайх халкъан дозалла ала а догIуш, нохчийн яхь а, юьхь а ларйина болу. Ткъа Насуханова Ляля, Баталова Кужу, Ампукаев Нажа, Мурдаев Махьмуд, Езиев Якъуб,кхиберш а къинхьегаман турпалхой бу, нохчийн халкъан къинхьегам безаранагIонаш дерриге а дуьненна йовзийтина, дIагайтина болу.

Нохчийчоь цкъа а ца хилла шен похIманчийн къоьлла йолуш. Ерриг Россехьхилла ца Iаш, дуьненна а евзаш цIераш ю нохчийн суртдиллархойн, хелхарчийн, илланчийн: Захаров Петр, Эсамбаев Махьмуд, Сулейманов Баудди, Дагаев Валид, Магомедов Султан, ДимаевгIар: Iумар, Iела, СаьIид, композитор Шахбулатов Iаднан,художникаш: Идрисов Дадан, Исаев ХIарон, кхиберш а бовзуьйту Кусаев Iадиза.

«Нохчийчоь: шераш а, адамаш а» цIе йолу книжка шен мехкан адамех долчудозаллех, кураллех юьззина ю. Цуьнан автора шена хьалхахIоттийна Iалашо аяра изза: нохчийн тоьлла долу адамаш дерриге а дуьненна дIакхайкхо, кхузахь(вайн лаьттахь) дехаш дерш а, хIокху доккхачу дуьнен тIехь дехаш долу дерригеа халкъаш санна, шайн сийлаллаш а, лакхенаш а, кураллаш а, дозаллаш а долушадамаш хилар юха а дIаалар. ХIуъа а тIехIоттарх, ца доьхна вайн къам. Ерриге Нохчийчоьнах, Соьлжа-ГIалин сурт гайтарца боху Кусаев Iадиза: «Соьлжа-ГIала ахйохийра хьалхара тIом болуш, ерриге бохург санна херцаршка ерзийнашолгIачу компанин къизачу тIемашкахь. Амма ца къарйира шен сица, халкъэшалур цахиларан билгало санна, юхаденлуш ю и, бохамашкара, тохаршкара,овкъаршлара гIотту Феникс-олхазар санна. Кхечу кепара хуьлийла а дац, хIундааьлча Соьлжа-ГIала – иза нохчийн къоман, Нохчийчоьнан истори йолу дела».

Нохч-ГIалгIайн телерадиокомпанехь ша болх бечу хенахь гулйинчу материалаш тIехь язйина Кусаев Iадиза 2008 шарахь зорбатоьхна «Говорит и показываетГрозный» цIе йолу книга. Иза, ма-дарра аьлча, талламан болх бу. Дуккха а материал луьттуш, лерина язйина нохчийн радион, телевиденин истории ю.

Кусаев Iадизан кхоллараллин мехала агIо ю цо дина гочдарш. Поэтан нохчийн матте яьхна А.С. Пушкинан ткъа стихотворени, Лермонтовн берхIиттастихотворени, Есенинан ткъе цхьайтта стихотворени, Грибоедовн йиъ произведени. Цо оьрсийн матте гочйина нохчийн ткъе кхойтта поэтан стихаш.

Билгалдаккха деза, поэтан стихаш тIехь композиторша цхьа бIе сов эшарш, кантаташ, ораторийш яьхна хилар.

Кусаев Iадизан кхоллараллин лаккхара маххадийна. Цунна елла сийлаллинцIерш: «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо», «НохчийнРеспубликин хьакъволу журналист», «Соьлжа-ГIалин сийлахь гражданин»,«Нохчийн Республикин халкъан яздархо» (А.З.)

Дина пачхьалкхан совгIаташ: «Нохчийн Республикина гIуллакхаш дарна» мидал а, «Къинхьегамехь билгалваларна» сийлахь знак а.

Поэзехь, прозехь, публицистикехь кхидIа а кхиамца болх беш ву яздархо.

http://www.orga-journal.ru/