Лаьмнийн хIайкал

Печать

Нравится

Суьйра-Корта

II- корта

(Т1аьхье. Юьхь еша №9-11 журналашкахь)

 

БIаьстенна хьастаделла, бодделлачу лаьттах буса сахиллалц декхна хIуо, тIуналлах тIанк-аьлла дуьзна, дистина, дахкарлахь гIаьттина, юха мархашка дирзира.

Лаьмнашкара ловзабаьлла схьакерчинчу махо, хIуп аьлча санна, генна малхбузехьа агIор лаьхкира парталъевлла мархаш, комаьршша лаьтта тIе йовха зIаьнарш яржо рагI лаьцначу малхана маршо а йоккхуш.

Кирхьанна тIехьа лачкъийна латтийна, хIинцца гучудаьккхинчу нускалх терра, туй тесна бен хьожур воцуш, Iаламан исбаьхьа сурт, серладолуш, дIахIоьттира.

Хан-гIале – нахийн дуьненан дега юккъе боьдучу некъан ков.

Юькъачу хьаннаша корсбина*(9) лекха ши лам, чIапломана чарташ санна, богIабелла лаьтта. Суьйра-Корта олу цаьршиннах.

Басеш, тогIеш, Iаннаш.

Iаламо шен исбаьхьчу бустамех маша бузуш кхелина къилбаседе тулгIенах сеттачу Теркан-дукъа тIе кхаччалц схьаеллало. Къилбехьа буьрса бода хилла лаьмнаш ду – Iаламо доьттина тIулган пенаш. Уьш иэшийна, царна тIехула ваьлла бен, тIедахьалур дац мостагIчунна шен къиза куьг оцу лаьмнийн хьомсарчу берашна – нахашна.

Хан-гIала, Суьйра-Корта…

Историн дукха агIонаш листаелла кхузахь.

Уггаре а дуьне дезачу хенахь хийла къонахчунна Iожалла карийна хIокху арен тIехь, буьрсачу гIопан пенашкахь. ПIелг биллал меттиг яц цIий Iаноза, цхьа а тIулг, тарх, дитт дац бIаьхойн шовкъе кхайкхар, луьрачу чевно Iовжийна шийла мохь, Iожаллин тIаьххьара шабар-шибар шеца дIахудаза.

Хан-гIалин да хила кадаьллачо, шеко йоццуш, ала тарлора – хIокху исбаьхьчу, къармазечу мехкан да ша хилар.

Суьйра-Коьртан мокхаза ши корта туьраца дIатесначун – оцу къармазечу мехкан къармазечу берашка корта таIабайтар дара, горахIоттор.

Амма иза а, я важа а кхочушдаделла цхьа а вац.

Кхин да ца оьшу хIокху лаьмнашна а, ненан майра ца оьшу оцу берашна а. ХIара мохк буьрса бу мостагIчунна, кхайкхаза веанчу хьешана. Амма шен акхачу маршонехь ша аьрха кхиийначу берашна – комаьрша, токхе, беркате.

Тахана дахарца кхехкаш ю гIап.

 

Хеназа а дац хIинца-м, дукха лаьттина набаран тар тесна а.

ХIокху мехкан массо а къаьмнийн меттанашкахь хезачу къамелаша аьзнийн уьйриг кхоьллина хIаваэхь. Шайн дайшца къийсалуш санна, говрийн терсар а дац хIумма тIаьхьадисна. Маьлхан зIаьнарш болатан герзашца юха серлонаш етташ, ловзу. Массо а маьIIехь летийначу цIерийн кIур бIаьргаш чу оьху. Даккхийчу цIеста еш чуьра хьалагIуьтту Iаь, гобаьккхина чомехь хьожа а яржош – бIаьхошна кхача бу кечбеш.

Базарахь санна, гIугI ду кхузахь гIаьттина. Цхьа тамашийна къоналлин шовкъ ю яьржина, дог-ойла гIаттош. ХIинц-хIинцца тIомадовла кечделлачу олхазарех, тIах-аьлла, хIокху денна дахчийна, тIеман барзакъо къевлинчу куьцечу догIмашна цхьана а тайпана новкъарло ца хуьлу-кх аьлла, хета и аьчках дина герзаш – гIоьмукъаш, тарраш, жамболаташ, чхьонкарш, секхаIодмаш.

Аьстмар, юьхьа тIехь ца гайтахь а, дагахь саготта ву тахана.

– Тархан гучувалаза ву хIинца а? – тIевеанчу Лечега юх-юха а ло цо изза хаттар.

– ХIаъ, – доцца жоп ло вукхо а.

– Лаа висаний-те? Новкъахь бохам хили-те?

– Са ма гаттадехьа, Аьстмар, гIорасиз бер даций-х иза. Цо дикка некътоха безаш нисделла. БIов йоттар генуохь ду церан. Вайн хабар а тIаьхьуо кхаьчна хир ду, цундела хьевелла. ХIинцца схьакхочур ву, вайн низам хууш ма ву иза.

– Хьан доттагI Коьра ма кхоьлина го суна, цIахь сингаттаме хIумма-м ца хилла? – Аьстмаран тидамера ца долу хIора бIаьхочун, ур-атталла, оьзга*(20) озаялар а.

Леча доттагIчуьнга дIахьаьжира. Коьра самукъадолуш вацара, ойланца геннахь вара иза.

– Ца хилла, – велакъежира Леча. – Деган чевнаш ю Iийжарш, кхераме лазар дац кхеттарг…

Суьйра-Коьрте схьагулло аьлла, Аьстмаран кост схьакхаьчча, Леча а, Аьрзу а Коьра волчу вахча, иза цIахь ца карийра царна. И вахана меттиг хууш деваша а вацара. Амма доттагIашна цхьа хIума хаьара – хIокхарах дагавалар а доцуш, Iодика а ца еш, вогIу-воьду а доцуш, иза къайлавалар - цхьа доккха бахьана хила дезара, боккха цатам. Девешица йолу юкъаметтиг кIант шен доттагIех мел лечкъо гIертарх а, хIокхарна евзаш яра, делахь а цахуучуха лелара. Хаьара, Коьрин иза цхьаьнцца бекъа йишйоцу, базбелла гIайгIа-бала буй. КIентан а ма яра шен деган доттагIашца яхь.

Новкъахь тIенисбелира хIорш воьхначу Коьрина. Цо дийцира шена ПетIамат йовзар а, цуьнан цIеххьана яр а. Ткъа Лечина а, Аьрзуна а цо йийцарехь евзира цхьа сахьт хьалха шайна новкъахь дуьхьалкхетта герзах йоттаеллачу гIеранца гина йоI. Коьра кхийтира – йоI юха а йийсарехь нисъеллера. Цуьнах хилларг ца хууш, иза коьртера дIа ца йолуш, гIайгIанехь вара жимха. Делахь а, дог ца дуьллура диканах. ДоттагIаша а дош деллера, кхузара юхадирзича, оцу йоIах хIун хилла хьовсур ду аьлла.

– Тархан схьакхечи! – кхаъ баьккхира Аьрзус, шен ирачу бIаьрсица геннара иза гина.

ДоттагIийн сапаргIатделира.

Цхьа сахьт даьлча дIадолор ду тIеман хьуьнарш. Хьурмате хьеший схьабаьхкичхьана, берриге а кечам болуш бу.

Уьш, сиха а боцуш, паргIатчу боларца бахана, лекхочу гу тIехь шайна кечйинчу меттехь дIатарбелира. Царна юкъахь духарца а, леларца а къаьсташ алссам хьеший бара.

– Аьстмар, дIо тамашийна чалба коьртахь ерг мичара ву? – хаттар ца дича ца Iавелира Коьра.

– Мисарера веана хьаша ву.

– Ма буьрса хьажар ду цуьнан.

– Мамлюкийн баьчча ву иза – Айбак, шен махкахь гIараваьлла тIемало. Иэшам хIун ю ца хаьа цунна. Церан шайн паччахь а цуьнах озалуш ву бохуш, дуьйцу хезна суна.

 – Цунна юххехь лаьтта элдарчу дегIера къона стаг а цуьнца ву?

 – ХIаъ, цуьнан цIе Биберд ю. Iаламат боккха ницкъ болуш ву, боху, иза. Иза, чIара санна, некадан хууш а, хIорда чохь ша цхьамма нана-доккха мара*(2I) такхадо бохуш а дуьйцу …

– Иза-м вайнахах хила а тарло хьуна. Дуьненан массо а маьIIера лечкъийначу божаберех вовшахтоьхна ду мамлюкийн эскар бохуш, хезна… Вайн махкара мел дукха дIакхийлина иштта бераш.

– Иштта хир дац олийла а дац…

– Цунна юххерниг Аланин паччахь ву, Роксалан-БахIадур. Иза-м суна МаIасехь, церан коьртачу шахьарахь гина – гIеххьачу кураллийца дIахьедира Коьрас.

ТIеман хьуьнарш гайтар дIадоладелира.

Кхуза гулбелларш кIиллой бацара. Массеран а дара дIагайта хьуьнарш, лаккхара говзалла. Тайп-тайпа хьуьнарш гойтура цара: говраш тIехь чуччахьодий, леташ, таррашца, охьатохаран латарш, ницкъ къовсар. Юха, шина декъе бекъалой, тIеман говзалла талларехь зуьйш. Амма цхьа а вац оьгIазлонца чугIерташ.

Дависа, тIемаш юкъара дIа а бевлла, шех иштта еккъа къовсаман кеп хилахьара хIокху хьуьнарш гайтарх! ЦIий ца Iанош, кIадделча, вовшийн мара а кхеташ, забаршца дIаса а къаьсташ.

ХIинца а гена ду-кх дуьненахь, иштта машаре дахар дIахIотта!

Аьстмар реза ву шен бIонна. Массо а къийсаршкахь бIаьргбузош чекхбевлла уьш. Тархана а, цуьнан керлачу накъосто а цецъяьккхина ерриге а тIеман аре. Пиэлагаш санна, дIасалестабора цаьршимма шайца ницкъ къуьйсурш.

– Уьш муьлхачу къомах бу? – Айбакан къона накъост Биберд боккхачу ларамца хьоьжура толамхошка.

– Нохчий! – жоп делира юххехь лаьттачу паччахьан везиро.

– Муьлхачу махкара? – Айбак а вац царна тIера бIаьрг боккхуш..

– Хьан хаттаро цхьа зама дагаяийти суна.

– ХIун ду иза?

– Персин паччахьо Дарийс шен заманчохь омра дина хилла, махкана къилбаседехьа ондда тIеман гIап йогIа, иза ларъян оцу махкахь мел дехачу хIора къомах цхьацца гIера кечъе аьлла. Цуьнан омра сихонца кхочушдина. Дарий шен сакашца оцу тIемалойн кечаме хьажа, церан собар, доьналла зен лиъна, оцу гIопе вахана, хIинца тахана, вай санна. Паччахьо дихкина оцу эскарна юург яла, церан говраш юзо, хийца а. Кхо де далале эскарна юкъахь низам телхина, доьналлин, оьздангаллин гурара бевлла, гондхьарчу ярташна талораш деш, цхьаболчара шайн герз, говраш а бепигах, чагIарх хуьйцуш хилла, кхиберш, бевдда, шайн-шайн цIехьа бирзина.

Амма, царах массарах а къаьсташ, низамах ца юхуш, гIелдалар хIун ду ца хууш, де-дийне шовкъе юьйлуш, цхьа гIера хилла, кхин садаIар доцуш, берриге ницкъ а, гIора а тIедахийтина, тIеман кечамбар ца сацош, шайн дой хьийзош, тIаккха, дIатохалой, хелхарш деш, чан эккхийтина бохкуш. Паччахьан инзарваларан доза ца хилла. Иштта ворхI дей, ворхI буьйсий дIаяьлла, оцу тамашенчу гIеранан кхин шовкъ ца йовш.

Шен туртекхаш тIекхайкхина, Дарийс хаьттина цаьрга:

– И хIун эчиган нах бу, и хIун тIулган нах бу, ворхI дийнахь-буса мацалло а, хьагалло а къар ца бина, дерриге а эскар гIелделча а шекбоцурш ? – аьлла.

– Къилбаседа Къапказера нохчий бу уьш! – аьлла, жоп делла царах цхьамма.

– Нахчи жаххIан! – мохь белира, боху, паччахьан. – Мехкан сийлалла!

– Нахчи жаххIан! – тIетевжира, боху, хьалдолу сакаш а. – Нахчи жаххIан!

– Турпала нохчий! – аьлла, Дарийс тиллина цIе хIинца а йисина цаьргахь. – Везир дийцина велира.

– Дарий харцлуьйш ца хилла. Бан а бу уьш турпала нохчий! – резахилира Айбак.

ХIинццалц вист а ца хуьлуш, дуьйцучуьнга лерина ладоьгIуш лаьтта дуьненна гуотаса кхиъна волу Iилманча Юстиан паччахьна тIевирзира.

– Хьан пачхьалкхана юкъабогIуш буй и къам деха мохк? Муьлхачу агIор беха уьш?

– Бу-те. Аланин малхбалера цхьа дакъа ду иза. Цара шаьш йоккху цIе – Нашха мохк. Дуккхачу а тукхамех кхоллабелла барт*(22) бу иза, масийтта олаллех лаьтташ, – доггах жоп делира Роксалан-БахIадура. - Лаьмнийн бахархой бу уьш, и шайн мохк санна, комаьрша, хаза къам а ду. 

– И къам юххера довза лаьар-кха суна, - шен лаам бовзийтира Юстиана.

Изза лаам болуш Айбак а вара.

– Тахана вайца ву церан воккхачу элан кIант Шамшукъа. Шу цунна довзуьйтур ду ас.

– И чIогIа бакъахьа хир ду.

Аренца хIинца а ловзарш дIагIуш дара. ЦIеххьана, цхьана омрица санна, дойшкахь болу береш, низамехь хаьхккина, юьстахо дIанисбелира, боккхачу ларамца геннахь гучуяьллачу керлачу гIеранна некъ а бостуш. Шайна оццул тидам тIебахийтанарш баккъал инзаре хаза а, куьце а бIаьхой бара.

– Мехкарий схьакхаьчна!

– ЭхI, ма товш а бу!

– Лаьмнийн хIайкалш ду уьш!

Мехкаршкахь Iаламат товш дара леррина царна тегна тIеман барзакъ. Герз а дара, куьцанна санна, царна … шатайпана дина. Ткъесах тарлора уьш тIеман кIуркIаманехь. Схьагучу эсалчу мехкарийн экамаллах махкана орца эшначохь хIумма а ца дуьсура. Царах иллешка декара къоьжачу лаьмнашкахь.

Аьстмар дуьхьалвахара турпалчу мехкаршна. КIант тIекхаччалц хьалха йогIург сецира. Иза церан эла яра.

– Иштар, тахане хьуна кхераме хета суна, - лохха вистхилира кIант йоIе. – Маьлха-Аьзни а ларор ма яра…

– Аьстмар, суна са мА гатде, Ламхон пурбанца лелаш ю со, – дуьхьал паргIат йистхилира йоI. Цуьнан юьхь гуш яцара, и дIахьулйинера варзакъан цхаро*(23).

– И мила ю? Хьуна евзаш ю иза? – хаттарца тIевирзира Дауд, Аьстмар юхавирзича.

- Мехкарийн баьчча ю.

- Цуьнан юьхь лачкъийна хIунда ю?

- Ирча ю иза, - велавелира кIант. – Дауд, цкъа-м вагор ву-кхий хьо хьан дукха хаа лааро.

- Дала хьеханза…

Мехкарша шайн хаарш гойтуш, юкъа-кара тIемалойн резахиларан гIугI гIоттура аренца. Тарханна а, Алмазна а геннара евзинера Дика. ЙоIа къайллах бIаьцаш йира доттагIашка. Шиммо а доккхачу дозаллийца тергамбора къоначу йоIа йохучу хьалхарчу гIулчийн – Дикин дуьххьарлера толамаш бара уьш. Тархан инзарвуьйлура оцу экамчу йоIа гойтучу хьуьнарех. Са а айбина Iара кIант, Дика галъяларна, лазаярна кхоьруш, хьаьжа тIе хьацар а тоьхна. Ткъа Алмазна дуьххьара гушдоцчух тера дара мехкарийн тасадаларш – иза паргIат хьоьжура цаьрга.

Суьйра-Коьртехь тийналла хIоьттина, цхьа а адам кхузахь доцуш санна. Ша мел долу эскар, цхьа а вист ца хуьлуш, догIа а делла лаьтта арахь. Сурхой лерина ладугIуш бу Аланин паччахьо дечу къамеле.

– Мехкан баьччанаш, сурхой! Тахана кхуза гулдалар а, тIеман кечам зиэр а хIинццалц хиллачул ладаме ду, хIунда аьлча арахьара кхерам алссам тIегIоьртина вайна. И кхерам массарна а бу. ДIадаханчу шерашкахь, ткъаесна шо хьалха, мостагIчо шен ницкъ а, хIилла а гайтира, вайн барт цахиларо вайн гIорасизалла а гайтира. Дукха зенаш а хили, адамаш хIаллак а хили. ХIетахь вай кийча дацара мостагIчух лата ма деззара лата.   

Хилларг, хиллачун бахьанаш а дуьйцуш, карлаяьккхира паччахьо зама. Дуьйцура хIокху мехкийн къаьмнийн шатайпаналлах, церан цхьаьнадоьзначу дахарх, кхиарх а.

Леча, Аьрзу, Коьра а дуьххьара хезаш вац оцу алун шерийн хиламаш. Солтас кхин а дика юьйцура кегийрхошна и зама. И кхоъ хилла ца Iара ойлане воьжна. Дуьйцучо хIинца а ерза ца туьгу деган чевнаш меттахъяьхна. Массеран а юкъара лазам бара буьйцург. Дукха хан яц дIаяьлларг, цундела иэсо хIинца а дукха лерина ларъеш ю оцу шерийн къизалла.

– Сан дехар дара массаьрга а: кхераман киртиг вайна тIехIоьттича, къаьмнаш а, дин а, ца къестош, вовшийн гIортораш хилалаш. ТIаккха вайна кхераме вац мел луьра мостагI а, иэшалур ю муьлхха халонаш а, – чIагIдарца дерзийра Роксалан-БахIадура шен къамел.

– Вай цхьаъ ду!

– Дела вайца ву!

– МостагIашна некъ бац кху махка!

– Тхо тахана а кийча ду тIамна!

Суьйра-Корта Iадийра бIаьхойн шовкъечу маьхьарша.

Цхьана боккхачу сингаттамна санна, цIеххьана кхоьлира хIинццалц екхна хилла стигал, диэIанхих*(24) юьзна схьалахкаеллачу мархаша шийла догIа тохарца яйира шовкъийн цIе а, тIаьххье тоьхначу ткъесан гIовгIано къардира эзарнаш тIемалойн кийрара даьлла «Орс-тох!» а.

http://www.orga-journal.ru/