Тапалаева Амнат

Печать

Нравится

Тапалаева

           Марненера кехат

 

Хьекъал алсам долчу зудчун дахар цхьанна заманахь а ца хилла атта.

Дешна Ӏилма долуш хиларца а, чохь-кертахь долчу гӀуллакхна тӀахъаьлла хиларца а ша куьпарчу зударел тоьлла юй хууш йолу Набу дукха къона йолуш дуьйна а яра иза хууш.

– Цхьана а адамана тосадалийта мегар дац, цӀийнда, айхьа хьекъал луш, дӀалелош вуйла. Уггара хьалха цунна шена а! – олий, доладора кхуьнан нанас шен хьехарш. – Даима хьехарш дарца, къайлаха, лерехь луьйш хила еза зуда. Ахь лелориг дӀатосалахь, марзахой хьан бат дӀасацо хьовсур бу. ХӀинца зударшна тӀехь доккха дукъ ма ду. Ткъа, со санна хьекъал долчунна тӀехь, къаьсттина. Ӏовдалчунна-м шен дахар муха хила деза а ца хаьара, –  олий доккха садоккхура цо.

 

Иштта, шен «хьекъал долчу» нанас хьехнера Набуна, жимачу зудчунна шен ирс карадерзо лаахь, цу ирсан «да», марненаца къевсина, ваккха везар вуй. Ден а, ненан а цхьаъ бен воцу кӀант, уьш боцуш санна, шена тӀе а верзийна, дахарехь чекхъяла шена мел хала дара дукха дийцинера цо. Цу кеппара хаьара Набуна, оцу толамах мегарг марзо эца а кхиале, кхин цхьана «тӀамехь» толам баккха безар буй а, кхуьнгара я кхо цуьнгара… хинйолчу несера. ХӀан-хӀа, Набус кӀентан зудчунна шен хӀусамехь ницкъбан лууш еш ойланаш яц уьш. Амма, къизачу тӀамехь ша къиза кхоьллинчу ирсах сийна цӀе яла ца лаахь, нус тӀе эца хьалххехь кечам бан беза аьлла, хета кхунна.  Оьшучохь сема ца хилахь, кӀант воцуш йиса а сахьт дац.

Шен хенарчу зударех марнаной хила буьйлабелчахьана, цу ойланаша корта бууш, синтем а байна, еха Набу. ЙоӀаршна сагатдина-м, Делан къинхетамца, елира хӀара. Хинволчу невцана а, цуьнан нанна а деза совгӀаташ кхидийчахьана, даима ишта хир ду моьттуш Ӏехалуш хиллера, цхьадика, хӀинца захалш. И шиъ-м дикачу цӀентӀехь дӀатарйира кхо. Амма, цхьаъ бен воцчу кӀантаца дерг, ишта атта хир ду аьлла ца хета кхунна. Ткъа школера а валанза волу иза хӀинца а зуда яло жима хилар, хиндолчун ойла ца ян бахьана дац… Хан оцу минотехь ма йоьду дӀа.

Цуьнан къаьсттина гӀайгӀа йо Набус, масех шо хьалха кӀантана зуда ялийна шен кхин йолчу яхча.

– ХӀумма дац, шайн гӀуллакх дичхьана, цул доккха дика дац-кх цара суна дан! – олу цо-м.

– И чайнан стака хьалха хӀоттор бен, цкъа а хьуна гонаха хьийзаш ма ца хуьлу хьан нус? – кхуо шега хаьттича.

Чохь-кертахь луьстучу гӀуллакхех, кегий ду бохуш берех я балхах бахьана дина, нус даима шен гӀуллакхе хьожуш, гуонаха хьийзаш ца хилахь, ша мегар яц, аьлла хета кхунна.

Мичча хенахь а кхалла бие-берса хӀума дагайогӀу воккхачунна. Кхин хӀумма ца хилча а, хилларг-лелларг карладоккхуш, луьйш-олуш вистхила лаьа. Ткъа уллехь ладугӀуш, балаболуш стаг ца хилча, хӀун дан деза?! Шен кхин, дагара ца хоуьйтуш, несана сатухуш ю, я ша цо муха лело еза ца хууш, Ӏовдал ю, хӀара кхеташ яц. Бакъду, кхуьнца ишта дерг чекхдер дац.

Я шен накъост Бату санна, кӀентан бераш тӀехула а лелаш, некъ къевлина, шена яла хӀусам йоцуш, йиса а ца лаьа кхунна.

– Ма паргӀат Ӏаш ю-кх хьо, хьуна хаахь! – олу цо, дикка кхуьнга а хьожий.

Кхи а чӀогӀа сахьаьвзий, цуьнан метта ша хилахь, хӀун дан деза,  ша-шега хоьттуш, кхералой, цӀа йогӀу Набу. Цхьа хан дӀаяьлча, шена тӀе вогӀучуьнца паргӀат вистхуьлуш, хӀума кхоллуш, Ӏен лаьа. Ткъа кхуо шен могашалла а хӀаллакьеш, хала вовшахтоьхна хӀара бахамаш, кӀентан бераша хӀаллакбеш дуьхьалатесча-м, Набу дог эккхаза юьсу. Масала, дукха мах белла кхуо хӀиттаяйтина и неӀарш кӀентан бераша дӀасаетта йолийча…ма ирча сурт хир дара и, тӀе ма догӀийла и саннарг. ХӀинца наношна бераш Ӏамо  хаъане ма ца хаьа. «Саца, ӀадӀе!» –  бере олуш хуьлий а ца хаьа. Чувеанчуьн кисана хьовсу, юург багара йоккху. ХӀан-хӀа, цунах гӀуллакх хир дац. Цхьана кертахь белахь а, шайн неӀ къовлуш бехаш бакъахьа бу уьш.

– Нус оьздачу цӀентӀера хилахь ша лело дезарг хӀун ду хууш, массаьрца а дика чекхъер ю, – олий, хьехар до, тӀаьхьа-хьалха кхо кӀант хьалакхуьуш йолчу кхуьнан йишас.

– Суна и хьесап ца хета! Вайн ден шичин, Мизанан, нус мел тоьллачу цӀентӀера ю, амма: «Со муьлхачу бух тӀера схьаеана ю хаьий шуна?!» – олий, хаьнтӀе ши куьг хӀоттадой, цо марзой кхерош ца гина хьуна?! Соьга хаьттича, нус хьан цӀентӀехь цкъа а хьоьл тоьлурйоцург хила еза, – олу Набус.

– Цхьана а хӀуманна гуьнахь доцуш ерг а нисъелла, и дахарехь дӀатекхо езахь, хӀун дийр ду?! – шен йишас аьлча, кхин а гӀайгӀане южу Набу. Иза а харц дац. Доьзал хьала а кхиъна, дӀа а нисбина, мукъаяьлла ша аьлла хеттачу дийнахь, юха кӀентан доьзал а тӀебожахь, хӀун лелор ду? Марзошна лело доьзал дӀасакхуьссуш ерг а зуда ма яц! – олий, дагадогӀу кхунна.

Кху тӀаьххьарчу хенахь, гуттар а санна, тховса а, цхьана а хӀуманна тӀехь шегара гӀалат ца далийта, шех марнана хирйолчу денна ойланца кечам беш, чуйирзира Набу. Цуьнан коьрте хьийза ойланаш кӀезиг яцара «Со санна хьекъал долуш марнана нисъелча, несана а хӀун хала хир ду? Соьга ла а дугӀуш, ас боххург а деш яьхчахьана, яьлла-кх иза!» – олий, хета кхунна. «Сан-м ца хилла и ирс. Цуьнан сина хала а ма хетийла, цхьана а хӀуманна гуьнахь долуш ма яцара и миска. ЛартӀехь пхьегӀа дӀанисъян-м ца хаьара. Со ялийначул тӀаьхьа, ас дерриге а хӀума сайн караэцча, чувеънарг цецволуш, цӀанъелла дӀахӀоьттир-кха кхеран хӀусам». Массо а хӀума, ша-ша доккхуш, луьстуш, наб ца кхеташ Ӏачу Набуна, хинйолчу несе дӀакховдо цӀеххьана цхьа инзаре хьекъале некъ коьрте беара. Ша Ӏуьллучуьра хьала а иккхина, ручкий, кехат схьа а оьцуш, охьахиира иза.

– Вайн заманан хьекъал долчу марнанас вайн заманан некъ лаха беза несаца мерза юкъаметтиг латто а, керта а ялале иза шен амале ерзо а!  – олуш, кехат яздан йолаелира иза.

 «ХӀара кехат, сан хинйолу «хьоме», нус хьоьга яздо ас!

ЙоӀана, тӀе кӀайн гӀабали а юьйхина, мареяхар шена ирс дохьу туьйра ду моттахь, дӀахаийта лаьа суна – со, цу хьан хиндолчу ирсан нана хилар, массо а хӀуманна тӀехь сема а йолуш.

ХӀара къамел, хьо муха хила еза дуьйцуш дӀадолийча нийса хир ду аьлла хета суна: оьшшучул Ӏилма долуш, тоьачул хьекъал долуш, несарийн хазалла хьахийначохь дӀагайта куц долуш. ХӀаъ, чохь, кертахь дан дезаш, листа дезаш дерг, хьеха ца оьшуш, девзаш йолуш. ХӀунда аьлча, сан кӀант, нана ма яла цуьнан, ас хала кхиийна сан кӀант, ахча даккха балха лела везар ма ву. ХӀусамехь куьгтоха мел деза хӀума, эшахь хьостам тоха а, телевизор я и йоцург галъяьллехь, тоян а хьуна хиъча, нийса хир ду. Сарахь цу яьшкина хьалха хан ца яйича, сабӀарзлуш со а ю.

Вайн гергара массо а стаг везаш, лоруш хилар хьан декхарех шолгӀа дерг ду хьуна, ткъа хьалхарниг – хьайн нана санна со езар а, со ларар а… иза-м ас ца дийцича а хьайна хууш хир дара хьуна.

Сай-бодий къаьсташ, Ӏуьйренца гӀоттуш хилла вайнехан нус массо а заманахь. И хаза гӀиллакх сайн хӀусаме еанчу несо дохо а луур дац суна. УьйтӀе, кетӀе къагийна, юуург йина марзой хьалагӀовттале, Ӏаш ша караяйтар а цу гӀиллакхна юкъадогӀуш ду.

Несе доцург дуьйцур долуш яц со, амма ахь даима дагахь латто деза: марехь йолчу зудчун цхьаъ бен цӀа цахилар, ткъа иза марзойн хӀусам хилар. Гергарчу нахе хьажа-хӀотта йоьду бохуш, йортъеттар дита деза. Уьш могуш-маьрша хилар воьду-вогӀучуьнга хабар дахьийтича а хуур ду.

Уггар а доьхнарг хета суна: хӀинцалерчу кегийчарна сом лардан цахаар. Цундела, дерстина даттӀа доллу жижиг я тӀе юху коч эца еза, ас дӀаэр ду хьоьга. Бакъдерг аьлча, суна жижиг алсам деза, оцу тӀелхигех-м гулйина дан хӀума дацара. И-м хӀунда дуьйцура, хӀинца кегийчу зударшна лартӀехь йолу хӀума шайна тӀехь-когахь эца а-м ца хаьа. Амма ахь са ма гатде, ас гӀо дийр ду хьуна коч-мача къастош.  Чохь лело къорза кучамаш чӀогӀа хазахета суна. Тишъелча а ца къаьста уьш. Ас къоналлехь лелош йисина царах цхьа-шиъ сан а ю. Царах эрна ахча дохка оьшуш дац. КӀентан зудчунна, сайн хьомечу несана, хӀума кхоор долуш яц со, ас дӀалур ю хьуна и шиъ.

Ахь лерина ла а дугӀуш, дагахь латто деза ас сайн бераллера, къоналлера, сайн, цхьанне а ца хиллачу кепара хала хиллачу, марех лаьцна мел дуьйцург. Иштта дагахь латто деза, нускалан хенахь дуьйна ас хьайга мел аьлла, айхьа соьга мел аьлла дош, хӀунда аьлча, ас мацца хӀоттийна а, цхьана дийнахь экзамен хӀоттор ю хьуна: «Ткъа дагадогӀий хьуна, ахь соьга иштта аьлла…?» – бохуш, хеттарш деш.

Цу массо а хӀуманал коьртаниг доьзал Ӏамор соьх тешийна хила деза. Ас сайн бераш а кхиийна, цундела суна дикох хаьа; берана дарбане лоьрийн молха  ду, я цӀена моз ду. Вайн дайша молханаш тӀехь ма ца кхиийна шайн доьзалш.

Таханенна тӀаьххьара хьехар ду сан дисина: суна, сайн кӀант даима жима бер хир ду, цундела хьуна хаа деза – ахь цуьнан хӀума муха юьтту, цуьнга ахь дош муха олу, со терго еш хир ю, суо резайоцчунна тӀехь хьехар деш а хир ю… дов деш хир яц, Ӏиттарш еш хир яц, сайна хетарг тӀедаккха гӀерташ хир яц, хьуна ишта моьттур делахь а, ткъа хьехарш деш хир ю, хьо сайна дукхаеза дела а, массо а агӀор тоьлла хила луу дела а.

Безамца, хӀинцале а хьо дукхаезаш йолу хьан хинйолу марнана!»

«Цкъачунна тоьар ду», – аьлла, ойла йира Набус. Ма-дарра аьлча, хьахоза дисинчуьнца дуьстича, охьадагардинарш хӀумма а доцург ду аьлла-м хийтира цунна. Кхуьнан кийрахь а ма ду дилхан дог, цундела хинйолчу несах къа ца хеташ яц иза.

«Тховса кхин а дикка ойла а йина, кхана ненах, йишех, лулахочух, накъостех дага а яьлла, язйийр ю чаккхе», – аьлла, сацам хилира цуьнан. Бакъдерг дийцича, марнаной а, несарий а кху дуьнен тӀехь мел бу, хӀокху къамелан чаккхе хир ю бохург бакъ-м дац. Амма, Набуна, цу агӀор, ша санна, хӀора зудчо а къахьегча, тӀаьхье беркате хиларе сатийса меттиг бу аьлла, хета.

Сихха дӀайижа метта елира иза, кхана кхочушдан дезаш дуккха гӀуллакхаш хиларна. Царах уггар а коьртаниг хаамийн гӀирсашкахула, довзийта дезаш дара «Марненера кехат».

 

2019 шо.

http://www.orga-journal.ru/