Нохчийн мотт

Печать

Нравится

Ахматукаев

АХМАТУКАЕВ АДАМ

 

Нохчийн мотт

 

Кху дуьненан кийра хоьъна зевне

Ненан маттах дозаделла дешнаш

Схьагулделча цу хьан беттан кевне,

Ӏехалур бу кийтарлонах* тешнарш.

 

 

Хьуна тӀаьххье шех масалийн алу

Иэбеллачу маттахь кегор кхечо,

Лайна, бохуш, мехкан боцу бала,

Вайн маттана лоьхуш маьрша гечо.

 

Шуна тӀера даьгна даьлча шатлакх,

Меттан хьал а цхьалхадаьр, деэшна.

Цунна тӀера доӀа карладаккхар

Ма дуьсийла шун орцанах тешна…

 

Нохчийн маттахь

 

… Ас юха а сайн къамел дӀадийр ду,

Къайлакхоьхьуш логах дуьйлу къурдаш.

Ас доӀа а ненан маттахь дийр ду,

ТӀегулбина нохчийн меттан мурдаш.

 

Ӏехош Дала хьаналдинчу декъах

Тхайн синошна чукӀаргделла даьӀнаш,

Токхур оха къоман сийлахь декхар,

ЮьхькӀайн лоьхуш нохчийн меттан маьӀна.

 

Кхеташ дуй тхо-м: тӀера чан дӀаэцна,

Тептар санна, юхакего боло

ТӀаьхьалонна дӀабиллалуш бац и,

Буьйцуш хилар – и бу цуьнан толам.

 

Цу кхетамах, дарба санна, ийна

Безачарна лезна и цабалар.

Цунах кхета тӀаьхьависна Ӏийриг,

Орцахвалий, тхуна юххевала.

 

Къилба тило хьийза бода хьаьъча,

Гур ду вайна, некъ вайн нийса хиллий.

Маьршадохуш даг чу хьийза кхаьънаш,

Аьр вай тӀаккха нохчийн коьрта илли!

http://www.orga-journal.ru/