Обновлено 25.04.2019 12:21 Автор: Administrator 25.04.2019 12:18
АБДУЛАЕВ ЛЕЧА
Ас жайна яздина…
Ас жайна яздина,
схьагарехь, бовш болчу маттахь.
Цхьайолу шеконаш, цхьадика! –
хье а лой йог1у.
Ас жайна яздина,
схьагарехь, леш болчу маттахь,
и гуттар хирг хиларх
шеквала дага ца дог1уш.
Ас жайна яздина.
Цхьа пайда боцуш довр дац и:
Чуьрк къахко дика ду,
вохвеллехь, хир ду мох тоха.
Луъург де цу жайнах.
ца йичахьана цхьа харцо:
Мел оьг1азваханчо
сан жайна, «герз» дай, ма тоха.
Ас дина йозанаш, –
шаьш дарна бовш болчу маттахь! –
Къинт1ерадовла там бу суна,
цхьа хьесап дина:
Ас жайна яздарца, –
яздинехь а леш болчу маттахь! –
Сайн ненан маттана, дош дижа,
Маьлхан каш дитна.