Хи а, хийист а

Печать

Нравится

Чокаев

ЧОКАЕВ Кати

Филологийн 1илманийн доктор, профессор, Н.Р-н 1илманийн академин академик

Хи а, хийист а

И ши дош шайх къаьсттина дийца  мегар долуш, шайн къаьсттинчу даккхийчу маь1нийн дешнаш ду. Масала, хи (г1алг1айн хий, бацойн хи) шадаьккхина маь1на тида воьлча а (оьрсийн маттахь оха а, Н. Ямнольскис а и дина), цуьнан этимологин аг1онах дукхе-дукха дийца дезаш сурт х1утту. Кхузахь, доцца аьлча, 1илмано бахарехь, Дала ша дуьне кхоьллина ваьлча, цу т1е хи хецна-кх. Ткъа дуьххьарлера садолу х1ума цу чохь кхоьллина-кх. Цул т1аьхьа, миллионаш, я миллиардаш шераш зама яьлча, кхолладелла-кх тахана вайна гуш долу дийнатийн (садолу х1уманийн) дуьне, шайца адамаш а цхьаьна. Цул сов, вайн дахар садолчу а, садоцчу а х1уманийн дахар, я вуьшта аьлча, дийнатийн а, ораматийн а дахар а, 1алам а хих дозуш а ду. Оцу дерригенах а кхетта, хица болу ларам шайн динца нисбина бу-кх массо къаьмнаша, къаьсттана аьлча, керстнаша а, бусалбанаша а. Масала, керстанаш шаьш дуьххьара шайн дин т1еэцар, хи чохь луьйчуш, дина ду. Цул сов, х1ор шеран январь беттан 7-чу «Крещение» олучу дийнахь изза дан дезаш бу, шаьш кхоччуш керстан динехь белахь. Адамийн цхьайолу цамгарш а, бусалбанаша а, керстанаша а, хи малош, дарба деш ю тахана а. Дег1 а, т1еюхург а, пхьег1а а, юург а ц1ена лелор а ду хица доьзна, къаьсттана бусалба нехан. «Ц1ано бусалбан динан бух бу», – ч1аг1до бусалба дино. Ткъа иза хица доьзна ду. Кхузара ду дуьне доладелчхьана а бохург санна, адам ша даха охьахууш, хийисте охьахууш хилар а, къаьсттана хин коьрте (лакхене). Иза гуш ду, масала, дуьххьара юрт юьллуш, адам хийист къастийна, совцуш хиларца а.

Цу дийцинчу хьашташца доьзна ду динехь (керста а, бусалба а) хи лардеш, кхоам беш хилар.

1есаллин заманахь хин шакъаьсттина дела а хилла – нохчийн Хи-Нана, Хи-Меха Нана: оьрс. русалка, тюрск. сув-апа – (су – вода, апа – мать) и. д1. кх. а. Хьовса, иштта Стигал-Нана – Мать Небес, Т1ур-Нана – Т1улгийн Нана – Мать Камня, Лаьттан Нана – Мать Земли и. д1. кх. а.

Иштта  хица болчу ларамах доьзна ду адамаша, масала, нохчаша, шайн дахарехь лелош долу цхьадолу г1иллакхаш:  доьзал кхуллуш лелош долу цхьадолу г1уллакхаш хи т1ера д1адолош, юха уьш чекхдахар а хица доьзна хилар а.

Иштта, масала, вайнехан ламастехь к1ант, йо1 вовшахкхетар дукха хьолахь хийистехь д1адолош хилла. Т1аккха, той д1адирзича, нускал хит1а доккхуш хилар а ду хица ларам хиларца доьзна. Кхузахь, нускало я хит1а цуьнца баьхкинчара, к1удал хих а юзий, хи чу леррина беттина хьокхам а тосий, цунна т1е топ тохар Хин-Ненера болу кхерам, хьаг1 юхатухуш деш долу г1уллакх хилла. Кхузахь кхин цхьа х1ума а ду тидаме эца дезаш. Нускал хит1е эцна бог1урш а, ша и нускал а тергалдеш, дикачу, ц1енчу ойланца бог1ий, генара б1аьргтухуш баккхий нах а, зударий хуьлуш хилла…

Нагахь санна йо1, к1ант, барт ийг1ина, вовшахдаьлла меттиг хилча,  хи долчу а вахана, к1анта куьйгаш дилар а хилла оцу хица болу лерам гойтуш долу 1едал (хьовса Исмаилов Абу «Дош» 607 аг1онаш). Бакъду, вай дийцинарг вайнаха хьалха заманахь, кхоччуш д1акхоьхьуш хиллехь а, тахана и дерриг а, хьалха ма-леллор лелош ду аьлча, бакъ дац. Цхьабакъду, зудчух къаьстинчуьнга, забар еш, «хит1е а г1ой, куьйгаш дила!» – олуш-м хаза тарло х1инца а. Иштта, хьахош бен доцуш, д1адевлла г1иллакхаш дукха ду вайна юкъахь. Уьш, замане хьаьжжина, юкъара д1адевлла я жимма хийцамца дисина хаалуш а ду, цхьаболчара лоруш, вукхара ца лоруш а. Масала, х1инца къанъеллачу зудчух хемхиг олу, 1оттар еш. Иза химеханана бохучура дисина ду.

Кхузахь кхин а ду хица болчу ларамца доьзна. Масала: моттбастийтар. Несо мотткхабар, цо ша нус хилла еанчу ц1ийнан а, лула-куларчу, цу ц1енца хьан-сан долуш а, я гергарло долуш а болчу нахе (пхийттарабовлаза болу кегийнаш боцчаьрга) ларам беш лелош долу, вайнехан ширачу заманахь дуьйна схьадог1уш, хаза г1иллакх ду.

Несо шеца мотткхобуш волчуо – я марзхойн гергара хилда.., я цаьрца хьан-сане, я лулахо хилда, – олу ша хьагвелла а ву, хи дезара шена. Несо хи дохьу. «Хьагвеллачо»  хи д1а ца молу, несо (нускало) шега мала аллалц. Несо, эхь а хеташ, меллаша «мала» олу. Хьешо хи д1амолу, шай-кай а кховдош. Ахчанан барам билгалбина бац. Х1ораммо а шена луъучул ло ахча. Бакъду, мардас а, марнанас а етт а, куз а луш меттиг а хуьлу. Кхузахь кхин цхьа г1иллакх а т1етухур вай: мовладан хи малар. Иза къаьсттана деза лоруш г1иллакх  ду. Цхьаъ кхеравелча, цунна хи малор а ду иштта.

Хи  Дала вайна делла доккха ни1мат ду, амма, Къоръанахь аьлла ма-хиллара, шортта дара аьлла, и эрна 1енор т1аламазалла ю. Хи 1алашдеш, цунах пайдаэцар ийманаца дог1уш, цу Делан ни1матан ларам бар а ду. Ч1ог1а къилахь лерина ду, хи бехдеш лелош долу х1умнаш. Масала, наха шех пайда а оьцуш, молучу д1адоьдучу хи чу а, шовданаш чу а нехаш кхиссар и. д1. кхин а.

Меттан 1илманехь хих бинчу талламаша гучудаьккхина меттан а, хинан а цхьаьнайог1уш йолу амалш (хьовса тхан «Вайнехан хи дашах лаьцна бина болх. кн: Где жил Прометей. Грозный, 2003).

Масала, д1адоьдуш мел долу хи ц1ена хуьлу, мала а, кхин г1уллакх дан а мегаш. Амма сецна лаьтташ долу хи телха. Иштта бу мотт а. Дан-м вайн дахарехь долу дерриге а ду иштта.

Иштта, хи санна, лелаш, (буьйцуш) мел бу беха мотт а, амма ша буьйцуш ца хилча, д1аболу иза. Лаа дац, масала, леларан маь1нехь долу хандешнаш шайн орамца хи бохучу дашца дог1уш хилар. Масала, классан гайтам б (маззакъбоьлла, оьрс. Рудиментарный), д1абаьккхича бах (боху, оьрс. говорить) дешан орам ­–х(а)хи орамца бозу. Дуста: аьккх. оха, г1алг1айн йах; иштта нохч. Ваха, даха, баха, йаха (орам изза х (г1алг1. ваха (д, б, й), аьккх, бац. аха, иштта нохч. лах(а), г1алг1, аьккх. иштта.

Вай дуьйцург ч1аг1деш, кхечу меттанийн масалш далор вай. Масала, оьрсийн маттахь река, боху дош а, речь, рвать, рычать, ринуться цхьа орам болуш лору (хьажа: Н. Шанский, Н. Шведовс «Этимологический словарь русского языка» М., 1961). Иштта ду рыскать, рвать; хьовса ст. слв. рияти; немцойн rinnen – струиться; rinse – ручеек; rinne – канавка, нохч. харш; rien – река (гидроним); renne – борозда; нохч. Охана (х); нем. Reise – поездка (нохч. Вахар (х); нем. rede – выступление, речь; нем.  redden – говорить (нохч. Баха, г1алг1. йах, аьккх. оха, бац. аха; оьрс. речь и. д1. кх. а). Иштта, меттанийн шаьш уьш коьртачу декъана вовшехкъаьстина делахь а, амма цхьацца амалшца цхьаьнадог1уш хиларх типологи олу. Вай далийначу тайп-тайпанчу меттанийн цхьатерчу масаллех типологин аг1ор цхьаьнадог1урш олу. Кхузахь вай далош долу цхьадолу дешнаш меттанаш гергара хиларца доьзна ду. Масала, удинийн меттан (лаьзгийн тайпа) хэ, гунзибийн меттан диалектерачу энху дешан т1аьхьара дакъа ­–ху (дог1у хи), ж1айн их, бенгийн. хи-х1орд; схьахетарехь, ж1айн г1ор – дог1у хи – иштта ду (х – г1) дуста вайнах. г1ор – пойду, ваха мега; цхьаболчу 1илманчийн кхетамехь, китайн хэ – река, дог1а – хи; японин ка – река, дог1у хи; греч. хео – 1енадо; язгулин. хех – вода, хи – дог1у хи; селькуп. кы – река, камчад. хиг – река, авест. ха – хи, вода (орам цхьаъ болуш ду). Кхузахь далийна цхьадерш-м нийса ца хила мега. Делахь а, дуккха а дерш ойла йойтуш ду, 1илманехь иштта хила ма-деззара (хьовса вай ц1еяьккхинчу авторан балхе а.)

ПАЙДАЭЦНА ЛИТЕРАТУРА

1.     Чокаев К.З. Этимология слова хи. В кн. Где жил Прометей. Грозный, 2003: его же Этимологический словарь чеченского языка. Грозный 2015.

2.     Ямпольский Л.Б. Этимология чеченского слова хи – вода, река. В кн. А Вагапова Этимологический словарь чеченского языка. Тбилиси, 2014.

3.     Абу Исмаилов. Дош. Грозный, 2002.

Вайн махкара гунаш а, баьрзнаш а, церан ц1ерш а.

Историн йохаллехь, эзарнаш шерашкахь дукха т1еман г1еранаш листина вайн махка, Нохчийчу, къаьсттана а цуьнан шерачу аренашка: масхуташ, киммерийцаш, скифаш, половцаш, гуннаш, аланаш, иштта кхин а. Дерриг дохош, дагош, адамаш дойуш, йийсар деш, зенаш дина кхайкхаза баьхкинчара. Иштта цу талорхойх дисина ду вайн махкара дуккха а долу баьрзнаш. Царех цхьадерш, историкаша яздарехь, теллина а ду (хьовса: М. Багаев «Страницы древней истории Чечни. Грозный, 2012 и др.). Тайп-тайпана хуьлуш ду баьрзнаш. Уьш хуьлу нах д1абоьхкина а (могильники); еза-дашо я дети, иштта кхечу тайпана а, мехала хазна д1айоьллина а, 1аламо ша кхоьллина а. Иштта тайп-тайпана баьрзнаш ду, масала, Хьалха-Мартанан к1оштахь (Г1ойт1ана юххехь), Шелан к1оштахь, масала, Гермачигана юххехь а, кхечухьа а, Теркан к1оштахь Лакха а, Лаха а Неврана юххехь, Нажин-Юьртан к1оштахь Г1алийт1ана юххехь, иштта кхин а.

Гу а, барз а маь1ница гергара ши дош ду (синонимаш). Бакъду, барз дукха хьолахь адам д1адоьллинчух олу – кошан барз; гу – кхечарех. (Зару-гу, Г1уркх-гу и. кх. а).

Барз-дош вайн маттахь башха боккха орам хецна дош дац. Амма гу (г1алг1. гув) дукха хенара дуьйна маттахь даьржина дош ду. Тхуна хетарехь, и дош ишттачу дакъошка даьлла лелаш ду: 1. Гу – гурахь, гуьйре, гуй – оьрс. кормушка; 2. гай/ге (г1алг1. гийг); 3. Топонимаш: гайчу (кей-мохк); гайшачу (маьлхист) и. кх. а. 4. гуо, гола, гуорга, гулахь и. кх. а.

Кху хаамехь вай дуьйцур ду 7-8-чу б1ешарахь Кавказе а, вайн Нохчийчу а ислам-дин даржо 1алашо йолуш баьхкина хилла болчу 1арбаша дитинчу баьрзнех а, церан ц1арех а. Вайн ц1ена нохчийн тайпанаш схьадевлла туш лоруш йолчу Нашхехь, шайн туп а тоьхна, совцар хилла 1арбийн. Цу меттиган корта бина цара д1ах1оттийначу стеган ц1е ю вайн исторехь эрснойн Мулкъ, аьлла гайтина («Очерки истории ЧИАССР». Грозный, 1967. Ч. I ).

Иза 1арбийн маттахь мулек куьйгалхо, паччахь бохург ду (хьовса кхин а «Очерк» истории Чечено-Ингушской АССР» Грозный, 1967, Ч. I ; Ш.А. Гапуров, Х.С. Умхаев. Ичкерия. Беной. Грозный, 2016, с. 49.)

Кхин а жимма историх лаьцна. Аьлла ма-хиллара, вайн заманан 7-чуй, 8-чуй б1ешерашкахь ислам-дин даржош Кавказе 1арбаша масех т1елатар а дина, эшийна кхузахь йолу пачхьалкхаш. Бехха т1емаш беш, шайн бусулбан дине ерзийна цара Хазарийн Каганат а (хьовса: «Очерки истории ЧИАССР» Т. I) . Цу хенахь  а, цул хьалха а вайнехан лоруш йолу пачхьалкхаш Дзурдзукети, Цанараш (Санараш), Суона (Сванетия), Двалой (Двалетия), Эрети (Эр бохучу доьзалан а, безаман а вайнехан Делан ц1арах): Нашх (Эрмалойн географин Нахчаматиянк). Кхузахь шакъаьсттина аьр вай, Гуьржийн исторехь Албанех Х1ерни олуш хилар, цу дешан орам а бу вайнехан (эр/ер); h (х1) – хьалхакхеттарг, -ni меттиган суффикс (хьовса: Ведана, Эрсина, иштта кхин а).

Туьдур вай иштта важайолу гайтина ц1ераш а. Санара (Цанари) – са/цалатта, мохк маь1нехь хилла. И дош Кавказан кхечу къаьмнийн маттахь а хааделла ду, масала, гуьржийн маттахь оццу «мохк», «латта» бохучу маь1нехь иштачу ц1ерийн хьалхара дакъа: Сакартвело – Гуьржийн мохк; Сачхери (юрт), Сакиста-Кистой мохк, иштта кхин а Дзурзук  дешан этимологи кхоччуш билгалъяьлла яц. Хетарехь, цу дашах ду дош «Зарзакъ» – х1ума хьалаойбуш хилла чарх (кран – оьрс.). Дзурзукаш г1ишлошъярхой хилла хилар гойту цу дашо, аьлла хета. Иштта  Дзурза-корта олуш меттиг Итум-кхаьлла к1оштахь; Зуьрза ц1е йолуш стаг хилла Эрснахь, иштта кхин а.

Сванети а са бохучу маь1нехь ду, -ети-суф. – гуьржийн, иштта кхин а (хьовса: нохч. Сонах, Сайра и. кх. а). Оцу ц1ераш яьхначу меттигашкахь вайнах 1ийна хиларан билгало ю кхузара меттигийн а, хийн а ц1ераш. Масала, меттигийн ц1ераш; Сванети; Айлам (ай-нохч. лакхе бохург; хьовса Айба (айда – поднять, меттиг – Ай а – лакхара шера меттиг (Шаран к1ошт); хьовса: а а вац хьо, лам а вац хьо – не плоскостник ты, не горец ты и. кх. а. Двалети вайн Дела дашах ду аьлла болх бу акад. Н. Гамрекелис язбина (хь. Двалы  и Двалети). Тбилиси, 1962.) Кхузахь иштта хийн ц1ераш ю: Чанчахи (хи река), Лиахви (нохч. хи; ли (лай-лайхи, в – гуьржийн элп). И ц1е йолуш кхузахь ши хи ду; Хилак (нохч. хилакъа); «Хилакъан ч1аг1о» олуш меттиг ю; Лам ц1е йолуш лам а бу. Кхузахь, цуьнан коьртехь керстанийн килс а йолуш; Ц1ей (вайнехан ц1у) олуш ши юрт а, хи; шаш а бу кхузахь. «Ирон» боху х1ирийн къоман ц1е вайнехан лакхахь йийцинчу Эр бохучу Делан ц1арах ю, бохуш, яздо х1ирийн 1илманчаша (Гуриев И, Абаев В.Н., Цагаева А. Дз. иштта кхечара); хьовса, масала, Топонимия Северной Осетии А. Дз. Цагаева и. кхечахьа а). Гуьржийн Къилбаседа лаьмнашкахь а, цу лаьмнийн когашкахь а дехаш долу мохеви олуш долу гуьржийн тайпа вайн беной тайпанах схьадаьлла хиларан билгало ю цу тайпанах вайнехан ламанан диалекташкахь а, г1алг1аша а бений (беной) олуш хилар а; нохчийн беной тайпа шина декъе доькъуш, шаьш бенойн наха гуьржийн беной а, нохчийн беной олуш хилар (х1окху мог1арийн авторна дуьххьара хезна тахана Соьлжа-г1алахь Ташкалински урамехь 20-чу номеран ц1ийнахь 1аш волчу, ша ц1ера Гихчу к1отарара волчу Лоьмера (фамили дага ца йог1у), хан 60 шо. Г1алг1айн уггар доккха тайпа ларалуш болу Малсаговг1арах шаьш г1алг1аша беной олуш хилар а, Урарту пачхьалкхехь беной олуш хилла долчу тайпанан ц1арах и пачхьалкх исторехь гайтина хилар а (Биайни) х1окху мог1анийн автора дуьххьара гайтина 1968 шарахь «Орга» журналехь зорбатоьхначу шен «Куда идет корень вайнахов» ц1е йолчу статьяхь. Цул сов, Малхбузе Гуьржийчохь тахана а бехаш бу «Нахча бений», аьлла долчу тайпанан нах. Вай ц1ерш яьхначу метигашкахь вайнехан маттаца тидалуш йолу меттигийн ц1ерш боккха болх язбалла дукха ю, кхузахь вайга уьш йийца а лур яц. Совцур вай ваьш дийца леринчу коьртачунна т1ехь.

Кхузахь вайна евзаш йолу, ц1енчу нохчийн туш йолу Нашха а, цуьнан йозанехь билгалйина йолу нохчаматиянк (-к- суффикс) (эрмалойн 7-чу б1ешеран географи) вай йийцина йолу Санары, Эрети, иштта кхечара а цхьа шакъаьсттина дакъа хилла. Цуьнан дуьххьарлера Мехка-кхиэлан баьчча Мулк Эрсаноевский, аьлла гайтина лакхахь, аьлла ма-хиллара, вайн исторехь (хьовса кхин цкъа а «Очерки истории ЧИАССР, Ч. I). Цул хьалха а и пачхьалкх хилла хиларх хаамаш грекийн 1илманчийн талламашкахь бу цхьаболчу вайн заманан 1илманчаша и къобалдахь а, ца дахь а (масала, Н. Волковас, Л. Лавровс и кх. а). Цу пачхьалкхан географи гойтуш карта а ду. Иза тхуна гира 1970 шарахь Петербухерчу Малхбале Институтан юкъарчу декъан пенах д1атоьхна. Цу карти т1ехь Нахчаматьяне, аьлла, билгалбаьккхинчу нохчийн мехкан дозанаш иштта ду: малхбалера малхбузехьа, Органна т1ера  Терк-хи т1е кхаччалц; къилбехьара къилбаседехьа – Арц-ламт1ера Соьлжа-хи т1е кхаччалц. Юххерчу хьесапехь, вайна евзаш йолу Нашха к1ошта юкъа а лоцуш. Дагалоцур вай кхузахь 1870 шарахь Н. Поповс шен «Ичкери» ц1е йолчу статьяхь далийна эрснойн баккхийчу нехан хабар. Цара Поповн хаттарна – маца даьхкина шу Ичкерин Эрсана-коьрте – жоп ло: «эзар шо хьалха. Юьхьанца, цига Нашхара девлла, Хьалха-Мартана юххехь 1ийна, цигара схьадаьхкира шаьш Эрсана». Иштта вай лахахь дуьйцу долу Мулкъа ц1арах долу баьрзнаш а ма ду оццу Хьалха-Мартанан к1оштахь, вай лакхахь гайтинчу нахчаматьянаш 1ийначу махка т1ехь – Органна т1ера Терка т1е кхаччалц; Орцара Соьлжа т1е кхочуш. Кхин а дагалоцур вай эрсной мулкъаца Эрсана-коьрте баьхкина хилар а. (хьовса алсамо лахахь). Эрсан-коьртахь мулкъа ц1арах меттигаш хилар а.

Ц1е яьккхинчу Малхбале Институтан баккхийчу 1илманчаша хьахийна долу географин карта цхьаммо а шегара кхоьллина доцуш, ц1ена «Географин» авторо х1отта ма-дарра ду, аьлла ч1аг1дора.

Ас и х1унда дуьйцу аьлча, – тахана Нохчаматиянк (Нашха) цу карти т1ехь хилла а яц, я ян а яц бохуш нах (1илманчаш) бу. Масала, царех бу – лакхахь ма-аллара, Волкова Н.Т. (Этнонимы и племенные названия Северного Кавказа. М., 1973; Этнический состав населения Северного Кавказа в 18в. – в начале ХIХ в. М., 1974; Л.И. Лавров «Обезы» русских летописей. СЭ., 1976 МУ и. кх. а). Х1ирийн 1илманчо Б.А. Калоевс шен «Осетины» книги т1ехь Нашха – Нахчаматиянк хьаха а ца йо. Ткъа Двалети нохчийн (вайнехан) яц бохуш, дешнаш дало г1ерташ яккхий чалхаш текхайо. «Эрмалойн географи» х1отторан а ю шен истори. Доцца аьлча, бусулба 1арби Эрмалойн махка кхаьчча, церан лаамца х1оттийна и «Географи». Цу Географин бух т1ехь ерриг Кавказ х1ор къоман ц1арах к1ошташка екъна цара, шайн нах, мулекаш, (нохч. Мулкъ) коьрте а х1иттош. И к1ошташ, Мелики аьлла, гайтина ю исторехь. Мулкъ а, цуьнан кхочушдаран структураш (мехкамеш) бусулба нахах хилла, Мулек дашах евлла ю иштта тайп-тайпанчу варианташца Кавказехь а, кхечу махкашкахь а яьржина ц1ерш. Масала, нохч. Малик, Мулкъ, Малкан (зуда) Абдул-Малик (Малик); гуьржийн Меликишвили (-швили – суф.) ; эрмалойн Меликян (-ян – суф.), башкирийн Мулюк, г1езалойн (татарийн) Малик. Оьрсашка а кхаьчна и ц1е – Маликов и. кх. а. 1аьрбийн вай ц1е яьккхина хиллачу кхочушдаран структуран Ал Ларисья бохучу дашах ю нохчийн, г1алг1айн а ц1ерш: Лорса (хьовса г1алг1айн илли «хьо йог1ий ядий йола ва Лорса Лиза (Идрис Цицкиев); хьовса иштта нохчий ц1еран Лорсанакъа (хьалхара дакъа Лорса, эрмалойн ц1еран (фамилин) Лорис – Меликовн хьалхара дакъа – Лорис. Иштта кхузара ю г1алг1айн хилла йолу, х1инца гуьржийн махка т1ера Лома-ахкара (ломек) юьртан ц1е Ларс; ши юрт ю и ц1е йолуш. Уьш а, таханлерчу кхетамца, Нашхарчу Мулкъа ехкина ч1аг1онна. Цу Терка ч1ожахула вог1у-воьдург тидамехь латто, 1уналла деш, шатайпана блок-пост. Цу хенара схьадеана хилла ду, аьлла хета, ХVI б1ешеран шолг1ачу декъахь хиллачу нохчийн баьччица Шихмурзица вошалла лелош (цо бахарехь) хилла волу г1алг1айн баьчча Султан-мурза вайн исторехь билгалвина хилар а (хьовса: Ших-мурза Северо-Кавказский союзник России во второй половине ХVI в., в кн. «Роль личности в становлении и развитии российско-кавказских отношений». Грозный, 2014). Мулкъа а, Ал Ларисья а ц1ершца билгалдина гунаш а ду вайн махкахь лакхахь билгалйинчу меттигашкахь. Царах цхьадерш х1инца доцуш, ц1ерш йисина а, вуьйш лаьтташ ду. Вайга ц1е билгал ца яккхалуш дисина а хир ду. Шаьш гайтина ц1ерш замано хийцина тайп-тайпана варианташкахь йолуш а ду – Молкх, Мелик, Серса иштта кхин а.

Иштта, Хьалха-Мартант1ера Соьлжа-Г1ала боьдучу некъан аьтту аг1ор, хьуьн т1е кхаччале, 1978 кхаччалц лаьтташ Молкан барз олуш барз хилла. Тахана и боцуш бу. Наха шайн цхьацца бахамаллин г1уллакхашна дезарш деш, бохийна д1абаьккхина, 1978 шарахь дуьйна, аьлла ма-хиллара, и боцуш бу (хьовса: Сулеймановн ц1е яьккхина болх) Борза к1ел карош хилла борзанан а, аьчкан а х1умнаш. Цуьнан вай яьккхина ц1е Молкин (барз) (Молкин – доланиг дожаран кеп) 1арбийн Мулек бохучуьра хилар. Вай лакхахь ма-аллара, меттан законашца аьлча, шеко йоцуш ду. Кхузахь аьлларг иштта хилар бакъдеш кхин цхьа тешалла а ду. Оццу Хьалха-Мартант1ера Соьлжа-Г1ала боьдучу новкъахь лахуо, аьрру аг1ор, тахана а лаьтта мартанхоша Серса барз а олу барз. И ц1е вай лакхахь бийцинчу мулкъан 1едалан кхочушдаран структура Ал ларисья ц1арх йозуш хиларх бинчу талламашка диллича, дог1уш ду. Тхуна кхузахь нийса ца хета А. Сулеймановс а, А. Вагаповс и ц1е, къоман этимологица дог1а серса – «меллаша дог1адар» аьлла тидар (А. Сулейманов «Топонимия Чечни»; А. Вагапов Этимологический словарь Чеченского языка. Тбилиси, 2013). Ал ларисья заманан йохаллица Серса/ Соьрсе дерза тарло. И иштта хилла: 1арбийн артикль ал охьайожар лакхахь вай йийцинчу нохчийн меттан дацаралле г1ерташ амал хиларе хьаьжча, нийса ду; л с-не дерзар ларисья дешан чаккхенехь долчу с-но т1е1аткъам бина нисделла (ассимиляция, тардалар – нохч.). Делахь а, кхузахь дерриг меттан законашца ду ала, халуо ду. Амма тхуна гуш дерг маттахь хила мегаш ду аьлла долчух болу тхан тешам боккха бу. Вайн ма-хаъара, ономастика (вай дуьйцург цу 1илманца дог1уш ду) комплексни 1илма ду. Тайп-тайпана вовшийн юххера долчу 1илманийн материалаш юстуш, г1уллакх дан деза бохург ду иза. Масала, историн, меттан а, этнографин, ткъа иштта кхин а юкъараллин 1илманех пайдаоьцуш.

Вай ала г1ертарг х1ун ду? Иза, нагахь санна, Мулкъа, ша паччахь, Нашхан да хиларе терра, шен дохнаца 1ай (отгонное животноводство) аренга веана 1ен шена а, шен хьашт-дезар долчу адамашна а шен ц1арах барз ша бича, шен, ша санна бусулбанаш а болуш, тешна ша а, шен даьхни лардан шен ц1е яьккхинчу кхочушдаран а, (лардаран а) структурана Ал-ларисьяна жимма шена кхерам т1еба мега болчу аг1ор кхин цхьа барз бар а хила дог1уш х1ума ду. Дагалоцур вай кхузахь а, лакхахь вай Эрсанарчу баккхийчу наха 1870 шарахь оьрсийн 1илманче Н. Поповга кхуза кхачале Хьалха-Мартана юххехь 1ийна шаьш, аьлла болу хаам (Н. Поповн ц1е яьккхина болх…).

Иштта бу Соьлжа-Г1алара Шуьйта боьдучу некъаца йолчу Зонах-юьртана юххехь болу Мелик барз (Мелик вай лакхахь ялийна Мулкъ ц1еран вариант).

Кхузахь хаалуш ду, и варианташ меттигерчу бахархойн диалекташка хьаьжжина хийцалуш хилар (хьовса лахахь кхин а). А. Сулеймановс яздарехь, цу борза юххехь 1ийна мелик (мулкъ). Амма кхеташ дац: юххехь 1а барз х1унда беш бу?! Амма, бакъду, цо шен даьхни аренан дежийлашкахь дажош хилар. Иштта и хилар Сулеймановс ша гайтина а ду. Масала, цу борзана лахо, Дочу-Борза-юьртана ши чаккхарма генахь, «Меликан жоьланаш лаьттина меттиг» (ц1е яьккхина жайна 467 аг1о). Барз лакхуо, жоьланаш лахуо! Цо ца гойту т1аккха, мулкъ шен жа дажо вог1уш хилар, 1ай аренга, лаха.

Йоккхачу Атаг1ана цхьа-ши чаккхарма лахахь бу Моллин барз олуш барз. И тхан кхетамца теллина а бац. Цуьнан ц1е молла бохучуьра хила цхьа бахьана дац. Нагахь и барз адам д1адуллуш бина белахь, цуьнан ц1е тюркийн молла (каш) дашца йог1у маь1ница. Ткъа кхечу 1алашонца и бина белахь, цуьнан ц1е Мулкъ ц1арца бен йог1ийла дац. Хан-зама яларца литературерчу диалекташка хьаьжжина муьлхха а ц1е халкъан маттахь хийцамаш ца хуьлуш юьсийла дац. Масала, хьовса вай лакхахь гайтина Мулкъ ц1арца хилла хийцамаш – молк, мелик, молкх (иштта хьовса: ал-ларисья – лорса, серса, соьрса и д1. кх. а). Кхузахь а, доцца аьлча, Мулкъ молла варианте дерза тарло. Цуьнан бахьана маттаца хуьлучу хийцамел совнаха, динца боьзна хийцамаш хила а тарло. Масала, ислам динца (молла – ислам – динан да, халкъан кхетамехь и веза лоруш хилар, ткъа мулкъ (молк, мелик) халкъан кхетамна хан-зама яларна хераваьлла). Мулкъан ц1арах долу баьрзнаш кхин а, вай дийцинчул совнаха, хила тарло. Иштта мулкъ ц1арца долу х1уманаш вайн махкахь кхин а ду. Масала, профессоран Хасбулатов Асланбекан «Установление российской администрации в Чечне (II пол.  XIX-нач.XX в.)» М., 2001 аьлла долчу жайни т1ехь аьлла ду: «Надел мулкъа». Иза мулкъан шатайпа латта дустуш, лелош барам хилла хиларан билгало ю. А. Бержес шен «Чечня и чеченцы» жайни т1ехь Молк нохчийн хьалхара да, маьлхан к1ант аьлла, гайтина а ву. 1962 шарахь Нохч-г1алг1айн 1илманан-талламан институтан белхало Саидов Ибрех1им а, цуьнца кхин а накъостий а бахана хилла Нохчмахка (Ичкере) экспедице. Эрсанахь, дийцира Ибрех1ама кху мог1анийн авторе, йоккхачу стага шайна гайтира х1ума юсту аьрша: «Х1ара ю-кх Мулкъан аьрша», – бохуш.

Иштта, кхин а меттигийн ц1ерш хаало вайн лаьмнашкахь мулкъ ц1арца йог1уш. Масала, Эрсан Коьртахь ю меттиг Мулкъан Ц1угана а, Мулкъа меттиг а олуш. Генайоццуш Аллай т1е олуш меттиг. Иза Илья бохучуьра ду. Илья дукха деланаш лоручу динан да а, т1аккха керста динан да лоруш хилла (хьовса: Нашхара Х1илах (юрт), Аллай а, – цуьнан вариант. Меттигаш Мулкъан ц1арах хиларал совнаха, тайпа а ду цу ц1арца – мулкъой. Кхузахь Мулкъойн Эрк (хи) ду. Мулкъание олуш меттиг ю Ц1еча ахкахь.  Мулкъан мехкам лаьттина меттиг ю и, тхан кхетамехь. Иштта меттиг лакхахь хьахийначу Х1ийла юххехь, Нашхахь а ю А. Сулеймановс шен лакхахь ц1е яьккхинчу жайнахь (17 аг1о) иштта аьлла цу меттигах: «Мулка – лесистая гора на з. стороне Х1ийлах; название затемнено. Мулк – общественное место. Г1алг1айн ламанан махкахь, Цорахь, Мулкун аьлла юрт хилла Советан 1едал т1едале. Х1инца и лаьттина меттиг ю. Иштта кхин а меттигаш хила а тарло, ярташ я йохийна, я нах д1асабахана, йисина. Бехха талламаш а беш, болх бича, каро х1умнаш дукха хир дара вайн махкахь. Дала аьтту бойла вайн иштачу лехамашкахь, вай Далла юххедуьгуш беш болчу балхахь. Иншааллах1.

http://www.orga-journal.ru/